Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница24 из 91
    1   ...   20   21   22   23   24   25   26   27   ...   91

    Iалашонан латтам



    Дар, хилар хIун Iалашо йолуш кхочушхуьлу гойту Iалашонан латтамо. ХIун Iалашо йолуш? хьенан дуьхьа? стенан дуьхьа бохучу хаттаршна жоп а луш, хандашах-сказуемих бозабелла хуьлу иза.

    Iалашонан латтам хуьлу лург дожаран формехь цIердашах, куцдашах, хандешан билгалзачу кепах, масдарх, хандешан латта- мийн форманех.

    Тайп-тайпана бецаш дарбанна лелош хилла вайн дайша.

    ХIор марха достучу дийнахь юьрта воьду со, гергара нах ган а, марханаш къобалдан а.

    Некъ бацбархьама, воккхачу стагана тамехь долу къамел дан вуьйлира со.

    Дас-эло лоьраш бахкийтина цомгаш хиллачу йоIана дарба лело.

    Упражнени № 1. Шайца дозуш долучу дешнашца схьаязбе Iалашонан латтамаш. Дийца, муха кхоллабелла уьш.


      1. Шен зуда тIебогIучу кхерамах ларъярхьама, НогIамирзин- юьртана къилбехьа, Белши тIехь Iайта, лекха барз-гу бина ГIожакъа. 2) Цу заманчохь со хаавелла, со вен дагахь тIаьхьаваьлла суна кхо ваша. 3) Нускал а далош богIуш берш тIекхаьчча, шен езар тIехьийза йоI схьаяккха царна тIевахна Iала-Мала. 4) Адам герзаца ара а даьлла, ха дан хевшина, буса шайн шахьар лесториг хIун ю хьовса. 5) – Со, тоьхна са мал а дина витира, шеца йийсар а дина дIавигира, шен са ца гатдалийта. 6) Мукх ахьа дагахь хье- ра еъна Жоьра-баба хилла. 7) ТIаккха кIанта ялхошка чехкка цIе латаяйтина ена кIелахь, шура юха кхехко. 8 – Дадина дарбанна саьрмикан шура ян доьду, аьлла, вистхилла кIант. 9) БархIолгIачу лома кхочуш ламанан басошкахь, кIелонна бижина Iачу саьрмаках

    бIаьрг кхетта кхеран. 10) Шех чIогIа бIо буьзна волуш, тIевеъначу наьрт-аьрстхочо хьуьнар гайта шен карахь йолу кхузткъе итт галел хир йолу, йоккха хIож стигала ирхкхоьссира. 11) Дадас хьуна без- амана елла, ахьа лелош хилла хIож, тахана вайн йоккхачу юьртана тIе йоьжна, юьртахь боккха хIорд хIоьттина. 12) Адамийн цIий Iанош лелла Курпал вийначу кIентан сийдеш, совгIатана ловзар хIоттийна. 13) Ша маре яхар хоуьйтуш, Маьлх-Аьзнина кхачийта дагахь шен пIелгара мухIар корах аракхоьссина элан йоIа. (Н. Ф.)

    14) Бено цхьана минотехь ойлаеш сецира, уьш шех шек ца хилий- тархьама. (Арс. С.-Б.)
    Упражнени 2. ДIаязъе. Iалашонан а, хенан а латтамашна кIел сиз хьакха. Барта дийца, муьлхачу дашца боьзна бу уьш.
    1). Мехкан истори йовзархьама, дуккха а талламаш бан беза хьалха нах баьхначу меттигашна. 2) Тхо кхо ваша, тхаьшна юккъе доьжна дов къастон, хьуна тIевогIуш вара. (Н. Ф). 3) Аса къамел чIогIа дог ца догIуш дора, сайга цо шед хьахаярна кхоьруш. 4) Тхой- шиъ тIе а кхачале, лиэташ даккхий жен жIаьлеш даьхкира дуьхьал.

    1. Акхболате а, кхечаьрга а суьйранна со волчу гулло ала, со са- рахь вухавогIур ву, вайн дан къамелаш ду. 6) Иза шен дайх йисина аренаш ма хетта талла араяьлла эр дара гиначо. 7) Къуона волуш хьоладас вацийра, хIинца, хаза зама тIееъча, къанвелла. 8) Шен бIаьрг ма-кхийтти, хиъна цунна и кийсак ПетIаматан кучах юйла.

    1. ПетIамат кху гу тIехь йийна хилар а сацийна, шена езаш хиллачу ПетIаматан безамна цу Абубакара биллина, боху, хIара тIулг. 10) – Цо ден къамел хезий хьуна? – аьлла, юха а хаьттира Аслана, цхьа тамашена сан бIаьра а хьаьжна. 11) Цу буса араваьлла шина-кхаа дийнахь дас лиэхарх ца карош, яйна, бохуш, дуьйцу ПетIамат. (Мам. М.) 12). – Дика болх бу хьо тайпанчу нехан хIуьттаренна шуьца гергарло лело гIерташ хьаькамийх нах боцуш. 13). СовгIатана ба- хьа кхул хаза куз оьцур бац-кх ахьа. 14). Кхан доххал гена ялале, кехат даьстина, шена еллачу кIадине хьаьжира Забу. (Хам. I.-Хь.) 15). Салаудина ца тайначу хабаран хоршара валархьама, хаьттира Бексолтас. (О. Ш.) 16). Хьан да, Соскин Солса цо вийначу ялх вешин вашас кхайкхина вигна, цунна тешнабехк бан дагахь.

    Упражнени 3 Лахара латтамаш юкъа а лоцуш, предложенеш хIиттае. Латтамашна хаттарш а хIиттош, церан тайпанаш билгал- даха.
    ГIийла, ницкъ ма-кхоччу, тийна, паргIат, коьрта чу тардаллал, дерриг хIуманал мерза, вехха, шен метта, ураман новкъахула, лаьмнийн баххьашна тIехьа, болх бечохь, сахилале, хIетахь дуьй- на, дукха хан ялале, гуттар а, дикалла, беттаса хиларна, бахьана долуш, цахиларе терра, садаIархьама, цхьаъ ала дагахь, дарбанна, бахьана долуш.
    Упражнени 4. ТIадамийн метта Iалашонан латтамаш а хIиттош, тIера схьаязъе предложенеш. Коьрта меженашна а, латта- машна а кIел сиз хьакха.


      1. Сатасале хийисте бахара уьш…

      2. Асет йолчу еара сарахь цуьнан ши доттагI…

      3. Зезагашна тIе бат яьхьира цо…

      4. Iилман волчу чувирзира тхойшиъ….

      5. Инженер дукха сиха Аргунерчу зовте вахара…

      6. Юьртара бераш хи тIе дахара…

      7. Со чуьра аравелира…

      8. Стадион йолчухьа вахара со сайн накъостаца…

      9. Лор дархо волчу вахара…

      10. Хьуьна йисте дахара тхо…


    1   ...   20   21   22   23   24   25   26   27   ...   91


    написать администратору сайта