Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
СказуемиПодлежащих лаьцна дуьйцучу, подлежащин дар я хилар гой- тучу коьртачу меженах сказуеми олу. Цо жоп ло: хIун до? хIун хуьлу? хIума хIун ю? мила ву? муха ю? маса ю? хьенан ю? бохучу хаттаршна. И книга сан ю. ГIели металл ду. М. Дикаев поэт ву. Сказуемин хIара коьрта билгалонаш хуьлу: а) подлежащин дар я хилар гойту; б) формально подлежащих дозуш хуьлу; в) предложенин грамматически маьIна билгалдо – саттам, хан. Нохчийн маттахь сказуемеш кхаа тайпана хуьлу: хандешан цхьалхе а, цIеран хIоттаман а, хандешан хIоттаман а. Цхьалхе сказуемиЦхьалхе сказуеми нохчийн маттахь хандешан бен ца хуьлу, хIунда аьлча хандешан спряженин форманаш саттаман а, хенийн гайтамаш болуш йолу дела, цундела грамматикехь и тайпа сказуеми «хандешан цхьалхе сказуеми» терминца билгалдина. Сказуеми шех хуьлучу хандешан кепах (форманах) хандешан саттам олу. Ханде- шан цхьалхе сказуеми хуьлу билгалчу а, лааран а, тIедожоран а, бехкаман а саттамийн хандешнех. Масала: Гихан тогIе чохь севц- цера юрт йохийна баьхкинарш. Некъ теллина белахьара, тилалур дацара вай. Толамца цIа доьрзийла шу цу къийсадаларшкара. Сан деган назманаш, ма Iехка шу йийший. Цхьалхечу сказуемин коьрта форма – иза дуьззина хийцалуш долу хандош ду. Цо дар а, грамматически маьIна а цхьаьний бил- галдо, предложенин форманаш а кхуллу, масала: Дошлойн тобано говраш совцайо. Дошлойн тобано говраш сецайора. Дошлойн тобано говраш совцийна. Дошлойн тобано говраш совцийра. Дошлойн тобано говраш совцор ю. Дошлойн тобано говраш совцор яра-кх. Дошлойн тобане совцаяйтахьа говраш. Дошлойн тобано совцор елара говраш. Упражнени № 1. ТIера схьаязъе. Хандешан цхьалхе сказуеми кIел сиз хьакхарца билгалде. Дийца, муьлхачу саттаман хандашах хилла и. Олхазарш дацахьара мел сингаттаме хир дара вайн дахар! И хазалла гархьама, Къоьзан-Iома тIе ваха веза, цуьнга бIаьрг тоха. 3) Зокан чохь шийла шовда кховдадехьа соьга, кийра ша биллий аса. 4) Малийша беркате шийла хи, дегI къондеш, шелдеш, цунна аьхналла луш долу. 5) БIаьста шайн зевнечу эшаршца вайн махка даьржар ду дукхе-дукха олхазарш. 6) Цуьнан хазнаш хIинца а къайлехь ю, стаг шена тIекхачаза. 7) Схьа а лаций, набахти чу волла иза! 8) Дерриг а дика дера дара, нах IадIахьара. 9) – Кхет- техь, дийцал хIун дан деза паччахьан Iедало бохург ца деш болу- чу нохчашна? 10) – Наха-м Iаьржа талу даахьара, – майравелира БатIал. 11) – БагIахь, хьаха, бу вай тIеоьцур, цхьа адамаш ма ду вай, цхьана стигал кIелахула а лелаш. 12) – Хьан да ИсмаьIал – Дала ша вирзина меттиг декъалйойла цуьнан – гIенах дуьхьал веара суна. ВаллахI-Iазмора, иштта хьо галвийр ма вацара хьуна, цига вахана билггал дерг-доцург а теллина, вухавеана велахьара. Буса барзах угIуш, дийнахь кIезанах цIийзаш дIаяхара Iаьнан уггар шийла мур ларалуш йолу чилла. (Л. Я.) Упражнени № 2. Бехкаман саттаман хандешнех хилла цхьалхе сказуемеш шайца долу предложенеш тIера схьаязъе. – Дика ойла еш, ладогIалахь, Ахьмад, тховса оха хьайна тIедеанчу гIуллакхе. 2) И хабар хIокху Сепиятан бертахь ду мотта- делира суна. 3) Шуна девзаш ма дуй вайн нехан оьзда гIиллакхаш: нагахь, тIекхуьуш бохкуш мостагIий а болуш, царах ведда вогIу лурвоьлла стаг, шен кхин волийла ца хилча, тIекхаьчначу зудчунна хьошалгIа эккхаш меттигаш лелла хилар. ТIаккха, оцу зудчо шен коьртарчу йовлакхан тIома кIел и лаьцнехь, мостагIашна эхь ду цу стагана тIекхевдича. 4) Шун къамелашна новкъа делахь, шу паргIат а дуьтур ду оха. 5) Шун дахар ирсе хуьлда, Iодика йойла… Бакъахьа даьхкина, баркалла, охьаховшал шу. 7) И иштта ца хил- лехьара, кIелдIахула суна тешнабехк бийр бацара цо. 8) ХIинццалц забаршца а, бегашца а хIара гIуллакх бертахь, эсала схьадеанехь, хIинца нус кхераеллера, хIара баккъаллина тIедаьлча. 9) И йоI хал- лакьхуьлучура кIелхьараяьккхинарг ша вацахьара, хецца цуьнца шен къамел дийр долуш вара Iабдулла.10) – ХьалагIатта! Жоп ло айхьа диначунна, – аьлла, вистхилира Iабдулла. 11) – Же, валолахь, Ахьмад, путевка язъел! Аса хIинцца вахана, автобуса тIехь билеташ дохка цхьа чIегIардиг кечдо кхунна. (М. Яс.) Упражнени № 3. Лааран саттаман хандешнех хилла цхьалхе сказуемеш шайца долу предложенеш тIера схьаязъе. Къиг сийначу стигала ялахь а, лечане кхачалур яц. 2) НIаьна кхойкхуш яцахьара сатосур дацара-те? 3) Хинан гечо ца довзахь, цу чу ма вала. 4) Маттаца ма сихло, деш долу гIуллакх сихде. 5) Хьайна хезнарг ахьа хьалххе схьадийцинехьара, кху хьола тIе дер дацара хIара гIуллакх. 6) – Вайн илланчаша олуш хезний хьуна: «Элан кIеза аганара ма гIоттийла, берзан кIеза Iуьргара ма долий- ла». 7) – Бехира соьга эвлахь: «Дукха ма дешийта кIанте. Тоьур ду писар хиллал йоза Iамийча». 8) – Шаьш гуллуш ду аьлла соьга хаам бан стаг ваийтина велара ахьа. 9) Топ шен долахь хилар уггар доккха дезар дара кхиъна вогIучу кIентан а, воккхачу стеган а. ХIора шарахь а дагIахьара шу тхо долчу садаIа. ВогIу лурвоьлла стаг, шен кхин волийла ца хилча, тIекхаьчначу зудчунна хьошалгIа – Хьоме хьеший! Аса веза лоручу Узун-Хьаьжина лаьа Шеми- лан заманаш юхахIуьттийла. 12) – Ма кхералахь, Амади! ТIе вала тIулгана. (Х. Ошаев.) Упражнени № 4. ТIедожаран саттаман хандешнех хилла цхьалхе сказуемеш шайца долу предложенеш тIера схьаязъе. ЛадогIалаш хьоме хьеший! Тоьпаш тхуна карор ю, амма вежарийн цIий Iано лохур яц оха уьш. 2) – Маршалла хийла хьуна а, Амади! Сил хьалхе стенга ваха кечвелла хьо? 3) Лула хьеший баьхкинчохь синкъерам бара, цига ягIахьара хьо. 4) Нагахь имам ву аьлла ша къобал а вахь, шен кхачанан лаьжгаш а эцна, кхуза схьагIортаза Iийр ма вац Нажмуддин. 5) – Нохчашний, слободкерчу оьрсашний юккъехь цхьа цатам балале дIагIахьара шу кхузара. 6) Шаьлтана пхьеро ша шаьлта юхкуш олура: «Керстана ма Iуттийла ахьа, бусалбанна ма тухийла ахьа» 7) Со цкъа дIаволла, тIаккха мукъ бу шуна, шайна лаахь бев довла. Ши хаьштиг догу, ша цхьана хаьштигах кIур туьйсу. 8) ГIалат ма волийла хьо, воккха стаг! 9) – И кафир гой хьуна? Дика хьажалахь… мила ву, хьенан ву..Виц ма лолахь... – элира Нажмуддис. 10) ЛадогIалаш! Нохчийн кица ду: «Буй тоьхча – гIаж тоха, тIара тоьхча – герз тоха» бохуш. – Бата! И-х Iаьржа Леча ву! Хьажахьа, цо хIун боху. 12) Нагахь арахь, кхаш тIехь Iажаркх яьлча, ялташ кхиа ца дуьту цо. 13) – Вай- на тIаьхьа дукха адам хIоттахь, вайга уьш эшалур бу. 14) – Дика ладогIалахь цара дуьйцучуьнга, вайна цхьа тешнабехк бан кечлуш бу хьуна уьш. (Х. Ош.) Упражнени № 5. ТIера схьаязъе. Предложенешкахь цхьалхе сказуемеш билгалде. Къилбседехьара хаддаза схьахьоькхучу шийлачу махо лоьк- хура дерзина дитташ. Дошан баса йирзина, кхоьлина догIанан мархаш Iаьржа сомалкхаш охкийна, кхохкийна кхозура. Дагна хийра, оьгIазе хеталора тIера ло даша доьлла Тянь-Шанан лаьм- нийн Чатлакхан даккъаш. Юткъа шок етташ лай тIера схьахьоькху шийла мох хьакхабелла меже шелонца морцуш кхерстара. Адамийн дегнашна тIе сингаттам туьйсуш маьхьарий хьоькхура тIехула хьийзачу къийгаша. Дерриге а Iаламехь хила ма деззара хуьлуш, шена ма тов чекхдолура и шийла Iа. ТIедогIучу бIаьстенан меттиг мукъа а боккхуш и Iа кхин цкъа юха а ца дан дIадерза дукха хан ца йисинера. (Айд. А.) |