Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени № 5. Юьхьза предложенеш гайта.

  • Упражнени № 6. МаьIне хьажжий чекхъяха предложенеш.

  • Упражнени

  • Упражнени № 2. ДIаеша. ТIера схьаязъе юьхьза а, цIеран а предложенеш.

  • Упражнени № 5. Предложени талла

  • Упражнени № 6. Поэтийн могIанашкахь цIеран предложенеш схьалаха. Дийца, хIун маьIна долуш ялийна уьш поэташа шайн байташкахь.

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница31 из 91
    1   ...   27   28   29   30   31   32   33   34   ...   91

    Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.


    Iуьйре тийна яра. Аьхке йовха яра. Суьйре шийла яра. Де декхна дара. Сарахь догIа дан доладелира. Ламанан ярташ денъ- еллера. Буьйса Iаьржа яра цу хенахь. Иза тахана могуш вацара. Массаьрга а бетах хинкиса дехкийтира. Хиэ ор хьаладуьзира. КIуьро бIаьргаш Iийжабора. ТулгIенаш бердех етталора. Мархаша стигал дIалаьцнера.
    Упражнени № 5. Юьхьза предложенеш гайта.


      1. Садовш дара. 2) Гонаха тийналла яьржира. 3) Вижа ца лора. 4) Седарчий цхьатера догура дитташ тIехула. 5) Чохь сирла а, аьхна а, самукъане а ду. 6) Iалам лардан деза. 7) Малх схьак- хеттий хаалуш дара хIаваэхь. 8) Iай арахь сиха Iаржло. 9) Тахана болх дика ца бало. 10) Арахь шийла а, екхна а яра. 11) ЦIеххьана хIорда йистера мох хьекха болало. 12) Дарц марсадала долало. 13) Гуьйренан хьаннаш хазъеллера. 14) Де декхна деанера. 15) Ломахь цIеххьана догIа доладелира.


    Упражнени № 6. МаьIне хьажжий чекхъяха предложенеш.

    Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.


    1. Арахь тIесерсаш ю… 2) Садовш ду вайна… 3) Сатосуш ду… 4) Тахана арахь малъелла… 5) Тахана екхна ю… 6) Хиъна ца Iало… 7) Чохь бодане ду…


    ЦIеран предложенеш


    Шена чохь сказуеми а доцуш кхоллало цIеран предложенеш. Коьрта меже подлежащи хуьлу кху предложенешкахь, иза цIерниг дожарехь лаьтташ а хуьлу. Подлежащин хIоттамехь коьртаза меже- наш а хила тарло, цуьнца бартбаран я урхаллин уьйрахь йолу, ма- сала: Йоккхачу гIалин тийналла. ХIуманан цIе яккхар бен, кхидIа хIумма а ца дуьйцу цIеран предложенехь. ЦIеран предложенех пайда оьцу дукхахьолахь исбаьхьаллин литературехь, газетийн, журналийн очеркашкахь, статьяшкахь. ЦIеран предложенешца

    шайн дийцар дIадоладо яздархоша цкъацкъа, масала: Буьйса. Тоьла. Къуьданан халла хаалун серло.
    Упражнени № 1. ДIаеша. ЦIеран предложенеш билгалъе. Дий- ца, хIун бахьана долуш пайда эцна царах авторша. Предложенийн грамматически бух билгалбе.


      1. Декъа, лекха дегI. Еха маж а, лергина юкъа месаш а. (С. Хь.) 2) Къегина, маьлхе денош. 3) Екхна, хаза суьйре. Жима татол. ТаьIна боьмаша басахь хи. 4) Нохчий. Барамехь доккха, майра къам. (А. А.) 5) Шела. Мехкан уггар а йоккха юрт. 6) Бесан берд, шина а агIор кхиъна бIаьллангаш, таьллийн, комарийн къух, коьллаш. (С. С.-С.) 7) ВорхI кIант ву Даркешан. Аьрзу, Леча, ХьаргIа, Куьйра, Олхазар, Маккхал, Хьоза. Ден дозалла. Цуьнан гIортораш. ВорхIе а – пепнаш санна, догIмаш, болатах воьттича санна, онда. (Я. Л.)

    1. 1941-чу шеран 22 июнан малх хьаьжна делкъе. МаьI-маьIIехь юьртабахаман цхьацца гIирсаш. Президиумехь Висит, Човкий, райкоман векал. Царна тIехула лозунг «Маршалла ду юьртбаха- мехь хьалхелелочаьрга!» Теркаца гун ялтийн аренаш. (Мус. М.)

    2. Iуьйренан малх кхета зама. Дека олхазарш. Дудин керт. ГIеххьа цIенош, гонах ян йолийна керт. ДоьгIна хьокхий, Iохку серий. Гихь кIудал а йолуш, чуйогIу ПетIамат. (Бад. С.) 10) Ломан эвла Шуьйта. Эвлайист. Аьрру агIор гIа далаза дитт. Цу кIелахь деха гIант. Юххехь хи эца тадина хьаст. (Ош.Х.) 11) МаьркIажхан. Iа. Каметин хIусам. Шина кора юккъе хIоттийна дуткъа лекха куьзга. Куьзгана кIел, тIехь стаканаш, ши туфли, стогар, Ханпашин сурт. НеIсагIехь лаьтта кIудал. (Хам. I.-Хь.)


    Упражнени № 2. ДIаеша. ТIера схьаязъе юьхьза а, цIеран а предложенеш.


      1. ЛегIанчу басахь, охьатоьхначу дитта кIел гулло. 2) Масех гIулч дехьа а девлла, севцира. 3) Сатасаран сийна тийналла. 4) Ма сингаттаме а, бурко а ду! 5) Хьаннаш юккъехула лома воьду. 6) Са- таса долало. 7) Ломахь цIеххьана тIеян йолаелира. 8) Аьхке. Борза тIехь, латта тIе а тесна дина тIулгийн цIа. ГIуркхийн керт. ЦIийна хьалха доккха дитт, цу диттана хьалха Iуьллуш чхар. УьйтIахь

    мохь бетташ лаьтта Леча. (Х. I.-Хь.). 9) Дукха буьрса буьйцу и Iаьржа лам. 10) Суьйре. МаьркIаже. ДогIа, дерриг а догIа, стигал бертал тоьхча санна, цхьа хецаделла, даьржина. (Б. М.). 11) Гурахь аренца а, кертахь а белхаш дукха хуьлу. 12) Оцу минотехь тIесерса йолало. I3) Iедалан белхалойх лаьцна дукха яздо зорбанехь.

    1. Iаьржачу буса говрахь чехка ца вахало. 15) Кешнийн кертахь кхоччуш тийна дара. (Яс. М.) 16) Гурахь буьйсанаш сиха Iаржъяла йолало. 17) Арахь цIеххьана догIа долало. 18) Цу сохьта шелъяла йолаелира.


    Упражнени 3. Хьайна гуш долучу суьртех лаций дийца, цIеран предложенех пайда а оьцуш.


    1. Корах ара хьоьжуш ву (ю) хьо. Дийца, хIун го хьуна цигахь.

    2. Лома буьххье хьаладевли шу. ХIун го шуна цу тIера чу- хьаьвсича?

    3. Аьхка садоIуш дара шу. ХIун суьрташ дагаоьху шуна?

    4. Соьлжа-ГIалахь хилла шу экскурсехь. Дийца цунах лаций.


    Упражнени 4. Юста ши текст. Муьлха ю царах билггала долу сурт ма-дарра гойтуш. ХIун бахьана ду цуьнан?


    1. Делкъе яра. Къеггина кхетта малх бара. Тхуна хьалха яра ирзонан майда. Когаш кIелахь баьццарчу бецан куз бара. Гонаха гуш дара тайп-тайпана диттийн пенаш.

    2. Делкъе. Къегина малх. Хьуьнхара ирзо. Бецан баьццара куз. Диттийн пенаш.

    (ШолгIа текст еккъа цIеран предложених лаьтта. Дар билгалди- на дац, цундела ешархочо шен ойланехь чекхдоккху хила тарлург. Цо билггала, къеггина сурт кхуллу).
    Упражнени № 5. Предложени талла.
    ЭхI, хIара маьлхан, къегина, шелонах дуьзна, шийлачу мехийн Iаьнан денош!

    (Цхьалхе, цхьанахIоттаман, цIеран, яьржина).

    Упражнени № 6. Поэтийн могIанашкахь цIеран предложенеш схьалаха. Дийца, хIун маьIна долуш ялийна уьш поэташа шайн байташкахь.
    Буьйса.

    И арешце, тийна... Тутмакхойх висна исс,

    Чевнаша гIелвина. (Мам.М.)
    Делкъе. Сийна Хьун тапаьлла Тийна.

    Зарзар. Гаьн тIехь Наб озийна, Тийна.

    Тийналла. Тийналла. Сийна, Ала – стенан Ойлаеш хьо

    Тийна? (Арс.Ш.)
    Сирла де. Сийна де. Маьлхан цхьа де, Iаламо бIаьрг боьллу Iуьйре.

    БIаьстено жил-Iалам Хьадина де – Кхойкху цо Iаламца Уьйре.

    (Арс. Ш.)
    1   ...   27   28   29   30   31   32   33   34   ...   91


    написать администратору сайта