Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.Хин-кема дIатийра тийначу хи тIехь. 2) Хехо виллина корах арахьоьжура. 3) Силаман некъ тхан юьрта юккъехула чекхболуш бара. 4) Некъахочо гали цIера юххе охьахIоттийра. 5) Хи чохь гуш дара къорза тIулгаш. 6) КIант гIожаца цIергара дечигаш кегон вуьйлира. 7) Некъахой цIера юххе дIатарбелира. 8) Ламанхо кхоь- руш вацара. 9) ЦIерпошт дIайолаелира аьчкан некъаш тIехула. 10) Коч цунна тIехь товш яра. Упражнени № 5. Шакъаьстина къастамаш шакъаьстина боцуш а беш, тIера схьаязъе предложенеш. 1) Тарсал, хьуьнхахь тхаьш лаьцна йолу, оха дукха ца Iаш дIахийцира. 2) Ша тIехь, бIаьстенан малхо таьIначу басе берзийна болучу, некъан тачанаш дара. 3) Дас, аьлларг ца диначу кIантана оьгIазвахана волчу, цунна хьехар дан сацам бира. 4) ТIай, дис- тина деанчу хиэ дIадаьхьна долу, сиха меттахIоттийра. 5) Можа чайтаIаш, хIинца а тIе мас яланза йолу, бена чуьра хьалакъедара. Къамело карзахваьккхина волу со, наб ца кхеташ, дикка Iийра. Нежнаш а, пепнаш а, стелахаьштиго кегдина долу, шайн къена гIодмаш стигала а кховдийна Iара. 8) Хил дехьарчу меттига тIехь, коьллаша а, меънаша а дIаюьзна йолучу, гуш дара берда тIе хьа- ладаьхна хин-кеманаш. 9) Поэма, поэто язъеш йолу, вайн къоман дIадаханчу дахарх лаьцна хир ю. 10) Книга, лулахочуьнга ехна еъна йолу, аса хьалха ешна хиллера. 11) Алкханчаш, бIаьста схьакхочур йолу, керлачу цIаьлгаш чохь дIатарлур ю. 12) Хаттар, аса хьехархо- чуьнга делла долу, жоп доцуш ца дисира. 13) Олхазарш, къилбехьа дIадоьлхуш долу, буса садаIа охьалахло. 14) ЦIа, некъа йистехь долу, жима а, тиша а дара. 15) Сан накъост, кеста новкъавер волу, цхьа бутт баьлча схьавогIур ву. Упражнени № 6. Грамматически кхачамбацарш нисде. Машинисто шен дахарехь дуьххьара йолаялийтира электро- воз, дукха хан йоццуш курсаш чекхъяьхна йолу. ЖаIуьна тхан цIе гира, лаьмнашкахь буьйса йоккхуш йолу. Аьрзу ломан бохь тIе охьалахъелира геннара схьаеана йолу. 5) Кема аэродром тIе охьахиира, Москвара схьадеана долу. |