Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени. Чолхе-карара предложенеш тIера схьаязъе. Къа- стаде, муьлха къасторан а, билгалъяхаран а сацаран хьаьркаш юкъахйитина. Пунктуационни къастае чолхе-карара барта шиъ, йозанца шиъ предложени.

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница72 из 91
    1   ...   68   69   70   71   72   73   74   75   ...   91

    ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР



    Къасторан план

    1. Предложени ерзоран сацаран хьаьркаш.

    2. Чолхе-карарчу предложенехь тIетуху предложени къасторан хьаьркаш.

    3. Чолхечу предложенин хIоттамера хIор цхьалхе предложени къасторан а, билгалъяхаран а хьаьркаш.



    Къасторан кеп


    Аьхке юккъе яьллачу хенахь, маьркIаж-бода булуш, эпсаро хаамбира, БойсагIар кхана Соьлжа-гIопе вуьгуш ву аьлла. (Эль- санов И.)

    Барта къастор


    Предложенин чаккхенга ерзоран хьаьрк хIоттийна–тIадам, хIунда аьлча хIара цхьалхе, дийцаран а, айдаран йоцу предложени а йолу дела. Предложени чолхе хуттурган ю, чолхе-карара. Коьрта предложени: Аьхке яьллачу хенахь, маьркIаж-бода булуш, хаам бира. ТIетуху предложени: БойсагIар кхана Соьлжа-гIопе вуьгуш ву аьлла. Коьртачу а, тIетухучу предложенина юккъе къасторан хьаьрк хIоттийна – запятой. Коьртачу предложенехь цхьанатайпанарчу хенан латтамашна юккъехь аьхке юккъе яьллачу хенахь, маьркIаж бода булуш билгалъяхаран хьаьркаш хIиттийна–запятойш.

    Йозанца къастор


    БойсагIар (подл.) вуьгуш ву (сказ.) кхана (хен. лат.) Соьлжа- гIопе (мет. лат.), аьлла.(хут.), Эпсаро (подл.) хаамбира (сказуеми), аьхке юккъе яьллачу хенахь, маьркIаж бода булуш (хенан латта- маш).
    Упражнени. Чолхе-карара предложенеш тIера схьаязъе. Къа- стаде, муьлха къасторан а, билгалъяхаран а сацаран хьаьркаш юкъахйитина. Пунктуационни къастае чолхе-карара барта шиъ, йозанца шиъ предложени.
    Молланаш гулбеллачу тIевахара и шиъ. Кхузткъа стаг хир вара цигахь бацалахь хиъна Iаш, ткъа царах дукхахберш Iеламнах бара. Луьстта гонаха хIиттина ладоьгIуш нах бара, бист а ца хуь- луш. Дуьйцуш хезна суна, цу гуламехь тхьамда вацара хаьржина бохуш. Сиха ца хиларой собарой гIиллакхой къепе латтайора аьлла, хоьтуьйтура гулбеллачарна. Дечу къамелехь Iеламстаг сихвелла меттиг яцара. ТIехьаьжча моьттур дара, оцу гуламехь дуьйцург

    цхьа бен а доцург ду. ХIетте а, цIе санна йовха кхеташо яра иза.

    Шена дуьхьал волучунна коьртах туху дош хIораммо а, цхьа цIена, хаза, гIиллакхе хьарча а дой кхуссура. Муьлхха а европейски дипломат цецвер вара оццул къаьхьа дешнаш, сел мерзачу кепе а дерзийна дуьйцуш хиларх. Iаьрбийн йозанах боьлла, Iаьрбийн Iилмано кхиийна болучу наха, шаьш дуьйцург хIун ду а, муха а ду а хууш дуьйцура. Барт хилира церан, шаьш олург къорIан тIера а жайнаш тIера а аяташ далош дало деза аьлла.

    Юьртан молла ярташкахь наха хоржуш вара, хIунда аьлча цу дарже кхача гIерташ дуккха а нах болу дела. Юьртахь классийн къийсам лаьттара тайпаналлин къийсамаша дIа а хьулбина. Тай- панийн чIираший, хьаьгIнаший нехан юкъаметтигаш чолхе йо, бохуш дуьйцура молланаша.

    Цундела моллин гIуллакхехь латталора уггар ира дипломат юьртахь къийсам латточу ницкъашна юккъехь массо а агIо шена резаян хуушверг.

    ШариIат хIотторна гуламехь массо а реза вара, амма Нажмуд- динах имам ван луурш сов кIезиг бара. Царал а кIезиг бара нохчех

    имам хIотто гIертарш. Дукхахберш гуламехь реза бара муфтий харжа, цо дин чIагIдийр ду, динан гIуллакхаш а лелор ду бохуш. ГIалгIайн молланаша дуьхьало йора, я имам а я муфтий а хьашт вац шайна бохуш. Ворданаш тIе а буьйлуш, къамелаш дора наха. ХIораммо а шена дага догI-догIург дуьйцура. Наха дуьйцура латта кIезиг хиларх а, машарехь даха дезарх, къоланаш махкахь совдов- ларх а лаьцна. ШариIатан хьокъехь дуьйцура массара а, цо нийса къепе а хIоттор ю, нахана латта а хир ду бохуш.

    Цу заманахь майданахь дерг хIетахь ерриг Россехь дерриг дара. Росси а яра шаерг собрани а хилла дIахIоьттина. (Ошаев Х.)


    1   ...   68   69   70   71   72   73   74   75   ...   91


    написать администратору сайта