Главная страница
Навигация по странице:

  • Хьаькаман

  • Масала

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница16 из 91
    1   ...   12   13   14   15   16   17   18   19   ...   91

    Къастам



    ХIуманан билгало гойту къастамо, иза бозуш хуьлу муьлхха- чу а формин цIердашах. Масала: Мокхачу стигалара шийла догIа охьаIенара. Цхьа къастам подлежащих бозу, важа вукху коьртазчу меженах. Билгалонан маьIна гучудолу муха? бохучу хаттарехь. Цуьнан шуьйра яьржина форма иза билгалдош а, цуьнца бартбеш долу дешнаш а ду (цIердош, цIерметдош, терахьдош). Билгалонан маьIна царна коьрта ду, иза тIетевжа форманашна а, бартбарна а. И маьIна билгалдолу билгалдешнашкахь мухалла, юкъаметтиг санна, ткъа вукху бартбечу дешнашкахь церан морфологически форманашца дозаделла хуьлу, масала: Амма и хьалхара дийцар суна чIогIа дагах кхийтира. Кора юххерчу коьллаша сурт долучул а хаздора. Хьаькаман кIентан цIийзар массарна а хьере хиллера. Базарахь йораха мачаш лоьхуш лийлира иза дуккха а.

    Муха? муьлха? мича кепара? хьенан? стенан? бохучу хаттарш- на жоп ло къастамо.

    Мухаллин билгалдашах хиллачу къастамо гойту хIуманан мухалла, цуьнан билгало: шийла шовда, тийна суьйре, кIайн коч... Юкъаметтигаллин билгалдешнех хиллачу къастамо гойту: хIума стенах йина ю, мичара схьаяьлла, мацалера ю: дашо сахьт, гIалара хьаша, селханлера де... Доладерзоран цIерметдашах хил- лачу къастамо гойту хIума хьенан я стенан ю, цуьнан да мила ву я иза хьенан долахь ю: сан дахар, цуьнан хIусам, хIокхуьнан безам... кхузахь болу къастам даимна а доланиг дожарехь бу, иза хийца ца луш буьсу. Терахьдашах хиллачу къастамо гойту хIуманан рогIалла: шолгIа де, доьалгIа сахьт. Къастам причастих, причастин карча- мах а хуьлу: Тешамца, машарца веъначу хьешана доггах безамца

    хьошалла до ломахь.

    Билгалзачу кепех кхоллабелла хуьлу къастам: Вовшийн диц ца дан а, вовшашна кехаташ яздан а дош делира доттагIаша шаьш вовшахкъаьсташ.

    Къастаман ша билгалдечу дашца барт хила тарло дожарехь, терахьехь, классехь: жима стаг, кегий нах – терахьехь; довха де, бовха малх – классехь; довха де, довхачу дийнахь – дожарехь (юьззина йоцу бартбаран уьйр).

    Къастамаш шина кепара хуьлу: бертан а (барт бина), бертаза а (барт банза). Коьртачу дашца дожарехь я терахьехь, я классехь барт бечу къастамах бертан къастам олу. Бертан къастам хуьлу лаамазчу мухаллин, меттиган-юкъаметтигаллин, -лер- суффикс йолчу хенан юкъаметтигаллин билгалдешнех а, лаамазчу гайтаран цIерметдешнех а, лаамазчу рогIаллин терахьдешнех а, лаамазчу причастех а.

    Коьртачу дашца дожарехь а, я терахьехь а, я классехь а барт ца бечу къастамах бертаза къастам олу. Къастамний, цIердашний юккъехь урхаллин, тIетовжаран уьйр елахь бертаза къастам лору: Стеган амалех а, хьолах а уггар тоьлашха дерг нехан безам цуьн- гахь хилар ду. Малхо комаьрша Iенайо лаьтта шен йовха зIаьнарш. Бертаза къастам хуьлу доланиг дожарехь долчу лаамазчу доладер- зоран билгалдешнех а, лаамазчу доладерзоран цIерметдешнех а, оьрсийн маттера тIеэцначу лаамазчу билгалдешнех а.

    Масала: Аса туьканара аьчкан маьнга ийцира. Тхан вешин гIовтал хаза ю. Тхуна гена боццуш советски урам бу. Юьртан бахархоша дийгIина синтарш денделлера. Наг-наггахь бужура догIанан тIадам. (Бертаза.)

    1   ...   12   13   14   15   16   17   18   19   ...   91


    написать администратору сайта