Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени № 1. ХIокху хаттарийн гIоьнца тIетухучу предло- женийн тайпанийн таблица хIоттае

  • Упражнени № 2. Лахахь ялийна предложенеш кхаа тобане екъа

  • Упражнени № 3. Оьшуш долу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера

  • № 4. ТIера схьаязъе чолхе-цхьаьнакхетта а, чолхе- карара а предложенеш. Церан тайпанаш къастаде. Оцу предложе- нешкахь цхьалхе предложенеш вовшах йозаран гIирсаш бовзийта, сацаран

  • Упражнени № 5. ДIакъастае коьртачух тIетуху предложенеш, хIитто еззачу запятойш а хIиттош.

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница74 из 91
    1   ...   70   71   72   73   74   75   76   77   ...   91

    IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР



    Талламан хаттарш


        1. Чолхе-цхьаьнакхетта а, чолхе-карара а предложенеш вовшех муха къаьста?

        2. Муьлхачу синтаксически гIирсашца цхьаьнакхета чолхе- цхьаьнакхеттачу предложенешна юкъайогIу цхьалхенаш?

        3. Маса тайпана хуьлу чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенеш- кахь йолу цхьаьнакхетаран хуттургаш?

        4. Чолхе-карарчу предложенешкахь тIетуху предложенеш коьртачарах дIахIуттуш хIун тайпа синтаксически гIирсаш хуьлу?

        5. Коьрта хIун ши билгало ю тIетухучу предложенин?

        6. Чолхе-карарчу предложенехь муьлха меттиг дIалоцуш хуьлу тIетухург? Муха къастайо иза коьртачух?

        7. Дийца тIетухучу предложенийн тайпанех лаций, даладе масалш


    Упражнени № 1. ХIокху хаттарийн гIоьнца тIетухучу предло- женийн тайпанийн таблица хIоттае:


    1. ТIетухучу предложенин тайпанан цIе.

    2. Муьлхачу хаттарна жоп ло?

    3. Муьлхачу хуттургашца, хуттургийн дешнашца коьртачух дIахоттало?

    4. Коьртачу предложени чохь долу дош кхетадо я ерриг пред- ложени?

    5. Коьртачу предложенина муьлхачу меттехь лаьтта?

    6. Предложенин юкъара схема.

    7. Масал.




    ТIет. пред. тайпа


    хаттар

    хутт., хуттур- ган дешн.

    дош кхетадо я ерриг предлож.

    дIалоцу меттиг


    Схема


    масал


    Упражнени № 2. Лахахь ялийна предложенеш кхаа тобане екъа:

    1. кхачаман тIетуху предложенеш;

    2. къастаман тIетуху предложенеш;

    3. латтамийн тIетуху предложенеш.


    1) Цхьа хабарш ма ду, кIант, схьахезаш, хьуний, хойбахошний юккъе мостагIалла доьлла бохуш. (Н. С-Хь.). 2) Я берашна стенна оьшу и барзакъаш, уьш стенга гIур бара, бохуш Iийна иза. (А. А.).

    1. Дишнийн эла веана аьлла, сарахь хIара волучу чубаьхкира Шуьйта-гIалин совдегарш а, хьоладай а. (О. Ш.). 4) Иштта, хьекъал бахьана долуш, хьекъал ирсал а тоьлла, ахархо Таркхойн Шовхалан бахам тIехь хазачу ойланца ваха хиъна. (Н. Ф). 5) Ца хаьара хьу- на, цу сан доьзалшна цкъа со тIекхача маьрша дитахьара, бохуш, хIинццалц доьлхуш аса хьуна ялхийначу сан гIайгIанах хьайн коьртера бала бешнийла. (Бад. С.). 6) Тхешан да дагавагIац суна, нана кхелхина хан билгалъян а хаац, хIунда аьлча, сан даго и кхал- хар цкъа а тIе ца эцна дела. (Мам. М.). 7) ТIаккха дагатесира суна, дера веза вайшиъ а иштта Iама, аьлла. 8) Пенаш лергаш долуш а, дечигаш мотт хууш а ю бохуш, кица ду вайн нохчийн. (М. Н.) 9) Су- ьйранна уьш пхьор диъна бевллачул тIаьхьа, Лазис шина кIантана маьнганаш тIехь меттанаш тодира. (М. I.). 10) Ахьа кхоьллиначу хIуманах, Хьо цхьаъ воцург, тхо кхоьруш хIума а дацара-кх, Веза- хинверг, делахь а Хьуна гIуллакх а деш, цIахь хуьлийла лаьар-кх

    Хьан гIийлачу лешна. (Мам. I.). 11) Дийцина ца валлал, дукха а, чолхе а гIенаш гуш сахуьлуьнга велира иза. 12) Лоха-Беташ мича вахана хIунда ца хаьа бохуш, юьртда а чехийна, дIабахана уьш.

      1. Вай хIинца хIун дича бакъахьа ду техьа аьлла, хьох дагаяла еана со. (Х. I.) 14) Делахь а, нохчий лата а, бала а Iемина бу бохуш цIе яхана хиларна, дуккха а цхьаьна тоьхна бIо ца хилча, гIалара эскар арадаккха ца хIуттура уьш. (О.Х.) 15) Мерз бихкича санна, лацало мотт хьовха, дегIан массо меже, дашал базло ког, тузлакх булу корта. (Мус. М.).


    Упражнени № 3. Оьшуш долу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Хуттургашна а, хуттурган дешнашна а кIел сиз хьак- ха. Дийца, муьлхачу меженах йозуш ю тIетуху предложени, хIора тIетухучу предложенин тайпа къастаде, хаттар а хIоттош.


        1. Аьхке яра эвлашкахь адам кIезиг ду моьттур долуш.

        2. Машаре боцучу ламанхошца гуттар а зIе йолуш волучу Темир- хан-Шурерчу совдегаро Асадуллаев Керима Ведана Шемале кехат дахьийтира оьрсий лаьмнашна тIелата кечлуш бу аьлла. 3) Нагахь хи тоьхча тIулган терзанан йозалла тIекхета-кх и тIулг тIуналло талхор бу нагахь тIулго йовхо ца лов-кх цо малх а ловр бац. (П. Павл). 4) Бос сирла цIена мел бу тIулг дукха беха цуьнца пхенаш кIезиг мел хили бохаза дийна хуьлу. 5) Амма и шиъ дIаяха ца хIуттура хIун хаьа цхьа дагахь доццург хуьлий а бохуш. 6) Берех иза массарал а жима хиларе терра къаьсттина дукхавезара Ханпаша ГIизаруна. 7) ГIизару ша а яра цаьрга яха сатесна таханий-кханий бохуш Iара иза ка ца йолуш. 8) Говр цкъачунна АжугIаьргахь йи- тира цара Iабдул-Маликана цо елла бекъа йоккха хиллалц аьлла.

    9) Юха а цо и Iовдал бегаш бале аьлла косказаш тIехь вада гIоьртира Ханпаша. 10) Ханпашас аьллачух тешар бахьана долуш ша нийса лоруш лаьттачу задачи тIехь воьхнера и кIант. 11) ТIаккха цо хIун до хьажа шен ког жимма меттахъхьабира Ханпашас. 12) Цхьа- долу аматаш Ханпашичарех тера а хеташ тIаккха а иза-м мичара хир вара и бохуш лаьттара Салман иза ца вевзаш. 13) Гонаха я вогIуш – воьдуш стаг а вацара цундела шегара бIегIаг говрана тIе а йиллина гIаш дIаволавелира иза говр тIаьхьа а хIоттийна.

    1. Ахь схьа ца вийцича а хаьа суна и къаьхьа стим вайшинна юкъа

    туьйсург мила ву. 15) Ой хIара хIун ду? Воьхна хьаьвзира Арсен ша цунна хIун дийр ду а ца хууш. 16) Аттаниг атта ду аьлла шен хьешан говр лачкъийначо санна суна тешнабехк бан-м ца гIерта хьо. (Мат. В.) 17) Хьехархочо кечам мел бойту шена ингалс мотт караберзо гIертара йоI.
    Упражнени № 4. ТIера схьаязъе чолхе-цхьаьнакхетта а, чолхе- карара а предложенеш. Церан тайпанаш къастаде. Оцу предложе- нешкахь цхьалхе предложенеш вовшах йозаран гIирсаш бовзийта, сацаран хьаьркаш хIитторан бахьана дийца. Чолхе-карара а, чолхе- цхьаьнакхетта а шишша предложени синтаксически талла.
    ДагадогIий хьуна, Макка, хьаьжцIа боьлхучу нахана гу тIера, охьахууш, чухехкалуш стаг гина боху хьадис? Хьо хIун деш ву аьлла хаьттина цара. Далла Iамал еш ву аьлла оцу стага, юха а чу- хахкавала гу тIе хьала а волуш. ДIавала, иштта ца йо Iамал аьлла, хьаьжцIа боьлху нах хIорда кеманна тIе хевшина, дIабуьйлабелла. ТIаккха и стаг хи тIехула тIаьхьаваьлла царна, алахьара аш, Iамал муха йо бохуш. ХьаьжцIа боьлхучу наха, хи тIехула веаначу цунах дукха цец а бевлла, нийса ю хьан Iамал, нийса ю аьлла. Вай юьй- цург Iамал яц, цIеналла ю. Хинан ницкъ кхочу хIуъа цIанъян, амма боьхучу хинан и доьналла кхачахь тамаша бу-кх. Хиш – лаьттан цIий. ХIордан зорхе кхаьчча, иза талхорна кхерам а бу. Хиш бехдаро адам а осалдоккху, уьш цомгаш хилча адамаш а хуьлу цомгаш. Ша дуьйцург эрна дуй хаьара цунна, делахь а ойла долучунна тIера а ца яьлла, дийцира цо иза.

    ТIодас дуьйцург динаца ца дагIахь а, хIетте а цуьнца къийса ца лаьара Шемална.

    Хьо вохаран бахьанаш дукха ду, Шемал. Хезна суна, бахьа- наш доцуш хIумма а хир дац аьлла. Нахалахь дуьйцуш хабарш ду ахьа халкъ хIаллакдина, гIелдина, дагийна, талийна, мацдина, эцна, доьхкина, барт бохийна бохуш. Хьайна тIемалой мосазза ийши, Нохчийчу вогIура хьо. Хьо нахах хедира, хIунда аьлча массо а хIуман тIехь нийсо лелош чекхвала хьуна ца хиъна дела.

    ТIода дохковелира ша иштта кега-мерсачу хIуманашна тIеваларна; цара коьртаниг дицдора, цIеначух кIезиг бен ца хьак- хало боьханиг.

    ТIода волучу а вале, дуккха хилла ойланаш-хеттарш и волу- чу веача а, цIеххьана коьрта чуьра дIадевллера имаман. Некъахь уьш дерриш цIеххьана дагадаьхкина, боккха дагахьбаллам хилира цунна. Амма цхьаъ дагадеъча санна, сецира иза, тIаккха юха а муха воьрзур ву аьлла, дIавахара. (Эльс.И.)
    Упражнени № 5. ДIакъастае коьртачух тIетуху предложенеш, хIитто еззачу запятойш а хIиттош.


      1. Цу берзалойн сингаттаме угIар мосазза хези а новкъа дара Зеламхина церан угIар. 2) Цу сохьта омра дира цо харачойн обарган доьзал лаций сихонца набахте балабе аьлла. (Мам. М.) 3) Иза хIун нур ду хьажаза Iийр вац ша аьлла, Ож-Болат дашо-дато, башха хаза гIала йолучу агIор дIавахана. 4) Адамаш кхоьруш хилла Ож- Болат воккха хилча, цо шайна ницкъаш бийр бу бохуш. 5) ТIера гаьннаш дIа а дохуш, пепнаш кечдина Ож-Болата лата дезаш хи- лахь детта дика хир ду-кх хIорш аьлла. 6) Ша цига кхачанза Iийр вац аьлла ваха кечвелла наьрт-аьрстхо. 7) Наьрт-аьрстхой бахна агIо йийцахьара ахьа аьлла болатхочуьнга дехна кIанта. 8) Цунна ца хаьра хьер хIунда сецна а хьеран беранах тасаелларг хIун ю а.

    1. ДIакхаьчча дуьйцур ду вай, тIаккха хуур ду хьуна, хIара кхуза хIунда веъна. 10) Хьо хIунда хьевелла бохуш, хьуна сагатдеш Iаш яра со. (Н. Ф.) 11) Дийцахьа суна хIунда ду кху буса хIуо иштта мела а тийна а дог карзахдохуш.


    Упражнени № 6.

      1. 1   ...   70   71   72   73   74   75   76   77   ...   91


    написать администратору сайта