Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Къасторан кеп:Предложени юккъера дешнийн цхьаьнакхетар схьакъастор. Коьрта а, дозуш долу а дош билгалдар. Уьш муьлхачу къамелан дакъойх хилла а, царна юккъера уьйр а билгалъяр. Коьртачу дешан гIоьнца дешан цхьаьнакхетаран тайпа билгалдар. Карарчу уьйран кеп билгалъяр (бартбар, урхалла, тIетовжар). ТIеда ло тхевнаш тIера охьаоьгура чимашца. ТIедалодешнийн цхьаьнакхетарехь коьрта дош лоду, цIерниг дожарехь долчу цIердашах хилла. Ло(муьлха?) тIеда– дозуш долу дош билгалдашах хилла. Синтаксически уьйран кеп –бартбар. ОхьаоьгуратхевнаштIерадешнийн цхьаьнакхетарехь коьрта дош охьаоьгура хандашах хилла ду. Охьаоьгура (стенна тIера?) тхевнаштIера– дозуш долу дош дештIаьхьенца долчу цIердашах хилла. Синтаксически уьйр –урхалла. Охьаоьгура чимашца дешнийн цхьаьнакхетарехь коьрта дош охьаоьгура хандашах хилла ду. Охьаоьгура (муха?) чимашца. До- зуш долу дош цIердашах хилла. Синтаксически уьйр – урхалла. Упражнени № 12. Таблице хьовса. Цуьнан хаамашна тIе тевжаш, дешнийн цхьаьнакхетарех лаций дийца. Шайн дийцар иштта дIадоладе: дешнийн уьйран амале хьаьжжина, дешнийн цхьаьнакхетарш декъало:
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ АПредложени, дош санна, ши агIо йолуш хуьлу – чулацам а, форма а. Предложенин чулацам – иза цхьана хиламах я хьолах лаьцна алар, иза билгалдаккхар, хиламан, хьолан цIе яккхар ду. Масала: Дукха ца Iаш тIом чекхбелира – хилам. Майда юьзна яра – хьал. Предложенин чулацамехь хуьлу: а) билггала чулацам; б) жамIдаран маьIна; в) юкъара грамматически маьIна. Билггала чулацам бовзуьйту, тIеоьцу къамелан декъашхоша шаьш. Иза хIор аларан шатайпа хуьлу. Грамматикехь и довзуьйтуш дац. Предложенин жамIдаран семантика йоьзна хуьлу цуьнан дIахIоттаман а, билггалчу дешнийн форманех пайда эцаран а бахьанех. Масала, хандашах а, цIердашах а лаьтташ йолчу предложенин иштта жамIдаран маьIна ду «хIума (юьхь) а, цо дийриг а»: КIант вогIу, ГIаш охьаоьгу, Махо дитт охьатуьйхи, цIердашах а, билгал- дашах а – «хIума (юьхь) а, цуьнан билгало а»: Самукъане кIант, Сирла Iуьйре. Юкъара грамматически маьIнаш билгалдовлу хIор предло- женехь муьлххачу дIахIоттамехь, муьлххачу билггалчу маьIнехь. Юкъара грамматически маьIнаш предложенин бух хилла лаьтташ йолчу дешнийн форманашца билгалдовлу: уьш предложенин коьр- та меженаш ю (Стаг дIавахара, суьйре тийна яра, мох хьоькхура и дI. кх. а). Грамматически маьIна билгалдаккхарехь тидаме ца оьцу коьртачу меженийн маьIна, мехала ю церан форманаш – саттаман, хенан, юьхьан гайтамаш. Предложенин форма кхуллу синтаксически гIирсашца: дешан форманаш, гIуллакхан дешнаш, дешнийн къепе, эшар (интонаци). Дешан форманаш – коьрта гIирс бу: цара вовшахъюзу пред- ложенин меженаш, церан вовшашца йолу юкъаметтигаш билгалйо, ткъа иштта юкъара грамматически маьIнаш а довзуьйту. ГIуллакхан дешнаш гIодаран гIирс бу. Царах цхьадерш (дештIаьхьенаш, хуттургаш) дешнийн форманашна юккъехь грам- матически уьйр тосуш лела: Хи чу а ца волура иза, берашца тIекаре а вацара иза; вукхара дешнийн форманийн маьIнийн, предложенин меженийн цхьацца грамматически аматаш билгалдо (дакъалгаш): Хьо-м дика вевзара суна. Грамматически уьйр тасарехь я предложенин меженан маьIна довзийтарехь гIо до дешнийн къепо; масала, предложенешкахь Сан ваша – хьехархо а, Хьехархо – сан ваша дешнийн къепе бахьана долуш къаьста подлежащи а, сказуеми а: подлежащи сказуемина хьалха лаьтта. Эшаро (интоцанино), аз айдар, лахдар, соцунгIа яр бахьана долуш, предложени грамматически а, маьIница а дакъошка йоькъу. Эшарца хIара тайпа предложенин юкъара маьIнаш довзийта йиш ю: дийцар, хаттар, тIедожор; масала: Тоьар ду. – Тоьар ду? – Тоьар ду! Предложенин коьрта билгалонаш хIорш ю: грамматически бухан хьесапехь (коьртачу меженийн) йолу грамматически форма; формальни гIирсашца билгалдеш долу саттаман, хенан, кл. гайтаман грамматически маьIнаш; чекхъяларан дIахIоттам болу эшар (интонаци); цхьана маьIнехь долчу аларна билггала дешнийн форманаш харжар, шен лаамехь иза лексически хьаладузар. Къамелехь предложенино тIекаре яран тайп-тайпана декхарш кхочушдо. Къамел дечо оцу декхаршка хьожжий, пайда оьцу ала- рех. Цара я хаамаш бовзуьйту, я къамелан декъашхошкара инфор- маци схьаэцарна, я цара дан дезачунна тIехьажийна хуьлу уьш. Аларийн и кепаш предложенийн тайпанашца билгалйовлу – дий- царан, хаттаран, тIедожоран. И предложенеш вовшех къастош йолу коьрта билгало эшар (интонаци) ю – хааман, хаттаран, тIедожоран. |