Главная страница
Навигация по странице:

  • Предложенин коьртачу меженашна кIел сиз хьакха, къов- ларшкахь церан тайпа

  • Оьшучохь сацаран хьаьркаш

  • Шена чохь цIеран хIоттаман сказуеми долчу предложенина кIел сиз

  • Подлежащина

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница13 из 91
    1   ...   9   10   11   12   13   14   15   16   ...   91

    предложенин тайпа къастаде.


    1. Лоьмана тIаьхьаяьлла йоьдура пхьагал:

    «Ма дада, бохий ас-м, кIиллошха кIиллу (Гац. С.)

    1. ВогIушверг гIеллур ву новкъахь, Цунна хьайн кхерч латтабе Диллина ков латтаде (Сайд. Хь.)

    2. Ткъа, нагахь, сирла хи делхьара со Даима ца соцуш, мерза йиш лоькхуш,

    Суо винчу ГIойтIа оьхур дара со (Сул. М.)

    1. ХIун до кху дуьненах, кхин вовшийн ларам а боцуш, Шераш дIакерчарх тоам а беш, бесара даьхна (Хал. А.)

    2. Замано йорт етта, шерех деш къурдаш,

    ГIа-бецаш соьналле ийзош ю бIаьсте (Эд. Х-М.)


    1. Предложенин коьртачу меженашна кIел сиз хьакха, къов- ларшкахь церан тайпа билгалде.




    1. Стоьла тIехь богуш гуш ши чIурам бара.

    2. Эвла йисттехь Iаш масех доьзал бара.

    3. Ваха Iелица халла дIакхечира билгалйиначу метте.

    4. Стигал мархех цIанъяла йолаелира.

    5. Сан дийцар сингаттаме хир ду.




    1. Оьшучохь сацаран хьаьркаш хIиттаде.




    1. Дика йиша хилар и хьан декхар ду.

    2. Нохчийчоь сан къоман сийлаллин бен Мокхазан торха тIехь гIиллакхо бина.

    3. Цхьана агIор шийла шовда, вукху агIор лекха берд.

    4. Дика дешар иза вай коьрта декхар ду.

    5. Шеран уггар а шийла бутт январь.




    1. Шена чохь цIеран хIоттаман сказуеми долчу предложенина кIел сиз хьакха.




    1. Iаткъам бита Iаткъо Iаткъам Iаткъаме,

    Латкъам бита латкъо латкъам латкъаме.. (Шайх. I.)

    1. Де дохдалале аьлла, хесахь асар дан юьйлира АругIаз.

    2. Лома боьду некъ шера хиллера.

    3. Цунна санна цхьанна а ца хаьа ша дукхавезийта.

    4. Лоха готта чоь цхьа а кор доцуш яра.

    5. ХIетахь дуьйна цуьнца тергаме хуьлура со.




    1. Шена чохь хандешан хIоттаман сказуеми долчу предложенина кIел сиз хьакха.




    1. ВоьжнаIуьллург беркъа вухавелла воккха стаг вара.

    2. Голаш мара а оьзна, горгвелла Iуьллура воккха стаг.

    3. Са чIогIа стаг ю хьо.

    4. ТIедогIучу шарахь шайн дай Iийначу меттигашка хьажа ваха лаам бара цуьнан.

    5. ЦIийдина эчиг дахчадалийта, черми чохь долчу хи чу Iитта вуьйлира зарговза.

    6. ХIетале цхьа урд хиллал латта готанца аха кхиира иза.




    1. Подлежащина кIел сиз хьакха. Къовларшкахь гайта и муьл- хачу къамелан декъах хилла.




    1. Оцу къийсамехь йоккха меттиг дIа ма лаьцна барамехь царалахь уггар доккха хиллачу нохчийн къомо. (А. А,)

    2. Шиннах цхьаъ тIехьаьжча шен хенал а йоккха хетара. (А. А.)

    3. Массо дийнахь цунах цхьацца коржам йоккхуш, уьш Iаьнах бевлира. (Мут. М.)

    4. Чохь болчарах цхьаммо цу хенахь йовхарш туьйхира.

    5. Иттех олхазар дара тоькан сераш тIехь хиъна Iаш.

    6. Лекханиг иттех гIулч массарал хьалха вогIура.

    7. Церан хIусамехь даар даим а шорта хуьлура.

    8. – Даа-мала хир дуй вай даханчохь? – хаьттира кIанта шен дега.
    1   ...   9   10   11   12   13   14   15   16   ...   91


    написать администратору сайта