Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени

  • Упражнени № 4. Срез. ХIитто еззачохь запятойш а хIиттош, схьаязъе хIара предложенеш. Запятойш хIитторан бакъо йийца. Схемица гайта коьрта а, хенан тIетуху а предложенеш.

  • Упражнени № 5. ТIера схьаязъе. Чолхечу предложенешкахь

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница64 из 91
    1   ...   60   61   62   63   64   65   66   67   ...   91

    Хенан тIетуху предложенеш



    Коьртачу предложени чохь дуьйцучун хан а гойтуш, маца? мича хенахь? бохучу хаттаршна жоп лучу тIетухучу предложенех хенан тIетуху предложенеш олу. Коьртачарах уьш дIахутту мел, мосазза бохучу хуттурган дешнаша. Масала: Оцу хьолехь ша мо- сазза хуьлу, Аказа, кхин а саьхьарвуьйлуш, Далла гIуллакх дора. (М. А.) ХIокху кIанте хьовсуш хилалаш, шаьш хи тIехь мел Iан.
    Упражнени 1. Оьшучохь сацаран хьаьркаш а хIиттош, схьаязъе цкъа хьалха шайна чохь хенан латтамаш болу цхьалхе предложенеш, цул тIаьхьа хенан тIетухучаьрца йолу чолхе-карара предложенеш. Царах шишша предложени синтаксически талла.

      1. Хьехархочо кечам мел бойту шена ингалс мотт карабер- зо гIертара йоI. 2) Мацах вайн дай лаьмнашкахь бехачу хенахь Iаламат дукха ирзуош а цанаш ма хилла кхин а лекха лаьмнашца хьала. (Н. С.-Хь.) 3) Школера цIа йогIучу Шаймаан аз мосазза хези хIинций-хIинций яа цхьа хIума ло шена бохуш карайора кIайн котам. (Айсх. Ш.) 4) Заза даьккхиначул тIаьхьа гIа доккхуш дара Iежийн кхорийн баьллийн хьечийн дитташ.(С. С.-С.) 5) Амма хан дIа дукха мел ели Даймахкана сагатдалар диначу-кхиъначу махка духадерза лаар тIеттIа алсамдалар бен, церан дегнашна дайлуш дацара. (Яс. М.) 6) Сох шен бIаьрг ма-кхийтти корта дIаберзийра цо хьалха соьга вист цахилархьама. 7) Ша кулоьк схьа мосазза кхоьсси когаш шуьйрра дIа а хIиттабой куьйгаш охьа а ухкий доьлучу бIаьргашца хьоьжура иза соьга аса кулоьк муьлхачу агIор туху хаа лууш. 8) Лоьма вела мосазза ло дог оьшура сан цунна наб цакхетарна. (Бекс.М.) 9) Новкъа йогIуш цхьаьний пхи-ялх машен гича станцешкахь яьсса лаьтташ цIерпоштан вагонаш яра аьлла хезча хIор а дог теший хуьлура уьш шаьш дIадига кечйи- на хиларх. 10) Шаьш мел деха, цкъа а диц ма делаш шаьш кху хийрачу махкахь лайнарш. (А. А.) 11) Арснакъина тIехьа вордан тIехь цуьнан кIентан зуда Бикату Iара Арснакъа меттах мосазза хьайн Iаьржачу гуьлмаьндица шен хаза горга юьхь дIа а лечкъош.

    1. Мел осала хетар яра иза шен марда а волучохь цо Ахьмаде Маржан кIелхьараяккха аьлча. (Бад. С.) 13) Аса мосазза аьлла

    хьоьга даде ахча ма деха. (Ахм. I.) 14) Айхьа кехат мосазза яздо соьгара маршалла а ло Шумовга. (Б. Х.-А.)
    Упражнени 2. Оьшучохь сацаран хьаьркаш а хIиттош, хенан тIетуху предложенеш тIера схьаязъе. Коьртачарах уьш дIахутту гIирсаш билгалбе.


      1. Ша юьртара хIор сарахь цIа мосазза вогIу ТIелибна хийла цIенойн корашкахь мацалла доьлху бераш хезара. (Бад. С.) 2) Со мохехь мел лаьтта сан шелвалар совдолура. 3) Ша юьрта мосазза воьду шен гергара нах болучу ца воьдуш ца Iара Асвад. 4) Вок- кхахволу шен кIант шена дуьхьал мел вогIу хазахетара нанна. 5) Нохчийн халкъ бертахь мел деха цуьнан цхьаалла цхьаьнга а йо- халур яц. 6) ЯлгIу тIера негIар мосазза даьккхи цу чуьра йовха Iаь гIоттура хьала. 7) Де-дийне мел дели толуш хазлуш схьайогIуш ю вайн мехкан коьрта шахьар. 8) Сан махкахой Иорданехь мел бу махкаца йолу зIе хадоза хетара суна. 9) Аса мосазза аьлла хьоьга куьйгаш ца дуьлуш хIума яа охьа ма хаа. 10) Сайн аьтто ма-белли хийрачу махкара цIа а веана тхайн дай баьхначу меттигашка хьа- жа вахара со. 11) Вайн махкахь дахар то мел ло, вайн мостагIийн дог духу. 12) Ловзаргахь шен даго хаьржинарг ца гича кIентан дог дуьйхира. 13) Iаржъяллалц лаьттира кIант цIа богIучу баже хьоьжуш шайн яйна старгIа цIа яре сатуьйсуш.. (Яс. М.) 14) Назма олучу воккхучу стеган аз мосазза хези Ахьмадан кийрара дог цхьа тамашена тохалой карзахдолура. 15) Доккха ши стаг дийна мел ду тхаьш байлахь ду аьлла хетар дац тхуна.


    Упражнени 3. Лахара предложенеш хIокху кепара схьаязъе: 1-кхачаман тIетуху предложенеш; 2- къастаман тIетуху предложе- неш; 3-хенан тIетуху предложенеш.
    1) Церан и гIуллакх дIа муха нисло, хаа гIертара иза. 2) Дукха хан йоццуш майданара схьабаьхкиначу наха дуьйцура, цигахь кхо эзар гергга жима стаг вара бохуш. 3) ЙоьIан тIорказ чохь хIун ю, хаьара нанна. 4) Талла мосазза воьду, шен зудчунна хьалха дозал- лаш деш хилла Новрас. (Н. Ф.) 5) ХIоранна а шена дика хуур ду, шен могушалла муха ларъян еза. 6) Советан Iедал долучу хенахь

    тхуна гина, хила ма-еззара йолу йохьалла муха хуьлу. 7) МЧС-о радиочухула беш хаам бара, къора а тухуш, чIогIа мох а болуш, догIа дан там бу бохуш. 8) Дукха адам гулделлачохь дош делла хилла Болат-гIаларчара, талораш кхин дийр дац шаьш аьлла.(Г. I.)

    1. Аьрзуно мацъелла «кхакх» мосазза эли, шина кIанта цуьнан бага жижиган чарх а, хи а тосуш хилла. (Н. Ф.) 10) ЙоьIан белша тIехула куьг а хьоькхуш, ойла йора йоккхачу стага, цунна хIун гIо дийр дара те бохуш. (Г. I.) 11) Цо дийцира, хьалха паччахьан за- манчохь къечу ахархочо ялта мел хала кхиадора. (С. Хь.) 12) Кура Сай чIагIалкхаша лаьцна аьлла, хаам сиха баьржира махкахула. (А. И.) 13) Арухас Зайндина тIаьхьа кехат дахьийтира, хьажа-хIотта цIа вола аьлла. (Бад. С.) 14) Нийсо, бакъо карор яц хьуна, хIара дуьне мел ду ахьа лехарх. (А. А.) 15) Дежийла даьжна мосазза долу, уьстагIий цу меттера кхечу метте дохура цо. (Осм. А.)


    Упражнени № 4. Срез. ХIитто еззачохь запятойш а хIиттош, схьаязъе хIара предложенеш. Запятойш хIитторан бакъо йийца. Схемица гайта коьрта а, хенан тIетуху а предложенеш.


      1. Со цаьргахь мел хуьлу сан цецвалар алсамдолура. 2) Аса шийла шовда мел дукха маларх сан кийра ца Iебара сел мерза и долуш. 3) Зама дIа мел оьху адамийн ойла хьан кхиам хьан кхетам хьан ницкъ саболу. 4) ХIара хIорда юккъе мел гIоьрти тIулгIенаш а маллора церан ницкъ а эшна богIура. 5) ХIорд, берриг сама а баьлла, дийнна раьгIнаш гIиттош хьийзара цо букъ мосазза саттабо. (Дуг. I.) 6) Оцу дийнахь дуьйна хьаг мосазза вели № 3 йолучу киоскан йохкархочун жи- маллица лепа бIаьргаш дагадогIура суна. 7) Ширвани ара мосазза вели меттахь вижина Iуьллучу к1анта меллаша ши бIаьрг схьабоь- ллура. (Дак. А.) 8) Да-нана дийна мел ду дог сапаргIат дара сан цIахь дан дезачу гIуллакхашна. 9) Со дийна мел ву сан хьешашна цхьаммо а хIумма а дийр дац. (Н. Ф.) 10) Юьртахой Садойн лома хьала мосазза бовлу царна дуьхьал богIура цигахь жа дажош болу жаIуй. 11) Хьо гIоза вехийла хIара дуьне мел лаьтта. 12) Къаима ког мосазза боккху, бIаьргашна хьалха бода хьийзара цунна, дог детталора, схьаэккха доллуш санна. 13) Да дийна мел ву, иза цкъа а лийр вац моьттура Жабирна. (Нун. С.-Хь.)

    Упражнени № 5. ТIера схьаязъе. Чолхечу предложенешкахь тIетухучу предложенешна хаттарш а хIиттош, церан тайпа билгалде. Цхьалхечу предложенешкахь хенан латтамашна кIел сиз хьакха.


        1. Элан кесаршна тIера тхи охьадужжушехь, тIебирзиначу наха литтанаш дан долийра. 2) Алмаз угIар-м дика ду хьуна, иза дIадаххалц шура а яош, дика кхаба ахьа, уггар а хьан де кхачий- начу хенахь орцах кхочур ду хьуна. 3) Со дийна мел ву хила йиш яц иза, хIара дерриг дуьне а доха кечделлехь а. 4) Ломара элаш дIа а ерзийна, даккъашкарчу ирзошкахь йийна хьаьжкIаш чуерзо хан тIекхаччалц адам гIеххьа паргIатдаьлла денош дара уьш. 5) Ваша а, цуьнан доьзалш цхьаьна мел бу, чомахь дистхилар ца нисделлера кху шиннан. 6) Сан чохь са мел ду, тIом хир бу сан бехаш болучу нахаца. 7) Давад ламанца мел лела, дехачу Iаьно юьртахь яра Полла.

    1. Кулакаш бу аьлла, жа дажош болу нах хIаллакьбичхьана цу бIов чу аддам ца догIура. 9) Мозаша ИбрахIимна ю мосазза туьйхи, елалой, гIадйоьдура Лайса. 10) Дика лоькхучара дIабаьлча, пон- дар вон мел лекхи а самукъане бу. 11) Де-дийне мел дели, тIеттIа духуш схьадогIуш ду хIара цхьачунна-м. 12) Вехха Iийра ИбрахIим иштта, дерриг а адам цIандаллалц. 13) Къуддуз председатель мел лела, цIахь даьхни лело ца дезнера цуьнан зудчун Заманин. 14) Хилахь, аса мосазза аьлла шуьга, ишттачарна луш къаьстина жижиг латтаде! 15) Амма, хIоразза, хьала мел кхоьсси, муш юханехьа чу богIура. (Нун. С.-Хь.)


    Упражнени 6. ТIетухучу предложенийн грамматически билгалонаш йовзуьйтуш, схемаш хIиттош, дIаязъе кху лахара пред- ложенеш.


      1. КIанта дош мосазза олу, йоI «хинкI-хинкI» олий, елалора. (Б. М.) 2) Хьомечу ненан аз мосазза хези, оти чохь долу бераш гIовгIанаш ечуьра цхьана ханна дIатуьйра 3) ЖIаьло «гIалх» мел олу, воккхастаг чуьра араволура, тIебеанчу балано синтем байина Iаш хиларе терра. (Г. I.) 4) Адамаш мел деха, дуьненахь дехар долуш хьекъале дешнаш ду вайна Мохьаммад-Пайхамара дитина (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). 5) Олхазаро дечу шабаршка Жемас

    ла мел дийгIи, цо «дуьйцучух» ца кхетара кIант. 6) Айболата шен къамелехь кица мосазза даладо, резахуьлий, доггах тIараш тухура зала чохь болучу наха.

    1   ...   60   61   62   63   64   65   66   67   ...   91


    написать администратору сайта