Главная страница
Навигация по странице:

  • Баьццара пхьидаш когаш кIел кхийсало;

  • Упражнени № 3. Оьшучу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Иза я важа сацаран хьаьрк хIотторан бахьана дийца. Билгалдаккха чолхечу предложенешкара цхьалхечу предложе- нийн маьIна.

  • Упражнени

  • Упражнени № 5. ДIаеша предложенеш. ТIера схьаязъе. Пред- ложенешкахь тIадамца запятой йилларан бахьана довзийта.

  • Упражнени № 6. Къастаде, муьлха сацаран хьаьрк хIотто деза предложенехь: запятой, тIадамца запятой, тире, шитIадам.

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница77 из 91
    1   ...   73   74   75   76   77   78   79   80   ...   91

    Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш





    Сацаран хьаьркаш

    МаьIна

    Масалш

    запятой, запятойца тIадам

    а) вовшашца чIогIа уьйр елахь, дукха яьржина а яцахь;

    б) вовшех кIезиг йо- зуш а, чIогIа яьржина а, кхачаман маьIна долуш а елахь.

    1. Юьрта юккъехула охьадогIу хьаьъна хи башха чехка ца догIура, цо шен шера букъ наггахь саттабора чхернашна тIекхаьчча. (С. Бадуев)




    1. ХIинцца схьакхеттачу малхо лепо долийначу кхеран кореху- ла, готтачу урамехула, наггахь тIехйолуш бугIанийн а, говран а ворданаш а гора; наггахь шиш- ша я кхоккха цхьаьна а кхетий, тIехбовлуш кегий а, баккхий а зударий а гора, Iуьйранна хитIа оьхуш. (С. Бадуев).

    шитIадам

    Бахьанин маьIнехь

    Стигалахь беттаса дацара: цу хенахь тIаьхьа бен гучу ца до- лура иза.

    тире

    а) хенан маьIнехь; б) дуьхьалара маьIнехь;
    в) бехкаман маьIнехь;
    г) тIаьхьалонан маьIнехь.

    1. Дарц хьийзочура сецира-тхо новкъа девлира.

    2. Тоххарехь бода боьллера – иза хIинца а книга йоьшуш Iара.

    3. ТIаьхьавуьсий хьо – тхуна тIаьхьакхиа хала хир ду хьуна.




    1. Чохь бурко яра – со аравели- ра.


    Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешна чу йогIучу пред- ложенешна юккъе запятой юьллу, нагахь санна оцу предложенеш- кара хиламаш дагардаран хьесапехь бовзуьйтуш белахь. ТIаккха цу предложенешна юккъе хуттург хIотто мега. Масала: 1) БIаьргаш

    чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.


    Ала деза, дагардаран хьесапехь хиламаш шайца болучу предложенешна юккъе запятойца тIадам а буьллу, нагахь санна предложени дукха яьржина елахь (къаьсттина предложенешна юк- къехь запятойш хилча), масала: Баьццара пхьидаш когаш кIел кхийсало; диттийн орамашна юккъехь, корта хьала а айъина, Iуьллу текхарг, уьш лар а еш.
    Упражнени 1. Лакхахь ялийначу таблице хьовса. ХIор саца- ран хьаьркаца догIу шайн масалш даладей, уьш цу чу дIаязде.
    Упражнени № 2. ТIера схьаязъе. Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешна чу йогIучу цхьалхечу предложенийн маьIна билгал- даккха. Сацаран хьаьркаш хIитторан бахьанаш довзийта.


      1. Де серладаьлла: лаьттахь ло Iуьллу, стигалара мархаш дIаяй, гучубели малх. 2) Тхо гу тIе хьаладевлча, тхан бIаьргашна хьалха исбаьхьа сурт хIоьттира: варша йистехь ши сай лаьттара.

    3) Олхазарийн эшарш яцара хезаш: тов йолучу хенахь эшарш ца лоькху цара. 4) Олхазарийн гIара а дIатийра: буьйса юьйлира.

    1. Йовхо лах ца лой хала хир ду асар дан. 6) Ор дукха готта дара – со дукха сиха хьалавала тохавелира. 7) БIаьсте ер ю тхо гербарий лахьо арадевр ду. 8) Сарралц бешахь асар деш яьллира со: хьокха биттича санна, дегI лозура. 9) Олхазарш схьадаьхки – хьун денъ- ели. 10) Дахкарлахь бу гIоттуш малх – де довха хир ду. 11) Нехча охьаюьйжира–цхьогало иза сихха дIакхаьллира. 12) Сарахь гIала шийлачу бодано дIалоцура; цхьанхьа а догуш дацара чиркхаш, кораш чохь серло а ца хаалора.


    Упражнени № 3. Оьшучу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Иза я важа сацаран хьаьрк хIотторан бахьана дийца. Билгалдаккха чолхечу предложенешкара цхьалхечу предложе- нийн маьIна.


      1. Дерриг а аьзнаш кIентийн стаммийнаш йоIарийн зевненаш кхиазхойн хIинцца гIаргIдола доьлларш тракторан гIовгIанца

    цхьаьна а оьй «шайтIанан озах» геннахь Iаннашкахула дека. 2) Ха- захийтира царна хIоранна дог ира-кара хIоьттира бIаьрг серлабаьлла самалхаделира. (А. М.) 3) Нохчийн кица ду нохчийчунна цкъа а ца лаьа кхин стаг шел толийла шел сий лакхадаьлла хуьлийла. (О. Х.)

    1. Цу кIотарна къилбехьа аьрцнаш тIехь сийна хьаннаш гора цунна гонаха кхиъний-кхиазий кегийра хьаннаш лаьттара. (Б. С.)

    2. ХIинца Зеламхин дагахь шен ненаца хила дезачу къамелан ойла яра хIун аьлла хIун дийцина там бийр бара-техьа цунна ца хууш. (М. М.) 6) Дала йиш йолуш кIентий дац вай хIинца а дикка къий- сам латто беза вайн вешан юкъарчу мостагIашна дуьхьал. (О.Ш.)

    7) И дешнаш шена хеззашехь Бештос буьйдачу дошо дагийча санна шен даг тIе куьг диллира цуьнан бага цхьаъ ала воллуш санна гIаьттиначохь йисира иза шершшина утармица охьавахара. (Бад. С.). 8) Диканиг схьаэцар кхетаме лоруш ву вочунах хердалар вай оьзда декхар ду. 9) Геннара евзира кIантана Селехьат хийла цо лардина йоI кхуза йогIу сахьт. (М. I.) 10) И кхеташ дара ненан маттана шиъ даьккхича деша вахар юкъахдисарна кхерам болуш дара гIуллакх. (Хам. I.-Хь.) 11) Аьхка мало Iай хало. (Кица.)

    12) Ламанца дохк дижира оццу минотехь Iаламан исбаьхьалла дIаяйра. 13) Новкъахь хьаглой хьо ас сайгара хи лур дац хьуна.

    14) Увайс жимчохь дуьйна а да-нана доцуш висинехь а гIийла ва- цара иза кху школан директор волучу шен вешица Керимца дика Iара. 15) Хьо лахь а, висахь а Даймахкана хьанал чекхвалар сан уггар а хьалхара весет ду хьоьга. 16) Цундела даьхнел а чIогIа ларъе хьайн цIе веллачул тIаьхьа юьсург иза ма ю. (М. С.) 17) Нохчий бу хIара Кавказ карзахйохурш уьш къарбой Кавказ къарлур ю.

    1. Цара йоккхачу къизаллица хьийшира шайна тIехь олалла латто- чу гIебартойн гIумкийн феодалашна дуьхьал нохчийн гIовттамаш и шайн къизаллаш оьрсийн правительствон цIарах лелайора оцу командираша. (Айд. А.)


    Упражнени 4. Лахарчу предложенех хуттургаш йоцу предло- женеш а еш, схьаязъе. Шайн предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторах лаций дийца. Бакъонца чIагIде шаьш олург.


      1. Сайн йоккхачу стагах а, вирах а теша со, хIунда аьлча хIор шарахь сайн урд цо дуьйр, чудерзор дуй а, виро и ялта цIа

    дохьур дуй а суна хаьа дела. 2) Адамашна чолхе доцу тарикъат дезара, цундела лорура Шемала и нийса. 3) Хьешана реза вара имам, хIунда аьлча иза къона а, хаза а хиларна, коьрта долучу декъана иза гIалгIа а, Шемална гIо вон дечу халкъан векал а хи- ларна. 4) Бурина къилбехьа йолучу Архин тогIера вара, иза а дара дагна тамехь, хIунда аьлча тIеман хьесап деш лерича, мехала а, тамашена а меттиг яра иза. 5) Ахтара лаьзги Мамед-Ивани къена, хIума хууш, говаьлла волу къонах вара, шен ден мотт дика хууш, цундела Iаламат пайдехь вара иза. 6) Нагахь тIехьашха имамана иза тIелатахь, хьалдIашхула тIелетар ду вай. 7) Нагахь ахьа иза ор чохь дукха валлавой, цунах бала пайда бац вайна. 8) Ламчохь ву со Iаш, цундела шучарна со имамана вохкавелла моьтту. 9) Хьаннаш евзаш вацара Аргутинский, цундела цигахь тIеман гIуллакхаш таро ма ю ца дан гIертара иза. 10) Аргутинский къамел деш массарна а белам хуьлура, хIунда аьлча цунна оьрсийн мотт вон хууш хиларна.

    1. ХIоьттина а, кIадвелла а вара Идрис, хIунда аьлча цо наб ен кхоалгIа буьйса яра. 12) Цунна девзара шен халкъ а, девзара шен гIуллакх а, цундела массарна а бала кхочушверг хила хьакъ вара иза. 13) Бойсахар схьалоцуш кхуо бакъонца дакъа а лаьцнера, цундела йийсархочуьнан къаьсттина терго еш вара иза. (П. П. ) 14) Бераш даккхий хилла, цундела церан деша деза.


    Упражнени № 5. ДIаеша предложенеш. ТIера схьаязъе. Пред- ложенешкахь тIадамца запятой йилларан бахьана довзийта.


      1. Делкъал тIаьхьа ялх сахьт даьлла хан яра; Iимран хьуь- жаре ваха кечлуш вара. 2) Бодано шен йийсаре лаьцна йолучу, бIаьлланган юькъачу коьллашна юккъехула дIа дара некъан тача; со халла дIагIертара хьалхахьа. 3) ЦIенойн пенаш лоха а, цхьац- цанхьа доьхна а дара; дукхахдолу тхевнаш, цецах санна, чекх са а гуш дара. 4) Цуьнан жимачу мера кIелхьара Iаьржа мекх къоламца диллича санна дара, цуьнан горгачу юьхьа тIерачу аьрру агIорчу бесни тIе хьаьжча, хьанна а шаьлта кхетта буйла хуур долуш пурх муо бара. (Бад. С.) 5) Тийна беш ю шовданаш лаьтта бухара хьаладуьйлучохь; дийнахь а, буса а зарзар ека цигахь; цигахь цIен зезагаш, хазаллех даккхийдеш, кхуьу. 6) Суьйренца гIала шелонан

    бодано дIалоцура; цхьанххьа догуш чиркхаш дацара, корашкахь гуш серло а ца хаалора. 7) Дагаро сахьийзадора сан; набарза бу- ьйса яккха езар юй а хаьара суна, дикачу стагаца къамеле вала кийча а вара со. 8) Церан дIасалелар а гIаддайна дара, хIумма а дан карахдолуш бацара уьш; гIан-набарха санна дара церан лелар, хIор минотехь а бохург санна дицлора царна шаьш стенга, хIунда дехи новкъа бохург. 9) Кхузахь цхьа кхерам хир бу бохург дагахь дацара царна; цу агIор, царна хетарехь, къаьсттина тешаме, чIогIа, бохалур боцуш бара тIулган пен. (К. А.)
    Упражнени № 6. Къастаде, муьлха сацаран хьаьрк хIотто деза предложенехь: запятой, тIадамца запятой, тире, шитIадам.


        1. Тов лах ца лахь некъ бан хала хир ду. 2) Суна хьалха масех мина иккхира цул тIаьхьа латта дегийра. 3) СхьавогIий хьо хьоьга хьоьжуш Iийр ву со. 4) Цхьаъ ду нохчийн вуо барт ца хуьлу церан цкъа а. 5) Суна цуьнан бIаьргаш муьлхачу басахь ду ца хаьара цо уьш схьа ца доьллура. 6) Зударий маьхьаршца шайн бахам кIелхьарабаккха гIертара бераш кхиссалора йогучу цIаре а хьоь- жуш. 7) Эццахь буьйсанан хьоза сингаттаме дека долало коьллаш- лахь пхьид тохало пхьагал кхоссало, боданечу коьллех кхералой.

    8) Куьйгаш гIорийнера салоьцура кийрано «харр» дора. 9) Iуьйранна сарралц шена юучунна гIайгIабеш ца хиллехь мацалла велла хир вара сан кIант. 10) Со ирс долуш стаг ву хIор дийнахь хьеший богIу тхоьга. 11) Дечиг суна ца оьшура аьхка оха пеш ца латайо. 12) Цхьаъ ду цуьнца вуо ахча дукха дезаш ву иза. 13) Юхадовлар дихкина дара тIехьа церан лорах тIегIертара буьйса.

    1. Кхуо неI тоьхча, жоп дацара хIусамда цIахь вацара. 15) Корта хьаьвзира дерриг дуьне тахка доладелира. 16) Юьртахь электоро- серло яра иза 60-чу шерашкахь ялийнера Гуьржехара.


    Упражнени № 7. Муьлхачу предложенийн дозанашкахь церан дакъошна юккъе кхин хьаьрк дилла мегар дара? Гайта, муьлхачун.


      1. Кхунна гонаха мел волучунна мидалш лора, кхунна хIумма а ца лора.

      2. Иза ламарочух тера вара: аьрзунан зIакарх тера мара, таьIначу басахь юьхь-марш, Iаьржа месаш.

      3. Кег-кегийра догIа серса стиглара чу Iуьйранна дуьйна: аравала дог ца догIу.

      4. Даьтта эца дезаш вара иза–нанас дехнера.

      5. ХIинца ахьа мохь беттахь а, ца беттахь а, мохь хьекхахь а, ца хьекхахь а– цхьанна а хезар дац.

      6. ХIумма а ца малало соьга – корта лозу.

      7. Хан-хIа, цо зуда ца ялийра: хьалха цунна шега доьзал кха- балур бац моьттура, ткъа хIинца тIаьхьа ду.

      8. Сан ладегIар эрна дара–дерриг а довра чкъургийн татанехь а, хар деш бийшиначийн гIаранехь.

      9. Царах цхьаъ хIара шегахьа верзо гIоьртира–цо иза шен кхиэлаца ор чу йоьллира.

      10. Маяк йогуш яцара: Iай иза оьшуш яцара.

      11. Кехат схьадаьккхина, юха а дийшира–дог тохаделира сан.

      12. Оцу жIаьлин амал цIеххьана хийцаелира: эсалчу, хьеста- лучу уьйригах дера акхаро хилира.



    1   ...   73   74   75   76   77   78   79   80   ...   91


    написать администратору сайта