Главная страница
Навигация по странице:

  • Грамматически тIедилларца диктант. Бехкаман тIетухучу предложенешца йолу чолхе-карара предложени схьалаха, схема хIоттае цуьнан.

  • Мангал

  • Хьо соьга хьоьжуш Iа аганан

  • Упражнени № 1. ТIера схьаязъе. Дийца, хIун тайпа уьйраш ю ийначу предложенешна юкъа йогIучу цхьалхечу предложенешна юккъехь.

  • Упражнени

  • Упражнени № 4. ТIетухучу предложенийн кепаш къовларш- кахь билгал а еш, дIаязъе предложенеш. Царах кхаа

  • Цхьалхечу

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница69 из 91
    1   ...   65   66   67   68   69   70   71   72   ...   91

    Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:


    1. Аса кога резинкин эткаш юьйхира, хIунда аьлча... .

    2. Нагахь марха достучу дийнахь хьо со волучу ца вогIу-кх… .

    3. Нагахь санна накъосташна юккеъь барт бац-кх... .

    4. Нагахь хьуна меттан дIахIоттам бевза-кх….

    5. Нагахь санна хьайна диканиг хила лаьа-кх хьуна… . Синтаксически талла уьш.



    1. Цхьалхечу а, чолхечу а предложенешкахь бехкам бил- галбаккхаран хьелаш дуста. Бехкаман тIетухучу предложенеш- ца хьалаюза таблицин шолгIа ах. Дийца, хIун дан деза цхьалхе предложени бехкаман тIетуху предложени хилийтархьама.




    Цхьалхе предложени

    Чолхе предложени

    Аша гIо ца дахь, соьга и гIуллакх далур дац.

    ЦIе яьлла меттиг хилахь, 0I телефонехула хаам бе. Урамнекъийн бакъонаш ларъеш хилахь, машенашца боьзна болу некъан бохамаш жимлур бу.

    Хьайна гечо ца довзахь, хи чу ма вала.





    Грамматически тIедилларца диктант.
    Бехкаман тIетухучу предложенешца йолу чолхе-карара предложени схьалаха, схема хIоттае цуьнан.
    – ЛадогIалаш баккхий нах! Вай кхузахь массо а тайпанан вежарий ду.

    Нагахь арахь, кхаш тIехь Iажаркх яьлча, ялташ кхиа ца дуьту цо. Лаьттах мел йолу тIуналла худу цу бецо, ялташ гIелдой, пайда боцучу доху.

    Вайн юьртахь иштта Iажаркх ю и Борзиган некъий. Нагахь орамашца бух ца яккхахь, цуьнан доь довр дац.

    Юьртара дакъа шаьш оху цара, паччахьа беллачу махка тIехь, ах ялта шайна а доккхуш, нахе белхаш бойту.

    Мел цIий мелла цара кху юьртахойн? Маца бохур бу вай уьш вешан кочара дIа?

    Суна хеташ цхьаъ ду: вай царах лата ца деза. Дукха цIий Iенар ду. МостагIалла юкъа доьлча, вайн наха: «сих а ма ло, виц а ма ло» олу. Борзиган некъийн орам хадо беза вай. Тховссехь церан хьуьнна го лаца беза. Сатоссушехь дийнна вайн тайпано хьаькхна охьа а йиллина, цIа оза еза иза. Вайна тIаьхьа дукха адам хIуттур ду. Нагахь санна Борзиган некъахой тIом а безна, герзе бовлу-кх, вай а ду-кх тIамна, юьйлина топ санна, кийчча. ТIамо бен тIом буха ца тоьхна. (Ошаев Х.)


    МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ



    Чолхе-карарчу предложенехь масех тIетуху предложени хила тарло. Масала: Мангал хьокхуш волучу дена ша тIаьхьа мосазза воьду, цунна етшура хьора цо, хIунда аьлча цунна иза дукхаеза дела. Кхузахь коьрта предложени ю Цунна етшура хьора цо; Ет- шура хьора маца? Мангал хьокхуш волучу дена ша тIаьхьа мосазза воьду-хIара хенан тIетуху предложени; етшура хьора хIунда? цун- на иза дукхаеза дела-бахьанин тIетуху предложени. Вайна ма-гарра, кху чолхе-карарчу предложенехь цхьана коьртачу предложених йозуш шиъ тIетуху предложени ю: хенан а, бахьанин а.

    Чолхе-цхьаьнакхетта а, чолхе-карара а предложенеш цхьаьна йолуш меттигаш нисло нохчийн маттахь. Бакъду, и тайпа пред- ложенеш дукха яц. Оцу тайпа предложенех ийна предложенеш олу. Цу тайпа предложенешкахь кхоъ а, цул сов а предложенеш хуьлу. Кхечу кепара аьлча, шена чохь дукха меженаш йолу пред- ложени ю иза. Ийначу предложенешкахь цхьалхе предложенеш тайп-тайпанчу уьйрашца вовшахтасар нисло: хуттургийн (цхьаь- накхетаран, карара), хуттургаш йоцу.

    Масала, хIара предложени Хьо соьга хьоьжуш Iа аганан гIовланна тIе а тевжина, наб ца еш, ткъа цундела хууш ду: суна хIумма а хир дац кхаа декъах лаьтта. Хьалхара а, шолгIа а дакъош во- вшахтесна цхьаьнакхетаран хуттургаца ткъа а, интонацица а. ШолгIа а, кхоалгIа а дакъош вовшахтесна хуттургаш йоцучу уьйраца а, интонацица а.

    Ийначу предложенешкахь йолу синтаксичеески уьйраш дукхахьолахь кху кепара хуьлу:

    а) цхьаьнакхетаран а, карара а;

    б) цхьаьнакхетаран а, хуттургаш йоцу а; в) карара а, хуттургаш йоцу а;

    г) цхьаьнакхетаран, карара, хуттургаш йоцу.

    Тхо воккха стаг волучу дахара, ткъа цо тхуна дийцира, ширачу заманахь шаьш муха даьхна а, мел халонаш лайра а.

    Школера цIа веара со, амма нана цIахь яцара: юьрта шен гер- гара нах болучу яханера иза.

    Суна хаьара, Iела шен ваша волучохь хIунда ца Iийра: новкъа вала сиха вара иза.

    Тхо хьалххе хьалагIевттира, амма малх гуш бацара, хIунда аьлча ерриг стигал мархаша дIалаьцна йолу дела; лаьмнаш а дара кхоьлина, дахкаран кIужалш а яржийна. Иза мичахь ву хууш хилча а аса эр а дацара, хIунда аьлча тхуна массарна а Иаго вевзаш а, везаш а хиларна, ткъа хьуна лаьа иза таIзарна дIавала. (Казб. А.)

    Къаьсттина яьржина йолу чолхе я чолхеяьлла предложени къа- мелан мур ларало. Уьш дукхахьолахь барта кхоллараллехь нисло. Масала, «Сай» цIе йолу халкъан илли иза къамелан мур бу, хIунда аьлча и чогIа яьржиначу, чолхеяьллачу цхьалхечу предложених лаьтташ долу дела. Къамелан мур хила тарло цхьанатайпанарчу а, шакъаьстиначу а меженашца чолхеяьллачу предложених а, масала:

    Чергазийн зударша, цу гIумкийн зударша Къуьйсуш дина барзакъ шен дегIа дерзийна, Дуьхьал пенах кхозу чал дера герзаш,

    Делан цIерш йохуш, шен гIодах дихкина, Хьаьвзина, ма вуьйлир цу ханнийн божала, Цу ханнийн божлара шен жима расха дин Цу дато дуьрстанца ша араозийна,

    Бохь бойначу попа тIе дайн куьйра ва санна,

    Ша дина хиина, талла ваха кечвелир Жерочун жима кIант цу буто раьгIнашка.
    Упражнени_№_1._ТIера_схьаязъе._Дийца,_хIун_тайпа_уьйраш_ю_ийначу_предложенешна_юкъа_йогIучу_цхьалхечу_предложенешна_юккъехь.'>Упражнени № 1. ТIера схьаязъе. Дийца, хIун тайпа уьйраш ю ийначу предложенешна юкъа йогIучу цхьалхечу предложенешна юккъехь.


      1. Малх тоххарехь дIабуьзнера, амма хьун хIинца а дIатеза яра: юххехь къоркхокхий декара, «хIут-тут» бохуш, хезара дIанехьо хIуттут. 2) ХIара гу тIе хьала мосазза волу, малх гIоттуш хуьлура; арцо шена тIехьа хьулбора иза. 3) Бешахь кхуьуш цхьа шапталш яра; уьш хIинцца бен гIа даккха ца йолаеллера, цундела къоначу гIаш юккъехула ерриг а беш гора стоьлаца, гIанташца, бираьнчигца, гуш дара олхазарийн баннаш а, коьрта тохкучу куйнех тера долу.

    1. Малх дIабуьзира, буьйса а юьйлира кхин юккъе хан ца йолу- ьйтуш, со ладогIа вуьйлира, хIун хила доллу-те хIинца бохуш.

    2. ЦIе гIийла йогура: цIе латтош аддам а дацара, хIунда аьлча дийнахь сарралц некъбина кегий нах набаро эгийнера. 6) Вайна хаьа хIинца Шекспира 37 пьеса, 154 сонет а, ши поэма а язйиний, амма Iилманчашна хета уьш ерриг а яц аьлла, хIунда аьлча цуьнан ерриг а произведенеш вайга схьа ца кхаьчна дела. 7) Цхьа олха- зар дацара хезаш: уьш дерриг а дIатарделла, дIасевццера; цхьа цIирцIирхьоза дара наггахь шен аз декош, амма цо хIун дуьйцу хууш стаг-м вацара. 8) Борз гIийла яра, синтем байна; мел жима даьккхиначу татано а егайолуьйтура иза, ткъа цуьнан коьртехь цхьа ойла яра, шен кIорнеш цхьаммо а хьийза ма яхьара бохуш йолу. 9) Цуьнан дукха суьрташ дохура, амма цунна иза ца дезара, хIунда аьлча церан серлонаша кхерадора иза. 10) Хууш дацара, дас шен кIантаца хIун дийцина, делахь а чохьберш саготта бара: дов дала гера дуй хаьара царна.


    Упражнени 2. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьа- язъе предложенеш. Билгалъе коьрта меженаш. Схемаш а хIиттош, къастае дакъошна юккъера маьIнин юкъаметтигаш.


      1. Юхавуьйлура иза ца хаьа шена бохуш делахь цуьнан юьхьа тIехь шера гуш дара цунна дукха хIума хууш хилар. 2) Хьо тхан

    лаьмнашкахь дуьххьара ву ткъа Керима яздо хьо хьекъал долуш а Делах тешаш а стаг ву бохуш. 3) Ткъа суна хьоьгара хаа лаьа муха хийтира хьуна некъ, некъан гIиллакхаш, дерриг а кхуза вогIуш гинарг. 4) Цхьанхьа юххехь гIеххьа хезаш дара зударийн белар амма кхуьнан хIумма а ган аьтто ца хилира шен цIа чу дIавигира хIара имама. 5) Хабар даьржира иза имаман кIант ву бохуш амма и иштта доций суна хууш ду ламанан стаг вацара вуьйцург.

    1. Хьажа-Мурдан цIе яханера куьг мало еш дац аьлла амма оцу цIе яхаро цIе яхарна новкъарло йора цхьа куьг вукху куьйгана некъ бита лууш дацара. 7) Кхунна шена лаъане а ца лаьара тIелатар дан, хIунда аьлча тIелатар дан цхьа Хьаж-Мурд бен вохуьйтийла дацара ткъа цуьнан вуьшта а йоккха цIе яханера и лахъян хан а кхаьчнера, амма кIанта олучуьнга ладогIа ца лаьара. 8) Хала низам долучу отрядехь и стаг дукха Iийр вац аьлла хетара амма Аварский сакъоьруш дукха книгаш йоьшуш вара цундела ламанхошна дукха везара иза и хIунда веза хаа хала дацара цунна дика хаьара гIумкийн мотт, тIах-аьлла а бераш дезаш а вара иза. 9) Баккхий нах цунна тIечевхира иза сецира, ша дийриг гIиллакхе дац аьлла жимчохь дуьйна воккханиг лара Iемина вара и. (П. П.)


    Упражнени 3. Предложенешна юкъара масех тIетухучуьнца йолу чолхе-карара предложенеш схьаязъе. Дийца, хIун тайпа пред- ложенеш ю уьш: масех тIетухучуьнца йолу чолхе-карара я ийна. ХIора тайпанах шишша предложени а харжий, схема хIоттае.


      1. Хьо лаьмнашкахь дуьххьара ву, ткъа Керима яздо, хьо хьекъал долуш а, Делах тешаш стаг а ву бохуш, ткъа суна хьоьга хьайггара хаа лаьа иза. 2) Марья Андреевна дика евзаш ву иза бо- хуш, хабар дара хезаш, цундела оцу зудчух тешаш, цуьнга Исмиле кехат яздар дийхира Гавриловс, лаьмнашка воьду ша аьлла. 3) Наха дуьйцура, цуьнан да лаьмнашкахь Iаламат лоруш стаг ву бохуш, цундела кхиберш санна ца лелош, шатайпа тидам беш лелавора иза цигахь, амма цхьаболучарна моьттура иза Шемалан воккхаха волу кIант Джамалда ву. (П. П.) 4) Хан-Махьмина хаьа хьуна, хIун дан деза а, хIун ала деза а, делахь а хьо а само а еш, дика хьожуш хилалахь. 5) Нагахь санна и ахча ахьа эцна-кх, эцна ала, мел эцна а ала, схьа маца лур ду а ала, хIунда аьлча вайна тIе юьхьIаьржо ян

    тарлуш ду. (Л. Т.) 6 Цхьацца хабарш дара нахалахь дуьйцуш, деши бIаьвна чохь дIадиллина бохуш, амма и муьлха бIов ю цхьанна а хууш ца хилла. 7) Иттех шо даьлча, цхьаболучара дуьйцура, цо лелийна харцонаш бахьанехь лаьцна иза бохуш, амма и билггала чувоьллина мичахь ву хууш цхьа а вацара. 8) ОхI, ма тера яцар-кх иза оцу дуьххьарлерчу Iуьйренах, хIунда аьлча и Iуьйре дарц до- лучу Iаьнан яра, ткъа хIара суьйре–хаза яьллачу бIаьстенан. (Ахм. М.) 9) Цуьнга хаам беара, кхана сарахь адам гулдеш ду аьлла: ке- ста харжамаш бара хила безаш. 10) Ша кху юьрта мосазза вогIу, Бас йисте хьажа вогIура иза, ткъа иштта бердаш кхидIа а такхаза дуй-те аьлла, ойла а хуьлура цуьнан коьртехь. 11) Гергарнаш со ца вахийта гIиртира, кхераме ду, масссанхьа герзаш ду детташ бохуш: со саннарш-кхузара боцурш, тIехьаьжна хьалдолуш хеташ берш– блокпосташкахь дIабовра. 12) Суна ца хаьара, кIанте хIун ала деза, цунна муха жоп дала деза, ткъа иза лахара хьала сан бIаьргаш чу хьоьжура. 13) Аса деха ма дийхира хьоьга, чуьра ара ма валалахь бохуш, ткъа ахьа ур-атталла неI тIе ца къевлина. 14) Оццу хенахь Нохчийчуьра хаам беара, уллерчу гергарчунна геригаш еттаелла, операци ян Москва валош ву аьлла, амма суна ца хаьара, соьга цунна хIун гIо далур ду. (Ибрагимов Канта.)
    Упражнени № 4. ТIетухучу предложенийн кепаш къовларш- кахь билгал а еш, дIаязъе предложенеш. Царах кхаа предложенина схемаш хIиттае.
    1) Нагахь кхачамбацар жима хуьлу-кх, ша-шена тIехь къахьег- ча ледарлонаш дIаяхалур ю, амма мало айхьа хьайх къахкайой, балха тIехь кхиамаш а хир бу хьан. 2) Цунна хаьара, шайна хилла лаьттачу бохамашна ша мел сагатдича а, кхиа хIума доций, делахь а, цаьрга ша эша а вайтина, кIелвиса а ца лаьара. 3) Ша гIала мосазза вогIу, соьга хоуьйтора цо, ша мел Iийр ву, хIунда аьлча цу хенахь массаьргахь а хало яра хIусамашца а, юучуьнца а, молучуьнца а.

    1. Оццу хенахь тхоьга хаам кхечира АхьамадгIаьргара, шаьш Гер- мане дIакхалха дагахь ду аьлла, амма тхо ца тешара цунах, хIунда аьлча тхо ца кхетара, ша вина, кхиъна мохк а битина, дIа муха гIур ву бохучух. 5) Го а бина тIом бечохь Бойсахарх бала пайда бацара, амма къонахий ир-кара хIитторхьама сацахьара аьлла,

    дийхира цуьнга Муртаз-Iелас (П. П.) 6) Алссам аренан зезагаш даха гIертара тхо: церан хьожа хаза хуьлу, ткъа иштта тхо тешна дара, къаьсттина мехкаршна уьш дукха деза аьлла. 7) ЦIентIехь оьшур ю аьлла, шена карийна тIелхиг схьаийцира цо, амма цунна ца хаьара, иза стенна оьшур ю а, ша уьш хIунда гулйо а. 8) Ма дийца, хIун дара Iамош, ткъа дийца, хIун девзина. 9) Суна ца хаьа, и цIа маца вогIур ву, амма цо хабар дитина, ша воцуш шуьга МахкатIе ма гIо аьлла. 10) Хьо тешар вац, аса мел бала лайна цуьнца, де- лахь а иштта галваьлла а вац Апти, нагахь вай цуьнца кIеда-мерза хуьлу-кх, нисвала а мега иза.
    Упражнени № 5. Муьлхха книга схьа а еллий, схьалаха цу тIехь чолхе-карара предложенеш шайх масех тIетухучуьнца я ийна предложенеш ян тарлурш. ДIаязъе хьалха хилларш а, шаьш царах кхоьллинарш а.
    Упражнени 6. Цхьалхечу предложенех чолхенаш а кхуллуш, схьаязъе. Церан дIахIоттам схемашца билгалбаккха.

    1   ...   65   66   67   68   69   70   71   72   ...   91


    написать администратору сайта