Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени.

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница73 из 91
    1   ...   69   70   71   72   73   74   75   76   ...   91

    Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор



    Синтаксически а, пунктуационни а къасторан план


    1. Аларан Iалашонца йоьзна предложенин кеп.

    2. Чолхечу предложенин хIоттамехь йолу цхьалхе предложе- неш, церан грамматически баххаш.

    3. Чолхечу предложенийн дакъош вовшахтасаран гIирсаш. Тап-тайпана уьйраш йолучу чолхечу предложенийн дакъошна юккъехь къасторан а, билгалъяхаран а хьаьркаш.



    Синтаксически къасторан кеп


    Кулле дIахьаьжи – бакъдолчух кхийти, Заза а доккху цо, стом а ло шорта, Малхо и кхиайо, хезаш а ду, Тийналлехь шовданах и муха екха.

    Барта къастор


    ХIара айдаран йоцу дийцаран предложени ю. Чолхечу пред- ложени чуйогIучу ялх цхьалхе предложенех лаьтташ ю.

    Хьалхарчу предложенин грамматически бух бу дIахьаьжи; шолгIачун кхийти; кхоалгIачун заза доккху, стом ло; йоьалгIачун малхо кхиайо; пхоьалгIачун – хезаш ду; йолхалгIачун – и екха.

    ХIара дукхамеженийн, тайп-тайпанчу кепашца вовшахйоьзна чолхе предложени ю.

    ХIалхарчу а, шолгIачу а предложенешна юккъера уьйр хут- тургийн йоцу уьйр ю, вовшахтасаран гIирс – интонаци.

    Хьалхарчу а, шолгIачу а предложенина юккъе къасторан хьаьрк диллина – тире.

    КхоалгIа а, йоьалгIа а предложенеш вовшахтесна ягаръяран интонацица.

    ШолгIачу а, кхоалгIачу а, йоьалгIачу а предложенешна юккъе къасторан запятойш хIиттийна.

    ПхоьалгIа а, йолхалгIа а предложенеш вовшахтесна хуттурган дашца муха; уьш вовшех запятойца къастийна.

    Йозанца къастор


    ДIахьаьжи (сказ.) кулле (лач. кхач.) – бакъдолчух (лач. кхач.) кхийти (сказ.),

    Зазадоккху (сказ.) цо (подл.) стом (подл.) ло (сказ.) шорта (бараман. лат.),

    Малхо (подл.) и (нийса кхач.) кхиайо (сказ.), хезаш ду (сказ.), Тийналлехь (мет. лат.) шовданах екха (сказ.) муха (юкъамет.

    куцдош.).

    Айдаран йоцу дийцаран предложени, дукхамеженийн тайп- тайпанчу уьйрийн кепашца йолу чолхе предложени: хуттургийн йоцу, цхьаьнакхетаран, чолхе-карара хуттургийн.
    Упражнени. ДIаеша. Синтаксически а, пунктуационни а барта къастае хьалхара а, шолгIа а предложенеш; йозанца кхоалгIа а, йоьалгIа а.


    1. Акказана билггал ца хаьара, кху маьлхан дуьненахь хуьлуш дерг хIун ду, амма цуьнан кхетамо, дагахь къайллахь хезаш доцучу озаца хьеха-м хьоьхура цунна, ша хIун дича нийса хир ду. (Ахм. М.)

    2. ТIом чекхбаьлла аьлла, хабар даьржира массанхьа а, цхьа кIеззиг ханна буьрса тийналла хIоьттира Нохчийчохь, амма гена дIа ца яха- ра иза. 3) Нагахь шайга жIар лелае боху-кх, дIалелае: эчиг бен ма дац иза, амма Дела даг чохь латтаве. (Айд. А.) 4) Иштта нисделира:

    ламанхойн баьчча Таймин Бийболат Ермоловс бертахь эпсар вина шен эскаре ваьккхира, амма ахшо далале Таймин Бийболат ведира, ткъа Дукхай-Къеда висира. 5) Хенакхаьллан чIожах чекхдовлуш, ла- манхошна тIелата дагадагIахь а аьлла, яккхий тоьпаш туьйхира, ткъа оцу тоьпийн гIовгIанехь йира паччахьан кIанта делкъе а. (Байс. Д.)

      1. Суна дуьйцуш хезна, мацах кху юьртарчу нехан жа пхеа-ялх эзар коьрте хьалакхочура бохуш, цундела суна хаа лаьа, шун хIун дан дагахь ду хIинца. (Нун. С.-Хь.) 7) Дуьххьарлера тIелатар юха ма-тоьхханехь, юьртара хьоладайша сацам бира, кхин хьем ца беш, юьртах къинхетам бар деха куьйгаллина тIе векалш бахийта беза аьлла: бахархой тешна бара, машар бан аьтто хир бу аьлла.


    1   ...   69   70   71   72   73   74   75   76   ...   91


    написать администратору сайта