Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени

  • Упражнени № 2. ДIаязъе предложенеш. Цитаташна кIел сиз хьакха. Барта схьадийца оцу предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторах лаций.

  • Упражнени № 3. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе.

  • Упражнени № 4. ХIара цитаташ юкъа а ялош, предложенеш кхолла. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIде.

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница51 из 91
    1   ...   47   48   49   50   51   52   53   54   ...   91

    ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А



    Цитата латини маттара схьаэцна дош ду. «Кхайкхар»,

    «цIеяккхар» бохург ду иза вайн маттахь. Дуьйцург, яздийриг чIагIдархьама ялайо вай цитата. Цитата ма-дарра къамелан цхьа кеп ю. Iилманчаша, яздархоша, лоруш болучу, гIарабевллачу наха аьлла хьекъал долу дешнаш ду уьш. И дешнаш тоьшаллина, ду- ьйцург чIагIдеш, далош хуьлу. Дуьйцург чIагIдеш, хаздеш олучун цIеяккхар санна ду уьш юкъадалор. Цитата ялайо:

        1. Ша дуьйцург чIагIдеш, шен ойла къеггина дикий, хазий билгалъяккхархьама.

    «Нохчийн лаьмнашкахь» поэмехь Iарби Мамакаевс шера а, къегина а гойту ширачу заманахь вайнехан хилла Iер-дахар а, шайн-шайн тайпанийн юкъараллехь уьш бахар а. Литературоведа Арсанукаев Iабдуллас оцу поэмехь гайтинарг билгалдеш иштта яздо: «Поэзин йоккхачу эпически жанрехь йолучу произведени тIехь халкъан дахарехь кIорггера маьIна долу гIуллакхаш къастийна поэта».

        1. Дика вевзаш, лоруш волучо аьлларг довзийтархьама: Нох- чийн матто къоман дахарехь дIалоцучу меттигах лаьцна олуш, тхуна луур дара Мамакаев Мохьмадан дешнаш дало: «Шен ненан мотт халкъо, сийн ойуш, Iалашбахь, цу халкъан паргIато цхьаммо а хьошур яц».

        2. Шен ойла къеггина гучуяккхархьама.

    Со ца теша вай къам шен культура а, йоза а доцуш акха къам хилла бохучух «Хьан бах хьо, сан Даймохк, яханчу хенахь, йоза а хьайн доцуш, бIарзбелла баьхна?». Хилла вайн лаккхара оьздан- галла, вешан йоза а, цунна тоьшаллаш ду дисна вайн махкахь «Дай баьхна гIирсаш а, хилларг а довзош цу тIулгийн тархаша шайн мотт а бийци».

        1. Меттан а, юьхьанцарчу текстан башхаллаш а ларъярхьама. Дахар ма-дарра гайта деза бохучу шен кхоллараллин принцип-

    на хьанала виса гIертаро кхоьллина ю «ЦIий, латтий» романехь Окуев Шимас ялийна, цхьаболучарна мелла а товш ца хета забарш а, суьрташ а. Шуьйтахь а, цунна гонаха йолучу ярташкахь а бехачу наха деш долу къамел ду цу тIехь далийна, цхьа а тайпа хийцамаш ца беш: «Кхин аз хьайн бага хьа эткъа ма елахь. дIога тIехь Iаш волу Дела вухуж бен воха йиш йолуш вац хьуна паччахь! Оцу кхуза оьхуш болучу хьана доттагIажа, Делаха бевллачу наха цхьа Iопаж бина хирг бу хьоьга! Ма тешалаж, нах, цо бохучух! Бакъ дац шуна аз!» Авторан эстетикин лехамашка диллича, уьш иштта хила догIуш ду аьлла а хета.

    Нагахь цитата авторан дешнашца ялош хилахь, сацаран хьаьр- каш хIиттадо, ма-дарра къамелехь санна, масала: Элчано Iилма Iаморан мехаллех лаьцна аьлла: «Цхьана сохьтехь Iилма Iамадар буьйсанна сахиллалц йиначу Iамалал деза ду». Цитата, предложе- нин цхьа дакъа долуш санна, ялон а тарло, тIаккха иза кавычкаш юккъехь жимачу элпаца язйо, масала: Академика «мотт ойланан дегI лерина».

    Цитата юьззина ялош ца хилча, ияцйиначу меттедукхатIадамаш дохку, масала: Л. Н. Толстойс нохчийн маттах лаьцна иштта аьлла:

    «Нохчийн мотт уггар а хазачу а, хьалдолучу а меттанех цхьаъ бу…»
    Упражнени 1. Яздархоша а, Iилманчаша, гIарабевллачу наха а нохчийн маттах лаьцна аьлларг схьа а лахий, дIаязде. Дийца, цу аларшкахь сацаран хьаьркаш хIитторах лаций.

    Упражнени № 2. ДIаязъе предложенеш. Цитаташна кIел сиз хьакха. Барта схьадийца оцу предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторах лаций.


          1. ХIХ бIешеран Iилманчас, Кавказан этнографа П. К. Услара нохчийн барта поэзих лаьцна яздина: «Ламанан (нохчийн) халкъан поэзи Iаморан болх сов боккха болх бу; и Iаморна дуккха а шераш дезар ду, амма иза дерриг дуьненна а болх хир бу, фински «Калева- ла» я индийски поэмаш санна». 2) Халкъан поэта Арсанукаев Шай- хис нохчийн маттах лаьцна иштта аьлла: «Йистйоцу хIод санна, бу хьуна шорта, ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт». 3) Эльдарха- нов Таьштамара думехь шен къамелехь иштта аьллера: «Шовзткъе итт шо зама дIайолуш, дерриг а нохч-гIалгIайн ахмиллион долучу халкъана дIайиллинарг ши школа бен яц». 4) Фольклорца йолу уьйр а, меттан хазалла а, кхета атта хилар а хьахочу хенахь вайна дагадогIу оьрсийн яздархочо М. Горькийс аьлла хьекъале дешнаш:

    «Дешан кхета атта хиларехь уггар а сийлахь-доккха хьекъал ду, кицанаш, иллеш даим а доций ду, ткъа хьекъаллий, дог-ойлий цаьргахь дийнна книгаш язъялла ду…» 5) Халкъан турпалхочо Жумин Акхтулас оьздангаллех лаьцна иштта аьлла: «Стага ша ден дерг ца дийца а тарло, амма дан дезарг нийсонца кхочушдан-м хаа деза. Вониг дийриг стаг вац, стаг волучо адамашна диканиг лоху. И цIена ойла яцахь, стага ша ву баха а ца оьшу. ЦIеначу дагал те- шаме а, хьаналчу доттагIаллел оьзда а, тешамал а, безамал а хаза а, оьздангаллел товш а, йохьал деза а хIума дац». 6) Делан элчас

    – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – аьлла: «ГIиллакх – ди- нан ах ду». 7) Цхьана хьекъал долучу стага аьлла дешнаш дагара ца довлу суна: «Адамийн догIмашца кхо дийнат ду шуна: цхьа жIаьла а, цхьа бежана а, цхьа вир а. ЖIаьла–и шун мотт бу шуна, и зIенашца дIадехкалаш; бежана–шун гай ду шуна, и шайн хьаьвди тIехь латтаделаш; вир–и эвхьазалла ю шуна, цуьнан логехь хулу- ра боьддучу агIор муш тасалаш…» 8) А. Солженицына хийрачу махкахь хан токхучу нохчех лаьцна аьлла дешнаш дало луур дара суна кхузахь: «..Цхьа къам дара, ницкъ баран психологина къар ца луш, – къаьсттина адамаш я къийсамхой боцуш, дийнна къам. Уьш нохчий бара… Цхьа а нохчо цхьанххьа а, цкъа а хьаькамна

    товриг дан я цунна ша дукхавезийта гIерташ вацара, амма массо а хенахь цунна хьалха курра я даррехь цабезам гойтуш вара». 9) Цхьаммо шега бехк баьккхича, Таймин Бийболата иштта аьлла: «Со гуттар а юьхьIаьржонах, сайгара цхьа ледарло яларх кхийрина…»

      1. Поэта Кибиев Мусбека дешан дозаллех лаьцна аьлларг а ду говза:

    «Дош доцург дош дац, Дашал доккха хIума дац… Тухий, дашо стаг во дашо, Тухий, иза дакъазвоккху…»
    Упражнени № 3. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе.


        1. Нохчийн мотт бIешерашкахь дIа ца бовш таханлерчу дий- не схьакхаьчна чIагIдо шайн Iилманан белхашкахь вайн меттан Iилманчаша. 2) Нийса аьлла Чарлза Дарвина цхьа сахьт эрна хан яйа ваьхьаш волу стаг хIинца а дахаран мах хадонза ву. 3) ДоттагIалла яздора О. Мандельштама хазнех тардан мегар ду: цу чуьра ахьа чудиллиначул сов хIума схьаэцалур дац. 4) ДIалушверг массо а хIуманан да ву. БIаьрмецигволучун хIумма а дац боху ин- дусин кицано. 5) Вайн мотт дуккха а, иттаннашкахь бIешерашкахь баьхна хIетте а нохчийн мотт хилла бисна яздо шен балха тIехь Ю. Дешериевс. 6) Матте бендацараллица, тIеххулара хьоьжуш во- лучу стагах лаьцна иштта дешнаш аьлла вевзаш волучу яздархочо К. Паустовскийс… Шен къоман матте бендоцуш хьоьжушверг акха ву. Иза дахарехь зуламе ву, хIунда аьлча шен ненан матте долучу бендацаро гучудоккху шен къоман дIадахнарг а, хIинца долушдерг а, кхана хиндерг а цунна бен-башха цахетар. 7) Сан дагах кхийтира мехкаюкъарчу Iилманан-практически конференцехь цуьнан цхьана декъашхочо аьлларг ХIора къоман коьрта ши билгало ю: моттий гIиллакх-оьздангаллий. Уьш ларъяхь ларлуш ду вайн къам, ца ларъяхь къам хиларан коьрта билгало дIайолу. 8) XIX-чу бIешарахь ваьхначу Кавказан этнографа, академика, Iилманчас П. К. Услара нохчийн маттах лаьцна кху кепара яздина Нохчийн мотт чIогIа къен хетар даржош берш цунах цхьана кепара кхеташ боцу нах

    бу. Мелхо а, и мотт шен гIоьнца адаман ойланан уггар а кIорггера агIонаш а йийцалур йолуш, чIогIа хьалдолуш бу
    Упражнени № 4. ХIара цитаташ юкъа а ялош, предложенеш кхолла. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIде.


          1. «Дуьненахь кхин цхьа а нохчи ца висча а, Рамзан, сан кIант, ахьа ларбан беза дайн мотт! Яхь йолу цхьа нохчи бен вацахь а, дийна ду вайн халкъ. Ялсамане ненан когашкахь лаьтташ ю аьлла Пайхамара (I. с. в. с.). Шен ненан мотт боьхкиначунна меттиг яц ялсаманехь» (Кадыров А.-Хь.)

          2. «ХIор къоман мотт Iалашбар а, кхиор а – пачхьалкхан а, Iедалан а декхар ду. Ненан мотт чIагIбаран а, кхиоран а дуьхьа аса кхоор бац ницкъаш, таронаш. (Кадыров Р.) 3) «Воккхаве со хьуна хуучу кхечу къаьмнийн меттанех. Хьайниг бицбеш, Iамо беза уьш хьуна ца моьттинехь». (Сулейманов А.) 4) «Ненан мотт цахаар шен кхерч цаларар ду, кхерчан да цахилар маьттаза вахар ду». (Саидов Б.) 5) «Бекалахь, ненан мотт, хIинца, дуьнене машаре кхойкхуш, лаьтта тIехь къинхьегам, нийсо, вошалла, ирс, машар кхайкхош. (Айдамиров А.) 6) «Шовданан мукъамехь, ца лекъаш цкъа а, дог хьоьстуш бекалахь, сан нохчийн мотт!» (Эдилов. С.) 7) Бедаро баь- хьа а, лаьхьа а хазбина, бедаре хьажий сих ма ло. (Кица.) 8) «Аса герз леладо деа гIуллакхна: цкъа-делахь, елхош, екош, бертаза ядийна зуда юьгучунна детта, шозлагIа-делахь, меран зудчуьнга дагара ха- ийтина, цунна хьарам хиллачунна детта, кхозлагIа-делахь, муьлхха а ямартло еш, зулам дечунна детта, доьазлагIа-делахь, бехк-гуьнахь а доцуш, наха тешнабехк бина, гIо-орца оьшуш кIелвисначу оьзда- чу стагана орцахваьллачохь зуламхочунна-ямартхочунна детта. И агIонаш лоруш вацахь, стага ша ву баха а ца оьшу. Нийсо ларъян яхь а, оьздангалла ларъян адамалла а, доьналла а хила деза» (Шо- тойн Аьстамара баккхийчу нахе аьлларг). 9) Вайнехан фольклорехь уггар а говза а, хьекъале а, исбаьхьа а, маттана шера а, ира а, дагах хьакхалуш а, дог-ойла гIаттош а халкъан хьекъал алсам юкъалоцуш а йолу произведенеш, турпалаллин иллеш, хьекъале хаза дийцарш ду. (Джамалханов З.) 10) «Мел хьекъал долучух дагаваьлча а пайда бац, хьайн коьртаца ойла еш а, хьекъал хьайгахь долуш а вацахь» (вайн дайша олуш хилларг.).
    1   ...   47   48   49   50   51   52   53   54   ...   91


    написать администратору сайта