Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
КхачамДожарийн хаттаршна жоп а луш, хIума билгалъеш йолу пред- ложенин меже кхачам бу. Кхачам шина кепара хуьлу: нийса а, лача. Нийса кхачам хуьлу кхечуьнга долучу хандешан дар шена тIедоьрзуш. Масала: КIанта дечиг доккху. ЦIерниг дожаран хат- тарна жоп а ло цо. Муьлххачу а лач дожаран хаттарна жоп лург лач кхачам бу. Масала: Iусманах шеквелира со. Кхачамаш хуьлу:
Упражнени № 1) Предложенешка хьовса. Коьрта меженаш а, кхачамаш а билгалбе. Къастаде, муьлха бу царах нийса кхачам, муьлха бу лач кхачам. Къовларшкахь дожар гайта. Мархех хербеллачу батто кIеззиг шен дато нур хьаьрсира корах чу. 2) Летачу жIаьлеша юьзира эвла. 3) ЙоI сихха юьйлира нана йоцуш йоккхучу хенах. 4) Дашочу нуьрехь схьакхеттачу малхо бIаьргийн нур дойъуш, лепадора Кавказан къена лаьмнаш. 5) Дукха хан ялале шен болар хийцира замано. 6) Шен кIантана нускал далийна, ловзарна кечлуш вара юьртда РоIсхьаьжа. 7) Да- шочу варкъан басе йирзинера царна лахара аьрцнаш а, хьаннаш а. Хьехархо хила болучу лаамо, ойланаш паналле яьхна, и доцург даг тIера даьлла, хьере йинера йоI. 9) Медни, ча санна дарлой, ле- тара цунна тIехтохам биначух. 10) Медни дика кхетара цига боьду некъ шена бихкина хиларх. 11) ХIара дестечун амална аьхна хила юьйлира, доллучу хIуман тIехь цунна там бан гIерташ. (СаидовС-С.) Упражнени № 2. Кхачамаш билгал а беш, тIера схьаязъе. Къов- ларшна юккъехь долу дешнаш оьшшучу дожаре хIиттаде. Дийца, муьлхачу къамелан дакъойх кхоллабелла кхачам. Шина а (куьг) къевллина мара а буллуш, шен карарчу (тIоьрмиг) тIевеанчу кхунна дуьхьало ян гIоьртира йоI. (Ав. Л.) Юьртана герга мел кхочу а, тIаьхьаюьсура тийналла, шатайпана гIовгIане садеIар хаалора (юрт). 3) Ша йисича, худаелла, мажъелла (лазар) лаьцна дIаелира Хьулимат. (А. А.) 4) Береша шайн яйдакх говраш хьаькхначу (сиз) нисйира. (Б. Д.) 5) (Милцо а, официантка а) гора Ахьлудди холчахIоьттина хилар. (Н. С-Хь.) 6) Гушдолчо – шегара даьллачу (гIалат) кIант кхетта хиларх шеко ца юьтура. (Ц. С.) 7) Гена доццуш доьдучу хитIахь (Санет) хIара хийла лаьт- тина меттиг яра иза. (Хь. Я.). 8) Юьртахь Iаш долу адам Кавказе- ра бохийна балийначу («обаргаш») хьажа арадаьллера. (Яш. С.) Цхьана шоьтан сарахь (тхо) къамел дан ваийтира Леча. (К. С.) (ГIийла) гIодар хьеннан а декхар ма ду. (Хьаша) гIуллакхдар деза лоруш ма дара кху Кавказехь. (Хам. I.-Хь.) 11) – Со кхаа гIиллакхца ваьхна, – (хьекъал, комаьршалла, доьналла). (А. М.) (ЦIенош) а, кертарчу бахаман (гIишлош) а тIедоьлхуш тIулган некъаш дара дехкина. (О. Х.) 13) Цу (седа) догцIена аса ларбина вайн безам ахьа, чим бина, шелбина. (Б. С.) Упражнени № 3. ДIаязъе. Дийца, муьлхачу къамелан дакъойх хилла билгалбаьхна кхачамаш. Билгалдаха дожарш. Арарчу соьмал цIера эппаз тоьлу. 2) Бартана чехка зуда хьуьнарна сов хир аьлла. 3) Говран дикалла боларх хиъна, стеган дикалла собарх хиъна. 4) Гинарг хезначул чIогIа ду. 5) Цхьана воно дерриг а диканах вон дина. 6) ГIийлачунна тIехула а ма хьежа, тоьллачуьнга хьала а ма хьежа. 7) Дааршна юккъехь баьпкал сийлахь даар дац. 8) Дийцинарг бIаьрзе ду шена гиначул. 9) Хьалхе охьавижнарг вонах ларвелла. (Кицанаш.) Упражнени № 4. Массо а лач дожарийн хаттаршна жоп луш болу лач кхачамаш юкъахь а болуш, предложенеш хIиттае. Кхо предло- жени нийса кхачам шеца берг а кхолла. Упражнени № 5. Кхачамаш схьалаха хIокху йозанашкахь. Предложени маьIна долуш хилийтархьама, догIуш долу къамелан дакъош даладе. Воккха стаг цIердашца цIердош лоцуш вара. ЦIерметдашна тIебеара чIара. Къена Мовла билгалдашах лаьцна ойлаеш вара. Кхана тера хир ду куцдашах. Исс декъало терахьдашна. Массара а цуьнга инфинитив йийхира. Дешнийн цхьаьнакхетарна кестта дейтта шо кхочур ду. Упражнени № 6. Къастаде, муьлха кхачамаш бу билгалдина дешнаш. Билгалде церан дожарш. Маьждиг доьгIнарг цхьа беркате стаг вара. ЦIечу бIаьргаца йогучу цIаре хьаьжира Къосум. БIаьсте кхайкхийнарш алкханчаш яра. Кхузахь бецийн, зезагийн хаза хьожа еттало. Соьга а ца лало зулам. Адамаш бен а доцуш хьуьйсура цIерпоштан корал арахь гучу аренашка. Упражнени № 7. ХIокху цIердешнашца предложенеш хIиттае: цхьана предложенехь хIор цIердош подлежащи, вукхунхьа – нийса кхачам хила беза. Туька, абат, тIоьрмиг, пхьар, буц, шовда, гIирсаш, хаттарш, доьзал, нана, сту. Упражнени № 8. Къовларшкахь гайта муьлхачу къамелан декъах кхоллабелла кхачам. Аьзнаша дог этIадора сан. Хьаннаша исбаьхьачух кхета Iамаво. Хьамидана наггахь бен ца гора гIенаш. Кхана таханчух тера хир дац. Нана ца гира шуна? БархI деанна декъало. Хьан ойъур бу и тIулг? Миска воккха стаг чIогIа сагатдеш ву суна. Исбаьхьачо диканиг самадоккху. |