Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. ТIехула билгало а еш, къастаде хIун тайпа тIетуху предложенеш ю уьш.1)…..бохуш, чIагIдора цо. …. аьлла дагадеара суна. Нагахь санна….., тхо шуна тIаьхьа хIуьттур дац. ………оха гойтур ду шуна ……..аьлла, барт хилла доттагIийн лома дIакхачале. ……..бохуш, цул тIаьхьа хабар даьржира юьртахь. ……бохуш, гIайгIане ву со. ХIунда аьлча ……… иза дукха чехка догIуш долу дела.
Массо агIор теллича, ….. аьлла, хьесап дира аса. Хьамидана, …. бохуш, дуьйцу хабарш хезна. Юьртахошна хьалха …. аьлла, дош делира кIанта. Тхан махкахошна, …. аьлла, хета. Со, ….. аьлла, хеташ ву. Шен нийсархошна юккъехь……аьлла, билгалвелира Апти. ХУТТУРГАШ ЙОЦУ ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИЧолхечу предложенехь цхьалхе предложенеш маьIница а, эшарца а цхьаьнатуху предложени хуттургаш йоцу предложени ю (хуттургаш а, хуттургийн дешнаш а доцуш). Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенехь дакъош вовшахъхут- туш болу коьрта гIирс боцуш хуьлу: хуттургаш, хуттургийн дешнаш. Уьш вовшахтосуш а, оцу дакъойн юкъаметтигаш билгалйохуш долу декхарш шена тIелоцу эшаро (интонаци). Масала: Адамийн аьзнаш хезаш а дацара: тоьпийн кхис- сарша, чаччамех юьйлиначу йоккхачу тоьпийн йийларша уьш къардинера. (Э. И.) Хуттургаш йоцучу чолхечу хIокху предложенехь Бутт стига- лахь гуш бацара: цу хенахь иза тIаьхьа бен гучу ца болу цхьалхе предложенеш цхьаьнатоьхна чулацамца а, эшарца а. Хуттургашца йолучу предложенешкахь санна, хуттургаш йоцучу предложенешкахь цхьалхе предложенеш и предложени чолхе еш, цхьаьнатоьхна царна юккъехь йолу маьIнин билггала юкъаметтигаш билгалъяхархьама. Хуттургаша и юкъаметтиг къаьсташ билгалйоккху. Масала, на- гахь санна бохучу карарчу хуттурго бехкам билгалбо, хIунда аьлча хуттурго бахьана, амма хуттурго – дуьхьалара маьIна и дI. кх. а. Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь цуьнан дакъ- ошна юккъера маьIнин юкъаметтигаш иштта бIаьрла къаьсташ ца хуьлу, цундела церан чулацамехь билгалъяха езаш хуьлу уьш, къамел дечун а, ладугIучун а юкъарчу хааршна тIе а тевжаш. Масала, чолхечу предложенийн маьIна, хIокху дакъойх лаьт- таш йолучу Шелъяла юьйлира, мох хьаькхира тайп-тайпана билгалдан тарлуш ду. Нагахь санна къамел дечо Iаламехь хуьлуш болу хийцамаш бийцахь, тIаккха цо и хийцамаш багарбаран хьеса- пехь бовзуьйту, предложени дагардаран эшарца (интонацица) схьа а олу, ткъа йозанехь оцу предложенешна юккъе запятой юьллу: Шелъяла юьйлира, мох хьаькхира. Нагахь санна къамел дечо шелъяларан бахьана довзуьйтуш делахь, чолхечу предложенехь бахьанин юкъаметтигаш билгалйо- ху, тIаккха и предложени хаамбаран хьесапехь олу, аз лах а деш, шолгIачу декъехь, ткъа йозанехь предложенешна юккъе шитIадам буьллу: Шелъяла юьйлира: мох хьаькхира. Барта къамелехь эшаро а, сацаран хьаьркаша йозанехь а хут- тургаш йоцучу чолхечу предложенин дакъошца йолу юкъаметти- гаш билгалйоху. Тайп-тайпана хуьлу уьш: дагардаран, дуьхьалара, бехкаман, бахьанан маьIнашкахь. Масала: Латта дегадо, хиш дистина догIу, аренаш ченех дIаюьзна. (Дагардаран.) ВорхIазза юста – цкъа дIахадае. (Дуьхьалара.) Сингаттаме ву со: соьца сан доттагI вац (бахьана). Iа, кхерамаш ма тийса: бIаьсте ер ю. (Бехкам.) Упражнени № 1. Тайп-тайпана маьIнашца хуттургаш йоцу чолхе предложенеш кхолла. Оьшшучу эшарца ала уьш. а) КIант цIеххьана тохавелира; б) Керара бепиг охьадуьй- жира цуьнан. а) Шелъяла йолаелира; б) Суьйре юьйлира. а) Мох хьаькхира; б) Корера киса меттахъхьайра. а) Аганан йиш лакхар сацийра нанас; б) Бер дIадижира. Упражнени № 2. ДIаеша дика евзаш йолу афоризмаш оьшшучу эшарца. Цуьнан гIоьнца маьIнин юкъаметтигаш билгалъяха. Шайн дIахIоттамца хIун предложенеш ю уьш? Нагахь санна хьайн бага елахь, дIалакъае и: жимма садоIийта цуьнга а. МостагIчунна хьалха оза ма ло; стеган уггар а воккха мостагI иза ша ву! Даккъашкахула ма лела – эткаш яор ю ахьа. Адаман иэс кIайн кехат ду: наггахь дика язло, ткъа наггахь– вуон. Юххерчуьнан чевнаш ма даръе; дархочунна дарбане дерг кховдаде. Кхечунна ор ма даккха, хьуо цу чу вужур ву хьо. Цхьадолу адамаш йоьхьех тера ду: шайна чу диллинарг леладо цара шайца. Ирс долуш хила лаахь-хила ирсе. Мисарболато къилбседехьара а, къилбехьара а йолу агIонаш гойту; стагах дозуш ду дика я вуон некъ хоржур бу цо. Дукха луьйш верг сахьтан дIасалесташ болучу Iайгах тера ву: иза а, важа а сацон деза. |