Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Кхачамийн шакъастарДукха хьолахь метта, меттана, сов, совнаха, бен, тIехь, хьовха дешнашца болу лач кхачамаш а, ткъа иштта воцург йоцург, боцург, доцург), воцучо (йоцучо, боцучо, доцучо), хьовха, а тIехь деш- нашца хилахь, подлежащи а, нийса кхачам а шакъаьсташ хуьлу. Предложенехь уьш запятойшца къастабо. Масала: Массеран а, цхьа Iела воцучун, гIуллакхаш дика дIадоьлхуш дара. Кху дуьнен тIехь, вайн мохк боцург, кхин а ю дуккха а пачхьалкхаш, амма цхьаъ ю стеган нана а, цхьаъ бу цуь- нан Даймохк а. Упражнени № 1. Предложенешка хьовса. Кхачамаш къастор хIун бахьана долуш бина дийца. Бас-хица йолучу жимачу хьуьнхахь, пхонал совнаха, кхин чIогIа дечиг каро хала дара. 2) Ши доттагI, маракхетаран меттана, вовшашна муьшканаш ян вуьйлира. 3) Пайдабоццу масех кха- чамбацар доцург, кхин цхьа а тайпа сакхт дацара цуьнан амалехь. Книгел сов, кху чохь йозанан стол а, кIеда гIанташ а дара. Вайн къоман бен, кхин цхьана а мехкан художникийн суьрташ дацара гайтамехь довзуьйтуш. 6) Вайн юьртахошна, хьуна а тIехь, дIаса ма йийкъира цо ша язйина книга. 7) Дуккха а студенташ, цаьрца хьехархой а тIехь, Нохчийн меттан Де даздан кечлуш бара. КIантера яьллачу ледарлоно, да хьовха, церан цIийнах мел волу стаг а цецваьккхинера. 9) Хьуна бен, кхечунна цхьанна а хуур дац и тайпа дов машарца дIадерзон. 10) СаьIид Бадуев воцчо, ца яздина вайн къоман Iадатех лаьцна цу кепара. 11) Говр сацоран меттана, урх юха а ийзош, иза тIехьарчу когаш тIе хIотто гIертара говр-бере. 12) Пана арахь, говрахь вогIучу цхьана стагал сов, гуш аддам а дацара. 13) И йоккха стаг бен, кхин гергара стаг вац цуьнан кхузахь, вай долчохь вехаш. Упражнени № 2. ХIокху дешнашца хьо воцург, урокел совна- ха, цуьнан метта, уьш а тIехь, жоп даларан меттана, цунна бен, М. Мамакаев воцучо, гергарчара хьовха, цаьрца юьртахой а тIехь, А. Айдамировн «Еха буьйсанаш» роман бен, хьостамел сов предло- женеш кхолла. Предложенеш дIаязъе. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIде. Упражнени № 3. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Дийца, хIун меженаш ю аша къастийнарш. Юькъачу базанан хьуьнхахь корсам а яккхий яраш йоцург кхин цхьа а хIума карор яц хьуна. 2) Тхан хьаннашкахь тарсалел а, цхьогалел а сов наггахь ча а, борз ган а тарло 3) Австрали йо- цург цхьогал доцуш цхьа а мохк бац кху дуьненан еа маьIIехь. Кокосови бIара чохь тIамарал совнаха кхин а кочалла а хуьлу кокосови шура. 5) Берриг а август бутт цхьа кIира доцург догIанаш оьхуш чекхбелира. 6) Дуккха а нах, хьажцIа баха арабевлларш а тIехь, аэропорте схьагулбеллера. 7) Масех гила-кеманел совнаха берда йистехь лаьтташ жима ши катер а дара. 8) Мохьмадан жима чоь беш йолучу агIор яра, ткъа цу чохь жима цIена маьнга а цхьа гIант доцург кхин цхьа а тайпа йийбар яцара. 9) ЦIен чIара хьовха чабакх-чIара а лоцур бац ахьа хIинца Терка чохь. 10) Хьуна бен вайн юьртахь кхин цхьанна а хуур дац говрана ленаш тоха а, деч- кан ворданан чкъургаш ян и дан хууш хилла ЭламирзагIар хIинца бан ма бац. 11) Шен тайпанан нахана хьуна а тIехь лакха юьрта йистера латтанаш дIадийкъира цо. 12) МаьркIаж-бода булуш со цхьаъ бен нохчий воцуш, тхо хаьхккина МахкатIе дахара. Упражнени № 4. Шакъаьстина кхачам предложених дIахотта.
|