Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
ТIетовжаран уьйрДозуш долу дош, коьртачуьнца барт беш а, я урхалла деш до- цуш, цуьнца маьIница дозуш, цунна тIетевжучу уьйрах тIетовжар олу. ТIетовжаран уьйр морфологически агIонгахьара билгал ца йолу. ТIетовжаран уьйр дукхахьолахь нисло хIокху меттигашкахь: Деепричастина, хандашна юккъехь: воьлуш воьдура, ийза- луш лаьттара; Куцдош, куцдош: сов чехка, Iаламат чIогIа... Дерзоран цIерметдош, цIердош: сан Даймохк. ТIетовжарехь а коьрта дош хандош ду, ткъа хандашна тIетевжа дозуш долу дешнаш дукхахьолахь куцдош я деепричасти, я хан- дешан билгалза кеп (инфинитив) хуьлу. Куцдош наггахь билгалдашна а, куцдашна а, иштта масдарна а тIетовжа тарло. Масала: Арахь чIогIа хаза ю. Кху предложенехь юбохучу гIоьнан хандашна тIетевжа хазабоху билгалдош а, чIогIа боху куцдош хаза бохучу билгалдашна а тIетевжа. Инфинитив, хандашна тIетевжина ца Iаш, билгалдашна тIетовжа а тарло. Масала: Иза деша ваха кийча ву. Кхузахь, цкъа-делахь, дешабоху инфинитив вахабохучу инфинитивна тIетевжа, шолгIа- делахь, кийчабохучу билгалдашна тIетевжа вахабоху инфинитив, цул сов, ву бохучу гIоьнан хандашна тIетевжа кийча боху билгал- дош. Дагахь латтаде. Урхаллехь а, тIетовжарехь а коьрта дош хийцарх дозуш долу дош ца хийцало, ткъа бартбарехь хийцало. Упражнени № 1. Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр юДIадолор Ю ……… Дешнийн цхьабосса бакъо юй? ............ ЯЦ ↓ ↓ цхьаьнакхетаран уьйр карара уьйр ↓ дозуш долу дош тIетовжар ← хийцало хийцалуш даций дац ↓ долу дош хийцалой коьртаниг хийцича хIаъ ↓ ↓ бартбар урхалла Чаккхе ХIокху алгоритмах пайда а оьцуш, лахахь ялийначу предло- женешкахь долчу дешнийн цхьаьнакхетарийн хIун тайпа уьйр ю къастаде. Буьйсанан тийналлехь бухIанан аз дийкира хьуьнхахь. Даккхийчу чимашца лаьтта оьгура ло. 3) Аьхка мангал-комарш юу акхароша а, олхазарша а. 4) Хьамцо зазадаьккхича, гота охучура сацайо. 5) БIаьста ча дера а, меца а хуьлу. 6) Меллаша кхеран неI йиллира чувогIучо. 7) Ведда шен вешина тIевахара кIант. 8) Вехха дIавахара иза доьдучу хица. Упражнени № 2. ДIаязъе. Къастаде, хIун ю билгалдина дешнаш (предложени, дешнийн цхьаьнакхетар, фразеологически карчам, дешан форма). ЦIийна юххе хьийза чIегIаг – хьеший богIур бу. 2) Малх хьалаайабелла а балале, къилба-малхбалехьара гуш доцу тIемаш лестадо бовхачу, нуьцкъалчу махо. 3) – ХIинца аш а шайн ба- ганаш дIасовцор ю, кхерзинчу чIеро санна. 4) Оцу накъосташа шу морзахашца санна совцор ду, шуьга чIикъ дIа а ца боккху- ьйтуш. 5) Дадин беш дика евзаш яра Iежашца, кхорашца, хьай- банашца, ткъа цIа – доккхахиларца. 6) Бацалахь, некъа йисттехь, Iадда лаьттара, ойлане яхча санна, буржалш тохаза йолу говраш. Меллаша, хьехан гаьннех а тийсалуш, тIома бахара гезгмаша. ХIума а кхаьллина, Iела сов цIа чу велира. 9) Иза тIехь бедар а йолуш, верриг горгвелла, набъеш, Iара дIабаккхаза болчу меттахь. Упражнени № 3. ТIера схьаязде. Билгалде коьрта а, дозуш долу а дешнаш. Дийца, муьлха къамелан дакъош ду уьш, хIун уьйр ю церан вовшашца ерг. Карзахе мох, малхехь къегаш, вуно забаре, генна некъ, догIанан тIадамаш, доттагIчуьнца дагавалар, тийна-таьIна амал йолуш, кхо чайтаI, Iасанца волу стаг, цу чохь гира, дIакъевлина гира, ялтех хIума дацара, юккъе дIалечкъира, хаза дара, Iохку гIаш, дитташна кIелахь Iохку, беттан серло, кест-кеста яздо, гIаш ваха, хIор шоьта де, кехат деша, сатосу хан. Упражнени № 4. ХIара дешнийн цхьаьнакхетарш юкъа а да- лош, предложенеш хIиттае. Дешнийн цхьаьнакхетаршкахь йолу уьйр къастае. Куьйгаш тIехь лело, лар яйа, тIаьххьара аьзнаш, бага хи эца, цIена анайист, бертахь дийца, цхьаьна вахара, Даймохк беза, сарахь веара, вуно дика накъост, шина кIантаца, дечу цIеношна, дитта кIел лаьтта, пеша хьалха Iуьллу, дира хIуьттаренна, кIанте делира, кхоалгIа дитт. Упражнени № 5. Предложенешна юккъера бартбар а, урхалла а долу цхьаьнакхетарш схьаязде. Болар сихдина догIура бIаьстенан юххьехь шен бердаш хьулдина долу Яркх-Су хи а. 2) Хьалхех еъначу бIаьстено дохди- нера дуьне. 3) Ткъа ГIизаруна иза данне а дагахь дацара. 4) Пелхьо санна, тIах-аьлла волура воккха стаг. 5) Чекхделира баккхийчеран хелхар. Боьлучура севцира зударий. 6) Сирачу говро хьалхара меттиг яьккхи! 7) Кхелахоша Iабдул-Маликан юкъах дихкира кхелина шаьл- тий, доьхкий. 8) Иштта чекхделира и самукъане де. 9) ГIизаруна ца лаьара ша бахьанехь цунна гIайгIа хилийта. 10) Жим-жима йолуш, массарал хьалхаелира Мохьдаран говр. (Мат. В.) Упражнени № 6. ТIетовжаран уьйраца долу дешнийн цхьаь- накхетарш схьаязде. ГIиллакхехь дацара мардена шен дагахь дерг хаийта. ТIедогIучу шарна кечам бан араваьллера массо а. 3) Кхузахь, ломара схьаяьллачу хьуьнан йистера, дIадолалора юьртбахаман латтанаш. 4) Боьхначу новкъа, кхийсалуш, хьалайогIура машина. Дерриг дика хетара Юнусна шен дахарехь. 6) Ломан кийрара ша санна шийла, декхначу дийнахь стигал санна, сирла догIура шовда. 7) Юьртахошна дикачу агIор вевзара Зойрбек. 8) Хьаьдда йогIуш гучуелира кхин а цхьа машин. 9) Де суьйренгахьа мел леста, урамера гIовгIа стаммлора. (Дад. I.) Упражнени № 7. Лахахь далийначу дешнашца нислуш долу дешнаш а лахий, дешнийн цхьаьнакхетарш хIиттаде. Дийца, хIун уьйр ю царна юккъехь ерг. Предложенеш хIиттае цаьрца. Кховдийра, селхана, воккханиг, пхиъ, кхиссалуш, маса, деша ваха, сов чехка, чехкка, бегашяна, дуьххьара, къастош, ловза, сакъера, кхаа минотехь, оццу заман чохь, хари чу дит- та кIел, юьстаха, юккъера, тайп-тайпанчу, дIанехьо, юьстах- ваьлла. Упражнени № 8. Нийсадоцу чIагIдар караде. Подлежащино а, сказуемино а дешнийн цхьаьнакхетар кхолла йиш яц. Дешнийн цхьаьнакхетарехь карара уьйр екъало кхаа кепе: бартбар, урхалла, тIетовжар. Бартбар, урхалла, тIетовжар – дешнийн цхьаьнакхетарийн кхо тайпа ду. Карарчу уьйрахь долу дешнаш бен ца хуьлу дешнийн цхьаьнакхетарш. Упражнени № 9. Къовларшкахь долчу хаттаршна жоп даларца дозуш долу дешнаш даладе, предложенеш хIиттае цаьрца. ДогIуш ду (хьаьнца?), тешна ву (хьанах?), новкъарло йо (стен- на?), кхайкха (стенга?), кхаьчна (стенга?), кховдийра (хьаьнга?), сагатдо (стен?), латийра (стенца), воккха ву (хьанал?). Упражнени № 10. ХIара дешнийн цхьаьнакхетарш дозуш долчу дешнашца даржаде. Коьрта дош билгалде цхьаьнакхетарехь. Гайта, хIун уьйр ю. Iаьржа буьйса, самукъане белар, чIогIа воьлура, хIордан гIовгIа, стака дIахIоттийра, вокхаве толамах, сирла де, говрийн рема, накъостех дIахадар. Упражнени №. 11. Дешнийн цхьаьнакхетарш схьа а яздай, дуьз- зина къастаде, схемаш хIиттае. Ламанан кийрара схьадаьлла, шийлачу маьхьарца охьанехьа сихделира Хи. Иза тIеIитталора ирачу тIулгашна, даккхийчу чхарашна, цуьнан некъ луьйцура пепнийн хьаннаша, мокхазан бердаша. Амма иза сацо ницкъ бацара. ТIулгаш шеца охьаидадора цо, чхарашна оьгIазе пе беттара. Уггар халанаш мокхазан бердаш дара. СадаIар доцуш, дийнахь а, буса а тийсалора царах Хи. Эххар а, мокхазан бердийн йий- сарера долий, дарделла цIоькъалом санна, лахенга, йорт оьций, доьдура и. Амма тIеттIа керла дуьхьалонаш хIуьттура цуьнан новкъахь. |