Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Къасторан кепШоIипа маре цаяхна шен шичин йоI йоллийтинера ор чу, шен цIийнна тIера дIадолийча и низам дIагIур ду аьлла. (Эльсанов И.) Барта къасторХIара айдаран йоцу, дийцаран предложени ю. Шина пред- ложених лаьтта, хIара грамматически баххаш долучу: ШоIипа йоллийтинера а, низам дIагIур ду. Предложени чолхе ю. Цхьалхечу предложенешна юккъе уьйр теснарг карара хуттург ю. Цундела чолхе-карара предложени ю иза. Коьрта предложени ШоIипа маре цаяхна шен шичин йоI йоллийтинера ор чу, ткъа тIетуху предложе- ни шен цIийнна тIера дIадолийча и низам дIагIур ду аьлла. ТIетуху предложени коьртачу предложенина тIехьа лаьтташ ю, цо коьртачу предложени чохь дуьйцучун бахьана гойту, цу тIера хаттар хIотто а мегар ду – хIунда? Коьртачу а, тIетухучу а предложенешна юккъехь йолу маьIнин, бахьанин юкъаметтигаш билгалйовлу аьлла бохучу карарчу хут- турган гIоьнца. Шен маьIница а, дIахIоттаман башхаллица а хIара бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе-карара предложени ю. Йозанца къастор
хIунда? Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложениУпражнени. ДIаеша текст. Билгалъе цуьнан коьрта ойла. Чолхе- карара предложенеш тIера схьаязъе, синтаксически къастае уьш. Кху дуьнен тIехь мел дийриг матто дакъа лоцуш а, цуьнца а кхочушдеш ду. Цуьнгара накъосталла доцуш вайх цхьа а йиш йо- луш вац кхечаьрца цхьаьна къахьега, аьтто болуш вац цхьа гIулч а Iилма, техника, искусство, дахар хьалхататта. Массанхьа а дуьйцуш ду, мотт адамийн уьйран а, вовшашца юкъаметтигаш лелоран а гIирс бу бохуш. Амма цунах говза а, шена пайда хир болучу агIор пайда эца таро хир ю кIорггера, кхоччуш иза Iамийначун. Мотт талларан Iилмано толлу меттан ерриг кепаш, меттан берриг а хийцамаш. Аьзнийн гIоьнца вешан ойла а, дагахь дерг а дIадуьйцу вай маттаца. Меттан Iилманчашна хаа лаьа, муха кхаьчна адамашка и хьуь- нар, муха кхоьллина цара шайн меттанаш, муха деха и меттанаш, хийцало, ле. Муьлхачу законашца дозаделла ду церан дахар бохуш, хоьтту цара. Школа чекхйоккхуш хIор жима стаг, къона йоI шайна самукъ- ане, махкана пайден хир йолу корматалла харжаре сатесна хуьлу. Нагахь санна меттанаш Iаморехь хьо хьуьнаре а, шира дIадаханачун къайленаш йовза лууш хуьлу-кх, галвер вац хьо меттан Iилманчин балха тIехь сецча. ТIаьхьа дохковер вац хьо! |