Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Хандешан хIоттаман сказуемиХандешан хIоттаман сказуеми шина декъах лаьтта – коьрта а, дозуш а долчух. Цуьнан коьрта дакъа инфинитив ю, гIоьнан дакъа хандош ду. Инфинитиво сказуемин лексически маьIна гойту, ткъа гIоьнан хандашо – грамматически маьIна. Масала: Дукха хан а ялале сан сагатдала доладелира. Хандешан хIоттаман сказуемина хIара хаттарш хIитто тарло: хIун дан лаьа? хIун дан хаьа? хIун дан юьйлира? хIун дан кечве- лира? хIун хила мега? хIун хила тарло? хIун хила дулу? хIун дан вулу? и дI. кх. а. Масала: Суна университете деша ваха лаьа. Арахь шелъяла йолало. Со хьаьжкIаш тило йолаелира. Хандешан хIоттаман сказуемехь инфинитивца цхьаьна лиела тарло хIара гIоьнан хандешнаш: лаа, дола, гIерта, тара, кечвала, хаа, хIотта, мага, хьажа, волавала, тардала, тохавала, тига, сихвала, ялла, озо, хьаха, эша, деза, кхиавала, кхиа и дI. кх. а. Масала: Хьуна цхьа а тайпа цатам бан ца лаьа суна. Са- рахь майда яссаяла йолаелира. Кестта стихаш язъяр дитира аса. Iуьйранна малх схьакхетаре хьажа лаьара цунна. Цара боххург дан кийча бара уьш. Упражнени № 1. Сказуемин тайпанаш а, хилар а. Таблицех пайда а оьцуш, сказуемин тайпанех лаций дийца. Шайн масалш даладе цу чохь долчийн метта.
Упражнени № 2. ДIаязъе предложенеш. Подлежащи а, сказуеми а схьалаха. Дийца, муьлха сказуемеш ду царах цхьалхе, муьлха – хIоттаман. Суьйре герга гIоьртича, цхьацца-шишша вогIу-уш, дук- кха а адам гулделира рузбанан маьждиган майдане. 2) Махкахь хIоьттиначу хьовр-зIоврана мелла а юьстаха лаьттинчу хIокху юьрта а кхаьчнера хIинца ерриг а ДегIастанах кхетта уьнан ов. 3) Бале дала гIертачу хIуманан бала хиллал хIораннан а сагат- динера оцу хьоло. 4) Маьждиган пенаца хIиттийначу гIанташ тIе охьахевшира уьш. 5) ГIаж таккхолверг верриг а схьавеана, юьзира майда. 6) Амма гулбеллачех дукхахберш баккъал саготта бара юьртахь хиллачунна. 7) Цхьаъ ца дича ца долура, динарг дуьтийла-м муххале а яцара. 8) Зулам динарг мила ву а хуур дара, цунна бекхам а бийр бара. 9) Иза-м хала а дера ма дацара, кхин тIаьхье йоцуш хIара дуьсург хилча. 10) Ца дисахь? ТIаккха хилларг диц а деш зулам хила тарлора юьртана а, юьртахошна а. 11) «Дала диканца дерзадойла хIара» – бохуш, кортош техкадора баккхийчара. 12) Ткъа кегийнаш деро-о гора, лата а, тоха а, Iотта а кийчча. (Юсупов Iусман.) Упражнени № 3. ТIера схьаязъе предложенеш. Сказуемин кеп билгалъе: 1) хандешан цхьалхе сказуеми; 2) цIеран хIоттаман ска- зуеми; 3) хандешан хIоттаман сказуеми. 1). Оцу хаттарна жоп соьга далалур ду. 2) Сан кечвалар деха дацара. 3) Сингаттаме хьоьжу со кегийрхойн хиндолче. 4) Иза а вара оццу факультете деша ваха дагахь. 5) Де сирла а, декхна а дара. 6) Шина а агIор дитташ долчу некъаца догIура тхо. 7) Воккхачу ста- га дина хьехар чIогIа хьекъале карийра суна. 8) Когийн, куьйгийн пIелгаш цхьабосса дац. (кица). 9) М. Гадаевн поэзи – вайн халкъах, Даймахках лаьцна ю. 10) Юьртан йистерчу майданахь тийна ду. 11) Цкъа Iалавдина тIекхача хьожур ву со, тIаккха беша хи дилла а гIур ву. 12) Вайн уггар а нуьцкъала герз–дайн оьзда гIиллакхаш ду. 13) Фонетика – иза къамелан аьзнийн хьокъехь Iилма ду. Дас-нанас бохучуьнга ладугIуш хила. Упражнени № 4. ХIокху хаттаршна жоп луш долу сказуемеш шайна чохь долу предложенеш хIиттае: хIун дан лаьа? хIун дан хаьа? хIун дан юьйлира? хIун дан кечвелира? хIун хила мега? хIун хила тарло? хIун хила дулу? хIун дан вулу? Упражнени № 5. Хандешан хIоттаман сказуемехь инфинитавца цхьаьна лиела тарло хIара гIоьнан хандешнаш: лаа, дола, гIерта, тара, кечвала, хаа, хIотта, мага, хьажа, волавала, тардала, тохавала, тига, сихвала, ялла, озо, хьаха, эша, деза, кхиавала, кхиа. Уьш юкъа а далош, предложенеш кхолла. Упражнени № 6. Хандешан хIоттаман сказуеми шеца долу пред- ложенеш тIера схьаязъе. «Хьайна тIулг тоьхначунна бага пуло тоха!» – цхьа кица ду узбекийн. 2) ХIинца а лаьтташ яра цуьнан гIамарх йина гIала. 3) Нийса-м ду нохчийн кица «кIеда аз хезча, мостагI волу къинтIера» бохург. 4) Даккхийчу хаттаршна жоп дала кечвелла Iеламстаг санна гонах долий, тийначу амалца коьрта тIе дай-н ку- ьйгаш хьоькхуш, ворхI шо долу Шалкет теван гIерта Iалам. 5) Шен хIусамнана чоьхьа яьллачохь сецна шен ойланаш, туьппалга тIера тай санна, дIасалиста волавелира иза. 6) Меллаша ког боккхуш, чухула дIа а, схьа а лела волавелира Шалкет. 7) – Хье тIе дума билла безара цунна, корта дIатуьйр бара! – Хье тIе ма биллийша дума, бага биллийша! – мохь хьовкхура кхетамчуьра ваьллачу ХIарона. ТIаккха арахь йолу котамаш, тIекхетта шаьш харцийначу текха чуьра, дама даа хIиттира. 9) – Делкъ-ламазан хан тIекхаьчна хьуна делахь, – аьлла, молла Мохьмад ламаз дан хIоьттира. 10) ТIаккха Iедал емалдан волавелира иза, маьттаза мел дерг дуьйцуш. 11) Iаь- нан юккъера бутт шийла хуьлу ГIиргIазойн махкахь. 12) Ишттачу шийлачу махо еттачу шакарца цхьа дог-ойла йоьхначу стагах терра гуш дара цIийна тIехьа ша цхьаъ лаьтташ долу акхтарг. 13) Ша- дерриг дуьне хета Баймарзина меца. (Мут. М.). |