Главная страница
Навигация по странице:

  • ДогIа

  • Малхбузехьара схьагIертара Iаьржа догIанан мархаш. Iела деша вахара, ткъа со – майдана.

  • Упражнени № 1. Юьззина йоцу предложенеш схьалаха. Бил- галъе церан кеп. Муьлха меженаш ю царна чохь эшийнарш Диц ма де сказуеми эшош ялийначу предложенехь тире юьллуш хилар.

  • Упражнени № 2. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Юьззина йоцу предоженеш билгалъе.

  • Упражнени № 3. Юьззина йоцучу предложенешкахь оьшучохь тире йилла. Юкъахйитинчу меженийн цIерш яха.

  • Упражнени

  • Упражнени № 5. Кегаделла кицанаш хила ма-деззара вовшах- таса. Дийца, шолгIачу декъехь тире хIунда хIотто еза.

  • Упражнени № 6. Диалогашна таллам бе. Муьлха меже юкъа- хйитина къастаде.

  • Упражнени № 7. Диалоган кепехь дIаязъе текст.

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница33 из 91
    1   ...   29   30   31   32   33   34   35   36   ...   91

    ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ



    Предложенехь оьшуш йолучу меженийн хIоттам билгалбоккху цуьнан структурано: шинахIоттаман предложенешкахь ши коьрта меже, цхьанахIоттаман царах цхьаъ; цхьайолу коьртаза меженаш а ца хилча ца торуш меттигаш а нисло: нийса кхачам кхечуьнга болучу хандашехь.

    Шайна чохь коьртаза меженаш хиларе (ца хиларе) хьаьжжина, цхьалхе предложенеш хуьлу цхьанахIоттаман а, шинахIоттаман а, яьржина а, яржаза а. Шена чохь цхьа коьрта меженаш бен йоцург, яржаза предложенеш ю. Масала: ДогIа доьлху, хьоькху мох. . Садовш лаьтта.

    Шена чохь коьртачу меженел сов, коьртаза а меженаш ерг яьржина предложени ю. Масала: Маьлхан зIаьнаршлахь эсала луьйчура дерриг а Iалам. Кхетарна оьшуш йолу меженаш шена чохь хиларе хьаьжжина, цхьалхе предложенеш екъало юьззина йолучу а, юьззина йоцучу а предложенешка. Юьззина йолучу предложенешкахь кхетарна оьшуш йолу ерриг а меженаш хуь- лу, ткъа юьззина йоцучу предложенешкахь коьрта а, коьртаза а меженаш эшош нисло. Масала: Малхбузехьара схьагIертара Iаьржа догIанан мархаш. Iела деша вахара, ткъа со – майдана.

    Юкъахйитина меже меттахIотто тарлуш ю, тIаккха предло- жени юьззиначу кепе йоьрзу. Юьззина а, юьззина йоцу а пред- ложенеш – уьш цхьана предложенин кепаш ю.

    ЦхьанахIоттаман хандешнийн предложенешкахь подлежащи а, цIеран предложенешкахь сказуеми а дацар – и предложенеш грамматически юьззина цахиларан билгало яц. Уьш юьззина цхьанахIоттаман предложенеш ю.

    Предложени юьззина цахилар цуьнан хIоттамца доьзна хуьлу, маьIница а доцуш. Дукхахьолахь контекст диалогехь хуьлу. Оцу диалогехь хаттаршна дуьхьал жоп луш йолу предложенеш хуьлу юьззина йоцурш.

      1. Гена юй шун юрт гIалина?

    – Итт чаккхарма.

      1. –ХIинца хIун бутт бу вайна? Март буй?

    – Бу.

    –Арахь шийла юй?

    – Ю.

    Юьззина йоцучу предложенин масех кеп ю:

    1. Хьалхарчу текстехь цIе яьккхина меже йоцуш хуьлу юьззина йоцучу предложенехь: Бакъдерг бакъ хир ду, ткъа хабар – хабар. Учахь яйн чевнаш йина дархой Iохкура, ткъа чохь–еза чевнаш йинарш. Шина а шолгIа предложенешкахь сказуемеш дац.

    2. Юьззина йоцучу предложенехь хIоьттинчу хьоло къастош йолу меже. Масала, автобус я такси ларъеш Iачу меттехь цхьаммо йогIу аьлча, иза автобус я такси юй хаьа массарна (цуьнан цIе йок- кхуш яцахь а). Иза, кхеташ а йолуш, юьззина йоцу предложени ю.

    3. Диалоган юьззина йоцу предложенеш диалоган репликаш (предложени-хаттар, предложени-жоп), вовшашца йозаелла йолу контекстаца а, хьолаца а.

    • Мича, мичара?

    • Шелара Гуьмсе.. Ткъа хьо?

    • Гуьмсера Шела.


    Упражнени № 1. Юьззина йоцу предложенеш схьалаха. Бил- галъе церан кеп. Муьлха меженаш ю царна чохь эшийнарш? Диц ма де сказуеми эшош ялийначу предложенехь тире юьллуш хилар.


    • Шун мила ву кхузахь? – гIийла хаьттира йоккхачу стага.

    • КIант. Студент, – жоп делира зудчо сиха. – Ткъа хьан?

    • ЦIе хIун ю?

    • Муса.

    • Ца хезна. Дукха хан юй?

    • Ши бутт.

    • Сайниг – ворхIалгIа бутт! – жоп делира йоккхачу стага.


    Упражнени № 2. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Юьззина йоцу предоженеш билгалъе.
    1) Да кха тIе ваха кIант цунна тIаьхьа. 2) Уьш четар чу а бахана охьахевшира. Iимран стоммачу юьхка тIе Мовла жимачу гIанта.

    1. КIант дика доьшуш ву ткъа йоI ледара. 4) Шина а шахматисто дукха сиха дIасатиттира шахматаш юьхьанца. Юха диккачу ханна ойлане воьрзу. 5) Дукха лийлира АслагIа хьуьнахула. Варша йи- стехь юьхка тIе охьалахвелира садаIа а, кегаелла ойланаш тIегулъян а. 6) Стевно заза июнь беттан хьалхарчу деношкахь даьккхира ткъа декхно цул тIаьхьа. 7) Зарета массарна а йицъелира. Бакъду, цхьана ханна. Хьеший дIабаххалц. 8) ХIинца чохь ремонт ян а мегар дара. Заремина обойш карийра, Маретана хьаьхьамч ткъа суна олифа а, мел а хьалха чоьнаш кечъеш дисина долу. 9) ДоттагIий дIахьовсал инзаре буьйса; буьйсанца некъ эцна мархаш а лиела.


    Упражнени_№_3._Юьззина_йоцучу_предложенешкахь_оьшучохь_тире_йилла._Юкъахйитинчу_меженийн_цIерш_яха.'>Упражнени № 3. Юьззина йоцучу предложенешкахь оьшучохь тире йилла. Юкъахйитинчу меженийн цIерш яха.


      1. Дуьне серладоккху малхо, ткъа адам хаарша.

      2. Харцдерг цхьана кога тIехь лаьтта, бакъдерг шина кога тIехь.

      3. Хьекъалчо ша бехкево, сонтачо кхиберш.

      4. Гома дечиг воттано нисйо, Iовдал стаг халкъо.

      5. Лаьхьано цIока шарахь цкъа хуьйцу, ткъа ямартхочо хIор денна.

      6. Хаарша Iилма кхуллу, ткъа уьш цахиларо тешам.

      7. Шен тидамийн тIаьхьалонна а, дешнаш тIехь болх барна а яздархочунна майралла оьшу, скульпторна поппарца а, мрамарца а, художникана басаршца.

    (1-6 предложенийн шолгIачу дакъошкахь юкъахдитина сказу- емеш, 7-чу предложенехь: болх беш.)
    Упражнени 4. Хаттар-жоп кепах пайда эцарца диалог хIоттае кху темина «Шина доттагIчун къамел».

    Упражнени № 5. Кегаделла кицанаш хила ма-деззара вовшах- таса. Дийца, шолгIачу декъехь тире хIунда хIотто еза.
    1) Говр цергашца евза 2) Къаьхьаниг марздан – хала Говро гаьллаш ловзайо Дов бIаьргашна хьалха волуш де

    Дика стаг хьекъалца ЛадоьгIначух – хаарш Дикачу стагана новкъадерг Мерзаниг къахьдан атта ду Стаг къамелаца Хаставе гуш воцуш

    Хабарчо мотт ТIадамех хIорд кхоллало Вуон стаг Iовдалчу забаршца

    билгала ву Сонтачунна – забар

    (1. Говр цергашца евза, стаг – къамелаца. Говро гаьллаш лов- зайо, хабарчо мотт. Вуон стаг Iовдалчу забаршца билгала ву, дика стаг – хьекъалца. Дикачу стагана новкъадерг, сонтачунна–забар.

    1. Дов бIаьргашна хьалха волуш де, хаставе гуш воцуш. Мерзаниг къахьдан атта ду, къаьхьаниг марздан хала. ТIадамех хIорд кхол- лало, ладоьгIначух – хаарш.)


    Упражнени № 6. Диалогашна таллам бе. Муьлха меже юкъа- хйитина къастаде.


      1. Абазойн махкара мила ву?

    • Шершавидзе.

    • Эла Шершавидзей? Вевза суна. ГIебартара?

    • Шимоха Коцев.

    • Иза а вевза суна. Ткъа хIун оьшу царна?

    • Шайца къамел дар.

    • Соьга шаьш долчу вола боху кхара?

    • ХIаъа. Генара хьеший бу уьш. Вай хьаша лору Iадатехь… (Ош. Х.)

      1. Дитта тIераниг сихха охьавоьссира.

    • БогIуш бу.

    • Маса ву?

    • Шиъ.

    • Дика хьаьжирий хьо?

    • Хьаьжира.

    • Сирчу динахьверг вуй?

    • Ву. (Гайс. I.)

    1. Стаг йиъ-пхиъ гIулч генахь сецира.

    • Хьо мичхьара ву?

      • Гати-юьртара.

      • Хьенан?

      • Аьрзун.

      • Мича Аьрзун?

      • Абубакаран Аьрзун.

    Стеган бIаьргаш цец къаьрзира.

      • Iелин вешин ву хьо?

      • Ву.

      • Хьан ненан цIе хIун ю?

      • Эсет.

      • Иза хьенан ю?

      • Билалан.

      • Эсетан ненан цIе?

      • Умма.

      • Аьрзу волуш вуй?

    КIентан ши бIаьрг кхоьлира.

      • Хонкара махкахь вийна иза.

      • Iела?

      • Стохка, лаьцна, Сибрех вахийтина.

      • Цуьнан ши кIант?

      • И шиъ-м ву. (Айдам.А.)


    Упражнени № 7. Диалоган кепехь дIаязъе текст.
    Тхан школехь литературни кружок ю. ХIун Iамайо аша оцу кружокехь? Литературни кружокехь оха хIинца Iамайо С. Бадуевн произведенеш. Ахьа дешний цуьнан «Iимран» цIе йолу дийцар. ХIан-хIа аса ца дешна «Iимран» цIе йолу дийцар. Цхьаьна доьшур ду вайшиммо и дийцар.
    1   ...   29   30   31   32   33   34   35   36   ...   91


    написать администратору сайта