Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени № 1. Нийса доцу алар схьалаха. Жоп бакъонца чIагIде.

  • Упражнени № 2. Текст юкъара цхьалхе шинахIоттаман пред- ложенеш схьаязъе.

  • Упражнени № 3. ЦхьанахIоттаман йоцу предложенеш схьалаха.

  • Упражнени

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница27 из 91
    1   ...   23   24   25   26   27   28   29   30   ...   91

    ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ



    Цхьалхе предложенеш шайна чохь йолучу коьртачу меженаш- ка хьаьжжина, цхьанахIоттаман а, шинахIоттаман а хуьлу. Шена чохь ший а коьрта меже подлежащий, сказуемий йолу предложени шинахIоттаман ю, царах цхьаъ бен йоцург – цхьанахIоттаман. ЦхьанахIоттаман предложенийн кепаш дукха ю.

    Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь


    ШинахIоттаман ← Ю ← предложенехь ши коьрта меже юй?

    ↓ Яц.

    ЦIеран предложени ← Ю ← коьрта меже подлежащи юй?

    ↓ Яц.

    Юьхьза предложени ← Ю ← подлежащи яц, хила оьшуш а яц.
    Подлежащи юкъадало тарлой?

    ↓ ХIаъ.

    Билгала-юьхьан ← Ю ← дар кхочушдийриг билгала ца

    во (хьо, ахь).

    ↓ Яц

    Билгалза-юьхьан ← Ю ← подлежащи я, юьхь билгала ца йо

    ↓ Яц

    Юкъара-юьхьан ← Ю ← подлежащи я. Дар кхочушдийриг

    милла а ву. (милла а, муьлхха а, хIор а).

    Чаккхе


    Упражнени № 1. Нийса доцу алар схьалаха. Жоп бакъонца чIагIде.


        1. Цхьалхечу предложенешкахь деккъа цхьа сказуеми бен ца хуьлу.

        2. ЦхьанахIоттаман предложенеш вовшех къаьста коьртачу меженашца.

        3. ШинахIоттаман предложенешкахь грамматически бух даим а подлежащих, сказуемих лаьтта.

        4. Билгала-юьхьан предложенешкахь подлежащи яц, амма сказуемино иза маьIница я формица билгалйо.

        5. Билгалза-юьхьан предложенешкахь дар кхочушдийриг бил- гал ца во, амма иза кхочушдийриг хаа йиш ю.

        6. Коьртачу декъана юкъара-юьхьан предложенеш кицанах хуьлу.


    Упражнени № 2. Текст юкъара цхьалхе шинахIоттаман пред- ложенеш схьаязъе.
    Малх дIабуьзна, амма хьуьнхахь хIинца а сирла ю; хIаваъ цIена а, чекхсагуш а ду; олхазарш шабаршца къамел деш ду; къона баьццара буц самукъане къегаш го. Шу хьоьжуш ду. Хьун чоьхьара меллаша Iаржъяла йолало. Диттийн баххьаш а кхуьйли. Ал басара стигал сенлуш ю. Хьуьнан хьожа тIеттIа чIагIло; халла хааяла йолало мела тIуналла… Хьуьнхахь бода чагIлуш бу хIора минотехь. Дерриг олхазарш дIатийна. Цхьадолу олхазарш, кегий хенакIурш, набарха шакарш етташ хеза хIинца а Уьш а дIатий.
    Упражнени_№_3._ЦхьанахIоттаман_йоцу_предложенеш_схьалаха.'>Упражнени № 3. ЦхьанахIоттаман йоцу предложенеш схьалаха.
    1) Цуьнгара кхин хаамаш кхочур бац хьуна. 2) Масех бохь бара гIишло ерзош. 3) Iаржъяла йолало. 4) Кхечарна кхел ма е хьайга хьажа. 5) Шовдано хьогалла дIайоккху – дикачу дашо дог дендо.

    6) Барт болучохь беркат, барт боцучохь зулам. 7) Хи чу ма вала, нека хууш вацахь. 8) ЦIеххьана лакхаваьллачунна бIагор богIу.

    1. ХIума хаар нахе ладогIар. 10) ТIадам боцучу ор чуьра хи эцалур дац. 11) Дегий, неней ла ца доьгIнарг цIийнах ваьлла.


    Упражнени 4. Цкъа хьалха схьаязъе шайца ши коьрта меже ерш, юха-цхьа коьрта меже ерш. Гайта, муьлхачу къамелан декъах хилла коьрта меже.


      1. Гуьйренан хаза хьожа етталора. 2) ЛадугIур ду меллаша охьаоьгучу гIан мукъамашка. 3) Хьуьнхахь лаьттинчу бецийн муьста-мерза хьожа лаьттара. 4) Тхевнашка кхаччалц диллинера

    ло. 5) Iа. Дарц хьийзадо. 6) Диъ сахьт долуш сахилира. 7) Баьццара майда, гулделлачу адаман дIасалелар. 8) Богуш къега делкъенан малх. Геннахь, къилбехь, таьIна сийна бос бу лаьмнийн. Попан хьаннаш ю уьш. 9) ШозлагIчу дийнахь тIеян йолаелира. 10) Болх дика бан хьажалахь. 11) Арахь шело яра хаалуш. 12) Бода буьйли- ра, Iома тIе Iаьржа мархаш охьаохкаелира. 13) Корсам, коьллаш. Халла хезаш екайолало хьун.


    1   ...   23   24   25   26   27   28   29   30   ...   91


    написать администратору сайта