Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени

  • Упражнени № 2. Лахахь ялийначу кепара бехкаман латтамех бехкаман тIетуху предложенеш а еш, схьаязъе.

  • Упражнени № 5.

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница68 из 91
    1   ...   64   65   66   67   68   69   70   71   ...   91

    Бехкаман тIетуху предложенеш



    Коьрта предложени чохь хуьлуш долучун бехкам гойтучух бехкаман тIетуху предложени олу. Иза коьртачух дIахоттало нагахь я нагахь санна бохучу хуттургашца. Ала деза и хуттургаш шайца йолуш цхьалхе предложенеш а хуьлу. Цундела хаа деза бехкаман тIетуху предложенеш бехкаман латтамашца йолучу предложенех къасто.

    Нагахь санна тахана харцдерг дуьйцу-кх ахьа, кхана цхьа а тешар вац хьох.

    Нагахь санна тахана ахьа харцдерг дийцахь, кхана цхьа а тешар вац хьох.

    Тахана харцдерг дийцахь, кхана цхьа а тешар вац хьох. ХIокху кхаа предложених хьалхарниг чолхе ю, ткъа важа шиъ

    цхьалхе. Синтаксически толлур ю вай царах хьалхарниг. Нагахь санна тахана харцдерг дуьйцу-кх ахьа (бехкаман тIетуху предло- жени) кхана цхьа а тешар вац хьох (коьрта предложени). Коьртачу

    предложени чохь: тешар вац (хандешан хIоттаман сказуеми); тешар вац мила? – цхьа а (подлежащи); тешар вац хьанах? – хьох (лач кхачам); тешар вац маца? – кхана (хенан латтам).

    ТIетухучу предложени чохь: дуьйцу-кх (хандешан цхьалхе сказуеми); дуьйцу-кх хьан? - ахьа (логически подлежащи); дуьйцу - кх хIун? - харцдерг (нийса кхачам); дуьйцу-кх маца? - тахана (хенан латтам); нагахь санна (бехкаман тIетуху предложени коьртачух дIахуттуш йолу карара хуттург).
    Упражнени 1. ДIаеша. Бехкаман тIетуху предложенеш тIера схьаязъе. Диц ма де нагахь, нагахь санна боху хуттургаш бехкаман латтамашца а хуьлуш хилар.


    1. Нагахь цхьа гIалат сох далахь, доьху хьоь, оьгIаз ма гIолахь.

    2. Нагахь сан диканаш гайта а лиъна, дош олуш хьо велахь, дехар ду хьоьга, цабийцар соьцанна хьагI лаьцнарш айхьа. (Так. С.)

    3. Нагахь хьайн аьтто хуьлу-кх, цигахь эпсарийн дешар деша- лахь. (А. А.) 4) Пайзулла саца ца во-кх, дукха чIерий хIаллакдийр долуш стаг ву иза. (К. М.) 5) Нагахь и машен соцу-кх, иза боданехь къайлаер ю, кIоргачу уьшалахь говр санна. (А. М.) 6) Цавевзарг ца- везаш ву-кха аьлла, стаг дIа ца таттал кхетам бара Алхастехь. (Юс. I.)

    1. Нагахь санна суна Жоьра-Бабин Тимарсолта хьан гайта ницкъ кхочу-кх, со мила ю аса дуьйцур ду хьуна. (Н. Ф.) 8) Нагахь хьуо стаг велахь, ахьа адам ма лара Даймехкан кхолламе бендоцуш хьоь- жуш верг. (А. Навои). 9) Хьо лахь а, висахь а, Даймахкана хьанал чекхвалар сан хьалхара весет ду хьоьга! (С. М.) Дийна я вийна обарг Саламбек аша тхоьга схьа ца ло-кх, аса СагIопша лаьттина меттиг юьтур яц шуна, цу эвлахь мел верг лаьцна Сибарех а хьажор ву. 10) Нагахь шен кехат халкъан векалшна юккъехь дийцаре дил- ла таро яцахь, и, зорба а тоьхна, нахе кхачийта, цхьанхьа газетан редакце дахьийтар дехнера Зеламхас. (Мам. М.) 11) Нагахь санна шайн бажа дIабаккха цигара оьрсий схьахьовдахь, царна дуьхьало ян, герзашца кечам бина, гучуваьллачунна топ тоха кийчча Iаш хилла уьш. (Дад. I.) 12) Нагахь цу арахь Залубина цхьаъ хуьлу-кх, сел гIийлачу соьга цунна гIо далур дац. (Бад. С.)

    Упражнени № 2. Лахахь ялийначу кепара бехкаман латтамех бехкаман тIетуху предложенеш а еш, схьаязъе.

    Кеп: 1) ХIоа кхаьрзина йисина чкъоьргаш стоьмашна тIеоьхкича, стоьмаш дукха хуьлу .-Нагахь санна хIоа кхаьрзина йисина чкъоьргаш стоьмашна тIеухку-кх, стоьмаш дукха хуьлу.



      1. Цициго шена тIе мотт хьекхахь, хенан хIоттам хийцалур бу. 2) Воккхаха волучунна хьо жима вацахь, жимачунна воккха а хир вац хьо. 3) Хьайга догIург аьлла Iийча, нахана цкъа а кIордор вац хьо. 4) Хьайца нах дика хила лаахь, цаьрца дика хила хьо.

    5) Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу. 6) Да дика велахь, доьзал а хир бу дика. 7) Дешан да хила хьайн де дацахь, дош ма ала. ГIуллакх кечам боцуш долийнехь, кхачам боцуш доьрзур ду. 8) Къахьо ца евзича, марзонан чам а хуур бац. 9) Нахаца гамо езахь, духалург ахча ло. 10) Орам хадийча, дитт дакъало. 11) Стаг во- вза лаахь, цуьнан уьйрашка хьажа. 12) ЦIа чуьра вониг арадолуш хилча, диканиг чу а догIур дац. 13) ЦIийвала а, кIайвала а хууш вацахь, иэхь дайна ву хьуна. 14) ЧIара безахь, хи чу вала. (Н. Ф.)

    1. Халкъана а, шен Даймахкана а стаг пайдехьа хир вац, нагахь иза хьанал къахьега лууш вацахь.


    Упражнени 3. Лахахь ялийначу предложенешна юкъара бех- каман тIетухучу предложенешца йолу чолхе-карара предложенеш схьаязъе. Синтаксически талла царах кхо предложени.


      1. Нагахь санна и гIалагIазкхи дийна висинехь, хан ца тохуьй- туш цIа валор ву Соип, иза веллехь, уггар лахара а хан тохуьйтур ю. 2) Нагахь санна аса суо ца вовзуьйту-кх, кхузахь со цхьанна а вевзар вац. 3) Нагахь со иэсах яьлла яцахь, хIара муо аса ерзийначу чевнан муо бу-кх. 4) Нагахь санна Далла хьалха цIена хила лаьа-кх хьуна, Дала бохург а деш, Iе. 5) Нагахь санна аса дуьйцучух шу ца тешахь, айса иза дина аьлла шуна хьалха Къуръан тIехь дуйнаца чIагIо ян кийча ву со. 6) Нагахь санна вай нохчий къарбо-кх, тIаккха Кавказ а къарлур ю. 7) Нагахь муьлхха а гIаттам хилахь, иза хаьшна дIабаккха, кхузахь долучу эскаршна тIе Кубанера Северски полк, гIашлойн ши полк, цхьа стрелкови батальон яхийтира Нохчийчу.

    1. ХIара нохчий, шаьш акха бехаш белахь а, хIуманах дика кху- ьуш, хьекъале адамаш ду. 9) Нагахь айхьа баккъал а бахахь, схьа чукхайкха уьш. (А. А.) 10) Нагахь хьо кхузара сихха дIа ца гIо-кх, юьхьIаьржо хир ю. 11) Нагахь хьайга кхидIа и мохь дIа ца бахьало- кх, тIеэца а ца беза ахьа и. 12) Нагахь санна мIера тIе Iов ахьа меллаша юьллу-кх, тIаккха соцур ю иза цу тIехь, охьа а ца ледаш. (Киб. М.) 13) ХIор стаг а ирс долуш хир ву, нагахь санна могуш а, нахана везаш а, сискал ша йоккхуш а, шен ойланаш халкъачуьнца йогIуш а и велахь. 14) Нагахь санна хьайна диканиг хила лаьа-кх хьуна, цхьанна а зулам ма де. 15) Нагахь санна гуттар а, массо а меттехь адамана ахьа диканиг бен дуьтуш дацахьара – беркате хьайн гIуллакхаш, хьайн лаьцна дика дагалецамаш, ойланаш мел атта а, дагна таме а хир дара хьан дахар. 16) Нагахь санна меттан гIиллакхаш дика девзаш ву-кх хьо, тIаккха хьуна уьш кхоччуш караберзо хала хир дац.


    Упражнени № 4. ДIаеша текст. ЦIе тилла цунна. Схьалаха бех- каман тIетухучу предложенешца йолу чолхе-карара предложенеш. Къастаде, хIун гIуллакх кхочушдо текстехь хуттургаша.
    Сан да философски кепара хьекъал долуш стаг вара. Дукхахйо- лу цуьнан ойланаш-афоризмаш, хьекъалах юьзна йолу, дахарехь суна весет хилла дIахIиттира.

    «Нагахь санна хьан ахча хуьлу-кх, хьо тоьлла бахам бан хьожур ву. Амма нагахь санна ахча ца хуьлу-кх, кхечарах дIатарлур ву хьо, хьо миска ма хеталахь тIаккха...»

    «Хьайн сакхташ кхечара гучудохуш хуьлу-кх, хала ма хета- лахь...»

    «Нагахь санна хьайна цхьа бохам хуьлу-кх, уггар хьалха бех- кениг хьайна чохь лаха, тIаккха – гонаха...»

    «Нагахь санна шиъ шозза эцча хьан пхиъ кхечи-кх, тIаккха ахьа хьесап нийса ца дина...»

    «Нагахь санна хьан цхьана стагаца дов даьллехь, дов дIадерзоран машаре куьг хьалха ахьа кховдаде...».

    «Нагахь санна къовсамехь хьан накъост хьол тоьллехь, дега- баам ма бе, мелхо а хазахетар декъа цуьнца, тIейогIучу хенахь цул тола а хьажа...»

    «Нахаца хьо дика хилахь, хьайн дош ахьа лардахь, уьш а хир бу хьоьца иштта...»
    Упражнени № 5.

    1. 1   ...   64   65   66   67   68   69   70   71   ...   91


    написать администратору сайта