Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени

  • Упражнени № 3. Предложенеш тIера схьаязъе. Шакъаьсти- на юххедилларшна кIел сиз хьакха. Дийца, хIун бахьана ду уьш шакъаьстина

  • Упражнени № 4. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе предложенеш. Оцу предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторан бакъонаш йийца.

  • Упражнени № 5. Билгалдиначу дешнашна тIехьа даьржина а, даржаза а юххедилларш далош, тIера схьаязъе предложенеш

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница44 из 91
    1   ...   40   41   42   43   44   45   46   47   ...   91

    Шакъаьстина юххедиллар



    Юххедиллар ша билгалдечу дашах схьакъаьста:

    а) цIерметдешнашна хьалха, тIехьа латтахь. Масала: Вай, мартанхой, хьанал къахьега декхарийлахь ду махкана а, халкъана а хьалха;

    б) даьржина юххедиллар (хьалха а, тIехьа а хилча) дозуш долу дош юкъара дош цIердош делахь. Масала: Тхан махкахь, лор- терапевт, массара а лоруш а, дика тIеоьцуш а яра;

    в) дозуш долучу долахьчу цIердашна тIехьа даьржина, даржа- за юххедиллар делахь. Масала: Iаднан Шахбулатов, композитор, шуьйра вевза вайн махкахь.

    Упражнени 1. Билгалдаха шакъаьстина юххедилларш. Йийца сацаран хьаьркаш хIитторан бакъонаш.
    1) ПохIма долу композитор, пианист Iаднан Шахбулатов, дукха сиха волавелира музыкехь кхиамаш баха. 2) Соьлжа-ГIала, вайн мехкан коьрта шахьар, хаза денлуш схьайогIуш ю. 3) «Бож-Iела», Хамидовн лийрйоцу комеди, тахана а хIиттош ю Нурадиловн цIарахчу театрехь. 4) СаьIид Бадуев, нохчийн литературин бух- биллархо, вайн махкахь цIеяхна яздархо ву. 5) Аманды Асуханов, художник, дика вевза вайн махкахь а, дозанал арахьа а. 6) ХIара шурин кад белла суна лулахочо, тхуна юххехь Iаш йолчу зудчо.

    7) Юьртахочун кIант, Муслим, юьртахь а билгалваьллера шен гIиллакхца а, дикачу амалца а. 8) Сан юьртахо, университетан студентка Iайнаъ, билгалъяллера хIинцале а шен дикачу дешарца.

    1. Вай, дешархой, декхарийлахь бу дика деша а, махкана пайден хила а. 10) «СтелаIад», берийн журнал, дукха хенахь дуьйна берийн дахарехь шен меттиг дIалаьцна схьадогIу. 11) Юнус Дешериев, гIараваьлла Iилманча, нохчийн мотт талларехь дуккха а белхаш язбиначарах ву. 12) Етт, пекъар, ша бажа лаьллинура цIабогIуш, цкъа цхьаннан кеберта хIуттуш хилла, цара чу ца битича– вукхуз- хьа. (Н. С.-Хь.)


    Упражнени № 2. Предложенешка хьовса. Шакъаьстина юххе- дилларш билгалдаха. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIде.


      1. Хьулимат, Асетан марнана, куц долу йоккха стаг, пеша хьалха хиъна Iара, неIарехьа букъ а берзийна. 2) Йиша Са- нет, шолгIачу классан дешархо, ваша Iилман, кхиазхо-кадет, хIинца а юьртахь йоккха Баба йолчохь дара, аьхке чекхйолуш цIа догIур ду. 3) Нана, Эдалан йоI Энист яра, даим санна, чуьра цхьацца гIуллакхаш деш йоллуш. 4) Важа йоI, Себила, мелхо а нанас дуьйцург шена ца хезачуха лаьттара. 5) Митингашкахь, тхуна журналисташна, дукха керланаш девза, го. 6) Хамсат, Баянтан нус, тIехьаьжна безамехь цIена стаг, корехьа букъ бер- зийна, стоьла тIехь юург кечъеш йоллура. 7) Iимран, веха а, зоьртала а стаг, гулбеллачарах дIа а къаьстина, шаваьлла Iара.

    1. Цу меттехь Iаш яра деца, хьуьнан хехочуьнца, йоI Хеда, гIараяьлла бедарштегархо а йишлакхархо а.


    Упражнени № 3. Предложенеш тIера схьаязъе. Шакъаьсти- на юххедилларшна кIел сиз хьакха. Дийца, хIун бахьана ду уьш шакъаьстина хиларан.


      1. Да, гIараваьлла Шемалан наиб, воккха ваша, ахархо, ший а хIаллакьхилира Кавказан тIамехь. 2) Ламанан бож, хьех, байн ког буьллуш, ломан тархаш тIехула чуюссуш гуш яра. 3) «ХьалагIатта, Борзик», – омра дира аса. ТIаккха тIедеара иза, суна дукхадеза жIаьла, кавказски овчарка. 4) Сан дейиша, тийна-таьIна йоккха стаг, суна чай дала гIерташ йоллура. 5) Мухтар, тIехь да-нана до- цуш кIант вара, аганахь дуьйна бобер. 6) Сан накъост, цамгаре жима стаг, кест-кеста гIала шена дарба дайта лор волчу воьдура.

    1. Сан некъ ДаьргIахула дIа бара, Шемалан тушахула. 8) Июль беттан тIаьххьара денош дара лаьтташ, лаьмнашкахь уггар а йовха хан. 9) Воккха Махьма, тхан тайпанан стаг, дов даьллачохь шаьлта кхетта куьг чолакх долуш вара. 10) Тхуна гIо деш вара Мовсар, догкIеда, со дукхавезаш волу а ялхо. 11) ТIаьххьарчу минотехь Алхаст шен кIантаца, пхийтта шо долучу кхиазхочуьнца, хи чу кхоссавелира, мостагIийн кара ца ваха. 12) Тхайна дукхавеза яздар- хо Айдамиров Абузар школе веана хааделла тхо, дешархой, цунна тIедевдира, гобеш, юкъавоьллира иза. 13) Иза, ша ламанхо, цIен партизан, нах кIелхьар бохур бу ша аьлла, тохавелира. 14) Амма тахана, кху Дудин дукха хан йоццуш велла лулахо, мискачу нехан тIаьххьара етт кех боккхуш ла а ца делла, царна орцахвелира.


    Упражнени № 4. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе предложенеш. Оцу предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторан бакъонаш йийца.


      1. Хьалха кхузахь школан директоран кабинет яра оьгIазечу лохачу стеган. 2) Дукха ца Iаш схьакхечира хехо Мовлид Iалсолтин да. 3) ЦIахь керлачу вахархочуьнца художникца Асухановца доттагIалла тесира аса. 4) Мосазза тхо таллархой сатоссуш ижуна

    кIел ховшура кара тоьпаш а лоций. 5) Кхайкхаза баьхкина хьеший Ваха, Ахьмад, Солта а шайн йишица сихха стоьла гонаха ховшу.

    1. Цуьнан накъост илланча воьлучура саца ца туьгура. 7) Цу шинна тIаьххье йовхарш етташ халла ког боккхуш ламеш тIехула охьагIертара воккха стаг тIеман лор Алхазов Докка. 8) Ченан лулахо маймал дукха доккха а тIехьаьжна ирча а дара. 9) Виначу махка Нохчийчу ваха сатийсам даим а хилла сан даг чохь. 10) Воккха стаг шиъ бен вацара тхан куьпахь, царах цхьаъ НогIамирза Iеламстаг вара.


    Упражнени № 5. Билгалдиначу дешнашна тIехьа даьржина а, даржаза а юххедилларш далош, тIера схьаязъе предложенеш

    Кеп:Грозный сан ден къоналлин шерийн гIала ю. Гроз- ный, Къилбседа Кавказехь уггаре а яккхийчу гIалех цхьаъ, – сан ден къоналлин шерийн гIала.



      1. ЧIирдиг берашна дукхавеза нохчийн халкъан туьйранийн турпалхо. 2) Терк вайн мехкан уггар доккха хи. 3) Ханпаша Ну- радилов дуьненна а вевзаш волу турпалхо. 4) Къоьзан-Iам тури- сташа садоIу меттиг. 5) Махьмуд Эсамбаев гIараваьлла хелхарча.

    6) Зайнди Чергизбиев нохчийн гIараваьлла композитор. 7) Дадин Айбика – мехкан сийлахь йоI. 8) Адин Сурхо – халкъан иллин турпалхо. 9) «Нохчийчоьнан дог» – вайн мехкан коьрта маьждиг.

    1. Абузар Айдамиров – хьакъволу халкъан яздархо. 11) Литера- тура – адаман ойланан хазна.


    Упражнени 6. Шакъаьстина юххедилларш шаьш хила дезачу метте дIахIиттаде.


    Предложенеш

    Шакъаьстина юххедилларш:

    1. Хьоьжу со яххьашка ладогIархойн

    а) зеделларг долу таллархо;

    2. Ломахь тхуна вийцира Аслудди

    б) зударийн, божарийн;

    3. Махкана а вевзара Айзин да

    в) уггар а къена гIала;

    4. Зуламхоша бийнера и сай

    г) университетан хьехархо;

    5. Тхан некъан накъост шен озаца

    бевзаш вара къена сай.

    д) чIерийлецархо а, таллархо а;

    6. Водолазашна юкъахь а бу

    хенара нах

    е) сан дейишин кIант;

    7. Майра хиларна хеставора Аслан

    юьртахоша

    ж) хи бухарчу къинхьегаман хьакъболу

    турпалхой;


    1   ...   40   41   42   43   44   45   46   47   ...   91


    написать администратору сайта