Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Даран суьртан тIетуху предложенешМуха? мича кепара? бохучу хаттаршна жоп а луш, коьртачу предложени чохь дуьйцучун сурт, кеп гойтучу предложенех даран суьртан тIетуху предложенеш олу. Уьш коьртачарах дIахутту бо- хуш, аьлла хуттургаша. Даран суьртан тIетуху предложенеш къастаман тIетухучу пред- ложенешна герга ю коьртачу предложени тIера луш долучу хаттар- ца а (муха?), тIетуху предложени коьртачух дIахуттучу гIирсаца а (аьлла, боху-хуттургаш). Амма къастаман тIетуху предложени йозуш хуьлу коьртачу предложени чохь долучу цIердашах, ткъа даран суьртан тIетуху предложени–хандашах, хандешан форманах. Масала: Шена тIелаьцна декхарш кхочушдийр ду бохуш, дош лора цо кест-кеста. Дош бохучу цIердашна тIера луш ду хаттар хIокху предложенехь т1етухучу предложенина, цундела хIара къастаман тIетуху предложени ю. Шенчуьнга кхочуш хIусамнана нислур яц шена аьлла, дIавахара миска. Коьртачу предложени чохь долучу дIавахара бохучу хандашна тIера луш ду хаттар-муха? ТIаккха хIара даран суьртан тIетуху предложени ю. Упражнени № 1. Оьш-оьшучохь сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе даран суьртан тIетуху предложенеш. Даран суьртан тIетуху предложени шех йозучу хандашна тIера хаттар хIоттаде хIоранга а. 1) Ловзар юккъехь хьийзара ши човс: цхьаъ кегий нах хелха бохуш важа мехкарий хелха бохуш. (С. С.-С.) 2) Делахь, летар ду- кх аьлла вовшахлетта и шиъ. 3) Иза далур ду соьга аьлла йоI шайн цIа дIайигна Жоьра-Бабас. Соьга даделларг цхьаьнгге а далур дац бохуш массанхьахула а ваьлла лелаш вара со. 4) Аса аьтту агIор а ваьлла салам далар лайна хир дац кхо аьлла аьрру агIор а ваьлла юха а салам делира аса беречуьнга. 5) Сайна набкхетта моттуьйтуш вара со кхара хIун до-те бохуш. (Н. Ф.) 6) Оцу шиннах чIогIа къахеташ ша цаьрга хIун эр ду ца хууш вехха лаьттира Ахьмад. 7) Ша гIаларчу Ахьмадан ден Мохьмадан доттагIашка а хаам бан стаг вахийтина бохуш дуьйцура МасIуда. 8) Серижас Яхех лаьцна хIумма а хьахор дацара-те бохуш вехха Iийра кIант. 9) ХIума йиъна а ваьлла, бажа цIа бало хьалхе хеташ жимма юха берзийна бажор-кх ша бохуш Iара Ахьмад. (Юн. М.) 10) ДIайола гIо дийр ду хьо балхара яллалц кIанте а хьожур ю аьлла хаам бира некъана ахча а тосуш. (Дад. I.) Адаман лар йоцучу пана махкахь цIеххьана кIентан аз хезча кхераелла маьхьарий а аьлла дIаедда кхо йоI. 12) КхозлагIа а сай лахьара эшарш лакхийта аьлла дехар дина паччахьан эпсарша а, инарлаша а Хьасане. 13) Иза а аьлла йоI ехачу гIалин пена юххе меллаша некъа йисте охьахиъна иза. 14) Вай ворхIе а воIана элан ворхI йоI муха ялор яра бохуш гIайгIане воьжна ву иза. 15) Ялх вешин барт хилла эла вехачу дIакхачале дакъа а лур вай цIа чу даха деза вай аьлла. 16) Цунах цецваьлла Мовсар Мохьмаде ма-дарра дийца бохуш хеттаршка ваьлла. (Н. Ф.) Упражнени № 2. ТIадамийн метта даран суьртан тIетуху пред- ложенеш ялае. ……….бохуш, кетIарчу гIанта тIехь хиъна Iара воккха стаг. …….. аьлла, суна тешнабехк бан гIерта хьо. …….. бохуш, юьртара нах а чехийна, дIабахана уьш. …….. аьлла, хоьтуьйтура тхуна. ……. цхьаьнцца а тIекаре еш вац бохуш. ……. иза иштта хила деза аьлла. Упражнени № 3. Даран суьртан, къастаман, кхачаман, хенан тIетуху предложенеш тIера схьаязъе. Дийца, хIун башхалла ю царна юккъехь. 1) Цунна лаьара и йоI сица лекха а, шаьшшиннан безам дуь- нен тIехь мел деха а, тIаьхьено тIаьхьене буьйцуш, Анзоран За- зин, Жерочун кIентан я Зайтин Шихмирзин цуьнан хIусамненан санна, цIена а хуьлийла. (А. М. ) 2) Хьаьдда яхначу йоIа шен дега дIааьлла, ялташ вовшахъэдеш ша йоллуш, хьешо, тIара тоьхна, бат агIоряьккхи шен аьлла. 3) Иза а аьлла, шен карахь йолучу ларчана юккъера схьаэцна кIайн, Iаьржан ши аьлха вовшахъхьакхийна йоIа. 4) Цамгар муха ю, хIун лозу бохуш, лоьраша лаахь а, ца лаахь а хьайн бала схьабийца аьлла, хьовзийна Айзан. 5) Шаьш паргIатдевллачу хенахь Гадас Мусага, зуда ялаяхьара ахьа, хIокху хьан жимачу йишин къа ду, аьлла дехар дина. 6) ЧIоьнчIилг шайн юьртахь а гIараваьллера, массо а хIуманах кхоьруш ву бохуш. Цхьанхьа а кIур болуш, адам дехаш меттиг юй хьажа со, аьлла волавелла иза. 8) Цунна а хезна, иштта шен кIант лоьхуш, саьн- гарш а йохуш Тимар вогIу аьлла. 9) Къола мосазза до, иза гучу а дуьйлуш, шалхонца иза юхатоькхуш, бахарх боьхна, юьртара ара- бовлучу тIекхаьчна хилла церан гIуллакх. 10) Цу хьалхарчу шина буса ца йина наб а йоькхуш дIавуьжур вара со хIинца-м аьлла, дIавижна Iаьрби. 11) Моллас сагIина хIума мосазза ели, локхуш ю хIара зурма. 12) Юьртахь а наха вон вуьйцуш хилла Къуддус, де а бахьана доцуш, девнаш дохуш, кIоршаме стаг ву бохуш. 13) Орца тIекхаьчча, юккъе а вахана, вовр ву шен къу аьлла, Юнуса шен шелиг чу топ тоьхна. 14) Нанас, шен кIентий хьуна бохам бан бохку аьлла, къайлаха вадийтина Солса. 15) ЖаIуьно ца хаьа шена аьлла дуьхьало йича, тIевеана кхо наьрт-аьрстхо цунах летта. 16) Хезна суна, оцу ворхIе а гила барзана ницкъ беш цхьа била (дуьх- хьара ехкарг) борз хилла бохуш. 17) Со а, шун нана а далале, шу ворхIе а воIана зударий балор бара бохуш, ойла йора аса-м. (Н. Ф.) ВадудгIаьрга херхаш дайта, аса ойла йийр ю, и херхаш набахти чу муха кхачо деза аьлла. (Мут. М.) 19) Хьан дендас дийцира суна, дуьххьара дуьненчу ваьллачу кIантана нанас зарговзе шаьлта ша йойтуш хилла бохуш. ( Ам. В.-Хь.) Упражнени № 4. Шех йозучу дашна тIера хаттар а хIоттош, схьа- язъе предложенеш. Дийца, хIун тайпа предложенеш ю уьш, муьлха къамелан дакъа ду аша шена тIера хаттар хIоттийнарг. Кхиэло сацийнарг тIеоьцур ду шаьш аьлла, дуйнаш биира Ботин воккхаха волучу кIанта Майрбека. 2) Шен-шен агIо толош кхиэл йийр ю шаьш аьлла, дуйнаш биира шина кхиэлахочо. 3) КIелдIахула кхерстара цуьнан Iаьржа бIаьргаш, ша дуьйцург чохь болучара тIе муха лоцу хьоьжуш. 4) Куьпахь а гIарадаьллера и Iаьржа жIаьла, догъIаьржа болучу нахана бен леташ дац бохуш. (Э. Х.-М.) Шен вешин дагара ца хууш, цо хIинца хIун олу-техьа бохуш, ша стерчийн дукъа улле дIа ма-хIоттара, куьйгашца корта лаьцна лаьттара Iаба а. 6) ГIуллакхна веанарг-м муххале а хир вацара, ваша веллачу дийнахь хьайн гIо оьшучара ведда веана хьо бохуш, йиттина махках воккхур вара со дадас. 7) – ХIинццалц-м сан ден шича ву бохуш, наха вуьйцуш вара хIара, хIинца АслагIин ден шича хилла хьийза-кх. 8) Ший а йоI хуьлу соьга, ваша дIавохуьйтур ваций ахьа, нана, бохуш. 9) – Стомара буса котIарахь, ИммахьмадгIеран чохь, ахьа дукха нах байъина бохуш, дуьйцу наха. 10) Хьо обаргаша дIаваьхьна аьлла, кхин ца лохуш, юхабаьхкинера салтий. 11) Хьо ца вехь, кхин дуьне дуур дац ша бохуш, воьхна хьийза и, хIун хир ду-м хаац. (О. Ш.) 12) Дашо лаьмнаш хIиттор ду, шурин татолаш Iанор ду бохуш, дуьйцу йоI ялаяле. Упражнени № 5. Срез. ХIитто еззачохь запятойш а хIиттош, схьаязъе хIара предложенеш. Запятойш хIитторан бакъо йийца. Схемица гайта коьрта а, даран суьртан тIетуху а предложенеш. КIант вина аьлла кхаъ баьккхича, Нурадилна хIун хетар ду ца хууш, Iадийча санна лаьттара иза. 2) Юьртахь мел волчунна а дика вевзара Муьстиган да Хьаьким-Хьажа, шен ойланехь стаг ву бохуш. (Мат. В.) 3) Оцу деношкахь лазарша хьийзочу Барятинскийс тIе мел веанчуьнга хоттура, вадалур вуй Шемал аьлла. (Э. И.) Амма юха а сатедира, ийзалуш берш мехкаршна башха безалуш а ца хуьлу аьлла. 5) Дас доьхкуш хIума дахь, доттагIчуьнца йолу юкъаметтиг хадор яц ша аьлла, ондда дуьхьало ян чIагIделлера дог. (Г. I.) 6) Лох-Беташ мича вахана хIунда ца хаьа бохуш, юьртда а чехийна, дIабахана уьш. (Я. М.) 7) Къеначу наха дуьйцу, шу нох- чо-турпалх схьадевлла бохуш. 8) Цхьана йоккхачу стага дийцира тхуна, цуьнан шовзткъа эзар эскар ду бохуш. 9) ШариIатан хьокъехь дуьйцура массара а, цо нийса къепе а хIоттор ю, нахана латта а хир ду бохуш. 10) ГIали чохь вовшахкхетар ду аьлла, сацийра кхааммо. (О. Х.) 11) Керима яздо, хьо хьекъал долуш а, Делах тешаш а стаг ву бохуш. 12) Хьаьжин дашна дуьхьало ян ца хIуттуш, куьйгаш дIаса а даржийна цуьнга халла ладоьгIуш Iара Iиса, юха а имаман аз хезар дацара-те бохуш. 13) Хьалхара тоьпаш евллачул тIаьхьа вайна и виъ салти аьлла, ротан командире дIаязвайта. 14) Лам чохь хьеший бу шен бохуш, шех нах тешо гIертара иза. 15) Наха дуьй- цура, цуьнан да лаьмнашкахь Iаламат лоруш стаг ву бохуш. (П. П.) Упражнени № 6. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Къастае, муьлха ю царах даран суьртан латтамашца йолу цхьалхе предложенеш. Аша болх бан беза бохуш нах Iехош церан шай дууш уьш хьийзий, цкъа-делахь. 2) Салам а маршалла а хаьттинчул тIаьхьа Шалкета дийцира кхузахь гергара стаг ву шен аьлла. 3) Инзаре чохьберш Iадош мохь аьлла вовшашна маракхетта вилхира и шиъ. 4) ШозлагIа-делахь шун Iедало шадерриг къам цхьаъ хила деза бохуш, массо къам цомгуш дина. 5) КхоазлагIа-делахь динна дуь- хьал довла бохуш аш къамелаш дуьйцуш тIекхуьуш йолу тIаьхье талхийна. 6) Цкъа къорза етт а цIен етт а борз а хилла бохура цхьана дехаш аьлла кIантана туьйра дийца вуьйлира ХIарон. 7) Хье тIе дум билла безара цунна корта дIатуьйр бара. –Хье тIе ма биллийша дум, бага биллийша, – бохуш мохь хьекхара кхетамчуьра ваьллачо. Дависа малх кхетта цхьа де дагIахьара бохуш холчохь хьийзара цхьацца гIуллакхех куьйгаш Iуьтту АругIаз. 8) ХIара кхо ваша кхечу ярташкахь а вевзаш вара, дика аьчкан пхьераш бу бохуш. Иштта инжилца дин кхайкхор ду бохуш вийцина ву Iийса- пайхамар къуръан чохь. 10) Ткъе исс стага кхаж тесча и кхаж За- кри-пайхамара Марем кхаба дезаш баьлла хилла. 11) Урх дIаетташ карзахъелира говр Iаьдизе шена тIехь чIагIло, кхера ма ло бохуш санна. 12) Iомана гонаха буьйлабелла лела салтий хIинций-хIинций Iаьдиз гучуволу-кх бохуш дIа-схьа бIаьргаш къерзош тебба Iара. Цул тIаьхьа Девлитгирин-эвлара Седа гIараелира Нохчийчохь чIогIа леташ а чIогIа гIора долуш а ю бохуш. (Мут. М.) |