Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени

  • Хуттургаш

  • Упражнени № 5. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе.

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница76 из 91
    1   ...   72   73   74   75   76   77   78   79   ...   91

    Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.



    Цхьалхе предложенеш вовшахтосу гIирсаш цахиларо цхьац- ца халонаш кхуллу церан юкъаметтигашкахь. Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешна чу йоьлхучу цхьалхечу предложенийн маьIнашка хьаьжжина, билгалйо церан юкъаметтигаш.




    Хуттургаш йоцу чолхе предложени

    Хьаьркаш

    Царна чу йоьлхучу предложенийн маьIнаш


    1.

    Зануна хиира и куз шен денанас эцний.


    дац

    Нийсачу кхачаман маьIна: Зануна хиира (хIун?) и куз шен денанас эцний.

    2.

    ДогIа соцур ду – тхо новкъадевр ду.

    тире

    Хенан маьIна: (маца? ДогIа сецча, тхо новкъа девр ду.


    3.

    Тоххарехь чохь Iаржъеллера – иза хIинца а бодашкахь Iаш яра.


    тире

    Дуьхьалара маьIна: Тоххарехь чохь Iаржъеллера, амма иза хIинца а бодашкахь Iаш яра.


    4.

    Вижина вуьсий хьо– чIерий хир дац хьуна.


    тире

    Бехкаман маьIна: Нагахь санна хьо вижина вуьсу-кх, чIерий хир дац хьуна.



    5.


    Арахь догIа догIура – аса четар схьаийцира.



    тире

    Бахьанин а, тIаьхьалонан а маьIна: Арахь догIа догIура, цундела аса четар схьаийцира. Арахь догIа догIуш хиларна, аса четар схьаийцира.

    6.

    Шед туьйхира – говр чаболахь дIаиккхира.

    тире

    Даран, хиларан сихха хуьлу хийцар.


    7.


    Аса коьрта куй тиллира: арахь шийла яра.


    шитIадам

    ТIаьхьалонан а, бахьанин а маьIна: Аса коьрта куй

    тиллира, хIунда аьлча арахь

    шийла яра.



    8.


    Говраш юьйлаелира, горгали бека болабели- ра, салаз дIахахкаелира.



    запятой


    Цхьа хилам вукхунна тIаьхьа хилар.


    9.


    Даьржиначу петIаматна тIехула хьийзара къорза полларчий; накхармозий тIома лелара зезагашна тIехула, дургал а оьцуш.


    запятойца тIадам



    Чолхечу предложенин цхьа дакъа я ший а дакъа запятойш- ца хилар.


    Барта уьш интонацица билгалйо, ткъа йозанехь тайп-тайпанчу сацаран хьаьркашца (запятой, шитIадам, тIадамца запятой, тире, маьIнашка хьаьжжина).
    Упражнени 1. ТIера схьаязъе цкъа хьалха цхьанатайпанарчу меженашца йолу цхьалхе предложенеш, юха хуттургаш йоцу чолхе предложенеш. Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешна чу йогIучу цхьалхечу предложенийн маьIна билгалдаккха. Сацаран хьаьркаш хIитторан бахьанаш довзийта.


    1. Селитин а сакъералора тахана: де хаза дара. 2) Дола де хьайн йижарийн: царна нехан алар далахь, эхь уггар хьалха хьу- на кхочу. (М. С.) 3) Массо меттехь суьйнаш, кIегий, буц йижина, буххелц яьгна. 4) Аса корта хьалаайбира: цIера хьалха, гоьрга тIехь, хиъна Iара хьархо, таллархочуьнца къамел а деш. 5) Вагон чу вели- ра иза, неIарш дIакъовлаелира, аьчкан некъа тIехь чкъургаш керча йолаелира. 6) Iаж дага а беана, кисанара схьа а баьккхина, бацала хьокхуш цIанбира аса. 7) Ирс долуш хила лаьий хьуна–ницкъ ма кхоабе. 8) Доклад дика хийтира суна: цу тIехь вайн халкъан яздархойн исбаьхьчу произведенех лаьцна дуьйцура. 9) Ламанан хиш дистинера, тIайшна тIе девллера. 10) Мелачу махо коьртара месаш ловзайора, хIордкеманийн басаевлла байракхаш лестайора.


    Упражнени 2. Масалш тIедуза, царах хIара тайпа предложе- неш хуьллучу кепара: 1) цхьанатайпаначу меженашца йолу цхьалхе предложенеш; 2) хуттургаш йоцу чолхе предложени, шен дакъошна юккъе запятой йилла езарг; 3) хуттургаш йоцу чолхе предложени, шен дакъошна юккъе тIадамца запятой йилла езарг.
    Кеп:1) Юьртан шуьйра урам цIенойн могIарша хьалабуьзна.- Юьртан шуьйра урам цIенойн могIарша хьала а буьзна, хи тIе кхаччалц дIа а боьду.

    1. Юьртан шуьйра урам цIенойн могIарша хьалабуьзна, уьш хаза го хинан лекхачу берда тIера.

    2. Юьртан шуьйра урам цIенойн могIарша хьалабуьзна; уьш хаза го хинан лекхачу берда тIера, таьллийн, декхнийн, декнийн соьналлина тIехьа лечкъаш болучу.




    1. Юьрта тIехьара хьаладолура Басс.

    2. ЦIа дина дукхашерийн диттех.

    3. Юьртана гонаха шера аренаш яра.

    4. Шен кегийчу корашца шуьйрачу тхевна кIелхьара эсала схьахьоьжура цIа.


    Упражнени 3. ДIаеша. Бахьанин маьIна шайца долу хуттур- гаш йоцу предложенеш схьалаха. Муьлха сацаран хьаьрк хIоттийна оцу предложенешкахь? ХIун цIе тиллина текстехь оцу хьаьркана? ХIунда?
    Оцу дагалецамечу деношкахь класс сацаран хьаьркашца болх беш яра. Тхан хьехархо цхьа башха, тамашена ю: цо таллархочо санна, чекхдохура тхо тIадамашна а, запятойшна а юккъехула.

    Некъахьовзам ца хуьлуш шитIадамна тIе кхечира тхо.

    • Бераш, хаьаий шуна шитIадам бохург хIун ду?

    Тхо дист ца хуьлуш Iара. Тхуна мичара хуур дара иза?

    • ШитIадам–иза схьаделладелла кор ду… Масала, аса кор схьа- дилли. ХIун ги суна? Корах ара дIахьовсал! Суна хьех, талл, акаци ги. ШинатIадаман кор схьадоьллур ду вай: новкъахула дIасалелаш адамаш, машенаш, ворданаш го.

    Тхо кхийтира. ШинатIадаман кораш дIасаделла дуьйладелира тхо тхайн ма-хуьллу. Массарна а хууш ду кораш бIаьста, арахь йохъелча бен, доьллуш цахилар. ДIасаделладели шинатIадаман кораш: дека дуьйладелира къилбанан мехаш, лаьмнаш тIера хиш охьадуьйладелира. Арахь йохъелира.

    Суна дезаделира и сацаран хьаьрк. ХIетахь дуьйна хазахетарца а, дикане сатийсарца а дIасадоьллу аса и исбаьхьа хьаьрк.
    Упражнени № 4. ДIаеша хуттургаш йоцу чолхе предложенеш. Дийца, хIун маьIна ду царна чу йогIучу цхьалхечу предложенешна юккъехь. Сацаран хьаьркаш хIитторан бахьана довзийта.
    1) Тавсолтас ша дан дагалаьцна дов цу сохьта ца дора: массо а хIуманна шен меттиг хоржура цо. 2) Йиллина ладоьгIуш, юлаелла хила дезара цуьнан: данза диснарг сиха гора Тавсолтина. 3) Нур- седа гирз даьлча санна, шен гIанта тIехь дIасахьера: иза кхоьрура, хIинца, ша а йолучохь, Анна Львовнас и гIуллакх дийца долийча, шен айкхъялар а гучудаларна. 4) Ког сихбинна вогIура Тавсолта:

    малх дIабузале юха хьуьнхара аравала кхиан везара. 5) Хьайна оь- шург дика Iалашде, хIуманна тIехь сутара ма хила: кIезиг эшнарг хьолахойл а тоьлла. 6) Юххерчарна хьайн хIума ма кхоае: нахана делларг юха карийна, шена дитинарг дайна. 7) Кегийча сакхташна тIехула доттагIчуьнца эгIа кийча ма хила: айп данне а доцу доттагI лехнарг, ванне а и воцуш висина. 8) Анна Львовна сакхъелира: цун- на хаьара вайнехан Iедалехь нехан мехкаршка Iодика еш куьг далар я мараэккхар ца догIийла. Бакъду, хIара ша-тайпа меттиг яра: нах луьрачу тIаме дIабоьлхуш бара. 9) ХIинца тIебаьхкиначу НКВД-н керлачу хьаькамаша гIурбанна шайна эшначохь ТойсумгIар а башха кхоа ца бора: уьш кхин а шортта бара. 10) Иза цу замане хьаьжча, башха къаьхьа кхаъ бацара: и-м бехк банне боцучарна а тухура хIетахь «кхаамо». 11) Ша йисча-м хоьций йоьлхура иза: даго, цо и мел тIе ца дитахь а, вониг алсам хьоьхура. (Сул. М.)
    Упражнени № 5. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Дийца, хIун гойту хуттургаш йоцучу чолхечу предложени чу йогIучу цхьалхечу предложенех шолгIачо.
    1) Амма цхьа хIума дара цунна тIехь къаьсттина иза дара шуьйра схьабиллина болу, леррина хьоьжуш а болу цуьнан ши бIаьрг хилар. (Т. Л.) 2) Оцу буса ГIубашан ваша ЦIута Орга аренга долучохь йиллиначу Чехкар-гIопан комендантана караваха велира шен гергарчу нахаца зударий цIахь буьтуш царна бохам бер бацара. 3) Къайлаха хIоттийна кхин цхьа буьйр а дара ГIунибан гарнизонера герз дIа а даьккхина мурдаш тIеман трибуналан суьде бала. (Э. И.) 4) Синтеме а, самукъане а дацара иза хьалха санна шийла делахь а яцара газ электросерло хало хьоьхура юучуьнца-молучуьнца. (К. I.) 5) Долучун- на даре дан деза къонахалла йолуш а, оьзда а къам ду нохчий. (Г. I.)

    6) Акха хилар я дуьне цадезар дацара иза сулхой бала кийча бара лолла тIелоцучул. 7) Инзаре сурт хIутту наг-наггахь Iилманчашна хьалха Малх карзахбуьйлу Iетто болало, дийнна цIеран Iаламат хьала а тухуш. (Д. I.) 8) Оцу совгIатех бIаьрг кхетча, хаъал дог Iаьвжира Хьаван ша еса ярна йоккхачу стагах эхь хетара цунна.

    1. Хьава дика кхетара Къахьарма цаваран бахьанах къечу, мискачу нахана вуо-дика хилча, дукха дегаза хьаьвза Iеламнах, хьалдолу-

    чу нахана маза тIе зингатий санна, массо а маьIIера гулло уьш.

    1. Тезета гулделла адамаш чIогIа йишйоьхна дара марчонна киса ца карадора царна. (Юн. М.)



    1   ...   72   73   74   75   76   77   78   79   ...   91


    написать администратору сайта