Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени

  • Упражнени № 2. ТIадамийн метта къастаман тIетуху предло- женеш ялае.

  • Упраженин

  • Упражнени № 5. Лахахь ялийначу предложенешна юккъера къастаман

  • Упражнени № 6. ТIетухучу предложенийн

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница62 из 91
    1   ...   58   59   60   61   62   63   64   65   ...   91

    Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.



    1) Аса тидам бира цо дечу къамелан. 2) Тхо хьовсур ду цо дечу гIуллакхе. 3) Тхо самукъадолуш хьуьйсура силам буьллучу маше- но бечу балхе. 4) Аса дийцира цунна тхайн кхеташоно тIеэцначу сацамех лаьцна. 5) А. Айдамировн «Еха буьйсанаш» романехь дуьйцу нохчийн халкъо шен паргIатонехьа латтийначу къийсаман хьокъехь. 6) Со шеквелира новкъа богIурш сан накъостий хиларх.

    1. Бештох лаьцна дийцира цо суна. 8) Оха хоттур ду иза цIа варах лаьцна. 9) Цунна гучуделира Бексолта ледара стаг хилар.


    КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ



    Муха? муьлха? хIун? бохучу хаттаршна жоп а луш, коьртачу предложенера цIердош я цуьнан маьIнехь долу кхин дош билгалден предложени къастаман тIетуху предложени ю.

    ХIара предложенеш герга ю коьртачу предложенина луш долучу хаттарца а, коьртачух йозалучу гIирсаца а (аьлла, бохуш- хуттургаш) кхачаман тIетухучу предложенешна. Амма къастаман тIетуху предложени йозуш хуьлу коьртачу предложени чохь долучу цIердашах, цуьнан маьIнехь долучу кхечу дашах, ткъа кхачаман тIетуху предложени – хандашах, хандешан форманах. Масала: Нохчийчохь хабар даьржина, оьрсий тIелата дагахь бу бохуш. Воронцовс буьйр дира, ламанан ДегIастанан Гергебиль а, Салты а схьаяккха лаьмнашка кIеззиг эскар дахийта аьлла. (П. П.)

    Ала деза, нохчийн маттахь хIун? боху хаттар муха? бохучу хаттаран маьIнехь а хуьлу.

    Упражнени 1. Оьшучохь сацаран хьаьркаш а хIиттош, цкъа хьалха кхачаман, тIаккха къастаман тIетуху предложенеш тIера схьаязъе. Дийца, уьш муьлхачу меженех йозуш ю а, коьртачарах муха хоттаелла а.


      1. КIант цIа кхаьчча Курпале хаам бина дуьненахь хаза ши йоI ялош веана хьан кIант аьлла. (Н. Ф.) 2) Аказна билггал ца хаьара кху маьлхан дуьненахь хуьлуш дерг хIун ду. 3) Даго къайлахахь хезаш доцучу озаца хьоьхура цунна ша хIун дича нийса хир ду. (А. М.)

    4) Пьерина омра деллера ламанхой юха а карзахбевлла богIу, нох- чийн Алда-юрт дIатабае аьлла. 5) Нохчаша хIетахь дуй биънера кхин цкъа а оьрсашна дуьхьал герз ойур дац шаьш аьлла. (А. Л)

    6) И гIан гина, самаваьлча, ИбрахIимна ца хаьа ша мел Iиллина наб кхетта. (А. М.) 7) Цул тIаьхьа дукха хан ялале кху юьртахь хабарш делира Альбика шена тIе биссина баланаш ла ца белла, дог иккхина, елла аьлла. 8) Баккхийчу наха Iумаре дехар дира Iумар цIа вита аьлла вайн нохчийн Iедалехь куьг бехкен воцург цIа вуьтуш долу дела. 9) Суна ца хаьара иза сайна оьгIаз хIунда вахана. (Киб. М.)

    10) Цу сарахь гулбеллачу баккхийчу наха БайсагIур ву хIара аь- лла цIе тиллира кIантана. (О. Ш.) 11) Салташа дуьйцура хIокху деношкахь и туркойн карахь йолу лакхе схьаяккха тIелатар дийр ду бохуш. (О. Х.) 12) ТIаккха хаам хилла паччахьера ка схьабак- кхар дIадоладе аьлла. 13) Юха хаттар дира мила ву дийца аьлла.

    1. УьйтIахь гIовгIа гIаттийра цара шаьш Потемкинна тIедита бо- хуш. 15) Эццахь сацам бира цо бакъдолчу таррашца ши кIант Iамор ву ша аьлла. (Г. I.) 16) Юхабаьхкинчу Iуша дуьйцура цигахь акха кой а, лунаш а хуьлу бохуш. (С. М.) 17) Баянта шен дагахь чIагIо йира кхин цуьнца Iийр ма яц ша аьлла. 18) Баянта ойла йира, кхо хIун до хьажа еза ша аьлла. (Хам. I.-Хь.) 19) Хеталора, Iелин карахь пондар денло, цунна чохь дерриг вайн халкъан дог, са а ду, аьлла.


    Упражнени № 2. ТIадамийн метта къастаман тIетуху предло- женеш ялае.


      1. Органца йолучу ярташкахь хабар даьржира……. аьлла.

      2. ……аьлла, бахьана а хIоттийна, шен деца юьйцина керт ян ца вахара Хожа.

      3. Францехь бехачу гергарчу нахера кехат кхечира…… бохуш.

      4. Вовшашца бина барт бу тхан…… аьлла.

      5. Шен дагахь лелош ойла яра цо ….. бохуш.

      6. Наха суна цхьацца хабарш дуьйцу … бохуш.

      7. Суна дош делира цо….. аьлла.

      8. ЧIагIо йина цо…… аьлла.

      9. Суна хьехарш дора Ахьмада….. бохуш.

      10. Кица ду вайн нохчийн..... бохуш.


    Упраженин № 3. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, схьаязъе цкъа хьалха къастамашца йолу цхьалхе предложенеш, цул тIаьхьа– къастаман тIетухучу предложенешца йолу чолхе-карара предложе- неш. Синтаксически талла царах шишша предложени.
    1) Цу орца гонахарчу наха вовшашка хаам бира тхьамданаш- ций молланашций баккхийчу нахе цу цIе яьллачу арца тIе гулло аьлла. (Бад. С.) 2) Церан юьртахь ши шо хьалха йиллиначу школе вахана Абухьаьжа шен бархI шо кхаьчча. (О.Х.) 3) Йишйоьхна хьийзачу Хьасимата орца даьккхира лулахошка а, гергарчу нахе а цIийнда цомгуш хилла шен аьлла. 4) Мохьмад цIа кхаьчча аьлла кхаъ хезна баьхкиначу зударшца Рукъият а яра. 5) Шегара а шен хIусамненера а хьоьга а хьан йижаршка а довха маршалла ло аьлла яздина цо кехат. (Б. Х.-А.) 6) Талорхоша бевдда боггIушехь барт бира ведда воьдург лацалур вац аьлла. Чалас даим а хьоьхург дара иза бераша уггар хьалха да-нана лара деза бохуш. (Г. I.) 7) ЦIа даха бакъо елла бохура амма и бакъо схьалуш цхьа а вацара. (Яш. С.) 8) Доккхачу дегIахь ондда ког буьллу борз Баймарзина тIехъиккхича, хIара вистхилира. (Мут. М.) 9) Суна а хезна и тайпа къамелаш вайн баккхийчу наха деш. (О. Ш.) 10) Даймохк боцу стаг а, велларг а цхьаъ ву, МIаьчиг. (А. А.) 11) И вирд доккхуш бIозза остопируллахI а аьлла тIаккха эзарзза АллахI а аьлла бIе салават а диллина тIаккха мел кхайкхо беза бохуш хьехарш дора цо. 12) Хьуна пайдехь гIуллакх муха карор дара бохуш чогIа ойла йина аса. (Юнус.М.) 13) Цхьалха тийна меттиг лоьху даго шена диса.

    1. ХIетахь суна тIе веара комбат а, тхан батальонера воцу цхьа капитан а, суна ца вевза ши тIемало. (Ам. В.-Хь.)

    Упражнени 4. Къастаман тIетухучу предложенеша билгалдечу дешнашна кIел сиз а хьокхуш, царна тIехула хаттарш а хIиттош, тIера схьаязъе. КIел сиз хьакха хуттурган гIирсашна.


      1. Олхазара хьехар дира, лома хьала а бигий, хьайн ши сту барстабе аьлла. 2) ШахIида доцца жоп делира, Зулай шена луъу- чу деша йохуьйтур ю ша аьлла. 3) Абубакара тIаьххьарчу хенахь гуттар а ойла йора, Зулай шега ягIахь, и мича хьола тIе ялор ша бохуш. 4) Шуна юккъе питана таса цхьаммо хьехар дина цун- на, етт ма бохка аьлла. 5) Стундас хаза къамел дира невце, кхул тIаьхьа и тайпа Iесалла ма лелае аьлла. 6) ТIаьххьара а сацам бира аса, сайн дегIехь ницкъ IаIо беза аьлла. 7) Цул тIаьхьа «кIилло» бохург дижира, мелхо а тхан юьртахь къонах хир ву цу кIантах аьлла, цIе яхара сан. 8) Газеташа хаам бира, чоьхьарчу кхерамна тIе а доьгIна, Желтойчохь Iедал шайн караоьцу тIемалоша аьлла.

    9) ЛадогIал цкъа, зударша орца доьху, туркойн Iазапах кIелхьарадаха шаьш бохуш. 10) Лекхачу тIулга тIера мохь туьйхира цо, тарраш тIе рагI ца кхаьчна хIинца а, топ нийса кхосса аша аьлла. 11) ХIета синкъерам биначул тIаьхьа Мамеде Тасоса кехат даийтира, шаьш долучохь дикка хийцамаш хилла, Желтойчохь фашистийн Iедал доьхна аьлла. 12) Суна нийса хеташ кица ду вайн, цхьа дика до- цуш вуон хир дац бохуш. 13) Сайдас ойла йора, массарна а юккъера хаьржина Румисас Шабазов коьртах хIунда ваьккхина бохуш.

    1. Тайп-тайпанчу газеташ тIехь хаамаш бара, Къилба Iаьмиркехь лам а Iеттийна, хиш а дистина, адамашна даккхий зенаш дина бохуш. (Дугин Iаьрби).


    Упражнени № 5. Лахахь ялийначу предложенешна юккъера къастаман тIетуху предложенеш схьа а лахий, схьаязъе уьш. Дийца, хIунда ю уьш къастаман тIетуху предложенеш.


      1. Дийца долийнарг чекхдоккхуш, Марья Васильевнан деш- нашна дуьхьал жоп делира, хIуъу елахь а, хьешанна хазъелларг хьешана дIаяла езаш ю аьлла. 2) ХIинца, жимахволу кIант цо хьахош а хезна, йоккхачу стеган ойла хилира, сула дIадоьхкича, цхьа сом мукъана а кIантана тIаьхьа ахча дахьийта деза аьлла.

    3) И кехат а, и ахча а юхадеара, «паччахь а, даймохк а, керстан дин лардарехьа» болучу тIамехь Петруха вийна аьлла болучу хаамца цхьаьний. 4) Аса дош ло, тIаьххьара цIийн тIадам сайна чуьра дIабаллалц кIайчу паччахьана хьанал гIуллакх дан, сайн а, шун а мостагIчуьнца Шемалца болучу тIамехь пайдехь хир ву аьлла.

    1. ГIо дийр ду ша, аьлла, хабар-м даийтира, амма хIумма а ца дира.

    2. Йийриг ямартло юйла хууш, Ханийн нене аса элира, кIан ма вахийта аьлла. 7) Ткъа оццу хенахь нисделира соьга хаттар, Шемал дIаваьлча имам мила хир ву аьлла. 8) Къеначу фельдфебело, бIаьрса дика доцучу Бутлера хаам бира, иза ша Шемал хила там бу аьлла.

    1. Жимачу дегIахь волучу инарлас, шен йоргIачу динахь Бутлеран ротина тIе а веана, цунна буьйр дира, аьтту агIорхула чубуьссучу дошлошна дуьхьал гIо аьлла. 10) Баккхийчу наха доIанаш а дина, массеран а цхьабарт болуш сацам бира, Шемална тIе векалш ба- хийта. 11) Суна хеза, оьрсаша шу хьеста а хьоьстуш, шуьга шайна кIелсовцаре кхойкху бохуш. 12) Кхиэлахошна хаьара, иштта цуьнан Iеран маьIна элчанан озо бохучуьнга ладоьгIуш иза хилар дуйла, дан дезарг цунна гойтуш волу. (Т. Л.)


    Упражнени № 6. ТIетухучу предложенийн грамматически билгалонаш йовзуьйтуш, схемаш хIиттош, дIаязъе кху лахара пред- ложенеш.
    ТIетухучу предложенийн грамматически билгалонаш:

      1. коьртачу предложени чохь долучу дашах я ерриг предло- жених йозу;

      2. муьлхачу хаттарна жоп ло;

      3. хIун маьIна ло?

      4. тIетухучу предложенин муьлха кеп ю;

      5. муьлхачу хуттурго я хуттурган дашо хутту коьртачух;

      6. сказуемин кеп.






    1   ...   58   59   60   61   62   63   64   65   ...   91


    написать администратору сайта