Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШПредложенийн меженаш шина тобане екъало: коьртачу а, коьртазчу а. Нохчийн маттахь предложенин коьрта меженаш лору – под- лежащи, сказуеми. Кхечуьнга йолу предложени: Говро лаьттах берг еттара. Кхечуьнга ца йолу предложени: ТIаьххьара а ломахь Iа дуьйлира. ) Лург, дийриг, меттигниг дожаршкахь лаьтташ елахь, подле- жащих логически субъект олу. Цу кхаа дожарехь долучу дешнех гуттар а ца хуьлу подлежащи, хIунда аьлча и дожарш подлежащин маьIнехь хилла ца Iаш, кхачаман маьIнехь а хила тарлуш хиларна. Дийриг я лург, я меттигниг дожарехь подлежащи хилахь, предло- женин маьIна а ца дохош, цIерниг дожаран подлежащица хийца йиш ю. Ткъа и дожарш кхачаман маьIнехь хилахь, цIерниг дожаре дерзо йиш яц. Масала: Асета дика хьоьху. Асет дика хьоьхуш ю. Рабус Асетана книга яхьийтира. Маликас Асете кехат яздира. Яхас дийшира Асета яздинарг. Яха дешна елира Асета язди- нарг. ХIокху предложенешкахь, Рабус, Маликас, Яхас, Яха – боху дешнаш, яхьийтира, яздира, дийшира, дешна, елира – бохучу сказуемеша шайх лаьцна дуьйцучу ойланан а, къамелан а коьрта адамаш хиларе терра подлежащеш ду, ткъа Асетана, Асете, Асета боху дешнаш кхачамаш бу, хIунда аьлча, цкъа-делахь, сказуемино шех лаьцна дуьйцу ойланан а, къамелан а коьрта хIума – подле- жащи – цара билгалдийриг цахиларна а, шоллагIа-делахь, пред- ложенин маьIна а ца дохош, цIерниг дожаре хийца йиш йолуш уьш хиларна а. Предложенехь сказуемино шех лаьцна дуьйцучу коьртачу меженах подлежащи олу. Вайн маттахь подлежащи шен грамма- тически формица а, маьIница а хила тарло. Цундела шина кепара хуьлу иза: грамматически а, логически а (маьIнин). Грамматически подлежащи цIерниг дожарехь лела, ткъа логически дийриг, лург, меттигниг дожаршкахь маьIница нисло. Подлежащи тайп-тайпанчу къамелан дакъойх хуьлу. Подлежащин хилар
Подлежащи дешнийн цхьаьнакхетарх лаьтташ хила а тарло. ХIума билгалъярал сов, тIедузаран маьIнаш а хуьлу цуьнца: а) бараман маьIна билгалдолу терахьдош а, цIердош а цхьаь- накхетарца. Масала: Стоьла тIехь богуш гуш бара ши чIурам. Гот- тачу хIусамехь дIатарвелира масех стаг. Иттех котам яра уьйтIахула дIасалелаш; б) къасторан маьIна чIагIдо цIерметдешнийн а, терахьдешнийн а цхьаьнакхетаро, масала: Царах цхьа а вацара чена юххе ваха ваь- хьар волуш. Царна юкъара масех хил дехьа велира, ткъа кхиберш шаьш болччохь латта бисира; в) дар цхьаьна деш хиларан маьIна хуьлу цIерниг а, коьчалниг а дожаршкахь долчу цIердешнашца. Масала: Ваха Шемалца халла дIакхечира билгалйиначу метте. Дийнна карчамех лаьтташ хила а тарло подлежащеш. Масала: ЦIийна хьалха лаьтташ берш лохха къамелаш деш Iара. Упражнени № 1. Таблицех пайда а оьцуш, дийца подлежащих лаций. Шайн масалшца хьалаюза таблица. Подлежащин хилар
Упражнени № 2. Предложенин грамматически бух билгалбе. Гайта, муьлхачу къамелан декъах кхолладелла подлежащи. Шийлачу арара махо чулоьхку Лайн чимаш, дерачу зIуганех хьийзаш. (Хь. Сатуев.) Алаза дисинарг деши ду Къаноша баьхна. (Ю. Яралиев.) Вехаш цхьа стаг хилла, куьг, бIаьрг шен доцуш, Ткъа даьхни дукхалла дагар ца луш. (Ш. Рашидов.) Сайн дагна чов йоцуш Со суо а лелац. (I. Мамакаев.) Берталтоьхна сийна бога, Юьртан тхов тIе буьйсано. Ира седа бахна когах, Бутт тхан учахь кхийсало. (С. Яшуркаев.) Цхьаъ ца кхии сахуьлунга вала. Дуьне Iадо кечлуш хир ву цхьаъ. (А. Исмаилов.) Ахках тера доьдуш цигахь Ча Такхийна Тача го. (М. Кибиев.) Белш-белшах тоьхна, цхьа Тешаме доттагI вайн Даим хуьлда. (Ш. Арсанукаев.) Цхьаммо топ карахь адамийн Iенадо цIий, Вукхо – дош багахь – адмаллийн лехьадо сий. (С. Касумов.) Упражнени № 3. Подлежащешна кIел сиз хьакха. Дийца, муьл- хачу къамелан дакхойх хилла уьш. Майраниг толаме кхача гIерта. ТIекхечи и лама а. Доьазза пхиъ – ткъа. Амма, ткъа, делахь а – дуьхьалара хуттургаш. ТIехь, кIел дешнашца къаьстина яздо. Геннара схьадеара «хIей!» Ма хандешнашца къаьстина яздо. Хаа, довза шорта ду интернетехь. (1. Майраниг, билгалдош. 2. Лама, куцдош. 3. Доьазза пхиъ, терахьдош. 4. Амма, ткъа, делахь а, хуттургаш. 5. ТIехь, кIел, дештIаьхьенаш. 6) ХIей, айдардош. 7. Ма, дакъалг. 8. Хаа, довза, инфинитив). Упражнени № 4. Гайта, мичахь дIалечкъина подлежащи Массо маьIIера схьадедира иттех жIаьла. Вайх хIор а берда йисте хIуттур ву. Соьца хуьлург цхьа тамашена дерг дара. Ахстигал лохха лаьттачу Iаьржачу мархаша дIалаьцнера. Малх баттаца даим а хийцало. Воккхачу стеган бIаьргаш Iаьржачу куьзганаша хьулдинера. Упражнении № 5. Билгалдина дош шена чохь подлежащи долу предложени гайта, къастаде, муьлха къамелан дакъа ду иза. 1) Шеран уггар суна дукхаеза хан – бIаьсте. 2) Олхазарийн жатташ къилбехьа йирзи. 3) СовгIатна еллачо дог дашадо. 4) Со а, хьо а дукха дан ларор ву. 5) Шиъ – иза ницкъ бу. 6) БIе метр яра берда йисте кхача. 7) Мохьмад цхьаъ-м бохуш вара берда йистера схьа. 8) Дукхахдолу нохчийн дешнаш поэзин мукъамашца догIу. Яздар – кехат тIехь ойлаяр ду. 10) Хиндерг хьанал къахьегна- чарна догIу. 11) Иттех стаг берда йисттехь лаьтта. 12) Цуьнца хьо цкъа а вовр вац. 13) ДIавижале книга йоьшуш Iедал ду сан. 14) ЦIен эчиг тоьхначу шина-кхаа гIишлоно гIала дагайоуьйту. 15) Хьалха вахар – сан къилба ду. 16) «Ца лаьа» – кхераме дош. 17) Стаг латта хаздан а, Iалашдан а декхарийлахь ву. 18) Тхуна дуь- хьалваьлларг лохачу дегIара стаг вара. 19) Шен дахарехь хIор а стаг декхарийлахь ву цIа дан, дитт догIа, кIант кхио. Упражнени № 6. Подлежащешна кIел сиз а хьокхуш, дIаязъе предложенеш. Къовларшна юккъехь билгалде грамматически а, логически а подлежащеш, уьш муьлхачу къамелан дакъойх хилла а. Хьоьца ду сан велар, велхар, дахаре болу сан безам. (А.А.). ТIевогIург, соьгахь дац деши, дац соьгахь дуьненан даьхни. (А.Р.) 3) ТIаккха дерриг а дIадолура, дIадоьдура, довра, дицлора, хьан безамаш а, сатийсам а, хьан иэс а цхьаьна, дагалецамаш а. 4) Цунна цхьа а стаг везий я воккхий ца хетара, шеца нийса бен, кхин тIех а воцуш. (Бекс. М.) 5) Чохьберш ладогIа кечбелира. (I. Ю.). 6) Йисинчу шиннах цхьаъ, шен дегI нисдеш хьалагIаьттира. (Т. Хь.). 7) Дешар хьекъал ирдеш болу ков бу. (кица). 8) ЛадогIа ца- хаар – бала, ладогIа хаар – гIала. (кица). 9) Дукхахболучара, шайга- ра герз дIаоьцуш, шайн къайлаха лелошдерг буха дитинера. (С. Я.). 10) Мирзина хезира, меллаша виэхьаш, Межеда набарх садоьIуш. (М. Н.) 11) НеIарна юххехь пенаца наг-наггахь хеза тIах-тIих. Ду сан дан накъосталла. Упражнени № 7. ХIокху хаттаршна жоьпаш луш долу деш- наш даладе. И дешнаш подлежащеш хуьлучу кепара предложенеш хIиттае. ХIун? Муьлш? Стен? Мила? Хьанна? Хьан? Стенна? Стенга? Упражнени № 8. Дешнийн цхьаьнакхетаршца долчу подле- жащешна кIел сиз хьакха. Къастаде, логически ду и подлежащи я грамматически ду. 1)Цхьа-ши сантиметр хиллал стомма чан яра стоьла тIе йил- лина. 2) Дахарехь вайх хIор а хийлазза халачу хьелашка хIиттина. Iаьржа ши олхазар маьхьарца макхъеллачу стигала хьалахьаь- дира. 4) Иттех кIант-йоI дара бешахь дийгIинчу синтарийн гонаш охкуш. 5) Дахкаран дийнна асанаш яра шерачу арахь лекха хьала- яьллачу бацала тIеюьжуш. 6) Ши стаг тобанах а къаьстина, лома хьалавахара акха газа я хьех ден дагахь. 7) Муса Iелица халла дIакхечира йиллинчу метте. 8) ГIалара баьхкинчарах цхьаъ бу- хависира, кхиберш юьртахула дIасабаьржира. 9) Бертахь декначу аьзнаша самаяьккхира керт, хаийтира сатесний. 10) Гонаха долчу Iаламо бIаьстенан юьххьехь шен исбаьхьчу басаршца дог деладо. Упражнени № 9. Дага а лаций, дIаязъе предложенеш, шайна чохь хIара дешнаш наж, гIала, хи, хьоза подлежащи а, сказуеми а долуш. Кеп: Со волчу веара сан накъост. ХIара кIант – сан накъост ву. |