Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Шакъаьстина латтамашЦхьадолчу тайпанийн латтамаш (хенан а, меттиган а, бахьанин а) шакъаьстина хила тарло. Деепричастех кхоллабеллачу шакъаьстинчу латтамаша сказуемина кхин а совнаха хаам тIеузу. Деепричастех а, деепричастин карчамах а кхоллабелла шакъаьстина латтамаш предложенехь запятойшца билгалбоху. Масала: Божалан неIарх чоьхьа а ваьлла, дихкина лаьттачу бежнашна хьалха йол йиллира Амадис. Нагахь санна деепричасти сказуемина маьIница герга елахь, за- пятойш ца хIиттайо: Урамнекъахула схьа кIант кхиссалуш вогIура. Цул сов, деепричасти сказуемин дакъа делахь а ца юьллу за- пятой: Бахархоша аренашкара ялта дара чудерзош. Упражнени № 1. Оьшуш долу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Билгалбаха деепричастех кхоллабелла шакъаьстина латтамаш. Барзо саца а сецна шен лар эцна вогIучунна сихха дуьхьал а йирзина можа кIомсарш гучу а йохуш цергаш гажийра. 2) Бердан йистехь саца а сецна мокха чхернаш саьнгар бIаьрга талла вели- ра Дауд. 3) ЖаIу кеста тIаьхьара а ваьлла ша парггIат шен Iойле юхайоьрзург хиларх дог доху куц дара цо. 4) Цуьнан мостагI-адам масех гIулч бен юккъехь йоцуш дуьхьал лаьттара цунна хье юккъе ткъес а хьажийна. 5) Сарахь жа даьхнин керта дуьгуш ваьллира иза цигахь Iуьллучохь битира Дауда барзо бийна Iахар. 6) Амма экха ида а деттадала а ца делира дада ков лоьхуш. 7) Жимма цигахь латта а лаьттина духадирзина соцунгIа а хилла меллаша схьадоладелира. 8) Ший лаг а дуьйлина цуьнга хьоьжуш Iара воккха стаг. 9) Цо синтем байъинера цуьнан. ДегIе хорша уьдуьй- тура инзаре дагалецамаша меттахбохуш са идадойтура хьалхахьа ма-хуьллу хьалхахьа тоьттуш. 10) Барзо хьон йорт юьхьанца цхьа чIогIа паргIат яра тIаьхьавогIург цо ванне а тергал ца веш санна. – Со кестта вухавогIур ву хьуна, – Рамзане а аьлла чувосса мелла а гомха меттиг лехна ахка чу а воьссина барзана тIаьхьавелира иза важа юьстах мел гIоьрта болар сихдеш. 12) ХIаъа харжа а хаьр- жина барзо едда кIелхьарайолуш ша гура юкъахьовзон йолу некъ. Ткъа Iусмана вела а къежаш куьг лестадора. (Осмаев А.) Упражнени № 2. Деепричастех кхоллабелла шакъаьстина лат- тамаш билгал а бохуш, дIаязъе предложенеш. Виъ стражник Дудина гонах а ваьлла, Хьаьбиб хьалха а волуш кех бовлуш бохкучу ДудагIарна, цIа ялош йолу ПетаIамат дуьхьалкхийтира. 2) Дикка лазийна Дуда, халла гIаьттира хьала. 3) ТIаккха гIийла корта а ластийна, гонахарчу нахах эхь хетта уккал а таIийна, дIаволавелира. 4) Лаьтташ болу божарий, цкъа Iуьллучу ПетIамате хьовсуш, тIаккха Дудина тIаьхьа хьовсуш лаьттара. Наггахь тIехйолуш зуда а гора, шен корталин тIам бете а уьйзуш. ПетIамат, суьйранна хи кхехьна а яьлла, шен жимачу цIа чохь кора юххерчу нара йисте а хиъна, корера кIайн киса аьтту агIор а оьзна, шайн готтачу урамновкъа а хьоьжуш Iара. 7) Суьйре, шен Iаьржа, чорда маша боьзна яьлла, буьйсанца хийцалуш лаьттара, буьйса шен Iаьржа маша луьста тосуш дIахIоьттира. 8) И стаг Iуьллура белш а кхийсалуш. 9) Иштта шайн жималлех сакъералуш болу и кегий нах цу дешнех синкъерам болий, гIадъоьхуш, буьй- лура. 10) Ламазера арабевлла баккхий нах шайн молла а, Хизар а юкъахь маьждига хьалха лаьтташ бара, цхьацца къамелаш а деш. 11) ЦIеххьана дагаваьллачу Бетас, кора тIе а вахана, кхеран жима лампа латийра, чохь гIеххьа серлаелира. 12) Чуваьлла Бета тIехьа ши куьг диллина неIарехь лаьттара, кест-кеста корехула ара а хьожуш, чехка тIехIуттуш лаьттачу маьркIажан хенан ойла а еш. И сурт шена дуьхьалхIоьттича, Бештос, кийрара дог тохалой, Iаьржачу хьаьж тIе шад а хIоттабой, шен говрана шед тухура. Иза, цу тайпана чехка юьртах а иккхина, къайлавелира. (Бадуев С.) Упражнени № 3. Предложенеш тIера схьаязъе. Сацаран хьаьр- каш хIиттаде. Дийца, цхьаболу деепричастех хилла латтамаш за- пятойшца хIунда ца къастийна. Сатесча дуьйна оцу дийнахь ло дара догIуш ца соцуш. Саьрмис чоьхьа а ваьлла куьг кховдийра Селамсолте, амма вист ца хуьлуш цуьнан бIаьра а ца хьожуш. 3) ХIоьттина велахь а цуьнан куц-кеп-м дерриг а дуьне шен карадерзийначу стеган санна ду. Ша дешдерг куьг куьйгах ца тухуш дора цо, цундела больницан гIишло хIинца а йина ялаза яра, ткъа дарба лелор доцучу новккъа дара. 5) Дуккха а хиъна Iийра со цхьана а хIуманан ойла а ца еш ойланашка а тийналлин йийсаре а вахана. ТIера бIаьрг ца бок- кхуш хьийжира со къегинчу, бIаьргийн нур дойучу можачу басара томмагIашка. 6) Декхнийн гIаш кхозу меттах ца хьовш. 7) Массо меттера схьаоьхура тIемалой, богIура бIо ца къажош мостагIашна дуьхьал. 8) Цо и аьлча нана резайоцуш дIахьаьжира шен лулахо- чуьнга. 9) Чхерашна юккъехула хи тIадамашца Iийдалуш охьаоь- гура лакхара чу. 10) Цхьа стаг хилла цу хенахь цу меттигашкахь жа дажош лелаш. Упражнени № 4. Деепричастин карчамашна хаттарш а хIиттош, тIера схьаязъе. Дийца, хIун латтамаш бу уьш. Кхокха санна, даржош сийна тIемаш, Сирла Iуьйре юьрта йоьссина. КIайн йовлакх а коьртахь, лере теIаш, Балл ю цхьаъ-ам дуьйцуш кхурана. Деса ведарш декош, шовданехь Къона йоI го йоьдуш сихъелла, Ткъа малх, буьхьархIуьттуш лома тIехьа, Цунна тIаьхьа хьоьжу, айбелла. (Ш. Арс.) |