Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къасторКъасторан кеп Аларан Iалашонца йоьзна предложенин кеп. Чолхечу предложенин хIоттамера цхьалхе предложенеш, церан грамматически баххаш. Чолхечу предложенехь цхьалхе предложенеш вовшахта- саран уьйран гIирсаш. Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенийн дакъойн вовшашца йолу маьIнин юкъаметтигаш; интонацин башхаллаш. VI. VII. Чолхечу предложенера цхьалхе предложенеш къа- стор. Синтаксически къасторан кепЛаьмнашкахь дарц цIеххьана дIатийра – тхо юха а бIаьвнаш йолучухьа дIадуьйладелира. Барта къасторАйдаран йоцу, дийцаран предложени ю. Шина цхьалхечу пред- ложених лаьтта и. Хьалхарчу предложенин грамматически бух – дарц дIатийра, шолгIачун – тхо дIадуьйладелира. Цхьалхечу пред- ложенешна юккъехь хуттургаш йоцу уьйр ю; уьйран гIирс–инто- наци. Чолхечу предложени юкъа йогIучу цхьалхечу предложенийн вовшашца йолу юкъаметтиг хенан маьIнехь ю. Цхьанаэшшарехь еша еза предложени, юккъехь соцунгIа а еш. Йозанца къасторЛаьмнашкахь (мет. латтам) дарц (подл.) цIеххьана (хен. латтам) дIатийра (сказ.) – тхо (подл.) юха (хен. лат.) а бIаьвнаш йолучухьа (мет. лат.) дIадуьйладелира(сказ.). Айдаран йоцу, дийцаран предложени ю, чолхе, хуттургаш йоцу. Упражнени. Синтаксически талла хуттургаш йоцу предложе- неш. Оцу хенахь вайнехан муьлххачу а юьртахь жахар бааза стаг каро атта-м хир дацара: мискачу нехан Iа дIадолучу хенахь коьрта кхача бу иза. (Юнусов М.) Сту бели – жижиг, ворда юьйхи – дечиг. (Кица.) ХIинца хьо тхох къастахь – хьо ямартхо ву. ХIеттахь стиглахь кхо седа къегира: тхоьга тIелата боху буьйр дара иза. (Ам. В-Хь.) Воккхавера Мовсар, башха Iалам дара гонаха бIаьрго схьа ма-лоццу. Сан болх кхечу кепара бара: со нохчийн мотт толлуш вара. Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кепЕрзоран хьаьркаш. Хуттургаш йоцучу предложени чу йогIу цхьалхе предло- женеш вовшех къасторан хьаьркаш. Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенехь тIетуху пред- ложенеш билгалъяхаран хьаьркаш. Цхьалхечу предложенехь къасторан а, билгалъяхаран а хьаьркаш. Пунктуационни къасторан кепКхераме ойла кхоллаелира сан хьекъалехь: талорхоша иза ядийна моьттура суна. Предложенин чаккхенга дерзоран хьаьрк диллина–тIадам, хIунда аьлча иза айдаран йоцу, дийцаран предложени йолу дела. Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенийн дакъошна юккъе къа- сторан хьаьрк–шитIадам биллина, хIунда аьлча шолгIачу декъо схьабосту хьалхарчу декъан чулацам. |