Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени № 2. ДIаязъе. Билгалъе чолхе-цхьаьнакхетта а, цхьанатайпанарчу

  • Упражнени

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница54 из 91
    1   ...   50   51   52   53   54   55   56   57   ...   91

    ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ



    Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенин коьрта билгалонаш: а) цу чу догIучу дакъойн цхьабосса бакъо хилар а, уьш вовшех дозуш цахилар а; б) царна юккъехь цхьаьнакхетаран уьйр хилар. Вай хьахийна билгалонаш хуьлу цхьаьнакхетаран хуттургашца. Цхьаьнакхетаран хуттург вовшахъхуттучу дакъошна юккъехь лаьтта, иза грамматически форма ю ерриг а чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенин. Оцу хуттургийн маьIнига хьаьжжина хуьлу чолхе- цхьаьнакхеттачу предложенийн маьIна а.


    хуттургаш

    маьIна

    масалш



    Дозаран а- а


    ХIор предложени чохь хуьлуш дерг:

    а) цхьана заманчохь;

    б) цхьаъ кхечунна тIаьхьа.

    Стоьла тIехь богуш чиркх а бара, иза цунна юххехь хиъна а Iара.

    Мох хийцалуш а бара, хIорд гIайренашна тIекховда дагахь

    а бара.


    Дуьхьалара: амма, бакъду, ткъа, делахь а, хIетте а, (цхьа- бакъду)



    Цхьана предложенехь дуьй- цуш дерг вукхунна дуьхьал маьIна долуш хилар

    Юьртана гонаха бердаш, аьрцнаш ду, делахь а хIаваъ цIена ду.

    Со корах ара хьажа гIертара, амма дахкаро хIумма а ца гойтура.

    ДогIа догIура, хIетте а арахь

    шийла яцара.



    Къасторан: я

    Предложенехь дуьйцуш дерг хийцалуш хилар я кхо- чушхила тарлуш долучарах цхьаъ къастош хилар


    Я къегина малх хьожура, я догIа тухура.


    Предложенеш вовшаххуттучу гIирсаша дакъош вовшех доза- рал сов, церан вовшашца йолу юкъаметтиг а гойту.

    Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенехь йолу цхьалхе предло- женеш вовшех къастайо запятойшца.
    Упражнени № 1. Муьлхачу аларца резахила мегар дац. Делил даладе шаьш деллачу жоьпана.


    1. Шиъ я масех грамматически бух болу предложени чолхе предложени ю.

    2. Чолхечу предложенин дакъош вовшашца дуьстича цхьа- босса бакъо йолуш хуьлу.

    3. Еригг а чолхе предложенеш кхаа декъе екъало: чолхе-цхьаь- накхетта, чолхе-карара, хуттургаш йоцу.

    4. Вовшахъхоттаяларе хьаьжжина, предложенеш екъало хут- тургаш йолучу а, хуттургаш йоцучу а предложенешка.

    5. Цхьаьанакхетаран хуттургаш хуьлу: дозаран, дуьхьалара, къасторан.

    6. Чолхечу предложенешкахь цхьалхенаш вовшахтосуш болу гIирсаш бу: хуттургаш, хуттургийн дешнаш.

    7. Цхьаьнакхетаран хуттургаша цхьалхечу предложенийн дакъош вовшахтосу.


    Упражнени № 2. ДIаязъе. Билгалъе чолхе-цхьаьнакхетта а, цхьанатайпанарчу меженашца чолхеяьхна цхьалхе предложенеш а.


      1. Стоьла тIера ша кечйина проект схьа а эцна, этIа а йина, корах аракхоьссира цо. 2) Кертахь екаш котамаш а яра, жIаьла а дара гIалх деш. 3) Шийла мох хьаькхира, хIорд ловза а белира.

    1. Дуккха а Iийра иза арахь ловзучу берашка а хьоьжуш, тIеваха а ца хIуттуш. 5) Ели и сел кIайчу мархел а лаха, цагинарш, та- машаш лахенца лаха. (М. А.) 6) Сийначу Сибарех иэгнарш а цIакхехьна паччахьан заманчохь а, цул тIаьхьа а. (Я. Х.) 7) Тхойшиъ маракхийтира, иза вехха лаьттира суна тIаьхьа а хьоьжуш. 8) Борз ю и я мох бу цунах тера угIуш. 9) Со шеквара, тешара я теша лаьара хьан бехк цахиларх. 10) Кертал арахь а, ткъа иштта цIен тIехь а дан дезарш дукха хуьлу юьртахь. 11) Хьамзатана а ца хиира, шена хIун хилла а, коьртах хIума хьан тоьхна а. 12) Вовшашца шабарш деш лаьтта къена базанаш, екъа йис а охьашерши меттахдаьхначу гаьннаш тIера. 13) Стелахаьштиг туьйхира, ткъа цул тIаьхьа сти- галахь къора тата делира.


    Упражнени 3. Запятойш а хIиттош, грамматически баххаш- на кIел сиз а хьокхуш, дIаязъе чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш. Дийца, хIун маьIна ду чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенина юкъа йогIучу цхьалхечу предложенийн.


      1. Хьеший вовшийн Iодика ян а буьйлира хIор а шен-шен цIа ваха а тохавелира. 2) Эццахь кетIахь цхьаъ вист а хилира Авалу цунна дуьхьал ара а велира. 3) Эло хьеший кора юххе а бигира це- ран бIаьргашна хьалха хIоьттинарг исбаьхьа Iаламан сурт а дара.

    4) ЦIеххьана мох а белира берда йистехь долу хин-кема тулгIенаша дIа а даьхьира. 5) Оцу минотехь цIийнан чоьнийн цхьа неI дIа а еллалелира неIсагIехь гучу а елира карахь летта чиркх болу, бел- шаш тIе тесна кортали долу йоккха стаг. 6) Тамашена стаг, дешнаш дахдеш, къамел дан а вуьйлира цуьнан озо со цец а ваьккхира.

    7) Жен жIаьла суна тIаьхь-тIаьхьа дезадала а дуьйлира иштта схьахе- тарехь, со цунна а везавелира. 8) Чохь тийна дара ткъа иштта дерриг а цIийнахь тийналла лаьттара. 9) Бутт хьалабелира дукха цIийбелла

    а кхоьлина а цомгаш болуш санна; седарчий а дара кхоьлина.

    1. Цхьа хенакIур яра шен болх беш ткъа иштта цхьанхьа акха котам цкъа шок а тоьхна юха а дIатийра. 11) Я сагалмат яцара а бацалахь хаалуш я дитта тIехь цхьа олхазар а дацара декаш.


    Упражнени 4. Цхьалхечу предложених чолхе-цхьаьнакхетта дуьхьалара маьIна долу чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш е тайп- тайпанчу хуттургашца.


      1. ДIахьаьжча герга хета. Хьо дIа мел оьху рагI гена йолуш санна хетало.

      2. ХIара шиъ новкъаваьлла дуккха а хан ю, малх гIушлакхе а баьлла. РегIана хIинца а тIе а ца кхаьчна.

      3. Цо кхиош хилла кегий нах юьстахо севцира. Чала ша, бай тIе охьахевшинчу, баккхийчу нахана тIе веара.

      4. Охьахиъна цхьана сохьтехь бен садаьIна хир дацара цо. ДегIе ницкъ беара.

      5. Хил дехьа ваьлча дIаваха йиш яра цуьнан. Шен накъосташна гIо дан юхавирзира иза.

      6. ТIедетташ догIа дара. Юха ца волуш, машенан новкъахула юрт йолучухьа дIагIертара некъахо.

      7. ХIоранна а ган тарло хьомечу мехкан хазалла. ХIоранга а ца ешало Iаламан книга.

      8. Адаман дахар балхаца, доьзал кхиорца, дешарца доьзна ду. Iалам даим а адамна юххехь ду, цуьнан дахарх дIакъасталур доцуш ду.

      9. Занятеш дукха ца Iаш чекхъевлира. Дешархой цIа баха тохабелира.


    Упражнени 5. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, схьаязъе, цкъа хьалха дозаран хуттургаш йолу чолхе-цхьаьнакхетта предло- женеш, тIаккха дуьхьалара хуттургаш ерш, цул тIаьхьа къасторан хуттургаш ерш.
    1) Кхузахь бехаш нохчий бац амма дийнахь ган тарло гондIарчу ярташкара кхуза схьаоьху нохчийн зударий божарий бераш. (А. А.). 2) Сийсарчул сакъералуш ла а дугIура Вассас делахь а цкъац-

    къа лаамаза ойла акха йолура. (Ис.М.) 3) Чов а йирзина хIинца толуш вогIура ЗIока хIетте а кхин де а дог паргIатдала ца дуь- туш тIейирзинчу ойланаша бIарзвинера воккха стаг. (Мам. М.)

    4) Цуьнан мостагI адам масех гIулч бен юккъехь йоцуш дуьхьала лаьттара цунна хье юккъе ткъес а хьажийна ткъа борз а хьоьжура чIижаргIийн Iаьржачу шина Iуьргана тIеххула адаман бIаьра. (Осм. А.) 5) Адамийн бIаьрг хасто я уьш цецдаха санна ишттачу мехаша маьI-маьIIехь лайн гунаш хIиттадора. (С. С.-С.) 6) Шура а, кIалд а, хIоа а–шена дIаелларг юура зуьно бакъду буьйда жижиг хьалха диллича хийцалора цуьнан амал. (Б. Х.-А.) 7) Я буьйса юккъе яхначу хенахь я сатасале санна йолучу сийна-баьццарчу стига- лахь халла къаьсташ гуш дара кIайн-сийначу лаьмнийн баххьаш.

    1. ХIайт-аьлла турпалалла яцара цуьнгахь делахь а дерриг а коьр- та чохь латто дерриг а дагадогIуш а тайп-тайпана ойла ян хууш вара иза амма и стаг цхьаннахьа а вахийта хIуттуш вацара Шемал.

    2. Хьажа-Мурд а вара, Кибит-Махьма санна, имам вала дагахь и шиъ ший а Шемала шена герггахь латтавора. 10) Делкъал тIаьхье а чекхъелира пальто а тIехь четар а буйнахь базаран майданахь гучуелира Саликова. (Павл. П.) 11) Я когаш кIелара лекъ дIаэккха я лергаш хабдой дIаэккха сира пхьагал.


    Упражнени № 6. Предложенийн маьIнаш билгалде: 1) цхьана заман чохь хуьлуш дерг; 2) цхьаъ кхечунна тIаьхьа; 3) дуьхь-дуьхьал маьIна долуш хилар; 4) хиламаш хийцалуш хилар; 5) долучарах цхьаъ къастош хилар. Цу рогIехь тIера схьаязъе уьш.


      1. ЦIеххьана орцан дукъ тIе стелаIад а хIоьттира, гонаха мел дерг серла а делира. 2) Тхо хийра махкахь, ткъа уьш даймахкахь.

    1. Я цхьанна совгIатана елира цо и говр, я къуша лачкъийра иза.

    2. Лойша суна шийла шовда, амма цIена шовда ло! (А. С.). 5) Я догIа догIу, я къора туху, я ло догIу, шура санна, кIайн. 6) Дийцарехь, дуккха а бехк боцу нах белла, ткъа лаьхьа-м кхиийна хиллера харцо ян, цIоганца шу тIера лаьттан цинц харцийна. (А. А.) 8) Мажделла леган гIаш Iома чу а оьгу, ткъа цу диттан кондаргаш цIийелла а лаьтта. 9) Буьйса макхъелира, беттаса хил дехьа цIен марс а хилла, лахдала а дуьйлира. 10) Я мотт хууш мохк белара, я мотт сецна

    со велара и хьан цIарах хеза хабарш хIун ду хаа йиш елара. (Л А.) 11) Тахана хIор а да эла Мусост ву, хIор а воI Адин Сурхо.

    12) ХIара вицло динна нуьйр тилла, хIетте а цу тIехь дIаваха дагахь тIехаа тохало. 13) Суна дага а ца догIу со дена хьалха хиъна Iийна а я айса цунна хьалхахь хIума йиъна а. (Б. М.) 14) Цамзанаш долучу тоьпашна дуьхьал шаьлтанаш кхераме-м яцара, делахь а ламанхойн карахь буьрса герз хуьлий дIахIуьттура уьш. 15) Кхокхига хаьтти- ча, цул мерза а болуш кхача хир бацара хIокху дуьненахь, хIетте а хIума йиъна яла сиха яра Кхокха. (Ях. Л.)


    1   ...   50   51   52   53   54   55   56   57   ...   91


    написать администратору сайта