Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени № 5. ДIаеша. ХIокху рогIаллехь дIаязъе пред- ложенеш: 1) къасторан хьаьркашца ерш, 2) билгалъяран сацаран хьаьркаш ерш.

  • Упражнени № 6. Цхьалхечу предложених чолхе предложенеш е: а) хуттургашца а, б) хуттургаш йоцуш а.

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница53 из 91
    1   ...   49   50   51   52   53   54   55   56   ...   91

    Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш





    Сацаран хьаьркаш

    Чолхечу предложенин тайпа




    Чолхе-

    цхьаьнакхет.

    Хуттургаш йоцу

    Чолхе-карара

    ,

    ;

    :

    _

    +

    + (наггахь)
    + (наггахь)

    +

    +

    +

    +


    +

    Хьаьрко кхочушдийриг

    къастор

    билгалъяр


    Упражнени № 5. ДIаеша. ХIокху рогIаллехь дIаязъе пред- ложенеш: 1) къасторан хьаьркашца ерш, 2) билгалъяран сацаран хьаьркаш ерш.


    1. Ирча сурт хIоьттира бIаьргашна хьалха: цхьа стаг хи чу воьжна Iуьллура, важа къаьхкинчу говро текхош вара, кхоалгIаниг дина хиъна дIаэккхашехь, цхьа инзаре ши куьг дIаса а тесна, охьа- вуьйжира. (Ях. Л.)

    2. ХIетахь наха олуш хезна-кх суна, варшахошна юккъехь Шама мел ву, цара лелочу ялтех, даьхнех беркат ца хила а, церан доIанна жоп ца дала а йиш яц бохуш. (Ахм. М.) 3) Гобаьккхина гонаха декъа, довха, зевне хIаваъ дара, эвлахь хIоьттинчу йовхон- на богучу тIулгах бепиган хьожа йогIура. (Пав. П.) 4) Садеттарх гIуллакх хила ца доллий а хиъна, цхьа чаьмза йистхила дагахь хилира Лайса, амма цуьнан багах дош далале, вистхилира юьста- ха Iен воккха стаг. (Нун. С.-Хь.). 5) Массо а хьийса буьйлабелира дукха башха кечъелла, хитIа йогIучу шотойн цхьана хазачу йоIе, хIетте а бере цуьнгахьа дIа а ца хьожуш, я кегийчу нахана тIе а ца воьдуш, юьстаха дин ловзош лаьттара. (Ок. Ш.) 6) Маьлхан зIаьнарша дешица къагийнера нежнийн баххьаш, юха, цхьаъ вукхунна тIаьхьа дIадайра; тIаьххьара зIаьнар дикка лаьттира.

    1. Зану хьалха дIахьаьжира: IиндагIан дитт гена дацара. 8) Хиндерг цахааро гIайгIане дожийнера адам, ткъа оцу генарчу лаьмнашкахь царна дуьне къайладоккхуш тIегIертара Iаьржа, тийна, синагттаме буьйса. 9) ДIатийра берийн белхарш, йиллинчу неIаршкахула ара а дуьйлуш, Iаьржачу бодашкахула генна дIакхерстира нохчийн ойланечу мукъаман аз. (Айд. А.) 10) Турпалхо лийр ву – цуьнан цIе юьсур ю. 11) Корах арахьаьжира со: марха йоцучу стигалахь седарчий дара лепа дуьйлалуш.


    Упражнени № 6. Цхьалхечу предложених чолхе предложенеш е: а) хуттургашца а, б) хуттургаш йоцуш а.


      1. ЦIерпошт шен хенна схьаеара. Пассажираш чуьра арабовла сихбелира.

      2. Сиха Iаржлуш яра. ЦIеран алу марса а юьйлура, майда тIеттIа серла а йохура.

      3. Малх дIабузуш бу. Бацалахь гучуделира суьйренан тхи.

      4. Дуькъа дIасадаьржира гонаха дохк. Юьрта йистера доккха наж хIинца а гуш дара.

      5. Стенна делахь а, бурам гуш дацара. Хийистера адам синтеме хьоьжуш Iара.

      6. ГIура йолале, цига дIакхача дезара. Массо а сиха вара.

      7. Ураман шина а агIор чиркхаш латийра. Корашкахь а серло гучуелира.


    1   ...   49   50   51   52   53   54   55   56   ...   91


    написать администратору сайта