Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
КХАЧАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ Коьртачу предложени чуьра сказуеми я хандешан форманах кхоллаелла кхин меже кхета а еш, цIерниг дожаран хаттарна жоп а луш йолучу тIетухучу предложених кхачаман тIетуху предложе- ни олу. Коьртачу предложених иза дIахутту хуттурган дешнаша (юкъаметтигаллин цIерметдешнаш (хIун, мел, маца, муха, хIунда) а, аьлла, бохуш карарчу хуттургаша а. Масала: Шуьга дийца лаьа суна, хIун хийцамаш хилла сайца хIокху тIаьхьарчу миноташкахь. ТIаккха Кулдевича Мирзе Банога хаттийтира, шайн жIаьлеш чудохка меттиг хир яц-те аьлла. (Б. С.) Ма- ретана шена а ца хаьара, шен дахар иштта голатухуш хIунда керчина. Упражнени № 1. Кхачаман тIетухучу предложенешна тIехула хаттарш а хIиттош, тIера схьаязъе. Дийца, уьш муьлхачу меженех йозуш ю а, коьртачарах муха хоттаелла а. 1) ТIаккха Довтас чIагIо йира (хьалха Деле ша бехке цавар а дехна), шен синна дуьхьал са доцуш цу хIун бу ца хуучу тешнабех- ке ша хIаллаквойтур вац аьлла. (Б. М.) 2) Бийболатана цхьаммо-м дуьйцуш хезнера, пхийттара ваьллачу алдахочо Ушурмас цергашца хин кIудал айъина, хьуьжарна кхо го баьккхина, бохуш. (Мус. М.) ХIуъа дина а, велла а, висна а Белши ялонза Iийр вац ша аьлла, чIагIо йина Новрас. 4) Оцу ворхIе а гила барзана ницкъ беш цхьа гила борз хилла бохуш, хезна суна. 5) Вукхо цуьнга хаьттира, хьо шех хIунда ца лета аьлла. 6) ЦIеххьана дагадеана цунна, цIийиначу шури чухула кхехкаш лаьтташехь, говрахь чекхвалар къовса деза аьлла. 7) Вайн нанас дуьйцуш хезна суна, лаьтта бухахь «Дур-дур» паччахь ву бохуш. 8) Шайга царна хIума ца даделча, наха кхеташо йина, цу балхана хIун далур дара-те аьлла. 9) Боьха хIума, цунна-м хаа а ца хаьа, ша мел стаг ву! 10) Хаьий хьуна, суна зезагаш мел дукха деза? ( Юнус. М.) 11) Хьанна хаьа, ламанца дIатарделла хIара адам кхузахь деха мел хан ю. 12) Алахьа ахьа соьга, хIун ду хьан сагатдийриг, хIунда ву хьо иштта карзахваьлла хьийзаш. 13) Тхуна дага ца догIура, иза кху генарчу махка, Казахстане, маца веана. Упражнени № 2. ЙогIучу запятойш а хIиттош, тIера схьаязъе. Кхачаман тIетуху предложенеш билгалъе. Синтаксически талла царах муьлхха а кхо предложени. Темирхан-Шурерчу совдегаро Асадуллаев Керима Ведана Шемале кехат дахьийтира оьрсий лаьмнашна тIелата кечлуш бу аьлла. 2) Суна хьоьгара хаа лаьа муха хийтира хьуна некъ, нехан гIиллакхаш, дерриг кхуза вогIуш гинарг. 3) ГIайгIане дирзина тIелатар диначул тIаьхьа халкъе дIахаийтинера хIокху шарахь тIелатаран гIуллакхаш имама юьхьарлоцур дац аьлла. 4) Бойса- хар хууш вацара ойлаяр хIун ду шен хуьлуш болу берриг эшамаш бозбуунчалла бахьана долуш хуьлу моьттура цунна. 5. Цхьанне а ца хаьара шаьш Шемала стенна кхайкхина. 6) Суна хаьа хьо мел генара веана кхуза суна тIе и арз дохьуш. 7) Халкъана гур ду хьо муха ву хуур ду хьенан ву. 8) Закона тIехь яздина дара Шемалан йийсарера веддарг паргIатвоккхур ву аьлла. 9) Хала низам долучу отрядехь и стаг дукха Iийр вац аьлла хетара. 10) ЦIеххьана хезира ГIеза-Молла вийна, Шемал валаза висна аьлла. 11) Цул тIаьхьа хийла дагадогIура Шемална ГIеза-Моллас аьлла и дешнаш шераш дIа мел девли тIеттIа алсам дезалора цунна уьш. 12) Iуьйранна дархошка хьожуш ша лелачу хенахь эла Воронцовс Бебутовга хаьттира цунна дагахь хIун ду. 13) Хьаж-Мурдан четарна чохь бо- даш бара гIаролехь болучара меллаша хоьттура мила стенна веана. 14) Наг-наггахь хан юкъаюлуьйтуш Бойсахаран вордана тIе а вогIий, гIумкийн маттахь прапорщика хоттура хIун хьал ду хьоь- гахь, хIумма а оьший. 15) Инарло йийсаршка хаьттира эвла схьа ца луш мел дукха хенахь дуьйна латто дагахь бу аьлла. 16) Развед- чикаша хаамаш бора кестта ламанхоша т1елатарш дийр ду бохуш. Хезна суна кхара хьо Клавдия шайн бахаме оьрсичунна юьгу бохуш. 18) Аса делаца дуй боу хьуна кIур гергахь ма бу аьлла бохуш шабарш дора ШуIанта. (Павл. П.) Упражнени_№_3._ХIара_хуттургаш_(аьлла,_бохуш),_хуттурган_дешнаш_(мел,_хIунда,_маца,_муха,_хIун,_мича)_юкъахь_хуьлуьйтуш,_кхачаман_тIетуху_предложенеш_кхолла.__Упражнени'>Упражнени № 3. ХIара хуттургаш (аьлла, бохуш), хуттурган дешнаш (мел, хIунда, маца, муха, хIун, мича) юкъахь хуьлуьйтуш, кхачаман тIетуху предложенеш кхолла. Упражнени № 4. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьа- язъе. ТIетухучу предложенино кхетош долу коьртачу предложенера дош я дешнийн цхьаьнакхетар билгалде. Хуттурган дешнаш пред- ложенин меженаш а, къамелан дакъош а санна билгалде. – Хаац суна-м, Жора, хьоьга хIун аьлча бакъахь ду. 2) Хьай- ца ши накъост а вигий хьажа хIун хуьлу дагалаьцначух. 3) Хьанна хаьа иза кехат ца доуьйтуш хIунда Iа. 4) ТIамехь хилла хиларе терра Мухтарпашина дика хаьара фронтана ягориг мел чогIа оьшу. (М. В.) 5) ЖаIуьно хаьттина ишта талор хIунда лов адамаша аьлла. 6) Вуь- шта цкъа хьалха алахьа муха хета хьуна хIара тур? 7) Талорхоша, бевдда боггIушехь барт бира ведда воьдург лацалур вац аьлла. 8) Кху юьртара аша бигиначех лаьцна дийцира уьш акхароша хIаллакбина аьлла. 9) Шозза-кхузза хьахийра цо, кхечарна кхо гуо а баьккхина, ден цIа дIатаса дагахь ю ша аьлла. 10) Хьовсур ду вай хьоьга хIун дало мотт-м дика болх беш бу хьан. 11) Кхуо кхиош долучу бераша дехарш дира дIабийна мукх шайга хьакхийта бохуш. Чалас даим а хьехарш деш хезна суна бераша уггар хьалха да- нана лара деза бохуш. 13) Веъна схьаиккхиначу кIанта дийцира юьрта чу богIуш герзашца цхьа нах бу аьлла. 14) ДIахаийта цаьрга, мел боккха бIо тIегIортарх яккхалур яц Болат-гIала. 15) ХIинцца дуьххьара дагатесира Кхокхина хIунда кхоьллина-те деланаша хIара дуьне сел харцо йолуш адамашна. (Г. I.) Упражнени № 5. ХIара предложенеш чекхъяха. Цунна ца хаьа….. 2) Тхан накъосташна моттаделира… 3) Тхо тешна ду… 4) Соьга элира… 5) Хьан доттагIчунна моьтту… 6) Оха бартбира… 7) Цул сов, со кхеташ вац… 8) Суна хезна… 9) Цо дош делира… 10) Цунна ца хаьа… 11) Бераша дехарш дира. Упражнени № 6. Предложенеш дIаязъе. Дийца, массо а юй уьш кхачаман тIетухучаьрца йолу чолхе-карара предложенеш. Синтак- сически талла уьш. ЦIеххьанан дагадеара цунна кхана шен доттагIчун вина де хилар. ТIаккха цунна дагадеара, ша шен доттагI муха декъалвийр ву. Шен доттагIчуьнга дIахаийтира цо, ша оцу дийнахь и волучу вогIур ву аьлла. Упражнени № 7. Иштта хаттар а хIоттош, кхачаман тIетухучаьрца чекхъяха хIара чолхе-карара предложенеш: Селхана суна хиира, (хIун?) Аса дийцира, (хIун?) Аса тидам бийр бу, (стенан?) Оха гойтур ду шуна, (хIун?) Амма цунна ца хаьара, (хIун?) ХIан, алахьа, (хIун?) ТIаккха хуур ду хьуна (хIун?) Упражнени 8. Цхьалхе предложенеш кхачаман тIетухучу пред- ложенешка хийца. |