Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИШина я масех маьIница а, грамматически а, интонацица а вовшахйозаелла лаьттачу цхьалхечу предложених чолхе предло- жени олу. Чолхечу предложенин хIор декъан шен грамматически бух хуьлу, амма маьIница уьш вовшашца герггара уьйр йолуш ю, масала: Оццу шерашкахь суна хиира, мел лерам беш хилла Зелам- хин вайн республикехь 1941-гIа шо тIекхаччалц, вуьшта аьлча, вайн республика дIайохаяллалц. Цул тIаьхьа сатосу хан гергак- хочуш, хьехан бертехь шозза мажар елира, ткъа салташа берриг ломан арц бекош дуьхьал тIом болийра. Гой хьуна, гелдаганой я харачой бийца цхьа а бахьана ца го суна, кица ду вайн дайн яйна- чу тIаьхьено шайн дай хестор, къийвеллачо дIадаьлларг дуьйцур бохуш. (Бакаров Муса.) Шайн хоттаяларе хьаьжжина, уьш екъало хуттургаш йолучу а, йоцучу а предложенешка. Хуттургаш йоцучу предложенешкахь дакъош вовшахъхоттало маьIница а, интонацица а: Сан болх кхечу кепара бара: со ширделла дешнаш гулдеш вара. Хуттургаш йолучу предложенешкахь дакъош вовшахъхоттало хуттургашца а, хуттургийн дешнашца а. ХIорш иштта хала бехаш цхьа бутт а дIабелира, тIаьхь-тIаьхьарчу хенахь Iа а чIагIделла догIура. Цхьанна а ца хаьара, и дов дIа муха доьрзур ду. Уьйран гIирсаша чолхечу предложенийн дакъош вовшахтесна ца Iаш, цхьалхечу предложенешна юккъехь йолу маьIнийн юкъа- меттигаш а гойту. Юста: Аьхке екъа а, йовха а яра, ткъа лаьмнаш тIера шаш баша бо- лабелира аьхкенан юьххьехь. – Аьхке екъа а, йовха а яра, цундела лаьмнаш тIера шаш баша болабелира аьхкенан юьххьехь. Сацаран хьаьркаш чолхечу предложенехь оьшу цуьнан дакъошна юккъерчу юкъаметтигаллин башхаллаш билгалъярхьама. Чолхе-цхьаьнакхеттачу а, хуттургаш йоцучу а предложенеш- кахь, къасторан гIуллакх кхочушдеш, цара вовшех къастайо цхьал- хе предложенеш, ткъа чолхе-карарчу предложенешкахь билгалйо тIетуху предложени, билгалъяран гIуллакх кхочушдеш. Интонацино а (эшаро) хуттургашца цхьаьна а, уьш йоцуш а вовшахтосу цхьалхе предложенеш, цундела иза а уьйран гIирс бу чолхечу предложенехь. Хуттургаш йолу чолхе предложенеш екъало грамматически маьIница а, формица а шина кепе – чолхе-цхьаьнакхеттачу а, чол- хе-карарчу а предложенешка. Упражнени № 1. Предложенийн грамматически баххашна кIел сиз а хьокхуш, дIаязбе биъмогIанаш. Уьш чолхе предложенеш хила- ран делил даладе. Церан схемаш хIиттае. ХIаваъ санна, маршо езна, Нохчийн кIентий гIевттина, Декъала бу тIамехь эгнарш, Маршонан некъ къевсина. Цициг ду хьаьрчина, Набарна тийна, Ткъа суна-м ха харцарх Кхеташ и яц. (Сатуев Хь.) (Рашидов Ш.) Ниттан орам меттахболу Хан ца хьоьжу хьелашка, Ас бIаьстенах илли олуш, Сан са кхойкху гIелашка. (БисултановА.) Ницкъ хьан кхочу нана-латта, Латто тхуна мерза кхача, Ткъа тхоьгара хьуна-м кхочу Дуьра, теза, мерза ийна. (Такалашов С.) Аттачу даьлла дахар, Аса-м ца гулби бахам, БIов ца йоьтти лекха – Стаг луъург дале ле-кха. (Яшуркаев С.) Дерзан туьтеш месаш юккъе леда, Iоврийн мотт сан когех хьекхало, Махо лоькху шен тIунъелла шедаг, ГIаргIулеша стигал къекъайо. (Юсупов И.) Алкханча, чIегIардиг, зезаг Сатуьйсу бIаьстенца гаре, Ткъа хьаша хIор а буьйсанна Ларво аса со волчу варе. (Пашаев Н.) Упражнени № 2. ТIадамийIн метта догIу элпаш а хIиттош, тIера схьаязъе текст. Схьалаха чолхе предложенеш. Дийца, хIунда ю и предложенеш чолхе. Сказуемин тайпа билгалде чолхечу пред- ложенешкахь. Къилбседехьара къилбехьа, Iаьндийн дозанца ша-лаьмнашна тIедоьдуш чIаж ду. Цу чIажана шина а агIор кхозуш лаьмнаш ду. Церан сурт шера ду: ира ба..хьаш доцуш, Iункар бердаш, тархаш йоцуш. ЧIаж ша тогIе алалур долуш ду, шуьйра хиларна, амма и тогIе кхачалу..чохь, кIоргачу яй чохь, ломан Iам бу – «Къоьзана- Iам» цIе а йолуш. Iам дукха боккха а бац: йиъ ча..кхарма бохалла, ах ча..кхарма шора..ла. Я эрз а бац, я ко..л а яц цигахь. Духдуь..лучу шовданаша бакъа ца болуь..туш, латтош бу и Iам. Iома.. куьзгана тIехь тухуш я тулгIе а яц, я махо ловзи..на и меттахъхьовш хи а дац. Лаь..таш ду и гинсу санна, Iана а дахана. Iома чохь аркъал Iуьллу си..на стигал. Iоман дехьарчу бердан сиз, хи сирла хиларна, къаста а ца ло. Iоман кIоргехь бакъ-чIерийн сураш ду тоьпа даьндаргаш санна, кхоь..сина лелаш. И боцург, кхечу хIун чIара а бац цу чохь, сел лекхачу лаьмнаш ю..къерчу цу чу и мичара беана хаа йиш яц. Гонахара лаьмнийн хаза..ла йийцина а вер вац! Лаьмнашна тIетесна зезаги...н баьццара куз бу. Буц, ле..рина тукарца лергича санна, лекха..ла цхьабо..са ю, хIетте а цхьана а меттахь бIаьргана гуш яц буц яланза меттиг. Цу деношкахь гуттар сирла богуш малх бо..лу..шехь, Къоьзана- Iома йистехь йовхо хаалуш яцара: ша санна ши..лачу хе тогIе чохь йох ца йолуь..тура. Iоман цхьана йистехь шера майда ю. И майда гуттар а хилла суь..лийн, нохчийн халкъ вовшахкхеташ. (Ошаев Х.) Упражнени № 3. Чаккхе йоцу диктант. Олуш дIаязъе текст. Чолхечу предложенийн грамматически баххашна кIел сиз хьакха. ХIокху тIаьхьарчу хенахь дерриг а дуьненахь хих лаьцна гIайгIане, сагатдаран къамелаш ду деш. Лаьтта тIехь хи уггар а коьрта мехалла хилла дIахIуттуш ю. Дахар хишна юххехь кхолла а делла, царна гергахь саца а сецна, хишца кхуьуш а ду, ткъа лаьтта бухара хьалакъедда а тIуналла цхьа пайда ца бохьуш, охьайоьдуш а яц. Хино даим а кхобура, хьогалла йойъура, адамашна хазахетар а дохьура. Иза даим а дара церан дахаран цхьа дакъа, амма хIинца хица боьзна хилла бахамаш дIабевлла ала мегар ду. Хиэгара схьа бен ца оьцура, амма цхьа цуьрг а кхоам ца бора цуьнан. Диктант чекхъяккха. Упражнени № 4. Таблице хьовса. Оцу темина лерина барта хаам кечбе. Шайн жоп масалшца тIечIагIде. |