Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени

  • Упражнени № 3. ХIокху предложенешкахь сказуеми схьалаха

  • Предложенера дешнийн цхьаьнакхетарш морфологически къастаде. Iела Хонкара воьду боху хабар сиха даьржира юьртахь. Чаккхенгахь

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница12 из 91
    1   ...   8   9   10   11   12   13   14   15   ...   91

    IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР



    Упражнени № 1. Предложенин коьртачу меженашна кIел сиз хьакха. Дийца, муьлха къамелан дакъош ду коьртачу меженийн декхарш кхочушдеш.


      1. Кхераделла бераш, ларлуш, хьуьнах чудуьйлира. 2) По- этан хIор стихотворени жима толам бу бодан тIехь. 3) Декхначу дийнахь вахара со Наибца хьуьнах талла. 4) Некъ боьхна а, хьий- заш боьдуш а бара. 5) ГIийла богура ши чIурам жимачу оти чохь.

    1. Гулбеллачарна хьалха лаьттара лекхачу дегIахь волу жимха.

    2. КIотарахь Iер де-дийне мел дели хала а, сингаттаме а ду. 8) Iалам исбаьхьа ду. 9) Iибади воккха питанча ву. 10) Диъ кхаъаннал сов ду. 11) Ламанца хIаваъ цIена хуьлу. 12) Шега далуш долу диканиг дар хIоранна а тIехь ду.

    Упражнени № 2. Предложенешка хьовса. Коьрта меженаш бил- галъе, къастае церан кепаш.


      1. Гобаьккхина гонаха декъа, довха, зевне хIаваъ дара.

      2. Хи шога ду. Бецаш гIийла ю. Цхьа хIаваъ ду бес-бесара.

      3. Хьалххе самадевллачу олхазарийн гIовгIано дуьзна хIаваъ хIоне дирзина хетара. 4) ЦIенош нохчаша дечу кепара дина дара поппар кепа а тухуш, тIе ча а диллина. 5) Иза бегашена, амма велавалар доцуш аьлла дара. 6) Шемал БойсагIарца къамеле велира, Iисас, ша мел вахарх, бицлур боцу тидам бира цуьнан. 7) Лаьтта тIе бертал вижна, Каабехь болучу тIулгана хьалха хьаьжа санна, дуьненан лакхе гина къинош летийнарг санна, Iуьллуш вара иза. 8) Хьешан цIа чохь хIинца а бийшаза бара. 9) Иза тIамехь майра а, къиза а вара. 10) Шура-гIала ша дIа ма-кхеччинехь дерриг дан тIелецира Iисас. 11) И санна долу къамелаш дарна таIзар дан тарлора, чинах вохаваран биста кхаччалц. 12) Оцу кIирандийнахь вада сацам бина вара верриг пхийтта стаг. 13) Цара а, кхара а «ура» бохура.

    (Петр Павленко.)
    Упражнени № 3. ХIокху предложенешкахь сказуеми схьалаха:


        1. Оцу йоьIан бIаьргаш сийна бара.

        2. Адам лекхачу дегIахь дара.

        3. Кхана де декхна хир ду.

    (Оцу йоьIан бIаьргаш бара аьлча маьIна духу, ткъа вукху шина предложенехь а и хIума хилар дац къасториг, цуьнан мухалла ю.)


    ТАЛЛАМАН БОЛХ





    1. Предложенера дешнийн цхьаьнакхетарш морфологически къастаде.


    Iела Хонкара воьду боху хабар сиха даьржира юьртахь.


    1. Чаккхенгахь оьшу сацаран хьаьркаш хIиттаде, къовларшкахь
    1   ...   8   9   10   11   12   13   14   15   ...   91


    написать администратору сайта