Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Айдаран предложенешХаамца, хаттарца тIедожорца цхьаьна предложенехь шен син- хаам бовзийта тарло къамел дечо: хазахетар, халахетар, цецвалар, сингаттам, оьгIазло, карзахалла и дI. кх. а. Аларан синхаам бов- зийта йиш ю эшарца (интонацица). Цул сов, предложенехь айдар билгалдаккха тарло айдардешнашца а, дакъалгашца а. Масала: Ма ирс долуш ву со! Мел хаза хуьлу бIаьста стоьмийн бешахь! ЭхI, хьо шийла шовда, Дала беркат дойла хьох! Айдаран маьIна шайца долу предложенеш айдаран ю. Аларан маьIне хьаьжча, уьш я дийцаран, я хаттаран, я тIедожоран ю. Маса- ла, Ахьа хIун дей... яхийта кхузара! – тIедожоран. Шена ма луъъу оьгIазгIойла и, аса со реза вац эр ду. Алий? – хаттаран. Дийцаран, айдаран предложенийн масалш вай лакхахь далийна. Предложенийн дIахIоттамПредложенин дIахIоттамна чу богIу, цкъа-делахь, цуьнан грам- матически бух. Нохчийн маттахь коьрта меженаш шайн башхаллаш йолуш хуьлу. Масала, подлежащи деа дожарехь лела. ШолгIа-делахь, предложенин дIахIоттамна юкъайогIу цуьнан меженийн уьйр а. Коьртачу меженех йозуш а, уьш кхетош а хуьлу коьртаза меженаш; цхьа коьртаза меже вукху коьртазчу меженах йозуш хила а тарло, масала: Даккхийчу диттийн гаьннаш тIера охьаоьгура тIаьххьара декъа гIаш – коьртаза меженаш тIаьххьара, декъа дозуш ду подлежащих гIаш, ткъа гаьннаш тIера – сказуе- мих охьоьгура, даккхийчу диттийн дозуш ду коьртазчу меженах гаьннаштIера. Коьртачу меженаша шаьш а кхолла тарло предложени, маса- ла: ДогIа доладелира; Малх кхийтира – иза яржаза предложени ю. Коьртаза меженаш шена чохь ерг яьржина предложени ю. Кхетарна оьшуш йолу меженаш шена чохь ерг юьззина предложени ю. Ма- сала: Соьлжаца лаьтташ яра четарш тоьхна жима гIап. Коьрта а, коьртаза а меженаш эшош, амма уьш маьIница атта схьакарош ерг юьззина йоцу предложени ю. Масала: Мичара вогIу? Дукха Iийр вуй? – Цхьана шарахь. Коьрта а, коьртаза а меженел сов, предложени кхуллуш дакъ- алаца тарло юкъадалочу дешнаша. Цара предложенин граммати- чески маьIна тIедузуш гIо до. Бакъду, предложенин меженашца грамматически дозаделла ца хуьлу и дешнаш, цундела йозанехь запятойшца къастадо уьш: Iилманчашна хетарехь, хIор ораматехь я дарбане, я дIаьвше мутта хуьлу. |