Главная страница

Нохчийн б1ов-гиллакх. Стеган оьзда массо х1ума а хила деза ойла а, духар а, г1иллакхаш а


Скачать 0.84 Mb.
НазваниеСтеган оьзда массо х1ума а хила деза ойла а, духар а, г1иллакхаш а
Дата17.08.2022
Размер0.84 Mb.
Формат файлаdoc
Имя файлаНохчийн б1ов-гиллакх.doc
ТипДокументы
#647878










Стеган оьзда массо х1ума а хила деза – ойла а, духар а, г1иллакхаш а.


Стеган къонахалла цкъа баьккхинчу толамах, гайтинчу доьналлех билгалдаьлла 1еш дац. Даима цуьнца долчу г1иллакхца, цо дечу кегийрчу а, даккхийчу а г1уллакхашца билгалдолу.


Къонахалла къийсамехь кхоллалуш ду. Вахарехь муьлхха а халонаш, дуьхьалонаш эшош хила беза стеган къийсаман некъ.


Г1иллакх – оьздангаллин бакъволу ваша ву.

Мукъам «Нохчо ву со»

(М. Дикаевн дешнаш,

В. Дагаевн мукъам)

Д1ахьошверг: Марша дог1ийла шу, хьеший!

Тахана вай г1иллакх-оьздангаллехула къовсадалар д1ахьур ду. Цкъа вай вешан болх д1аболабалале г1иллакх-оьздангаллех лаьцна масех дош ала лаьа суна.

Нохчийн г1иллакх-оьздангаллин васт далош аьлча цхьа лекха б1ов ю, вайн къоман х1ора чкъуро цхьацца т1улг буьллуш йоьттина лакхаяьккхина. Цундела, х1ора нохчочун декхар ду и б1ов 1алашъяр, иза кхин а лакхаяккхарехь дакъалацар.

Нагахь жима стаг ойла ца еш, дайн г1иллакхаш емал деш, д1атийса волалахь цо оцу б1аьвнан юккъера т1улгаш д1адоху. Ткъа и тайпана нах алсам бевлча и б1ов чухарцарна кхерам а бу.

Нагахь вай х1орамма а и г1иллакх-оьздангаллин г1ала 1алашъяхь вайн леларца, дистхиларца, дечу г1уллакхашца - и б1ов лаьттар ю, нохчийн къам мел деха.

Къовсадалар д1адолалуш бовзийта луур ду жюрин декъашхой, иштта дакъа лоцуш болу дешархой а.

Тхьамданаш, шуьга ду дош, бовзийта шайн декъашхой (Тобанийн тхъамданаша бовзуъйту тайн декъашхой).

1-ра т1едиллар

Х1инца вай къовсадалар д1ахьур ду.


Д1ахьошверг:

Хьалхара декхар х1окху кепара ду: аса х1ора тобанна хаттарш лур ду, аша жоьпаш дала а деза.

1-ра хаттар:

Воккха а, жима а, юккъера а хенаш йолу кхо стаг ву новкъа схьавог1уш. Вайн г1иллакхе диллича, мила мича аг1ор х1отта веза?


Жоп:

Воккханиг юккъехь, цул жиманиг аьрру аг1ор, уггар а жиманиг аьтто аг1ор хила веза.

2-г1а хаттар:

Иштта сурт ду: масех адам ду лаьтташ, шайна юкъахь воккха стаг а, пхи-ялх шо долу бер а долуш. Мала хи доьху цара. Хьалха хьаьнга дала деза хи?

Жоп:

«Г1оза малийла», - аьлла, хи воккхачуьнга кховдо деза, ткъа цо уггар хьалха бере малийта деза и хи.

3-г1а хаттар:

Шиъ цхьаьний вистхила воьлча х1ун дан деза?

Жоп:

Ший а саца веза, вовшашка раг1 кховдош. Раг1 схьаэцначо: «Баркалла, хьайн дош ма дицделахь», - олий, шен къамел доладо.

4-г1а хаттар:

Юкъ ехкар. Маца йоьхкуш, маца йостуш хилла иза боьршачу стага?

Жоп:

К1ентан пхийтта шо кхаьчча юкъ йоьхкуш хилла. Яста магош ду стаг къанвелча.

5-г1а хаттар:

Чу-араволуш дуьхь-дуьхьал нисвелча, хьалхе хьаьнгахь хила еза?

Жоп:

Чу-араволуш хьалхе воккхачуьнга а, заь1апчуьнга а д1аяла еза.

6-г1а хаттар:

Хьошалг1ахь шена хьалха йиллина юург буха а ца юьтуш яа еза, я мелла а буха йита еза?

Жоп:

Жимма буха йита еза, ша вуззалц йиъна хиларан маь1на ду цуьнан.

Д1ахьошверг:

Дика дийци, х1инца жюрин декъашхоша жам1 дийр ду.

Д1ахьошверг:

Стихотворени

Лаахь шайна адам довза,

Цуьнан г1иллакхашка хьовса,

Мах хадабай хетарехь,

Гал ма довла дахарехь!

2-г1а т1едиллар

Д1ахьошверг:

Х1инца шина тобано шайн оценкаш гойтур ю. (Шайна хаа а хууш г1алаташ довлуьйту кхара стихотворени т1ехь. Вукху тобанан декхар ду и г1алаташ билгал а даьхна, массарна а уьш довзийтар).

«Маршо» - тобано гойту шайн оценка.

«Даймохк» - тобанан декъашхоша х1инца шайн оценка гойтур ю.

Хаза гайта а гайти, дийца а дийци, Дала дукха дахадойла шу.

Х1инца жюрин декъашхоша жам1 дийр ду.

3-г1а т1едиллар

Д1ахьошверг:

Г1иллакхе дешнаш ду хьан атта толам,

Дош - иза дарба ду, ахь мерза аьллехь,

Воккханиг вог1уш чохь, лаг1де хъайн болар.

Некъ бита - г1иллакхаш сов даха лаьттахь.


Г1иллакхе аларш хаьий хьовсий вай?

  1. -Цхьа х1ума д1аюьйш, я асар деш волчуьнга х1ун олу? -Хьекъийла хьан.

  2. -Ц1ена бедар юьйхина я эцча, х1ун олу вай?

-Г1оза лелайойла.

  1. -Цомгушчуьнга х1ун ала деза?

-Дала маршалла дойла.

  1. -Хьешо д1авоьдуш х1ун ала деза?

-Марша 1айла, йиънарг, мелларг Дала саг1а йойла.

  1. -Хьешо 1одика йича х1усамдас х1ун ала деза?

-Iодика йойла, марша г1ойла, некъ дика хуьлда.

  1. -Мовладера ц1а боьлхучара х1усамдега х1ун олу?

-Мовлад Дала къобал дойла, саг1а йойла йиънарг, мелларг.

Д1ахьошверг:

Дика бераш ду, массо а х1ума хьаьа шуна, делахь а, жюрех дагадевр ду ай.

(Жюрин декъашхоша жам1 до).


4-г1а т1едиллар


Д1ахьошверг:

Адамехь товш бу къинхетам, адамехь товш ю комаьршо. Уьш эрна дешнаш ма хета, хьажа уьш дуьненчохь даржо. Х1инца шина а тобанан декъашхоша, виъ-виъ хила веза уьш, шаьшшиннан исбаьхьаллин произведенеш йовза а йовзуьйтуш, царна т1ера г1иллакх-оьздангаллех лаьцна йолу меттигаш билгал а йохуш, царех лаьцна шайна хетарг эр ду.


Х1ара кечам хьалххе бе аьлла т1едиллар динера.

(Дешархоша дуьйцу произведенийн чулацамех лаьцна).

1-ра тоба. Айдамиров Абузаран «К1ант веллачу дийнахь» дийцар

2-г1а тоба. Ахмадов Мусан «Мохк бегийча» повесть.


Д1ахьошверг:

Хаза а,дика а дийци аша, шаьш ешначу произведенеш т1ехь йийцина йолу ледарлонаш шуьгара евр яц аьлла тешна ву со. Шуна муха хета лераме жюрин декъашхой?

«Шуьнехь дош» А.Сулейманов

5-г1а т1едиллар

Д1ахьошверг:

Дика доьшуш, я къахьоьгуш хьаналла лелаелахь нийсархошца яхь, мухха а тоьлла тола а ца г1ерташ.

Цхьанне а дагна улло ма йита хьаг1.
Вайн халкъан тидамех лаьцна дуьйцур ду вай х1инца.

Леррина ладог1алаш!

  1. -Н1аьна чу а йирзина, кхайкхича х1ун олу?

-Хьаша вог1у олу.

  1. -Ч1ег1ардиго чохь бен бахь х1ун хуьлу олу?

-Ирс, беркат хир ду олу.

  1. -Лергаш догуш велахь х1ун олу?

-Вочу аг1ор хьехош ву олу.

  1. -Йо1а к1ентан куй тиллахь х1ун хуьлу олу?

-К1ентан сий дов олу.

  1. -Ира а х1оьттина хи мелча х1ун хуьлу олу?

-Ирс дов олу.

  1. -Аьтто ког хьалха а баьккхина ара ваьлча х1ун хуьлу олу?

-Некъ дика хуьлу олу.

«Дог дохден ц1е» А.Сулейманов.

(Жюрин декъашхоша жам1 до).

6-г1а т1едиллар

Д1ахьошверг:

Нах хилийта бертахь,

Лелон еза нийсо,

Махкахь хир ду «беркат»

Дацахь девнаш, къийсам.
Х1инца шина а тобанан цхьацца декъашхочо дуьйцур ду шайн тобанан ц1арца йог1уш йолчу къоман оьздангаллин мехаллех лаьцна.

Маршо – иза стага, цхьамма а ницкъ беш а воцуш, шен лаамехь оьздангаллин бехкамийн гурахь ша латтавар ду. Стаг диканиг дан парг1ат хилар – иза ю маршонан билгало.
Даймохк – иза цхьа лаьмнаш, хиш, аренаш хилла ца 1а. Даймохк – иза уггар а хьалха х1окху лаьттан адамаш ду, церан вовшашца йолу оьзда юкъаметтигаш, г1иллакхаш, марзонаш, баккхийчеран хьекъал, 1еламнехан беркате серло, кегийрхойн доьналла, мехкарийн оьздангалла, нахана юккъера нийсо…

(Жюрин декъашхоша жам1 до)

7-г1а т1едиллар

Д1ахьошверг: Кхид1а шина а тобанан декъашхоша, виъ-виъ хир ву уьш, г1иллакх-оьздангаллех лаьцна шайна хазахеташ йолу байташ йоьшур ю.

(Жюрин тобано мах хада бо).

8-г1а т1едиллар

Д1ахьошверг: Х1инцалераниг шина тхьамданан къовсам бу:

  1. -Адамийн дика амалш муьлхарш ю?

-Лерам, собар, комаьршалла, майралла, къинхетам, эхь-бехк, тешам, дош лардар, яхь йолуш хилар.

  1. -Адамийн вон амалш муьлхарш ю?

-Тешнабехк, ямартло, харцлер, мотт тохар, къола дар, писалла, хабар дукха дийцар, шена т1ехь доцург дийцар, сихалла, къизалла, мало яр, куралла.

Х1инца аса шуна цхьа шира дийцар доьшур ду. «Ворх1 лам.»ю оцу дийцаран ц1е. Дика ладог1алаш.

Зуда ялон дагахъ тохавелла цкъа мацах цхьа жима стаг.

Ахь бохху там а лур бу ала, - хабар дахьийтина к1анта шена езачу
йоь1ан дега, - Дуьненан даьхний шен шорта ду, йо1 езаелла шена, рицкъ кхоор
долуш вац ша, - аьлла.


Вахана геланча хабар эцна. Тамашийна жоп деана геланчас йоь1ан дегара.

Эшахь, тамана хир ю и, эшахь, т1аьхьарчу т1аьхьенна а хир и, цхьа
х1ума ян бах къеначу стундас.

  • Х1ун ю-те и, дакъаза ма яларг? аьлла к1анта.

  • Лело хала яц бах, 1ай а, аьхка а лелон мегаш ю. Ширлуш яц бах, мел лелорх, зудчо а, стага а, жимчо а, воккхачо а лелош товш ю, бах. Чохь а, арахъ а лелош ю бах.

Ворх1 стигланий, ворх1 латтаний юккъехь ворх1 лам бу. И ворх1 лам баьккхина к1ант хьо велахь, оьшуш дац х1умма а, оьшуш дац дуьненан рицкъа а, оьшуш бац там-товр а ала бах хьоьга.

И лаьмнаш х1окху бустамашкахь ду, аьлла, бустамаш т1ехь долу
тептар д1акховдийна геланчас.


1-ра лам бу хьуна диканехь – вонехь уллохь волу тешаме (доттаг1);

2-г1а лам бу хьуна адамаша вовшашна деш долу (дика);

3-г1а лам бу хьуна адаман адаме болу (лерам);

4-г1а лам бу хьуна дуьненан маь1на толлуш долу (1илма);

5-г1а лам бу хьуна сих ца веллачо баьккхина лам (собар);
6-г1а лам бу хьуна и хьалхара пхи лам баьккхина, хьан дагна хуьлу (кхаъ);

7-г1а лам бу хьуна уггаре лекха лам (г1иллакх).

Ворх1алг1ачу лома т1ера охьахьаьжча, хьайна гинарг хьоьца хилахь, со реза ву хьоьца гергарло лелон а, захало дан а.

Хаттар:

Ялх элпах лаьтташ ду и дош. Х1ун ян аьлла стундас?

Тхьамданаша сихха д1аяздо и дош «г1иллакх».

Лераме жюри, шуьга ду дош.

(Жюрин декъашхоша жам1 до).

Д1ахьошверг: Лераме накъостий! «Нохчийн б1ов – г1иллакх-оьздангаллин васт» ц1е йолу ловзар-къовсадалар дерзадо вай. Дахаран новкъахь г1иллакхе

чекхдовла Дала аьтто бойла шун!

«Ламанан хьостанаш» А.Сулейманов.



написать администратору сайта