Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.Соьга дийцира (коьрта) (хIун?) кхачаман тIетуху предл.-------хуттургаш йоцу (бахьа- нин маьIнехь) Хьайн аьтто болу-кх. Соьга хаам бе. Хьоьга хьоьжуш Iен йиш яц сан. Iелина ца хаьара. Накъостий болучу ша маца гIур ву. ТIелаьцна беш болх бара цо. Дийхира цо. Черми чуьра хи дахьа. Хьогалло легаш дакъийнера цуьнан. Ойланаш йора цо. Къамел муха дийр ду. Дог-ойла яра гIатто езаш нехан. ТIемалошка буьйр динера. Самукъане эшарш локхуш гIо. Некъ гена бара бан безаш церан. Хьаннаш езарг вацара иза. БIаьргашна хьалха бIарлагIаш хIиттайо цара. Цигахь тIеман гIуллакхаш аьтто беш ца хуьлу. Сарахь сингаттаме хаамаш кхечира. Бенара БойсагIар оьр- саша йийсаре вигна. Иза кIелхьараваккха везара. Цунна ца хаьа. Кхузара нах муха бу. Иза кхуза веана дукха хан яц. Упражнени № 7. ДIаязде шех къамелан мур хуьлуш долу «Зелам- ха ГIизларехь латаран илли» тIера дакъа. Барта схьадийца, хIунда хилла цунах къамелан мур. ТIаккха узам беш сеци, тов, Харачойн Зеламха: «Ма дала дакъаза, Хьо маьлхан кIайн дуьне, Хьо дуьсур ма хилла, Цабохург ва хилла, Хьо дуьсур ва хилла, Цамоьттург ва хилла Цу серийн тускарахь Накхармоза ва санна, Дууш мерза ма дара хьо, Малх кхета хьо дуьне, Кийрахь стим баьттIа ДоIаха ва саннна, Хьо къахьлург хилла-кх, Кийрахь дог дохарна… Упражнени № 8. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, дIаязде илли. Дийца, муьлхачу меженашца чолхеяьлла и цхьалхе предло- жени. Билгалдина дешнаш тIера схьаязде, словарах пайда а оьцуш, церан маьIна даста. СайЛаманах духдуьйлу шал шийла шовданаш Шен бекъачу кийранна Iаббалц ца молуш Варша йисте ва йолу маргIала сийна буц Шен оьздачу зоьрханна буззалац ца юуш Цу хьуьнан хотешкахь берзан йорт ва етташ Iинан кIорге ва буьйлуш мела муж ва муьйлуш Дукъ лакха ва буьйлуш сема ла ва доьгIуш Иччархочун ва тоьпо лацарна ва кхоьруш Мокхазан ва бердах куьран га ва хьоькхуш Цу попан орамах торгIала тIа ва детташ Лергаш дуьхьал ва туьйсуш кур аркъал сеттабеш Орцал лаха ва буьйлуш гIелашка ва гIергIаш Масане сай лела гIелашца ва боцуш Вай бен дац кIенатий бохуриг ца хуьлуш! Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан планАларан Iалашонца йоьзна предложенин кеп. Цхьалхе предложенеш чолхечун хIоттамехь йолу, церан грамматически баххаш. Чолхечу предложенера цхьалхе предложенеш вовшашца уьйр тасаран кеп. Коьрта а, тIетуху а предложенеш. ТIетухучу предложенино (коьртачу предложеница йоьзна) дIалоцу меттиг. ДIахIоттаман башхаллаш: муьлхачу дашах я предложених йозуш а, муха хотталуш а ю тIетуху предложени. Чолхечу предложени чу йогIу цхьалхечу предложенийн вовшашца йолу маьIнин юкъаметтигаш (эшар (интонаци), хуттур- гаш, хуттургийн дешнаш). |