Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Йозанца къасторКхераме (къастам) ойла (подл.) кхоллаелира (сказ.) сан хьекъалехь (мет. лат.) талорхоша (подл.) иза (н. кхач.) ядийна моьт- тура (сказ.) суна (л. кхач.). Упражнени. ДIаеша предложенеш. Пунктуационни къастае хут- тургаш йоцу чолхе предложенеш: шиъ-барта, шиъ-йозанехь. Важа предложенеш шайн дIахIоттамца муьлха предложенеш ю къастаде. Цу предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторах лаций дийца. 1) Яздан хааран говзаллийн къайле – шен произведенин хьал- хара ешархо хила хаар ду. 2) Дийца хааран лаккхара говзалла – вист ца хуьлуш Iер ду. 3) Къаьсташ яздан хаар – гIиллакхе хиларан хьалхара бакъо ю. 4) Ломахь тхойшиъ некъах тилла – хIусмах дог аса диллина. (С. А.) 5) Амма цунна хьалха ши некъ хIоьттира: кхиболу нохчийн хьолахой санна, паччахьна гIуллакх деш, шен декъаза халкъ хьийзор, я халкъехьа ваьлла, цуьнца цхьаьна къаь- хьа кад мийлар. (А. А.) 6) ХIинца, хьо дерриг дийцина ваьллехь, бIозза остопируллахI ала ахьа: ахьа доккха къа латий хьайна. ТIаьхьа веъначу хьешан юьхь-сибат къаста ца лора: буьйса дукха Iаьржа яра. 8) Бежехь а, хьалхачул, дуккха а атта дара хIинца; буц а дикка лакхаяьллера, хьуьно баьццара духар тоххара тIедуьйхинера. Iабдулла, Элмарза, чехкка тIаьхьа а гIой, юхаверзаве иза: вочу хIуманан сахьт дац. 10) Амма кхин цхьаъ ду вай дицдан йиш йо- цуш; и шиъ юх-юххе а хIоьттина вогIуш ца хилча, вайн дечигашна тIедовлар эрна хир ду. 11) Атта дацара КъакъашгIарна а, Куьйрина а и нах шайна тIаьхьа хIотто: царах хIоранна а пхиппа туьма дала дийзира церан. (Юн. М.) КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ АХуттургаш йоцучу чолхечу предложенешна юкъа йоьлхучу цхьалхечу предложенийн коьрта уьйран гIирс муьлхарниг бу? ХIун маьIна хила тарло хуттургаш йоцучу чолхечу пред- ложенина чу йогIучу цхьалхечу предложенийн? ХIун тайпа хьаьркаш дохку оцу чолхечу предложенешна чу йогIучу цхьалхечу предложенешна юккъе? Маца дуьллу оцу хьаьркех хIор а? Масалш даладе царна хIоранна а. Упражнени № 1. ТIедиллар: тIе ца тоьаш сацаран хьаьркаш долу хуттургаш йоцу чолхе предложенеш кIел сиз хьакхарца билгалъе: запятой. 2) шитIадам. 3) тире. 4) тIадамца запятой. Кхин дIа ца вижа сацам бира хьала-охьа а наб кхетар яцара. ХIовраъ цхьана минотехь ша хиъна Iийра, ойлане коре а хьоь- жуш, юха шен йиша йолучу араелира йистхила дог дара. 3) Латта, айлуш, меттахъхьайра хьалхара бомба юххехь иккхира, рагIу до- лучу меттехь. 4) Юха кеманаш, Iалашо а лаьцна, гонаш туьйсуш, хьийза доладелира мотораш массо а агIор екаш хезара, хьалает- тачу яккхийчу тоьпийн, пулеметийн гIара а йойъуш. 5) Юьртден аьрру бесни егийра цо корта хьала а айъина шен чолакх куьг голах хьаькхира. 6) Сурсаташ дазлуш дара гIалахоша ара ца дохура, юьртахой кхуза бахка ца баьхьара. 7) Стиглахь парашют гира суна цхьана минотана Сахуьлу Седа дIакъевлира цо, Iаьржачу хьуьнан пена тIехула лепаш болу. 8) УьйтIахь ена гонаха хьийзаш масех стаг вара юург яра кечъеш. 9) ЦIа керла дара, амма дина даланза, ур-атталла ков а доцуш хьайна луъург чувола. 10) Къеначу попан гаьннаш дукха луьста дацара дехачу бIешарахь цкъа кегдина ца Iара уьш мехаша а, стелахаьштигаша а. 11) Шийла яра май беттан буьйсанаш хIинца а мела яц. Упражнени № 2. Хуттургаш йоцучу предложенех пайда эца а хьожуш, чекхъяха предложенеш. Кеп:Сих ма ло, къамелехь сихо дика яц: массо а ца кхета сиха дечу къамелах. Дика къамел дуккха а болучу лехамашна жоп луш хила деза --------. Хьалдолучу меттан хьолах пайда эца -------. 3. Дукха ма дийца ------. 4. Къамел дан деза, кехат тIера деша а ца доьшуш -----. 5. Совнаха дешнаш ма даладе къамела юкъа – 6) Дукха сиха а ма дийца, текхош къамел а ма де------ 7. Хезаш, къаьсташ, васт хIоттош дийца-------. Дукха терахьаш а, цIерш а ма ялае-------. 8) ТIамарш лестор а товш ца хуьлу ------. Упражнени № 3. Ша-шена диктант. Дагахь Iамае цхьа-ши байт А. Сулеймановн «Ламанан хьостанаш» стихотворени тIера. Иштта могIанаш ду цу тIехь: Цу шаьлтанан диттал чIогIа Ира хуьлда маргIал мотт! Цунах вай дош ала догIу: Мотт ца луьйчохь вай хIун до? Стихотворенехь вайн халкъан кицанех пайда оьцуш яздина могIанаш ду. И могIанаш ша-шена диктант санна дIаязде. |