Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
– дакъалг;– шеца чIагIдар, шеко, дацаралла долу дош. 3 – айдардош я азтардаран дош. 1) – Цаьрца воьдий хьо? 2) Хазахийтира… – ХIан-хIа. Суо цхьаъ. – ХIаъ. ХIинца дIатийна. ) – ХIа! – хазахетар иккхира цуьнгара. ХIинца хьо цунна хIумма а кхераме вац. «ХIов!» – оцу минотехь схьадогIу дуьхьал. ) – Уьш юхабогIур буй? – ХIаъ. – Маца хилира и хила мукъана а? Iуьйранний? – Схьахетарехь. ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАРЦхьалхечу предложенин хIоттам чолхеболуш, чолхедолу цуь- нан маьIна а, цу предложенехь гучудолу тIедузаран маьIна. Масала, Хьацарна ешна говраш севцира предложенин дIахIоттамехь бу грамматически бух (коьрта меженаш), ткъа иштта подлежащин хIоттамехь йолу коьртаза меженаш а. Предложенин дешнийн къепе хийцича, хийцало предложенин дIахIоттам а: Говраш, хьацарна ешна йолу, севцира. ТIедузаран маьIна гучудолу: говраш хьацарна ешна яра, ша аьлча, кIадъелла яра. Дуста: Говраш хьацаро яший- нера, цундела севцира уьш. Цхьалхечу предложенийн чолхеялар а нисло цхьанатайпанарчу а, шакъаьстиначу а меженашца, юкъадалочу дешнашца а, юкъая- лочу предложенешца а, тIедерзарца а, айдардешнашца а. Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Предложенин цхьанатайпанара меженаш Предложенин цхьанатайпанара меженаш цхьана дашах йозуш а, цхьана хаттарна жоп луш а, хуттургаш йолуш а, йоцуш а хуьлу. Цхьанатайпанарчу меженашца лела хуттургаш кхаа тайпана хуьлу: дозаран-а, къасторан-я, дуьхьалара-амма, ткъа, делахь а, хIетте а, цундела. Хуттургашца йолу цхьанатайпанара меженаш вовшех къастайо запятойшца. Масала: Ахчанал деза а, туьрал ира а ду хIума довзар. (кица). Ткъа хIаваъ! Ламанан цIена, дегIана аь- хна, амма тIуьна. Бакъду, къасторан хуттург я цхьанатайпанарчу меженашна юкъахь карлайохуш яцахь, запятой ца юьллу. Масала: Цунна ца хаьара тахана шоьтан де ду я кIиранде ду. Я юьрта гергара нах болчу гIо, я воккхачу стагаца цхьаьна мангал хьакха. Иштта запятой юьллу къасторан хуттург я довзийтаран маьIнехь елахь а: Ламанца ежаш шу, я акха газа яра. Цхьанатайпанара меженаш цхьанатайпанарчу а, тайп- тайпанчу а къамелан дакъойх лаьтташ хила тарло. Масала: Ба- хархоша ярташкара базара йохка кхоьхьура кIалд, даьтта, нехча, дакъийна жижиг, моз. (нийса кхачам). Уьш дара андий, лекха, майра, самукъане адамаш. (къастам). Беза суна хьо, Даймохк, чIогIа, даим, доггаха. (латтам). Декхнаш, нежнаш, пепнаш ду гуш хьуьнан йистошкахь. (подлежащи). Олхазарш стоьла тIе а гуллора, цу тIера баьпкийн цуьргаш а дуура. (сказуеми). Цхьанатайпанара меженаш хила тарло яьржина а (шайца до- зуш долу дешнаш долуш), яржаза а. Масала: Голаш а, настарш а еста а йистина кхо кIира гергга хан яьккхира аса. Сан ойланаш, сан цIе, сан белхаш Нохчийчоьнна лерина аса. Цхьанатайпанарчу меженашца чолхеевллачу предложенеш- кахь сацаран хьаьркаш.
Упражнени № 1. Таблицех пайда а оьцуш, цхьанатайпанара ме- женаш шайца йолучу предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторах лаций дийца, кхин масалш а далош. Упражнени № 2. Цхьанатайпанарчу меженех лаьцна шайна хуург дагадаийта, хаттаршна жоьпаш ло. Жоп масалшца чIагIде. Цхьанатайпанара меженаш предложенин цхьа меженаш хуьлу я тайп-тайпана? Цхьана хаттарна жоп ло цхьанатайпанарчу меженаша я тайп-тайпанчу? Цхьана меженах я тайп-тайпанчу меженех йозуш хуьлу цхьанатайпанара меженаш? Предложенин массо а меженаш хила йиш юй цхьанатай- панара? Цхьанатайпанара меженаш маьIнашца а, грамматически а вовшех йозаелла хуьлий? Меттан муьлхачу гIирсашца билгалйо цхьанатайпанарчу меженашна юккъера уьйр? Упражнени № 3. Дерриг а аларш дуй нийса? Жоп бакъонца чIагIде. Чолхе евлла предложенеш ю шайн структура юкъадалочу дешнашца а, юкъаялочу предложенешца а чолхейинарш. Цхьанатайпанара меженаш тайп-тайпанчу дешнех йозуш хуьлу. Цхьанатайпанарчу меженаша цхьана хаттарна жоп ло. Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш хила тарло. Цхьанатайпанара меженаш вошахйоза тарло карарчу хут- тургашца. Упражнени № 4. Хьовса предложенешка. Предложенин цхьана- тайпанара меженаш схьалаха. Къастаде, муьлхачу дашах йозуш ю уьш, муьлхачу хуттургашца вовшахйозаелла. Оцу предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторан бахьана дийца. Шайн совгIатех баккхийбен Мохьмаддий, Iумаррий, Iусманний адам кIезиг лела некъ къастийна, Iаьлбигца регIа хьала волавелира. Толамца ша яьккхина кIайчу маьIан мукъ болу шаьлта а, дети- ца кхелина тапча а Мохьмадна елира Болата. Доза дацара кIентан воккхаверан. Детица кхолуш, кечйина нохчийн нуьйр а, дуьрста а, тIехула тIе, тайниг санна, хаза тапча а. Элхьамчан, хьаьмцан, стовн диттийн юькъачу хьуьна чухула басех хьалабоьдучу готтачу новкъа, тIаьхьий-хьалхий могIа бина воьдура кхо дошло. Хьалха Къайсар, юккъехь Iаьлбиг, тIаьхьа Болат. Цхьа дагна там беш дара некъан йистош къарзйиначу бес- бесарчу зезагийн, муьстаргийн можачу кенийн, хьорамийн кIайчу, стовн дитташна тIерачу можачу зазийн хазачу хьожано дуьзна хIаваъ. Некъан йистошкахь малхехь дийшина Iохку моьлкъарчий, хIорш герга кхочуш, шарх-ширххехь дIауьдуш, коьллашлахь къай- ладуьйлура. Баьццара холхаз хилла, регIа тIе йижинчу варшахь вовшашца къуьйсуш, бес-бесара иллеш, шакарш еттара олхазарша, амма берешна ца гора бIаьстенан Iаламан и исбаьхьалла, олхаза- рийн и даккхийдер. ДIадахана 12 шо машаре хиллехь а, синтеме дацара Нохчийчохь. (АйдамировА.) Упражнени № 5. Текстехь цхьанатайпанарчу меженаша чол- хеяьхна цхьалхе предложенеш схьалаха. Къастаде, предложенин муьлха меженаш ю уьш. Мох белира. Цо лестадора дитташ, дIасаидадора декъа гIаш. Сийначу басахь хьоькху мох бу и. И ца хилча, хIордех колдаш хир яра, ялташ хьийкъар дацара, Iежийн дитташ тIе Iежаш латор бацара. Оцу махца къуьйсуш, тIомаюьйлу аьрзунаш, леккха сти- гала хьалаоьху кеманаш. Сийна мох–иза дахаре болу кхайкхам а, малхехьа, безамехьа, зезагашкахьа бен къийсам а бу. Сийначу махо хедабо маша, цIиндо хIаваъ, иракарахIоттаво стаг. ХIара латта мел деха а, даимна а хир ду и сийна мехаш. Упражнени № 6. Цхьанатайпанара меженаш билгал а еш, оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Предложенехь цара кхочушден синтаксически гIуллакх къастаде. 1) Ткъа нохчий а гIалгIай а кхин масех а халкъ орамаш бух- дохуш шайн даймахках даьхна казахийн аренашка гIиргIазойн, алтайн лаьмнашка даржийна. 2) Дуьненахь нохчийн гIалгIайн гIалмакхойн балкхаройн кхарачойн гIирмерчу гIезалойн а халкъаш хуьллийла хууш цхьа кIеззиг Iилманчаш хир бу. 3) Царна ца хаьа нохчийн халкъо цхьа а кхечу къоман махках цхьа ге латта дIа ца лаьцнийла а кхечу халкъан махка тIе а бевлла цхьана стеган цIий ца Iанийла а цхьана а халкъан маршонна дуьхьал герз ца айдинийла а. 4) Уллехь даржийначу газета тIехь Iохкура цхьа буханка кIайн бепиг а ах кийла хиллал налха а цхьа литр долу шиша дуьззина шура а якъийна кишмаш а. 5) Иштта ду Молотовс буха куьг яздина закон. Цундела дуьхьал мел кхеттачун, муьлхачун а бакъо ю хьан документаш хатта а хьо юьрта чу ца вита а юьртах араваккха а. Занун бIаьргех хьаьлхина хиш, беснешна тIехь догIанах дIаийра амма уьш цхьа сахьт хьалхалера хиш дацара. 7) Цхьа сахьт хьалха язъелла егочу настаршна чу ницкъ беанера ког байбеллера паргIат доIура са. 8) Кхузахь атта вевза кавказхо. Хьо кавказхо велахь я нохчо я гIалгIа я кхарачай я балкхаро хила ма веза. 9) Цунна гора, цкъа мацах самукъане мегаш каде хилла ткъа хIинца цхьа ност йоцуш дуьненан самукъанех хаьдда хеназа къанвелла цуьнан хьоме Маил. 10) Г1о дан и ши-кхо стаг воцуш зудчо майра нанас бер йишас ваша берийн гIоьнца я ги тухий я лами тIе а вуьллий текхош кешнашка а вуьгий, цхьа ах метр каш а доккхий тIехь еса а заIам а ца доьшуш белларш дIабухкуш меттигаш дукха нислора гонахарчу ярташкахь. 11) Хьалххе кхуза веъначу Iелас Межеда а Мусас а цхьа кIорга каш даьккхинера. 12) ЦIа арахула а чухула а поппарца кхарта-мартане хьохура амма я кир а я кIир а ца тухура. (Айдамиров А.) Упражнени № 7. ХIокху рогIехь тIера схьаязъе предложенеш: цхьанатайпанара подлежащеш, цхьанатайпанара сказуемеш, цхьана- тайпанара кхачамаш, цхьанатайпанара къастамаш, цхьанатайпана- ра латтамаш шайца берш. Оьшуш долу сацаран хьаьркаш хIиттаде. Чан а керла яьккхинчу шурин хьожа кхозура юьртан ура- машкахь. 2) Самаевлла алкханчаш тийна цхьацца тIома лелара бош- маш тIехула. 3) ЦIа чу елира Кесира. Цу чохь чIогIа хьожа йогIура пешарчу овкъаран якъаеллачу бецан цIийнан ханнийн пенойн йовхонах. 4) Корал арахь охьаIена тIедетта догIа аьхкенан беса беснаш къайладохуш. 5) Аренан соьналла хьалакъедда йовхонна а, серлонна а дуьхьал. 6) ДогIа раз а, даккхийра а, кест-кеста а деттара кIеж еттарца. 7) Мелижа хIуманаш тега а, носкешна йоманаш лето а, чохь цIано ян а юьйлира цIа чуьра ара а ца елира. 8) ЦIахь дада хиъна Iара тIехь, когахь, коьртахь куй а болуш. Упражнени № 8. Предложенийн схемаш хIиттае. Цхьанатайпа- нара меженаш билгалъе схеми тIехь ма-гайттара. Кеп: Хьуьнхо, дада а Ислам (мила?) Iома тIе (стенга?) бахара (хIун дира?). 1) Шелонна, мацаллина, сингаттамна дечках говр ян вуьйлира со. 2) ЦIа чохь хезара тайп-тайпанчу аьзнийн къамел, белар, са- мукъане зударийн аьзнаш. 3) Генннара схьадогIу гIугI кхолладелира стигалахь, юха меллаша дIатийра. 4) И йиш лийкхира майданахь а, Хоси-юьртахь а. 5) Чоь хьалаюьзнера Iежашца, кхорашца, кхечу сурсаташца а. 6) Шийлачу тхиша а, керлачу хIоно а дийнахь аьхке- нан тов мелла а яййо. 7) Диттийн орамашна юккъе охьалахвелира со, диттан гIодана тIетевжира, юьхь бовхачу малхехьа ерзийра. Хинан букъ тIехула, зIаьнарийн асан тIехула кхозаделла деза чуьйнан тIай. |