Главная страница
Навигация по странице:

  • ЦIеран хIоттаман

  • Упражнени № 2. ТIера схьаязъе. Предложенешкахь цIеран хIоттаман сказуеми билгалде. Дийца, цIеран дакъа стенах лаьтта.

  • Упражнени № 3. ДIаязъе, цIеран хIоттаман сказуемеш билгал а дохуш, къовларшкахь хаттарш а хIиттош.

  • Упражнени № 4. Сказуемешна кIел сиз а хьокхуш, дIаязъе. Билгалде цIеран хIоттаман сказуемин дакъа муьлхачу къамелан декъах хилла.

  • Упражнени № 5. ХIокху хаттаршна жоп луш долу сказуемеш шайна чохь долу предложенеш хIиттае.

  • ПОДЛЕЖАЩИНИЙ, ЦIЕРАН ХIОТТАМАН СКАЗУЕМИНИЙ ЮККЪЕХЬ ТИРЕ

  • Упражнени

  • Упражнени № 2. Предложенин коьрта меженаш а къастош, йогIучу тире а юьллуш, тIера схьаязъе.

  • Упражнени № 4. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Уьш хIитор бакъонца чIагIде.

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница10 из 91
    1   ...   6   7   8   9   10   11   12   13   ...   91

    ХIоттаман сказуеми



    ХIоттаман сказуеми шина декъах лаьтта коьрта а, гIоьналлин а. Коьртачу декъо дар, хилар билгалдо, ткъа гIоьналлинчо хенан, саттаман грамматически маьIна довзуьйту, ткъа иштта, подлежа- щица уьйр а тосу. Масала: Цуьнан корта хIинцале а къежбала болабеллера.

    ХIоттаман сказуемин коьрта дакъа инфинитивах я цIеран декъ- ах лаьтташ хуьлу. Цуьнга хьаьжжина къаьста цIеран хIоттаман а, хандешан хIоттаман а сказумеш.

    ЦIеран хIоттаман сказуеми цIеран декъах а, гIоьнан ханде- шан хоттамах а лаьтташ хуьлу. Масала: ЦIенош даккхий дара. Майрбек тахана оьгIазе вара.

    ГIоьнан декъо грамматически декхарш бен кхочуш ца до. ХIокху сказуемехь хIоттам хилла ву, хуьлу гIоьнан хандешнаш лелла ца Iа, хета, ган, ларадан, каро боху хандешнаш а лела тар- ло. Масала: Суна цо динарг хьекъале хета. Цо даим а шен кIант бакъво. Мамакаев Мохьмад аса дика поэт лору.

    ЦIеран хIоттаман сказуемина хIара хаттарш хIиттадо: мила ву? хIун ю? муха ю? стенан ю? маса ду? мосалгIа ю? хIун деш ю? Масала: И хас тхан ду. Аманды Асуханов художник ву.

    Арахь екхна ю. Юьртара бераш майданахь ловзуш ду. ЦIаста

    металл ду.


    Сказуемин цIеран декъо грамматически маьIнаш билгалдеш дакъа ца лоцу. ХIуманан тайп-тайпана билгалонаш йовзуьйту цо – дикалла, дукхалла, хьал, долахь хилар и дI. кх. а. Масала: Iаьнан чилланахь Iуьйренаш цIевзина хуьлу. Iаднан Шахбулатов ком- позитор ву.

    ЦIеран хIоттаман сказуемин дакъа коьртачу декъана хуьлу:

      1. цIердашах: Сан нана хьехархо ю.

      2. билгалдашах: Генарчу ломан баххьаш шекаран кортош хеталора.

      3. терахьдашах: Кхузза кхоъ исс ду.

      4. цIерметдашах: И коч цуьнан ю.

      5. причастих: Говраш йожаза яра.

      6. деепричастих: Мовсар суна вевзаш ву.

      7. куцдашах: Ахьмадан кроссовкаш хаза ю.

    Ткъа хIоттам ву, хуьлу гIоьнан хандешнех. Цул сов, цIеран хIоттаман сказуеми дешнийн цхьаьнакхетарх хила а тарло. Масала: ХIара шекар моз санна ду. И кхор паста санна бу. Тхан хесара латта налха санна ду.
    Упражнени 1. Предложенешка хьовса. ЦIеран хIоттаман ска- зуемина кIел сиз хьакха. Дийца, стенах лаьтташ бу цуьнан хIоттам.
    1) ШайтIа шайтIа дара, ткъа алмаз – алмаз. 2) Адам цкъа хьалха зовтехь черманхо вара, юха хехочун декхарш кхочушдеш лийлира хьуьнан бахамехь. 3) Декхнаш ирзошкахь, къайленашкахь, тийна а, туьйране а лаьттара. 4) Чоьнан тхов а, цIенкъе а таьIначу басахь дара. 5) Цуьнан баккхий бIаьргаш горгбелира, юьхь лаьттан басе йирзира, йолчул а оза а хеталуш. 6) Хенара стаг резахилира, оцу сохьта кхин говраш харжа таро ян а вуьйлира. 7) Буьйсанаш седане хуьлу. Iуьйренца семса, кIеда ло бухара шано дIалоцу.

      1. Кхузара нах сутара а, дукха саьхьара а бу. 9) Кхузахь дерриг а дечках дина ду. 10) Адам кхачаза, хийрачу махка кхаьчна адамаш гIийла а, гIорасиз а хуьлу Iаламан ницкъашна хьалха. 11) ХIокху дуьнен тIехь уггар а ирсе стаг ван тарло ахьа сох. 12) Адамашна

    юккъехь а хуьлу жIаьлийн амалш йолу нах. 13) Суна тIера духар дара Iаьржачу басахь, дукха лелийна, тишделла.
    Упражнени № 2. ТIера схьаязъе. Предложенешкахь цIеран хIоттаман сказуеми билгалде. Дийца, цIеран дакъа стенах лаьтта.


        1. ТIехула охьахецна, басаяьлла цуьнан коч белш йолчохь чIогIа ятIийна яра. 2) Меттигаш тIаьхь-тIаьхьа беса а, акха а хеталора. 3) Юьрта юххехь карахь топ йолу цхьа жимха велира некъал дехьа. Топ хадийна, йоца яра, ша бича санна тоьпан бух а болуш. 4) ТIаккха дерриг а кхеташ хуьлура. Дерриг а дахар ду цуьнан иштта. Шен лаамехь вац иза. 5) Воккха стаг даим а балхахь а, гIуллакхехь а вара. 6) Масех минотехь дерриг а гонаха мел дерг шурула кIайделла дIахIоьттира. 7) Мовкин санна долу хIара ирзош хьалха наггахь бен ца хуьлура. 8) Нанас цунах тIаьххьара а воккха Iилманча хир ву олура. Амма иза хьекъална гена вара. 9) Тхо долчу лаьмнашкахь аьхка а суьйре шийла хуьлу. 10) Лаьттачарна юккъехь сан кIант шолгIа ву.


    Упражнени № 3. ДIаязъе, цIеран хIоттаман сказуемеш билгал а дохуш, къовларшкахь хаттарш а хIиттош.
    1) Махкахь дика вевзаш пондарча вара иза. 2) Цу даккъаш тIера хьаннаш лекха а, хийра а яра. 3) Суна йиъ чаккхарма генахь луьста хьун яра. 4) Iуьйре суна тийна а, мела а хийтира. 5) Куьг деза а, довха а дара, амма чохь са доцуш. 6) Со шух дIакъастийна ву, шу дика девзина а валале. 7) Доьзал жима бара цуьнан хIинца а, воккхахволу кIант кхушара ворхIангара ваьллера. 8) Шатлакхо цецъяьккхина гIала хIинца а йижаза яра. 9) Буса тийналла хIуттура, тIаккха дерриг а дика хезаш хуьлура. 10) С. Бадуев нохчийн лите- ратурин бухбиллархо ву. 11) И гомашан етшура худар санна, юькъа ю. 12) Суна-м хьекъале хета оцу воккхачу стага деш долу къамел.

    1. И кучамаш Асетан ю, ткъа хIара мачаш сан ю. 14) Дика ду, реза ву со: дети металл ду.

    Упражнени_№_4._Сказуемешна_кIел_сиз_а_хьокхуш,_дIаязъе._Билгалде_цIеран_хIоттаман_сказуемин_дакъа_муьлхачу_къамелан_декъах_хилла.'>Упражнени № 4. Сказуемешна кIел сиз а хьокхуш, дIаязъе. Билгалде цIеран хIоттаман сказуемин дакъа муьлхачу къамелан декъах хилла.


      1. Баганан дитташ чIурамаш санна ду. 2) И болх самукъане а, керла а бара цунна. 3) Иза шовданийн, хьаннийн, лаьмнийн мохк бара. 4) Тавсолта шира бешахо ву. 5) Шо – иза кхо бIе кхузткъе пхи де ду. 6) Тхох балхана схьакъастийнарг виъ вара. 7) Цуьнан ткъе пхиъ шо кхаьчна. 8) Къора а етташ, цIийзачу махо аре ирча, ирча йо. (I. Мам). 9) Ламанца аьхка а буьйсанаш шийла хуьлу.

    10) И бошмаш тхан юьртахойн ю, амма хIара сан ю. 11) Учара тхан массеран а мачаш цIанъяза яра. 12) Массо а меттехь – чиркхаш: гIала хIинца а йижаза яра. 13) Тхуна тIевеънарг безамехь, куьцехь вара. 14) Жимахъерг туьканахь ю, йоккхах йолу шиъ хьоьхуш ю.

    1. Iаьмнаш цIеначу бIаьрхих дуьзна кедаш санна дара.


    Упражнени № 5. ХIокху хаттаршна жоп луш долу сказуемеш шайна чохь долу предложенеш хIиттае.
    Иза мила ву? ХIун ю? Муха ю? Маса ду? МосалгIа ю? ХIун деш ю? ХIун дан воллу? ХIун хила доллу? ХIун дан вулу? ХIун хила дулу? ХIун дан волало? ХIун дан кхиира? ХIун дан гIурту? ХIун дан хьожу? Хьенан стенан) ю? Мел ю (ду)? ХIун дан лаьа? ХIун хила тарло? ХIун хила мега?

    ПОДЛЕЖАЩИНИЙ, ЦIЕРАН ХIОТТАМАН СКАЗУЕМИНИЙ ЮККЪЕХЬ ТИРЕ
    Нохчийн маттахь коьртачу декъана цIеран хIоттаман сказуе- ми хандош – хIоттам шеца боцуш хуьлу. Амма наггахь кицанехь а, стихашкахь а, иштта цIеран дакъа терахьдашах хиллехь а, сноскехь дош довзуьйтуш а сказуеми хIоттам боцуш ала тарло. Масала: фонетика – муьлххачу а меттан аьзнаш Iаморан Iилма. Подлежащиний, сказуеминий юккъехь тире юьллу, нагахь санна сказуеми цIеран хIоттаман а делахь, цуьнан цIеран дакъа цIерниг дожарехь долчу цIердашах а хиллехь, цуьнца шеца гIоьнан ханда-

    шах кхоллабелла хIоттам а бацахь: Дешар серло, цадешар бода. Сказуеми цIерниг дожарехь долчу масаллин терахьдашах я куцда- шах хилахь, шеца хIоттам-гIоьнан хандош доцуш хилахь а юьллу подлежащиний, сказуеминий юккъехь тире: Хазалла – сарралц. Шозза пхиъ – итт. Ала деза, сказуемин цIеран дакъа хила тарло муьлххачу а «цIарах»: цIердашах, лаамечу билгалдашах, терахьда- шах, цIерметдашах, масдарх, лаамечу причастих. Сонтачу стеган хьекъал – вистцахилар. Стеган мах – цо ша хаддийнарг. Халкъан ницкъ – бухбоцу шовда.

    Иза боху цIерметдош цIеран хIоттаман сказуемина хьалха хилахь, цунна хьалха тире юьллу, хIоттам хиларе хьаьжна доцуш, масала: Дайн оьзда гIиллакхаш лардар иза вайн сийлахь декхар ду.
    Упражнени 1. ТIера схьаязъе. Подлежащи а, сказуеми а бил- галде. Царна юккъе тире йилларан бахьана довзийта.


      1. Хьомечу меттигашка вухаверзар–иза гуттар а ду генарчу, дагна аьхначу, исбаьхьчу бераллин дуьнене вухаверзар. 2) Барам – тIон итт ворда дийнахь. 3) ХIор а куьг дешин меха. 4) Дахар хий- цар ша а хийцавалар ду. 5) Яздархо адаман къинхьегаман цхьа дакъа. 6) Ассистент – Iилманан белхало. 7) ХIаъ, адаман уггар а боккха къовсам – деган кураллица къийсар. 8) Хьешехь гIиллакх цахилар – иза хIусамда цаларар ду. 9) Сту белча – жижиг, ворда йоьхча дечиг. (кица). 10) Цхьана агIор – керт, вукху агIор – беш.

    11) Синтаксис грамматикин цхьа дакъа. 12) Кхетаме низам муь- лххачу а белхан коьрта хьал. 13) ВорхIазза пхиъ ткъе пхийтта.

    1. Терк – вайн махкахь уггар доккха а, шуьйра а хи.


    Упражнени № 2. Предложенин коьрта меженаш а къастош, йогIучу тире а юьллуш, тIера схьаязъе.


      1. Юнус Дешериев гIараваьлла нохчийн Iилманча, профессор, академик. 2) Човкарчий бIаьстенан уггар хьалхара зевне хьеший.

    3) ЦIокъ даккхийчех хьуьнан цициг. 4) Ас нана елхийна, со нанас цкъа а. Велхор а варий-те со нанас цкъа а. (А.А.). 5) Сан ваша бизнесмен. 6) Стагана уггар хьомениг Даймахке шен болу безам.

    7) Юрт иза халкъ ду, ткъа серло бакъдерг. (Яр. Ю.) 8) Букъа тIехьа Даймехкан латта, хьалхахьа хийра мохк, хьалхахьа доза. (Р.Ш.)

    1. Чохь ца хилла сий арахь а хир дац. (кица). 10) Церг деши ду, мотт бала бу. 11) Питана, стешхалла, ямартло вон айп ду, со кхета, накъост. (Мам. М.). 12) Машарца гIуллакх ца дахь тIом. 13) Цхьана агIор пен санна шера лам кхозу вукху агIор, чухьаьжча бух а ца гуш, Iин ду. 14) ДIа ког мел баьккхинчохь тIехьовсуш талорхой. (Гайс. I.)


    Упражнени № 3. ТIеоьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, подле- жащиний, сказуеминий юккъехь тире йилларан бакъонашца догIу масалш схьаязде лахахь ялийначу предложнешна юкъара.


      1. Мезан куьйра суна, еса гуьмалк хьуна. 2) Туьйранаш ин- заре а, тамашена а хиламийн хьокъехь халкъо хаздина кхоьллина дийцарш ду. 3) ДIогахь яраш, дIогахь бецаш. Хьуьллахь къийгаш, хьуьллахь куьйра. (Гац. С.) 4) Хала ма ду нохчийн илли ала, цул а хала нохчо хилла ваха. (Сат. Хь.) 5) Со Соскин Солса ву, туьй- ранашкахь вийцина волу. 6) Дустар меттан исбаьхьаллин гIирс бу. 7) Ринжа кертан дехьа-сехьа вала йитина меттиг я жима ков.

    1. Шозза бархI ялхитта. 9) Морфологи дешнийн форманийн, къамелан дакъойн а Iилма ду. 10) Къонах иза халкъо кхоьллина, боьрша стаг муха хила веза бохучу хаттаршна жоп луш, массо хIума а меттехь долчу стеган васт ду. 11) Адам оьздангаллин, синцIеналлин лакхене дуьгу шолгIа парз марха ду. 12) Зама и кхо де ду боху: селхана, тахана, кхана. 13) Аманды Асуханов нохчийн къоман гIараваьлла суртдиллархо, художник.


    Упражнени № 4. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Уьш хIитор бакъонца чIагIде.


      1. Метафора кхечу маьIнехь дош далош, исбаьхьаллин суртхIотторан гIирс бу. 2) Поп, наж, пха вайн мехкан хьуьнан ба- хаман мехала дитташ ду хIорш. 3) Поп уггар а доккха дитт ду вайн лаьмнашкарчу хьаннашкахь. 4) Вайн хьаннашкахь долу дерриг а бохург санна дитташ гIа долуш ду. 5) Къоман мотт цкъа а гIел ца лун, юх-юха а задоккху халкъан синкхача бу. 6) Мохк безарехь вай цхьана а къомал эшна дац, дерриге дуьненна иза дIа а гайтина.

    1. Зеделларг уггар а тоьлла хьехархо. 8) Ма ирс ду иза массо а хIума дан хууш хилар! 9) Дахар хийцар иза ша а хийцавалар ду. 10) ХатI доцучу духарехь вар хIусамда цаларар санна ду. 11) Яздар адаман къинхьегаман цхьа тайпа. 12) ХIаъ, адаман баккхийчех къийсам иза деган кураллица бен къийсам бу.



    1   ...   6   7   8   9   10   11   12   13   ...   91


    написать администратору сайта