Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени

  • Упражнени № 3. Предложенешка хьовса. Билгалза-юьхьан предложенеш тIера схьаязъе.

  • Упражнени № 4. ДIаеша. ТIера схьаязъе хIокху рогIаллехь: билгала-юьхьан; 2) билгалза-юьхьан; 3)

  • Упражнени № 5. ТIедуза кицанаш. Муьлха цхьанахIоттаман предложенеш хир ду уьш

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница29 из 91
    1   ...   25   26   27   28   29   30   31   32   ...   91

    Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш



    ХIокху шина предложенехь а цхьа коьрта меже бен ца хуьлу сказуеми. Подлежащи ца хуьлу кху предложенешкахь, хила оьшуш а дац. Билгалза-юьхьан предложенехь гIуллакх кхочушдийриг маьIница хаа йиш ю. Масала: Ялташ чудерзадо аьхка. Ялта чу- дерзадо белхалоша.

    Билгалзачу юьхьан предложенешкахь коьртаниг дар кхо- чушдийриг а воцуш, ткъа цуьнгахь дуьйцуш долу дар ду. И дар кхочушдийриг билгалза вуьсу, цундела ца оьшу кху предложенеш- кахь подлежащи.

    Юкъарчу-юьхьан предложенехь дар кхочушдийриг милла а хила тарло, амма иза билгал ца во, хIунда аьлча иза милла велахь а, башха а дац. Масала: Бух боцу черма хих дузалур дац. (Кица.)- Цхьаьнгга а.

    Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенешна юккъе доза тоха хала хуьлу, уьш вовшех тера йолу дела. Уьш къасто хала

    хир дац вай тидаме хилахь. Билгалзачу-юьхьан предложенехь юьхь яц коьртаниг – дар ду, ткъа и кхочушдийриг говзалле я доьналле хьаьжжина, билгалво. Масала: Дикачу адамех лаьцна дукха дуьйцу газеташ тIехь.

    Ткъа юкъарчу-юьхьан предложенехь дар кхочушдийриг мил- ла а велахь, башха а дац. Уьш дукхахьолахь кицанаш хуьлу. Масала: Палс ма-ббу хеца ког.
    Упражнени 1. ДIаеша предложенеш. Билгала-юьхьан а, бил- галза-юьхьан а предложенеш тIера схьаязъе.


      1. Декахьа, деган аз, цу стиглан Iаьрчашкахь, даржахьа дол- лучу лаьтта тIехь. (С. Б.) 2) Нохчийчоьнан ламанца йолучу яртех цхьаъ. (А. М.) 3) Ший а доккха, онда дара, хIоранна а шен баш- халла яра. (Д. I.) 4) Хаалахь, хIораннан хуьлу шех ойла, веше а йийца ца хIуттуш. (М. С.). 5) Иштта хIутту-кх хIокху жайни тIехь. (Ц. Я.) 6) Хьада, гIо хьайна Iелица ловза, дукха ма Iелахь. (Б. М.)

    7) ДегIах, цициган чоьш хьекхалуш санна, гилгаш уьдура. 8) Юьхь тIехь цецвалар а хааделла, тIетуьйхира: са даьIча, схьадуьйла чай мала. 9) Иштта деношкахь сарралц лаьмнашка хьежарх ца тоьа.

    10) Шайна луъъург де! Саьмгалан молханах эккхахьара хIара цIа! Iаьржа поппар хилахьара кхунах! (Х. О.) 11) Ма лаха бахам, лаха Iилма. (Кица.) 12) Садовш лаьттара. Арахь Iаржъяла йолаелира.

    1. – Иштта хуьлу ламанца, башха дохий а ма хьийза. 14) Вочу дашах мотт ларбе, къоланах куьг ларде. (Кица.)


    Упражнени 2. ДIаязъе лахахь ялийна предложенеш. Юкъара- юьхьан предложенеш билгалъе.


      1. Тахана кхузахь хиллачух лаьцна хьахо диц ма делахь.

      2. – Алахьа, мичара вели, муха кхечи? Муха дагадеа ван? Сехьа хьалавалий, паргIатвала. 3) Хинан гечо а ца хууш, хи чу ма вала. (Кица.) 4) БIаьстенан мукъамашка сема ладогIа. 5) Итон-Кхаьллара ЧIинаха цхьа сахьт некъ бу Органца. (Х. Ош.). 6) – Собарде. ЦIа кхаьчча дуьйцур ду. 7) Комбайнна тIаьхьа маьI-маьIIехь чанан кесарш. Эххар а комбайнах а вулу. 8) Iаьржачух кIайниг ялур яц.

        1. Iуьйре сарахь хастае. 10) Хьуьнах дечиг ца кхоьхьу. (Кица.) 11) Лаам белахь, дерриг а далур ду дахарехь. 12) Жимчохь дуьйна ларде сий. (Кица.). 13) Юучух кIезиг чам боккхура, чIепалгашка сатуьйсура. 14) Сахьт долуш дIадийшира. 15) Дийца а ца оьшу. Кхийсарш мел оьшу а яйта. Уьнашарахь дуьйна иштта схьадогIуш ду. 16) Кевнаш схьа а диллина, аратеттира силам диллинчу некъа тIе. 17) Воьдуш воллушехь хадалур бац стеган мах.


    Упражнени № 3. Предложенешка хьовса. Билгалза-юьхьан предложенеш тIера схьаязъе.


          1. Аьхка кхаш тIехь асарш до. 2) Сарахь урамновкахь бIогIамаш тIера стогарш латийра. 3) БIаьстенан белхашна кечам бу беш юьр- табахамашкахь. 4) Новкъахь долу кхо де даьллера, амма хIинца а гIалина гена ца девллера. 5) Цкъа мацца а, кхо кIира даьлча, гIалара схьабеара пиллиг-пондар. 6) Тхо долчу меттигашкахь эшаран мах хадо хаьа. 7) КIант малхе бIаьрг тоха араваккха сацам бира.

    8) Хьайн ницкъе хьажжий, хададе дитт. 9) ЙоI, хин чами кховда- бехьа, чохь беттан нур даржадай. (С. А.) 10) Сатоссуш, ламазаш диначул тIаьхьа, новкъадевлира лома даха.
    Упражнени № 4. ДIаеша. ТIера схьаязъе хIокху рогIаллехь:

    1. билгала-юьхьан; 2) билгалза-юьхьан; 3) юкъара-юьхьан.




      1. ДоттагI ахчанах эцалуш вац. 2) Iодика йойла. Хьан дий- царшка ладегIалур дац. Новкъабовла кечлуш бу кхана Iуьйранна.

    3) ХIей! Собарде цкъа. ХIинцца схьаяхьар ю. 4) Iуьйре. Ша база долучу коран цуьргах арахьожий, хьун ца евзаш вуьсу. 5) Ахчанах хьекъал эцалур дац. 6) Цхьанна а хьеха оьшуш дац. 7) Дуьнен тIехь цкъа бен ца веха. 8) ТIе а гIой, леррина ладогIахь диттийн а хуьлу, адамийн санна, синош. 9) ЦIадахарх лаьцна дуьйцуш а дацара. 10) Хабарш доцца дуьйцура, буьйсанна кхераме дара тата- нашка ладегIа. 11) Кешнийн керта буса ваха къаьсттина хала дара.

    12) Буса хIо-марха цхьанаэшшарехь ца лаьтта: цкъа мох хьокху, юха дIатоь. 13) Декахьа, деган аз, цу стигал Iаьрчашкахь, даржа- хьа, мерза аз. (Б. С.) 14) Алахьа соь, шовда, хIун дайна дека хьо?

    (М. М.) 15) Бехкмабиллалахьселхан яьллачухенахь меттахъхьаварна. (С. Хь.) 16) Арахь хаъъал тийна дара. 17) Хина дуьхьал нека ца дало. 18) Халкъан дикачу амалех лаьцна дукха дуьйцу романашна а, повесташна а тIехь. 19) Даьттанца дIа ца йойъу цIе. 20) Iаьржачух кIайниг ца дало.
    Упражнени № 5. ТIедуза кицанаш. Муьлха цхьанахIоттаман предложенеш хир ду уьш?


    1. Бух боцу черма…

    2. Хьалха хьажаза…, тIехьа хьажаза…

    3. Кхузза юста…

    4. Хьайга далург….

    5. Ма лаха бахам…

    6. Нехан динара….

    7. Нах лелхара бохуш…

    8. Нехан хьаьвди тIехь…

    9. Бедаре ма хьажа…

    10. Гали чохь цамза хьуллур бац.


    1   ...   25   26   27   28   29   30   31   32   ...   91


    написать администратору сайта