Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени.

  • Хазалла дикалле ца хьоьжу, амма адамаш цо дика до. Барта къастор

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница56 из 91
    1   ...   52   53   54   55   56   57   58   59   ...   91

    Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор



    Синтаксически къасторан план


      1. Предложенин тайпа, аларан Iалашоне хьаьжжина.

      2. Чолхечу предложенина юкъа йогIу цхьалхе предложенеш, церан грамматически баххаш.

      3. Чолхечу предложенера цхьалхечу предложенешна юккъера уьйран тайпа. (хуттургийн, хуттургаш йоцу).

      4. Цхьаьнакхетаран хуттургаш (дозаран, духьалара, къасто- ран), чолхечу предложенехь цхьалхе предложенеш вовшахтосуш йолу.

      5. Чолхечу предложенин маьIнин мехалла (дагардар, дуьхьа- лара, хиламаш цхьаъ вукхунна тIаьхьа хилар).

      6. Чолхечу предложенера цхьалхе предложенеш къастор (хьажа юххедилларе).



    Синтаксически къасторан кеп


    Талорхой гIала юхахьаьвдира, амма ткъех дол гена бовлале, цигара некъ бихкира дошлоша. (Гайс. I.)

    Барта къастор


    Предложени дийцаран ю, айдаран я хьадаран яц. Шина цхьал- хечу предложених лаьтта. Хьалхарчу предложенехь грамматически бух бу талорхой юхахьаьвдира, шолгIачу–некъ бихкира дошлоша.

    Предложенешна юккъера уьйр–хуттургийн. Уьйран гIирс–дуьхьа- лара хуттург амма. Предложенийн вовшашца йолу юкъаметтиг– дуьхьалара.

    Йозанца къастор


    Талорхой гIала юхахьаьвдира, амма ткъех дол гена бовлале, цигара некъ бихкира дошлоша. (Гайс. I.)
    ===== , амма=======
    Дийцаран, айдаран, хьадаран яц, хуттурган уьйр, юкъаметтиг дуьхьалара.
    Упражнени. Синтаксически къастае барта а, йозанехь а шишша предложени. Муьлха предложени къастор яц аша? ХIунда?
    1) Уьш юха а ловза буьйлабелира, ткъа цу шинна вовшийн хьажар хIинца баккъал а сингаттаме хеталора. 2) Цунна езара хIара ша вина юрт а, шайн дахаран теш хилла лаьмнаш а. 3) ТулгIенаша аьгна хийист лахара кеггийра чукерчара, амма берд тешаме бара.

    1. Массарна а гуш сирла-хьаьрса Нурседа цIена шен нана яра, бакъду амал дениг кхаьчнера цунна. (Сул. М.) 5) Я тачанкина хьалха хиъна Iаш стаг а вацара, я цунна тIехь кхераелла, йоьхна, мохь хьоькху зуда йоцург, кхин адам а дацара. 6) Ахьмад воцучу ловзаран башха чам ца кхетара кегийрхойн вовшахкхетарх марзо эца Iеминчу баккхийчу нехан, делахь а юьртахойн шовкъ йоцург а доллура цунах. 7) Важа цIе яьккхича а дика вевзара юьртахь Ахьъяд, хIетте а цуьнцара доттагIаллин юкъаметтигаш шегахула хадо ца лууш, дIакхоьхьуш вара Эдилсолта. (Яс. М.)



    Пунктуационни къасторан кеп





      1. Предложенин чаккхенгахь чаккхенан сацаран хьаьркаш.

      2. Чолхечу предложенера цхьалхе предложенеш вовшех къа- стон сацаран хьаьркаш.

      3. Предложенера къасторан а, билгалъяккхаран а хьаьркаш.

    Пунктуационни къасторан кеп


    Хазалла дикалле ца хьоьжу, амма адамаш цо дика до.
    Барта къастор

    Предложенин чаккхенгахь чаккхенан сацаран хьаьрк–тIадам, предложени дийцаран йолу дела. Хьалхарчу предложенина а (ха- залла дикаллле ца хьоьжу), шолгIачу предложенина а (…адамаш цо дика до) юккъе, хуттургана амма хьалха запятой хIоттайо чолхечу предложенера цхьалхенаш вовшех къасторан хьаьрк.

    1   ...   52   53   54   55   56   57   58   59   ...   91


    написать администратору сайта