Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛБарта дечу къамелехь я йозанца нехан къамел (кхечо аьлларг) дIаала а, дIадийца а дезаш меттигаш нисло дахарехь. Вистхуьлучо шен аларехь кхечуьнан къамелах пайда эца тарло, ма-дарра иза схьаолуш я хийцинчу формехь. Нехан къамел довзийтаран кепаш тайп-тайпана ю, амма царах шуьйра пайдаоьцург ю хIара шиъ: аьлла ма-дарра, хийцаза, схьадийцинчу юьхьан цIарца олург; форма хийцарца кхечу юьхьан цIарца олург. И тайпа къамел довзийтаран синтаксически некъ – ма-дарра а, лач а къамел ду. Оцу синтаксически конструкцехь ши дакъа ду: цхьаъ–долор–текст кхуллуш волучун къамел, 2-гIа дакъа–хийццане а ца хуьйцуш, далийна долу нехан къамел. Долор коьртачу декъана чекхъялаза йолучу цхьалхечу предложенех лаьтташ хуьлу, шайна юкъахь хIара хандешнаш долу: элира, хаьттира, дуьйцура, дийхира, хьахийра и. дI. кх. а. Ткъа лач къамел, хийцинчу формехь далош долу къамел – муьлххачу а кепехь йолучу предложених лаьтташ хила тарло. Оцу шина декъана юкъара башхалла къастор билгалдо пунктуацино: и ши дакъа вовшех къастадо шитIадам, тире йилларца, ма-дарра къамел кавычкаш юкъа лоцу. Чолхе пунктуаци ю ма-дарра къамелехь. Цуьнан коьрта дек- хар – авторан дешнаш а, ма-дарра къамел а тайп-тайпана билгал- даккхар ду. Ма-дарра къамелехь сацаран хьаьркаш хIиттор дузу цу шина декъан дIанисдалар (хьалха-тIаьхьа) муха кхочушхилла хьаьжжина. Нагахь санна авторан дешнаш хьалха лаьтташ делахь, цар- на тIехьа, ма-дарра къамелана хьалха, шитIадам буьллу, ма-дарра къамел кавычкаш юккъе а лоцуш, доккхачу элпаца доладо, цуьнан чаккхенга дуьллуш долу сацаран хьаьрк предложенин тайпане хьаьжжина хуьлу: дийцаран предложени и елахь – тIадам, хаттаран елахь – хаттаран хьаьрк, айдаран хилахь – айдаран хьаьрк. Ма-дарра къамел юьххьехь хилахь, иза кавычкаш юккъехь дIа а яздой, иза дийцаран предложени елахь, запятой, тире а юьллий, жимачу элпаца авторан дешнаш яздо. Амма ма-дарра къамел хаттаран я айдаран предложенех хиллехь, цуьнан чак- кхенга запятойн метта, хаттаран я айдаран хьаьрк дуьллу, масала: «Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.«Дийца, хIун ду хьан садуург?» – хаьттира кIанте эсала нанас. «Схьалаца и пхьагал! Ма яхийта!» – мохь хьаькхира дитта юххехь лаьтташ волучу иччархочо. Авторан дешнаш ма-дарра къамелана юккъехь хилахь, иза шина а агIорхьа запятойшций, тирешций къастадо. |