Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница47 из 91
    1   ...   43   44   45   46   47   48   49   50   ...   91

    КIанта книга йоьшура сиха агIонаш тIекIелйохуш.



    Упражнени № 4. ХIокху предложенешкахь запятойш хIитторах лаций дийца.


      1. Варша йистехь, берда уллохь цIераш йогура.

      2. Варша йистехь, берда уллохь, цIераш йогура.

      3. Варша йистехь берда уллохь цIераш йогура.

      4. Iома юххехь дитта кIелахь хиъна Iара йоI.

      5. Iома юххехь, дитта кIел, хиъна Iара йоI.

      6. Лахахь берда юххехь юьхк Iуьллура.

      7. Лахахь, берда юххехь, юьхк Iуьллура.

      8. Буса хан яьлча дIабахара уьш.

    9. Буса, хан яьлча, дIабахара уьш.

    (1. ЦIераш йогура варша йистехь а, берда уллохь а. 2) ЦIераш йогура хьуьнан цу меттехь, берд болчохь. 3) Варш берда йистехь ю. 4) Iам дитта кIел бу. 5) ЙоI дитта кIел хиъна Iара. 6) Бердан ла- харчу меттехь. 7) Ша берд лахахь бу. 8) Буса хан яьллачу хенахь.

      1. Ша буьйса-хан яьлла хан.)


    Упражнени № 5. Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш запя- тойшца билгал а бохуш, тIера схьаязъе предложенеш. Дийца, хIун бахьана долуш къастийна уьш запятойшца.


        1. Юьртан йисттехь таьIначу меттехь лаьттара лоха рагIу. (Таг. С.-Хь.) 2) ХIордкеманан уггар лакхенан декъехь йистаца долучу гIанта а хиъна Салмана гонаха бIаьрг кхарстийра. (М. Н.) 3) Сарахь маьркIажа хан туьлуш цIа веара Руслан. 4 Цу питомникехь дIадогIа кхиош дара Русланан ангалин учахь яьшкананш чохь тайп-тайпана ораматаш. 5) Нана-пIелг дог доллучу некха тIе а Iоьттина гайтира жимачу стага шегахь бала болу меттиг. (Ош. Х.) 6) Некъана аьрру агIорхьа даккхийчу горгачу лаьмнашна юкъахь тийна Iара Хойба- хан Iам. 7) Суьйранна жа тIе а гулдина садаIа Iуй чу гулбеллачу

    хенахь дIакхечира ИбрахIим. 8) Кхана Iуьйрре са ма тесси Нихала охьа гIур ву со. 9) Лаьмнашна юккъехула генна хьалавахча Гуьр- жичоьнан дозанна уллехь цхьана кIотарахь лачкъийна латтош йоI ю аьлла хезира ИбрахIимна. 10) Иза дара 1958-чу шарахь бIаьста Меънийн чоь олучу жимачу юьртахь. 11) Буьйса юккъе яхана шолгIа сахьт доладеллера цара Тамара Селим-СолтагIеран чу йоккхуш. 12) Цу дийнахь хьалххе хьалагIаьттина дан долийна асар чекхдаьккхира Тамарас. 13) Цхьана дийнахь госхозан хьаьжкIашна ха деш го боккхуш лелачу Халадна геннахь юьртара схьабогIучу гIашлойн новкъахула меллаша схьагIерташ цхьа жима зуда гира.

    1. Цхьана Iуьйранна стохка 23-чу февралехь нахе хIор юьртахь а дIакхайкхийна хиллера, некъаш тодан гIур ду аьлла. 15) Тийна а, шийла а дара цу аьхкенан сарахь Саратугайхь Цхьана жимачу Илек цIе йолучу Iина йисттехь доккхачу лекхачу толла кIел йиначу тоьли чохь. (Нун. С.-Хь.)


    Упражнени 6. ДIаеша. Нийса сацаран хьаьркашца латтамийн дурсаш билгалдаьхна предложенеш тIера схьаязъе.


      1. Суьйранна итт сахьт даьлча Хьаьжас дечиган кедахь кIалддий, яа меган йолу кIеззиг бепиган булканашший еара цун- на. 2) НеIарна тIехьа Iаьржачу балкона тIехь лаьттачу Шемала ойла йора хьешан цIа чу вала-техьа я юхаверза-техьа ша бохуш.

    3) КхойтталгIачу сентябрехь Чугуеве–Харьковна ткъе итт чак- кхарма йолучу – кхечира Шемал. 4) Ширачу диван тIехь стоьла хьалха паччахьан доккхачу суьртана кIел а хиъна шен кисанара сахьт чуволучохь пена тIехь кхозучу доккхачу сахьтаца нисдеш воллура Шемал. 5) БIаьста Тифлисе сихвелла вогIучу куьпчийн Сагитана гира Афилон а, цуьнан доьзал а ломан дукъа тIехь, йоккхачу эвлана тIе кхача шина сохьтехь бан некъ боцуш, генахь.

    1. Iай декабрехь цIеххьана йоккхачу Нохчийчохь гучуволу Шемал.

    2. Халкъана сакъера лаьара–ДаьргIахь, шена гуччохь, говраш хахка бакъо елира цо. (Павл. П.) 8) Дуккха а хан елира Аьстамар аьчкан некъана уллехь, дитташ бухахь хиъна Iаш. 9) И шиъ тIе а веана геннахь урамехь лаьттачу панаран серло къайла а йоккхуш дIахIоьттиначул тIаьхьа хIорш вовшашка хьоьжуш гIеххьа Iийра.

      1. Iаржъелча тхо эвла йистехь долучу, шозза тIекIелдиначу цIа чу дахара, ах лаьттах йолучу бухарчу хIусаме, тхайн шелделла синош дохдан. 11) ХIетахь и юрт а йитина тхо хьуьнха дулуш сан ерриг а шеконаш дIаевлира, тийшира Губин адамашца йолу зIе цкъа а хедарг цахиларх. 12) ДогIанан Iам лаьттинчохь тIуьначу меттехь некъ жIараболучохь хьуьна чу яхначу ченан керла лараш яра.

    1. ХIара а вахара коре. Малхбузехьарчу орцахь, ирачу берда буьх- хьехь лаьтта бIов ах чухаьрцина гира цунна. 14) ТIаккха кевнан гурах дIа а тевжий, лаьттара со, пеша хьалха мижаргаш доттуш йоллу нана тергал а еш, уллехь, дохнакертахь, Iохкучу бежнаша нахарш дохуш а хезаш. (Ахм. М.)



    1   ...   43   44   45   46   47   48   49   50   ...   91


    написать администратору сайта