Главная страница

Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


Скачать 0.7 Mb.
НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Дата30.04.2023
Размер0.7 Mb.
Формат файлаdocx
Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
ТипПрактикум
#1099350
страница5 из 91
1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   91

Дийцаран предложенеш



Дийцаран предложенин кеп тIетевжа хандешан билгалчу а, бехкаман саттамашна а. Предложенино билггалчу я хила луучу хиламех, хьолах лаьцна дуьйцу, масала: Махо декхнаш тIера тIеда гIаш охьаэгадора. Коре хиъна Iийр вара-кх дуьнене бIаьрг бетташ. Хьо тхо долчу вагIахь, вай хаза самукъадоккхур дара-кх.

Хааман (дийцаран) эшар (интонаци) къаьста предложенин чаккхенехь аз лахдарца.

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш



ЧIагIдаран предложенеша гойту дар, хилар баккъал а кхочуш- хилар, долуш хилар я хир долуш хилар.

Масала: Самукъане дека олхазарийн зевне аьзнаш.

Сказуеминий, цуьнан дар я хилар кхочушдечунний юккъехь уьйр цахилар гойту дацаран предложенеша:

Орамаш хадийча, дитташ а хеда, халкъо дIахервича, стаг а ца веха. ЧIагIдаран предложени дацаран предложенига ерза тарло. Масала: Суна дагадогIу жимчохь айса лелийнарг.

Суна дага ца догIу жимчохь айса лелийнарг. Дацаран пред- ложенеш дацаран дакъалг - ца, ма - хиларца билгалйовлу. Дацаран предложенеш кхуллу дацаран дешнаша а: дац, вац, бац, яц; дацара, вацара, бацара, яцара.

Нахана эшначохь дог шийла

хиллаверг,

Безаман цIе йоккхуш хьахийна

меттиг яц.

Хилийта хьайн гIоьнца стагана

диканиг,

Диканца вогIург бен толаме

кхаьчна вац.
Дацаран предложенеш шина кепара хуьлу: дуьззина долу дацар гойтуш, дуьззина доцу дацар гойтуш. Масала: Осалалла суна сайн бIаьрга ян а ца езна. (дуьззина долу дацар гойту). Юьрта юккъехула шуьйра охьадогIу хи башха чехка ца догIура. (дуьззина доцу дацар гойту). Дацаран куцдешнаша а, цIерметдешнаша а, долчунна тIе а дацар чIагIдо. Масала: Раиса Ахматован поэзи цкъа а ца хилла шен маьIница нохч-гIалгIайн дозанал чоьхьа соьцуш.

Хаттаран предложенеш



Къамелан декъашхошкара цхьа информаци схьаэцаран гIуллакх кхочушдо хаттаран предложенино, хаттаро жоп а доьху. Хаттар билгалдеш лела хаттаран цIерметдешнаш а, дакъалгаш а. Масала: Мила ву и хьун екош диг детташверг? ХIун дийр дара-те адамаша, кхана шайх хиндерг хиъча? ХIун сардам баха хьох, сан Нохчийчоь?

Хаттаран эшар (интонаци) билгалйолу предложенин чаккхе- нехь аз айдарца. КIант дIаваха. – КIант дIаваха?

Хаттаран формин массо а кеп шеца йолуш ду риторически хаттарш. Иза дуьненахь хуьлуш долучуьнга я къамелахочуьнга хьажийна хуьлу, цундела жоп ца доьху цо. Къамел деш волучу ойланаш а, синхаамаш а бу уьш, хиламах а, хьолах а лаьцна болу. Масала: ХIун до кху дуьненах, кхин вовшийн ларам а боцуш, ше- раш дIакерчарх тоам а беш, бесара даьхна?

(А. Халидов).

ТIедожоран предложенеш



ТIедожоран предложени хьоьца къамел деш волучуьнга хьажийна хуьлу; цо къамел деш волучу лаам бовзуьйту, вукхо (ладугIучо) дан дезачун цIе а туху. Голаш тIе охьалахвелира иза:

  • Везан Дела, гIодехьа суна, къинхетам бехьа сох!»

ТIедожор кхочушдо хандешан тIедожоран кепаца: Дика деша- лаш, Iилма Iамаделаш, дахарехь оьшур ду шуна.

ТIедожоран эшар (интонаци) юккъера барам болуш хуьлу, дийцаран а, хаттаран а эшарца юьстича; юста: Тоьур ду. – Тоьур ду! –Тоьур ду?

1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   91


написать администратору сайта