Главная страница

Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


Скачать 0.7 Mb.
НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Дата30.04.2023
Размер0.7 Mb.
Формат файлаdocx
Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
ТипПрактикум
#1099350
страница7 из 91
1   2   3   4   5   6   7   8   9   10   ...   91

Предложенин конструкцеш



Субъект нохчийн предложенешкахь шина кепара хуьлу: про- дуктивни (кхечуьнга йолучу предл.); непродуктивни (кхучуьнга ца йолучу предл.) кхечуьнга ца йолучу предложенехь субъект даимна а цIерниг дожарехь хуьлу, сказуеми кхечуьнга ца долучу хандашах кхоллало. Герггара объект оцу тайпанарчу предложенехь хила хьакъ дац. Ишттачу цхьалхечу предложенех – номинативни я цIерниг дожаран конструкци олу. Масала: Чхерийн лаба хьалха а оьзна тIехарца кечбелча санна, лаьтта и буьрса лам. Нагахь сан- на сказуеми кхечуьнга ца долучу классни хандашах кхоллалахь, цуьнан классни гайтаман тIехь барт хуьлу субъектаца: Буьйсанна ижуна долало экха. Лоьман аз цахеззе дIайоьду ча.

Кхечуьнга йовлучу предложенешкахь субъект хуьлу лург, дийриг, меттигниг дожаршкахь (дукхахьолахь дийриг дожарехь). Субъект лург дожарехь хуьлу, нагахь санна кхечуьнга долучу хаадаларан хандашах хиллехь (глагол чувственного восприятия).

Суна лаьа гуттар а малх боьлийла.

И санна йолчу цхьалхечу предложених дативни предложени олу я лург дожаран конструкци олу. Лург дожаран конструкци нис- ло хIокху хаадаларан хандешнашца сказуемешца: ган, дан, хаза, хаа, лаа, хета, мотта, довза, дагадан, дицдала... Субъект дийриг до- жарехь хуьлу, сказуеми кхечуьнга долучу хандашах кхоллаеллехь. Герггара объект цIерниг дожарехь хуьлу. И санна йолчу кхечуьнга йолучу предложених – эргативни конструкци олу:

Маьлхан зIенарша къегадора лаьмнийн баххьаш.

Субъект меттигниг дожарехь хуьлу, нагахь санна сказуеми кхечуьнга долучу таронан хандашах кхоллаелла елахь (потенци- альный глагол).

И санна йолучу кхечуьнга йолучу предложених – локативни конструкци олу. Сан лекцина кечамбан деза. – ийна конструкци.

Предложенийн тайпанаш



Предложенин коьрта тайпанаш цхьалхе а, чолхе а предложе- неш ю. Цхьалхе предложени цхьана грамматически бухах лаьтта, масала: Юьртан маьждигна хьалха сарахь пхьоьха хIуттура грам- матически бух пхьоьха хIуттура. Чолхечу предложенин шиъ я цул сов грамматически бух а, цхьалхечу предложенин доллу предика- тивни дакъош а хуьлу: Мархаш дIасаевлира, гучубелира бутт. Шаьш къона, нуьцкъала, хIайт-аьлла мел ду, диканиг дан кIадо ма елаш!

Цхьалхе предложени



Цхьалхе предложени тайп-тайпана дIахIоттам а болуш, грам- матически маьIнашца къаьста. И башхалла шина тайпана пред- ложенешца билгалйолу – шинахIоттаман а, цхьанахIоттаман а.

ШинахIоттаман предложенехь грамматически маьIна довзуьй- ту шина коьрта меженца, масала, Мовсар сингаттаме вара. Майда яссаелира.

ЦхьанахIоттаман предложенехь грамматически маьIна цхьана коьртачу меженца билгалдолу, масала: Чохь бийшаза бара. Арахь дукха сиха Iаржъелира.

Упражнени № 1. Муьлхачу терахьехь ду нийса жоп гайта.
Грамматически баххашка хьаьжжина, предложенеш хуьлу:

    1. цхьанахIоттаман

    2. шинахIоттаман

    3. цхьалхе

    4. чолхе.


Упражнени 2. Муьлхачу чIагIдарца реза хила мегар дара ала.
Шайна чохь коьртаза меженаш хиларе хьаьжжина, предло- женеш хуьлу:

  1. яьржина 4) яржаза

  2. юьззина 5) цхьанахIоттаман

  3. юьззина йоцу 6) шинахIоттаман


Упражнени 3. Дийца, стенца реза хила мегар ду? Жоп бакъонца чIагIде.
Предложенин грамматически бухан дIахIоттаме хьаьжжина, предложенеш хуьлу:

  1. цхьалхе 4) яьржина

  2. цхьанахIоттаман 5) чолхе

  3. шинахIоттаман 6) яржаза


Упражнени 4. Предложенийн чаккхенга а, вукхузхьа а оьшу сацаран хьаьркаш хIиттаде. Таблици чу предложенийн номерш хIиттае.

Предложенеш шайца:

I

II

цхьа хаам берш







хаттар дерш

айдар дерш

тIедиллар, тIедожор, дехар дерш

  1. 1) Ламазаш ас кIезиг дира-те хьуна ДоIанаш хьурмате хиланц-те хьуна (Ш.-I.)

  1. Ма сацабейша мукъам ма сацабейша БIаьргех хи даллал велха-м дог оьший (Г.Б.)

  2. Лаахь хьайн ирсе сатийса ахь Нехачуьнга куьг ма кхийдаделахь (М. М.).

  3. Ма хаза хилла дуьненан дахар

Ма боккха хилла дахаран мах (Х. Я.)

  1. Лайлахь йолчу бешах терра Къайле ю-кх дахар дерриге (А. М.)

  2. ХIун деш Iа хьо.. ХIун деш Iа хьо тIаккха Ца доккхуш дуьне сан багара (Осп. Къ.)

  3. Iаьржа духар дуьйхина йолаелла буьйса

Хьийзадо цо суьлхьанаш Iаьржа пIелгаш туьйсуш (Б. Х.)

  1. Собардел накъостий сацабел пондар а

Ас шуьга ладоьгIуш дикка хан яьккхи (Ц. Ш.)

  1. Стенах ю-техьа хьан ойла

ХIай къайле – адаман ойла (А. Л.)


  1. 1) Со нанас доIанна айинчу куьйгаш тIехь кхиъна Къонахийн кхача ас дуьххьара сайн деца биъна (А. А.).

  1. ХIей тулгIенаш шу ма хьаьдда йоьлху (С. М.)

  2. Декахьа хIай сан аз даима халкъаца (С. Б.)

  3. ГIаддайна де эшна ягIахь барзах а йийр ю ас хьаша (С. Хь.)

  4. НеIалт хуьлда тIамна неIалт хуьлда Хийла дахар тIамо сацадо ( Р. Ш.)

  5. Лулахо ладогIал цкъа цхьа а вац хIинца

Къен-миска, цхьадика шу а бац къийса (Яр. Ю.)

  1. Алахьа хIай сан дог хьо хIунда деттало Хазачу кху дийнахь ахь хьанна сагатдо (А. Р.)

  2. Орцан дукъах дато маIаш туьйсуш батто сагатдо (С. А.)

  3. Я хийла хелхарехь ловзийна когаш

Хьо ялош бац-техьа йиллиначу метте (М. З.)

Упражнени 5. Дийца, хIунда ю лахахь ялийна текст еша хала. Предложенийн дозанаш къастаде. ТIера схьаязъе, предложенийн чаккхенга оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош.


    1. Iуьйре дохк хIумма а гур дуй-техьа олий хетало амма дохк новкъа дац дохк хилча шело кIеда хуьлу лай тIехь дерг гуш хуь- лу куьзган чохь санна юьртана гена валале хьо кхочу хьамцийн, элхьамчийн коьллаш юккъе кхузахь декаш хеза олхазарш говрахь вогIу стаг гича уьш къаьхкина гена а ца довлуш коьллаш кIел а, тIе а охьаховшу цунах цецвала тарло хьуьнан къайле ца хууш верг хIорш ду вайн махкахь доккхуш долу олхазарш шоршалш ю церан цIе тидам бича коьллаш кIелахь гуш дара хьамцийн а, элхьамчийн а легнаш чкъоьрнаш хьуьн чуьрчу олхазарша «той» динера кхузахь.




    1. ХIара-м хьан ю дингадан лар иза тамашена экха ду дегI дут- къа деха жима ду цуьнан даар ду кегий дехкий а наггахь олхазарш а иза Iай ло санна кIайн хуьлу наггахь цIоганан юьхьиг Iаьржа а йолуш оцу гоьрга кIелхьара схьаяьлла шена ижу лаха араяьллера иза хеталуш дара хIокху доккхачу лайлахь хIун карор яра цунна дингадо шен дегI дуьйлина сатта а дина цкъа хьалха ладуьйгIира тIаккха кхос-кхоссалуш чехкачу боларца гена доцчу Iина йистехь боллучу къеначу юьхкан орамашна чу яхара. (Хас. Хь.)


Упражнени № 6. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, дIаязъе предложенеш. Дийца, хIун тайпа предложенеш ю уьш.


  1. Оцу хенахь коьллаш тIехула гучубелира Iаьржа куй тIаккха – и тиллина корта а

  • Зеламха – хазахетта мохь а болуш дуьхьалхьаьдира Солта- мурд

  • ХIун до ахь Iовдал Хьуна мичара хаьа и стенна я хьаьнца вогIу гIам-гIим дира ГIушмазукъас

  • Хьо мичара вели Вада-м ца ведда хьо

  • Собардехьа Цкъа хи мала ас

  • Я аллахI ХIинца цхьаьна ду-кх вай элира гелдаганхочо

  • ХIа охьаховший цкъа хIума кхалла со ламаз дина воллушехь

  • АIузу биллахIи мина шайтIаниражим

  1. «Матка Боска Езус Мария Къинхетам бей кIелхьара ваккха- лахь Матка Боска ХIун де аса – детталора коьртехь

Чуиккхича ХIан-хIа тIулгаша отур ву Ахча делча дIахоьцур вац-те Ахча делча капитан Хитрово а ма вахийтинера цо дIа Вуьйр ву-те цо Вуьйр ХIан-хIа Чуэккха веза Я.. хIан-хIа Ахча Ахчано хIуъъу а ма до Дош лур ду.. тIаккха ТIаккха ТIаккха аса цунна бан ма-беззара бекхам бийр бу (Сар. Хь.)
Упражнени 7. ДIаеша. Къастаде, муьлха тайпа предложенеш ю лахахь ялийнарш. Жоп бакъонца чIагIде.
1) Амма Тамара къаръяла а, юхаяла а ца туьгура: «Лойша суна цуьнан адрес! Со гIур ю цунна тIаьхьа». 2) Ма юхъхьара а ву хьо, кIант! 3) ГIатта, хазаниг, самаяла, гIуллакхаш ду вайшинга хьоьжуш! 4) Хьалха цуьнан воцуш цатерг вара иза, ткъа собранехь массарна хьалха хьеставала, мотт хьекха хIоьттира. «ЭхI-хIай, Асвад, муьлш бу ахь хьайн гонаха баьхнарш!» 5) Ма хаза, ма ис- баьхьа дара сан бешара стоьмийн заза! БIаьстенан шелоне дийхира аса: ма кховдадахьара аша цунна тIе шайн Iожаллин куьйгаш! 6) Вала везачу стеган ницкъ кхочурий-техьа царах бакъдерш къасто, харцдерш дохо? 7) Гой хьуна, хIара юрт яккхал долу ловзар кху- нах делош, аьшнаш веш оцу делан мостагIчо лелориг! 8) ДIа ма яьллахь! – мохь туьйхира Олхазара. Иза волчухьа а йирзина, йоI эсала елаозийра. 9) Ва, нана-бусалбанаш, орца дала. БIо богIу! 10) Суьйранна регIан дукъал тIехьа къайлаболу малх санна, дIаелира бералла. 11) Же, чехка гIой, хи да. Дера бац хьо а моз дутту моза, моз дуу моза бу-кх. Хьажал, сиха юй дукха?.. 12) Аса хоуьйтур ду хьуна со мила ю! – мохь беттара зудчо. – Хьо цунах дохко ца валахь, со-со яц-кх хьуна! (О. Х.)
Упражнени № 8. ТIедожаран предложенешна кIел сиз хьакха. Къастаде, хIун тайпа тIедожаран кеп ю церан чулацамехь: тIедиллар, дехар, тIедожар.


  1. Яхийта кху чуьра шиммо а! эххар а мохь белира воккхачу стаге. (Сар. Хь.) 2) – ЛадогIал, нах! – Юьртден ХортIин цIогIане аз даьржира хIаваэхь. 3) ЛадогIахьа, Чомакх, Гуьржех болу бер-

риг сайн мохк дIалур бара-кх аса оцу динах. ГIой мах бийцахьа цуьнца. 4) Дуьлойша, цIа гIо вай, Iаьлбаг? доттагIчун белша тIе куьг туьйхира Къайсара. 5) Шу ледара ма хилалаш. Хьаькамаша шайга, сийначу цIерга лелха алахь, бIаьрг-негIар ца тухуш, юкъа- лелха. Варийлаш, шайх бехк балийтий, кIиллолла ялийтий цIа ма дерзалаш. 6) Шаьшшиъ тIекхочуш, ша тIаьхьа а соцуш, накъост хьалхавалийтира Къайсара. – Хьо хьалхавала, Iаьлбаг. 7) – Шел- луш ву-кх хьо, Берса. Малхе валий вайша? 8) – ТIекхочийла-кх и де! ТIаккха Iаьлбага бекхам оьцур бара царах. 9) – СхьатIехилал, кIентий! Хабар дита. Жимахалла кхечанхьа лелор аша. Вайн дийца дезаш кхин а ду гIуллакхаш. Же, ма Iелаш! 10) Аравала кху чуьра! Яхийта! Юхаерзае!–хиллачух эххара а кхетта, говраш дIаозийра вукху салтичо. 11) Ахсом мукъане а лохьа, Асвад. Аса кхин а пхи хен бохьур бара хьуна. I2) ХIан, дIаэца. Амма айхьа тIедохьурш диканаш харжалахь. Хьажал айхьа беанчуьнга. Берриг шеддаш, пIенда санна, гома. 13) – ХьалагIаттал. Схьахьажал соьга. Гой хьуна, со шек а яц. Хьайна паргIат дIахьо. Дала гIо дойла-кх хьуна а, шуна массарна а. (А. А.)
Упражнени № 9. Дага а лаций, хIора тайпанна кхоккха пред- ложени хIоттае.
Упражнени 10. Лахахь далийна дешнаш юкъа а далош, пред- ложенеш хIиттае. Массо а тайпана предложени хилийта хьовса.
Хьахийрий, воьдий, яздиний, кхийтирий, хIун бохура, бабин туьйранаш, ма гIолахь, лекха лаьмнаш, дика делаш, декъала хуьлда, ма гойла, мел хаза, хезира олуш, хьеха ма де, мохь туьйхира, бохий ахьа, дакъалоций аша, ала гIертара, садаIа бахара, деша даьхкина, эхI, маржа-яI.
Упражнени № 11. Предложенийн чаккхенга оьшшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Дийца шаьш и сацаран хьаьрк хIотторан бахьана. Къастаде предложенин тайпа.


    1. – Со баба яла хьан, ма хьалхе хилла хьо воккха Цхьа Дела вевзаш верг хир вац-те вайна гIо дан 2) ХIай кIант хIай оцу Тав-

солтан кIанта оьгIазваханчохь кхоьссина ши-кхо дош доцург кхин хIун ду хьан МаIин кIантана тIекховдо – чехавора иза верасаша (Iусм. Ю.) 3) – Ва сацаехьа кхузахь, ма дахахьа тхо дехьаиккхира рафик сацае аьлла зуда. (А. А.) 4) ХIорш мел хаза меттигаш ю ма ца хаьа хьуна Ца гира хьуна тхан лаьмнаш, шовданаш, хьаннаш, ирзош, цанаш (Б. Хь.) 5) – Ма кхийса тоьпаш Гранаташ кечъе Танканаш улле яхкийта дийкира командиран аз (М. Э.) 6) Гиний шуна маьлхан ловзар, бIаьста бецан эсала хьовзар (Г. С.) 7) Жима волуш цхьа шатайпа сирла го хIара дахар Ма девзаш, ма хийлам- мо аьлла дешнаш ду-кх уьш (А. М.) 8) Ахьа дийцахьа соьга, аса хIун мотт бийца шуьга, тахана хьаькамаш болчухула шозлагIа гуо бу аса болийнарг (Т.Хь.) 9) Хала ду-кха нохчо хилла ваха, нохчий хилла баьхна хилча дай ( Ш. I.) 10) ТIейогIуш лар яцахь, чувогIуш стаг вацахь, хIун оьшу гIаланаш, хIун оьшу къагамаш (Д. С.) 11) ХIун дер-те ден-ненан дукъ сайгахь дисахь Ден хьехам, беза мохь сайна тIехь бисахь (А. М.) 12) ХIан-хIа Безам ца хуьлу боьха Ца хуьлу Хуьлийла дац (А. ГI.) 13) Диггий, марссий деца хьан герз Соби йита ахь, нана, – велалора ваша (К. С).
Упражнени № 12. ХIара предложенеш яьржина ю ала мегар дуй?


  1. ДогкIеда йоI ю Седа.

  2. КIентий а, йоIарий а кхидIа а деша лаам болуш бара.

  3. Хьо беркате стаг ву, хьо цIена стаг ву.

  4. БабагIар оьгIазе адамаш ду.


Упражнени № 13. ХIара предложенеш коьртазчу меженашца яржае. Текст оьрсийн матте гочъе.
Суьйре тIегIертара. Малх дIабуьзира. ХIаваъ цIинделира. Тхи диллира. Дохк дижира. Мох хьаькхира. ГIаш дегаделира. Бода букъбелира. Седарчий къегира. Бутт гучубелира.

Упражнени № 14. ХIара предложенеш чекхъяха. Предложенин грамматически бух билгалбаккха.

Оха гIишло йира… Хьуна гиний и.. Iилманчаша толлу… Тахана оха дийцаре дира… Грамматикина чу догIу... Туьйранахь

хуьлу… Со ца кхета… Суна даим а дагахь лаьттар ду… Цунна бIаьрга ван ца веза… Кхетавехьа со... Юьртахь хаам бира... Яздар- хочо дийцира… Оха Iамийна...
Упражнени № 15. «Iай хьуьнхахь» цIе йолчу темина жима дийцар язде. Шайн дийцарехь массо а тайпа предложенеш хилийта хьовса.
Упражнени № 16. ХIокху хаттаршна барта жоп ло. Жоп ма- салшца чIагIде.


    1. ХIун Iамадо синтаксисо?

    2. Предложенин хIун тайпа билгалонаш хуьлу?

    3. Муьлхачу тайпанашка екъало предложенеш шайн дIахIоттаме хьаьжжина?

    4. Аларан Iалашоне хьаьжжина, предложенеш муьлхачу тай- панашка екъало?

    5. ХIун башхо ю предложенина а, дешнийн цхьаьнакхетаршна а юккъехь?

    6. Предложенин грамматически бух бохург хIун ду?

    7. Предложенин грамматически бух цхьаъ я цул сов хиларо хIун къастадо?

    8. Юьззина йолу а, йоцу а предложенеш вовшех муха къаьста?

    9. Предложеница грамматически уьйр йоцучу дешнаша хIун гIуллакх кхочушдо?

    10. Риторически хаттар – иза хIун тайпа хаттар ду?

    11. Предложенехь эшаро (интонаци) муьлха синтаксически гIуллакх кхочушдо?

    12. ЦхьанахIоттаман предложени шинахIоттаман йолучух муха къастор яра аша?

    13. Айдаран а, тIедожоран а предложенеш вовшех къастош- дерг хIун ду?

    14. ХIун башхо ю дийцаран а, хаттаран а предложенешна юккъехь?
1   2   3   4   5   6   7   8   9   10   ...   91


написать администратору сайта