Главная страница
Навигация по странице:

  • Тамашена стаг вара

  • Кхузахь

  • Упражнени № 1. ДIаязъе, оьшуш долу сацаран хьаьркаш а хIиттош. Мича бахьанца хIоттийна иза я важа хьаьрк, бакъонца чIагIде. Билгалдаха юкъара дешнаш.

  • Упражнени

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница38 из 91
    1   ...   34   35   36   37   38   39   40   41   ...   91

    Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш



    Цхьанатайпанарчу меженашца хила тарло юкъара дешнаш а. Юкъара дешнаш а, цхьанатайпанара меженаш а предложенехь цхьа меже хуьлий лела. Юкъарчу дашах хилла меже хуьлу цхьанатайпа- нарчу меженех а. Масала:Тамашена стаг вара иза: натуралист, ботаник, некъашгездархо, Iилманча, дукхаъчу пачхьалкхийн совгIатийн кавалер. Баппа малхах тера долу, хьоме бIаьстенан дуьххьарлера зезаг. Юкъара дош цхьанатайпанарчу меженашна хьалха лаьтташ делахь, царна хьалха шитIадам буьллу, амма царна тIехьа лаьтташ делахь, царна хьалха тире юьллу. Масала: Кхо къо- на дитт дара хьеха хьалха долуш: лега, хьех, дакх. Кха йистехь а, Iин чохь а, берда юххехь а массанхьа довлуш зезагаш дара. Юкъара дош цхьанатайпанарчу меженашна хьалха лаьтташ, амма предложени чекхъялаза елахь, цхьанатайпанарчу меженаш- на хьалха шитIадам буьллу, ткъа царна тIехьа–тире: Кхузахь мел дерг: гIамарийн аренаш, лоха цIенош хIумма а дог хьоьстуш

    дацара.


    Упражнени № 1. ДIаязъе, оьшуш долу сацаран хьаьркаш а хIиттош. Мича бахьанца хIоттийна иза я важа хьаьрк, бакъонца чIагIде. Билгалдаха юкъара дешнаш.

    1) Керла шахьар цуьнан архитектура бахархой церан амалш уьш дерриг а масал хилла дIахIотта дезаш дара ерриг а

    пачхьалкхана. 2) Дерриг а дара кхузахь цецвоккхуш сийсаш йолу зингатийн туьйлиг, декхнаша гобина йолу маьI-маьIIехь хьала- дийлла зезагаш лилула-сийна база а кIайн-къорза чIегIаг а гаьн тIера гаьн тIе кхиссалуш лела. 3) Ша вина юрт хьоме Терк Кавказ вайн Даймохк безар хьомечу лаьмнийн а Iаламан а хазалла гайтар вайн халкъан ирсе дахар хестадар уьш дерриг а шеца долу по- эзи йохьуш веара Мамакаев Iаьрби нохчийн литературина юкъа.

    1. Хьалдолуш бу вайн мохк дукха ду вайн хьаннашкахь халкъана а бахамна а пайден дитташ поп наж пха бага лега. 5) Ткъа хIинца гонаха гуш хIумма а дацара я лаьмнаш а я хиш я латта а. 6) Мас- со меттехь аренаш тIехь хьуьнан йистошкахь некъаца йолучу бацалахь Iаь яра лаьттара хьалагIуьттуш. 7) Iуьйранна дерриг а къаршдеш дара гIорийна некъаш ламеш тIера гIаш лай кIелара схьакъеда Iаьржа ниттийн гIодмаш. 8) Воккхачу стеган кIентан кIант вогIура тхо долчу лома хьала шеца цхьацца сурсаташ до- хьуш бепиг кIалд даьтта шура кхораш Iежаш. 9) Воккхачу стеган дахарехь хIор де а дара хьаладуьзна хьекъалх, адамийн йовхонах, доттагIаллех дуьненахь мел долчу массо а исбаьхьчу хIуманах. 10) Тишачу стоьлана юххе а хиъна, цуьнан гIутакхаш схьа а ийзош цу чуьра хIуманаш кего вуьйлира кIант школьни тетрадаш мацах ша гулдина бес-бесара тIулгаш дакъош дина телефон суьртийн альбом макъардуьллу урс. 11) Куьцехь дитина маж-мекх, цхьана агIор дIахьаькхна никIапа, сийна бIаьргаш, белшаш тIехь дашо варкъ даьккхича санна, къегаш йолу погонаш, тIехь товш долу духар, кIеда-мерза вистхилар–и дерриг а хIусамдега ларам а, тешам а кхуллуш дара. ( Ях. Л.)


    Упражнени 2. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьа- язъе. Билгалъяха цхьанатайпанара меженаш а, юкъара дешнаш а.


      1. 1) Мамакаев Мохьмада Мамакаев Iарбис Саидов Билала оцу баккхийчу яздархоша шайн хьехархо лорура СаIид Бадуев. 2) Вайн къоман театрехь хIиттийна тайп-тайпана спектаклаш «ПетIамат»

    «ЦIен гIап» «Бешто» «Дайн Iедал» и ерриг а пьесаш язйинарг ву СаIид Бадуев. Цуьнан повесташ «Мацалла» «Бешто» уьш ерриг а дешан говзаллин масал хилла дIахIиттина вайн литературехь.

    1. Бадуев СаIида язйора шен произведенеш тайп-тайпанчу жан- рашкахь прозехь поэзехь драматургехь. 20-гIа шераш чекхдовлучу муьрехь Бадуев СаIида язйира кIорггера идейно-исбаьхьаллин чулацам болу цхьамогIа произведенеш «ЦIеран арц» «Бешто»

    «Iимран» «ГIу». СаIид Бадуевн кхолларалла дийцарш повесташ пьесаш вайн къоман литературин йоккха хазна ю.

      1. 1) Массо а мел цамоьттурш а гучудохуш тамаше хIуманаш довзуьйтура школехь латта чIапа доцуш горга хилар а сецна ца лаьтта цо малхана гобахар а стигалан бух бацар а зезагийн хьекъале дебар а дуьненарчу адамийн массеран а орам цхьаъ хилар дерриг а школехь хиънера. 2) ТIехьа лаьтта кегийнаш-м Дауд Увайс Селита Нурседа кхи берш а царал сапаргIат хетара. 3) Юьстахо лаьтта зу- дарий басмин коч юьйхина басадаьлла йовлакх тиллина Нурбика ша оза амма шен беса юьхь севсино йолу Кесира Анна Львовна кхиберш а мох баьлча кхокхий санна вовшашна герга теIара.

    1. И шиъ схьадогIуш хIинца некъан йистошца нислора бес-бесара зезагаш цIелерг тобалкх петIамат басар олу сийна зезаг, лаьмнашца шелонгахь кхуьу цIен бос болу шелла ал-цIензIам можа-цIен доьра- зIам пац-зезаг чахкар-зезаг... 5) Увайсана тахана хьалхачул а хьоме хетара маьI-маьIIера схьахеза олхазарш эхь доцу хьозарчий оьзда чIегIардигаш даим цхьаъ хоьтту хIуттут гуттар цхьаьнга кхойкху хенакIур дукха ека чIегIагаш охьахиъначохь хаза сетта хIурцIалдиг масане дара уьш кхузахь. 6) Шен кхетаман кIоргенехь кхузахула ша тIаьххьара вогIий-те аьлла, шекволучу Увайса хIинца къаьсттана самадевллачу бIаьргашца сутара чухуьйдира гонахарчу Iаламан хазалла бацалара схьакъеда зезагаш а дIо стигалхула йоьлху дети мархаш а юххе йогIу Селита а дерриг а, хьалхачул къегина гуш, шен даг чохь сецадора цо. (М. С.) 7) Оцу хIора юьрто цхьана хенахь къонахий белла Нохчийчоьнна Иласхан-юьрто Таймин Биболат, Майртуьпо – молла Мохьмад, Курчалойн-эвлано ТIелхиг, Гер- мачко – Iабдул-Къедар, ХIовка. (А. Айд.)


    1   ...   34   35   36   37   38   39   40   41   ...   91


    написать администратору сайта