Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени

  • Сацаран

  • Упражнени № 5.

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница57 из 91
    1   ...   53   54   55   56   57   58   59   60   ...   91

    Йозанца къастор


    Хазалла дикалле ца хьоьжу, амма адамаш цо дика до.
    ===, амма====

    Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.





        1. Я дохк дуьжура, я цIеххьана догIа долалора. 2) Вайн къам Казахстанера цIа доьрзур ду кестта, амма шу-м хир дац царна юккъехь. 3) Бодане делахь а, шийло-о дара тоьли чохь. 4) Я массо гIаланашкахула волавелла лела веза со, я массо ярташкахула лаха еза и йоI, милицера жоп даллалц. 5) Иванан зудчо къахетта, доггах тIе а ийцира шайн лулахо, Наташас Халадна дядя Халит аьлла цIе а тиллира. (Нун. С.-Хь.) 6) Цхьабакъду, кху Iай пальтош а тIехь-м Iара классашкахь, январан денош къаьсттина шийла а даьхкира, ткъа хьалхенгахьлера шорто а яцара дечигна. (Сул. М.)

    КАРЛАДАККХАР




    Талламан хаттарш


    1. Муьлхачу предложенех олу чолхе-цхьаьнакхетта предло- женеш?

    2. Цхьалхечу предложенешна юккъерчу маьIнийн юкъамет- тигашка хьаьжжина муьлхачу тобанашка екъало уьш?

    3. Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкахь маца пайда оьцу дозаран, духьалара, къасторан хуттургех? Масалш даладе.

    4. Чолхечу предложенешкахь хуттургаш йоцург, кхин хIун уьй- ран гIирс хуьлу дакъалоцуш цхьалхе предложенеш вовшахтосуш?

    5. Муьлха сацаран хьаьркаш а, маца а хIиттадо чолхе-цхьаь- накхеттачу предложенешкахь?


    Упражнени 1. Исбаьхьаллин произведенеш тIера бархI тайп- тайпанчу хуттургашца а, маьIнашца а йолу чолхе-цхьаьнакхетта предложени схьаязъе.
    Упражнени 2. Сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Грамматически баххашна кIел сиз хьакха. Муьлха чолхе предло- женеш ю текстехь. Синтаксически къастае чолхе-цхьаьнакхетта предложени.
    Денош дацлуш дара, ткъа хIаваъ–цIинлуш. Яхъяла а, Iаржъяла а юьйлира буьйсанаш а, кхитайпа аьзнаш а хаза дуьйладелира боданечу стигалахь буьйсанна тийжаме гIаргIулийн сингаттаме гIезийн бедийн. Махо дийнахь сарралц дитташ дIасатехкош ий- задора догIанаш оьхура саца ца туьгуш бакъду цкъацкъа сарахь кхоьлиначу лохачу мархашна юккъехула малхбузехь схьакъедара дашочу маьлхан серло.

    Шийла а къегина а лепара къилбаседехь дошах язъеллачу мархашна тIехула коча сийна стигал ткъа цу мархашна тIехьара меллаша схьатекхара кIайчу лаьмнийн-мархийн баххьаш. Кора юххехь лаьтта хьо хьайн дагахь: «Дала кестта йоькхуьйтур ю» бохуш, амма мох саца дагахь бац. Цо юха а техкадо дитташ сти- галхула дIасалоьхку Iаьржа мархаш. Уьш лоха а йоьлху догIа саца

    а ца туьгу. ТIеттIа чIагIлуш, марсадуьйлуш, ведаршца Iена долало иза хIетте а дог теша и кестта соцург хиларх.
    Упражнени 3. ДIаязде Дугин Iаьрбин произведенийн дакъош. Чолхечу предложенешкахь грамматически баххашна кIел сиз хьакха. Дийца, муха вовшахтесна, муха къастийна цхьалхе предложенеш чолхечу предложенешкахь.


      1. ТIаьхь-тIаьхьа хIорд марса а буьйлура, тулгIено хIара хIоразза, кхуссий, хьалхахьа дIа а вохуьйтура. ТулгIе юхайирзича, юхахьора, делахь а кхуо тIетаьIIина нека деш, дукха гена ца вок- кхура. ХIинца атта дара, ткъа хIара кхин зен ца хуьлуш дIакхечира. Бакъду, йисте кхочуш тулгIено бадийна тIулг настарх кхетта цхьа меттиг цIийеллера, амма и-м хIумма а доцург дара.




      1. БIаьстенгахьа а лестинера, дийнахь бовха малх а богура, ло цхардулуьйтуш, тIехула чкъор лоцуьйтуш. Буса гIура тIетаьIара, ша бора. Генаш тIе а юьллура изза гIов. Мох баьлча и ши га хьак- халой, царна тIерачу шаша доккхуш хиллера и тата. Хаьштиг санна, тIах-аьлла дIавирзира тата даьллачу агIор. Хаалуш хIумма а яцара, дерриг а дIатийра. Герз тIедуста кийчча, амма шен лаам юхаийзош, сема ладоьгIуш, чекхделира кхуьнан ши сахьт. Кхечарна а ца хаавелира цхьа а, и чам боцу татанаш хазар бен.


    Упражнени № 4. ХIокху предложенешна юкъара чолхе-цхьаь- накхетта предложенеш бен тIера схьа ма язъе. Царах хьалхарниг меженашца къастае. Муьлха бакъонаш йовза еза тIадамийн метта догIу элпаш хIитторхьама?


    1. 1) Паднара кIелара схьатакхийна, тIорказан догIа даь..кхира цо. 2) Моьттур дара и цхьа шатайпа башха духар духа воллу, амма схьаоьцурш овкъаран басахь тиша бедарш яра. 3) Гиначунна Муса хIинца вевзар вацара, я кху Iаьржачу буса мокха духар дуь..хина волу хIара гур а вацара. 4) Дехкан Iуьрга цициг санна, хьоьжура иза хIор кертарчу божалин неIаре а, цу чу бежана я говр лоллуш мила ву а, зуда я стаг, кевнан, кертан, божалан неIаран чIагIам мел бу а,

    жIаьлеш муха ду а. 5) – Хади..начу чоига хьаьжча, чов йо..кха-м ю, делахь а даьIахкана зен ца дина хила мега,–дагахь сацийра цо.

    1. 1) Балхахь догIучу алапех а, я уьрдара яьллачу хьаьжкIех а вовшахтоьхна бахам бацара Ботиниг. Цхьана дийнахь болх бина а, я и муха бо хиъна а вацара Боти а, я цуьнан кхо кIант а. 2) Иштта буьйсанан тийна..лехь хезара Ботин бераша гIовтти..начу жIаьли..н летарш а, МухтаргIеран кетIа гулбе..лачу наха чIогIа ден къамелаш а. 3) – Нийса боху ахьа иза, делахь а коьмана тIаьхьадаь..ла лелла цхьогал санна, вай эрна леларна кхоьру-кх со. 4) Ахмадов шен кабинета чу вахара, ткъа Мукаев, тохара санна, наб ян волавелира.

    1. Можа а, ал а, баьццара а ди..тийн гIаш исбаьхьаллица цо къе- горна, цхьа леррина Iалам гойтуш даьккхинчу суьртах тарлора гонахара варш.(Э. Х.-М.)


    Упражнени № 5.

      1. Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкара цхьалхе пред- ложенеш меттигашца хийца мегий? Ца магахь, ала, хIунда ца мега?

    1. Шело а ю, хи а ду догIуш, цIазамаш а ду цIийлуш.

    2. Дарц дIатийра, малх схьа а къедира.

    3. Ахьмада машен сацийра, массарна а бай тIехь садаIа лиира.

    4. Корал арахь догIа ду гIовгIа еш, карзахе мох а бу тийжаш.

    5. Лай тIехь маьлхан зIаьнарш лепара, тIаккха де кхин а сирла хеталора.



      1. 1   ...   53   54   55   56   57   58   59   60   ...   91


    написать администратору сайта