Главная страница
Навигация по странице:

  • ТIера схьаязъе. Барта пунктуационни къастам бе.

  • Вовшашна диктант. Текст хьайн накъостана дIаеша, юха, цо олуш, айхьа дIаязъе. Язйинарг текстаца юста. Цхьанатайпанарчу меженашна кIел сиз хьакха.

  • , тхан хьоме Даймохк!

  • Бакъду

  • Упражнени

  • Упражнени № 3. ХIокху аларшна юккъехь нийсадоцург къастаде.

  • Упражнени № 4. Муьлхачу схемашца йогIуш ю лахахь ялийна предложенеш гайта, сацаран хьаьркаш хIиттаде.

  • Упражнени № 6. Текст хIоттае шена чохь тIедерзарш а долуш: хьешашка

  • Дий- ца, муьлхачу къамелан дакъойх кхолладелла уьш. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница40 из 91
    1   ...   36   37   38   39   40   41   42   43   ...   91

    Къасторан кеп



    Бутт дукъал тIехьара хьала а белира, жима, юткъа, лоха ши марха а къагийра.

    Предложени чекхйолуш чаккхенан хьаьрк хIоттабо–тIадам, предложени дийцаран йолу дела.

    Цхьанатайпанара сказуемешна хьала а белира, къагийра юккъе запятой юьллу, уьш дозаделла ду хуттургашца – а. Къастамашна юккъе жима, юткъа, лоха къасторан запятойш хIиттийна уьш берта къастамаш хиларна а, царна юккъера уьйр хуттургаш йоцу уьйр йолу а дела.
    ТIера схьаязъе. Барта пунктуационни къастам бе.


      1. Хиндерг шина тайпанан адамийн карахь хир ду: ойлаечу стеган а, къахьоьгучу стеган а. (В. Гюго).

      2. Аьшпийн кхо тайпа ду: аьшпаш, сийдоцу аьшпаш, статистика а. (Б. Дизраэли).

      3. Хан, къинхьегам, бакъдерг, хаарш, собаре хилар, физически, хьекъалан, синъоьздангаллин а адамийн ницкъаш–муьлххачу а хьолан кхоллархой бу. (К. Ушинский).


    Вовшашна диктант. Текст хьайн накъостана дIаеша, юха, цо олуш, айхьа дIаязъе. Язйинарг текстаца юста. Цхьанатайпанарчу меженашна кIел сиз хьакха.
    Къилбседехьара къилбехьа, Iаьндийн дозанца ша-лаьмнашна тIедоьдуш чIаж ду. Цу чIажана шина а агIор кхозуш лаьмнаш ду. Церан сурт шера ду: ира баххьаш доцуш, Iункар бердаш, тархаш боцуш.

    ЧIаж ша-тогIе алалур долуш ду, шуьйра хиларна. И тогIе кхачалуччохь, кIоргачу яй чохь, ламанан Iам бу – Къоьзана-Iам цIе а йолуш.

    Iам дукха боккха бац: йиъ чаккхарма бохалла, ах чаккхарма шоралла. Я эрз бац, я колл яц, я дитташ дац цигахь. Духдуьйлучу шовданаша бакъа ца болуьйтуш латтош бу и Iам. Iоман куьзгана тIехь тухуш тулгIе а яц, я махо ловзийна а меттахъхьовш хи а дац. Iоман кIоргехь бакъ-чIерийн сураш ду тоьпа даьндаргаш санна, кхоьссина лелаш.

    Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш



    Коьртачу а, коьртазчу а меженел совнаха, предложенехь хила тарло цхьа а меже ца хуьлуш долу дешнаш а. Уьш ду: тIедерзар, юкъадало дешнаш, хIаъ, хIан-хIа боху дешнаш-предложенеш а, айдардешнаш а. Предложенехь и тайпа дешнаш а, предложенеш а кхечу дешнех запятойшца я тирешца къастадо. Масала: Декъала хуьлда хьо, тхан хьоме Даймохк! Салман, суна хетарехь, дика кIант ву. Ши стаг царах цхьаъ сан ваша вара юьрта чу кхоч- чуш воллура. Бакъду, хьо бен аса лоруш стаг вац царна юкъахь. Ой! Аса аьлча а дийр дац ахьа.

    Къамел хьаьнга я стенна тIедерзийна деш ду гойтуш долучу дашах (я масех дашах) тIедерзар олу. ТIедерзар грамматически дозаделла ца хуьлу предложенин меженашца, ша предложенин меже хуьлий а ца лела. ТIедерзар хила йиш ю предложенин юьх- хьехь, юккъехь, ткъа иштта чаккхенгахь а. Ва Кавказ, сан марзо, сан серло, безам, сайн нене, езаре санна, хьоьга лаьтта. (М. I.) Ма хаза ю-кх, теркан гIайре, хьайна тIе баьццара къаж яьлча. (М. I.) Безам бу сан хьоьга, хьоме Даймохк. (Кус. I.)

    ТIедерзар хуьлу даьржина а, даржаза а. Дехийла вай, кIентий, стогаллех ца духуш, паргIато ларъечохь юьхьIаьржачу ца хIуьттуш. (Я. Л.) Сий, ахь хIун до? Хьанах кхаьрда? Сий дайначийн доIанех. (С. А.)

    Предложенехь тIедерзар цIердашах кхолладелла хуьлу дукха- хьолахь, амма кхечу къамелан дакъойх а кхоллало. Масала, лаа- мечу билгалдашах а, причастих, цуьнан карчамах, цIерметдашах, терахьдашах. ХIай, хьо, волало, аса оцу йоIзар чу тоьпан бух хьайна тохале. Сан са хьайгахь лаьттина аре, хьан бердан йистошца мел дукха лийли. Маршалла ду хьоь, кхоалгIаниг,–эпсаран дуькъа, паргIат аз хезира. Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна, хаа- лахь, декъазниг, хьо цхьалха вуй. (Ш. А.)

    ТIедерзар предложенехь вукху меженех запятойца я айдаран хьаьркаца къастадо. Масала: Сийлахь Нана! Хастам хьуна! Берийн дуьхьа яьхна хьо. (С. А.) Яхь йолучу хьан кIентийн сийлахь кхайк- хам хьан дуьхьа бекаш бу, вина мохк, нана. (С. Хь.)

    Упражнени № 1. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. ТIедерзар билгалдаккха. Дийца, даьржина ду иза я дац, муьлхачу къамелан декъах кхолладелла.
    1) ХIара жима кIант хьо оьздачу тайпана стаг велахь а куц-кеп долуш безамехь велахь а дечунна дуьйцучунна хьекъал долуш ве- лахь а тхан нуц хилар ца доьгIна хьуна. 2) ДегIастанахь вай хилча хьо жима вара Рамзан дех а ненах а ваьлла лела. 3) Маршалла хьоьга Санет Бехках хьалха вита со зама ца хили хеннахь хьоьга сайх хаам бан. (С. С.-С.) 4) Эгор бу вай кIентий эхь дайна мостагIий бохор бу вай кIентий сийдоцу мостагIий (Н. Ф.) 5) ХIай сан дин хьуна бу хастам сох хьукма цадарна херехь. (С. Хь.) 6) Кхета со диканиг харцо ю иза Иштта бу-кх баккхийнаш –даим къиза. (А. Л.) 7) ЛадогIал хIай накъост ойлае вайша дIо стигалахь богучу седано санна. (Яр.Ю.) 8) Хелхаран кIеж яккхий, дика кIентий вай нийсархойн дегнаш даккхийдедан. (I. М.) 9) ДIадели сан йиша хьо суна елхар. (М. I.) 10) Ларбе мотт хазбе и ца еш мало тIаккха хьайн весет деш кIанте дIало. (А. Ш.) 11) Алахьа соьца нохчийн илли Ленинградехь кхиъна йоI. (Д. М.) 12) Сан Даймохк хьан ву со хьан дегIан тIамарах ваьлла. (Д. С.) 13) Лойша суна, аша ирс лойша дуьненнал ирс суна ло (С. А.)
    Упражнени 2. ТIедерзар шайца долу предложенеш тIера схьа- язъе. Барта схьадийца сацаран хьаьркаш хIунда хIиттийна.
    1) Iалайкум ва салам, хIай нохчийн жима кIант! КIезиг ладогIахьа ша дечу къамеле. 2) Шу марша догIийла, хIай юьртан тхьамданаш! 3) Сан нана! ХIай нана! Ма елха гIийла, бераллехь ахьа баьхна аганан илли, пондаран мерз хилла дийки сан кийрахь. (Р. Ш.) 4) ХIара хIун ду ва Ахьмад, ахьа лелош дерг: шайн балха тIера а, доьзалш тIера а баьхна хIара нах хьийзош? 5) Сан хьоме доттагIий-къона наной! Цу тайпанарчу бохамах шу лардалий- тархьама, и сайна хилла бохам шуна бийца лаьа суна. (Яс. М.)

    1. Iайнди! Безам буьйцуш цхьа хаза йиш лакхахьа тхойшинна. (Ош. Х.) 7) Лоруш волу Iаббас, сан йоI дуьххьара йогIу Нохчий- чоьнан Iаламе бIаьрг тоха. Иза шуьгахь соцур... (М. Н.) 8) ХIей!

    Со чуюжу хьуна, валахьа чехкка со дIалаций! 9) ХIинца аса дар- жош хьалхадуьллу хьуна сайн шолгIа хабар, ахьа ладогIа, хьайна хала делахь а. (Бад. С.) 10) Ма велха, жиманиг. ХIумма а дийр дац хьуна. Хьоьца беш баций тIом-м. 11) Сиха ма хила, ва Хьаса! Кхин хIуманна гуьнахь ца хилча, кхузахь хIара волуш а вон дац, суна хетарехь. (Г. I.) 12) Везан Дела, ларделахь тхо юьхьIаьржонах! Гечдай, къинтIера валий, оьгIазло ма елахь. ХIара тхан баланаш, гIайгIанаш дIаяхалахь, хьайн къинхетам бай! (С. Хь.)
    Упражнени № 3. ХIокху аларшна юккъехь нийсадоцург къастаде.


      1. ТIедерзар яххьийн цIерметдашах хуьлу.

      2. Предложенехь тIедерзар подлежащи хуьлий лела дукха- хьолахь.

      3. Къамел деш волучуьн тидам шена тIеберзорхьама юкъада- лош хуьлу тIедерзар.

      4. ТIедерзар массо хена предложенин юьххьехь лаьтташ хуьлу.

      5. ТIедерзар вукху къамелан дакъошца дозаделла гуттар а ца хуьлу.

      6. ТIедерзар цIердешнех бен хуьлуш дац.


    Упражнени № 4. Муьлхачу схемашца йогIуш ю лахахь ялийна предложенеш гайта, сацаран хьаьркаш хIиттаде.


    1. Кавказан сийна лаьмнаш аса декъалдо шу.

    2. Лай кIелара хьалакъедда дуьххьарлера зезаг хьо маьлхан зIаьнарш йоьхуш ду.

    3. Баркалла хьоме латта дахарна ахьа суна мел деллачунна.

    4. Хьо вуй и суна гург хьоме доттагI?

    5. Декъал хуьлда малх!

    6. Шера аренаш лекха лаьмнаш шийла шовданаш, луьста хьаннаш дерриг хьайна чу лаьцна ахьа Нохчийчоь йистйоцчу хьайн мехкашна.

    7. Юха а шуьца ву со къона доттагIий!

    Упражнени 5. Цхьалха тIедерзарш даржаде догIучу дешнаш- ца. Предложенеш дIаязъе. Сацаран хьаьркаш хIиттаде.


      1. Раиса Махмудовна Классера массо а бераш хьо тояларе сатесна ду. 2) Нана со могуш ву кестта цIа а вогIур ву. 3) Суна лаьа Ахьмад сарахь хьо со волчу вогIийла. 4) Дай-наной Оха кхойкху шуьга школехь хир йолчу «Беза, бовза хьайн ненан мотт» цIе йолчу суьйрене. 5) Ахьмадан Довта Доьху хьоьга школе вар гIиллакх- оьздангаллех лаьцна дийца. 6) Язде йиша хьайн Iер-дахарх лаций.

    7. Накъостий хIор шарахь вовшахкхетар ду вай. 8) Ахархой ялта дика хилийтархьама дика къахьега деза. 9) Доьху хьоьга Ваха хьайн гIуллакх доцучу ма гIертахь. 10) Со хьан ву верриг Нохчийчоь.

    11) Даймохк ахьа кхиийна ирсан цIа ду Нохчийчоь.
    Упражнени № 6. Текст хIоттае шена чохь тIедерзарш а долуш:

    1. хьешашка Нохчийн меттан денна лериначу суьйрене кхойкхуш;

    2. васт хIоттош исбаьхьаллин произведенеш ешаран къовсадаларе кхойкхуш.


    Упражнени № 7. Предложенешкахь тIедерзарш схьалаха. Дий- ца, муьлхачу къамелан дакъойх кхолладелла уьш. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе.


      1. 1) Шера аре шера аре сан даго чухуьйди хьо ГIойтIахь вина вацахьара кхузахь вуьсур вара со.

    1. Маршалла ду хьоьга гIад сийна Терк ТулгIенийн нахарца бердаш а охуш

    Хьо догIу и пепнаш бухара дохуш. (Сул. М.)

    1. Къеначун дакъа ду иштта сан да хьо дуьххьара вац. (Аб.)

    2. ХIай сан дог ахь соьга хIун боху?

    Сан ницкъ бац хьо сацо, амал дац. (Ах.)

    1. Хьомениг хан ца юьллуш ма дукха ахьа хьийзийра ма дах- деллера лулахошка кхийлар. (Бец.)

    2. Вижина верг гIатталаш, семаниг кечлолаш, Яьссаниг юзалаш, аьртаниг иръелаш,

    ХIинца шух кхианарг тIам Iаьржа леча ду.

    7. Ма яла дакъаза, шен жима ва йиша,

    Дин лаца хьо йолуш, тIаме хIотта со волуш,

    Хала дац вайшинна кху маьлхан дуьненахь. (Нохчийн фоль- клор.)

      1. 1) Де дика дойла шун махкара доцу хьеший Дукха хан яра шу кхуза кхачанза. 2) Охьаховша дукха дахарш тIекховда йолуш ерг кхалла. Генара даьхкина ду шу. 3) Новкъабохурш вагонаш чуьра арадовла поезд дIайолалуш ю. 4) ХIора шолгIачо цхьа гIулч яккха. 5) Маржа бералла яI церг тоьхна тIуьхк санна дуьсу-кх хьо.

    1. ДIавалахьа хIей цо хIун юьйцу йийца а. 7) Ассалам Iалайкум сан хьоме лулахо УхI аса цхьа хIума дийца хьуна…



    1   ...   36   37   38   39   40   41   42   43   ...   91


    написать администратору сайта